banner banner banner
Лаьмнашкахь ткъес
Лаьмнашкахь ткъес
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

Лаьмнашкахь ткъес

скачать книгу бесплатно


– Бераш, таханeннa тoyьйту вай, – аьлла, мутаIеламаш паргIатбитира цо…

2

Iаьлбагна чIогIа лаьара шен хьуьжарерчу берашна дуьненан ?илма Іамо, царах, Берса санна, хьекъал а, кхетам а болуш адамаш дан. Амма иза хьехoчохь а дацара. Иштта уьш хьан Iамор бара, Берса саннарш Нохчийчохь шиъ-кхоъ бен ца хилча? Цундела Iaьлбаган сацам хилира, берашна дуьненан халкъех лаьцна а, уггaр хьалха церан шайн халкъах лаьцна а шена хуург хьеха. Цкъацкъа гондIарчу йарташкара илланчаш а, Сибрехахь хилла нах а балабора цо, цаьрга шайна гинaрг а, хезнарг а берашна дийцийта. Цкъа Гати-Юьртара Васал а валийра – ведда веанчу оьрсичух хилла нохчо.

Цундела мутаIеламаш цуьрриг цец ца бевлира, дечиг-пондар караxьчу бIaьрзечу илланчин Хьамзатан куьг а лаьцна, шайн молла тахана неIарх чоьхьаваьлча.

– Ассаламу Iалайкум! – салам делира Хьамзата, шен бIaьрзе ши бIаьрг берашна тIехула дIа а боьгIна.

Берашлаxь воккхачу Марвана салам схьаийцира.

Ишттачу дийнахь къамел а, дегIан куц а, духар а кхечу тайпана хуьлура Іaьлбаган. Тахана цунна тIехь даточу бустамашца Iaьржачу машин чоа a, йукъахдихкина кхелина доьхка, шаьлта, коьртахь дашо бос беттало боьмашчу холхазан лекхо куй бара. Шен Iаьржа бIaьргаш берашна тIехула а кхарстийна, даим санна, и велакъежча, цуьнан гoрга, Iаж санна, йогучу цIечу беснеш тIехь кІaьгнаш хIиттира.

– Массо вуй тахана?

– By, – жоп делира Марвана.

– Делахь, дIадаханчу кIиранах виссинчуьра дIаволалур ву со…

БIaьрнегIар ца тухуш, леррина ладоьгIура бераша. Генна хьалхалерчу заманашка дIадигира уьш Iаьлбаган сингаттамечу дийцаро, ламанхоша лайна халонаш а, гондIарчу хьоладайша а, паччахьан Iедало а царна тIехь латтийна къизаллаш а гойтуш… ХІeтталц кора уллорчу бIаран диттах жигара з?ок йетташ хиллачу хенакIуьро а шен болх сацийнера.

– И дерриг кхин лан а ца делла, шен маршонeхьа гIеттина хилла вайн халкъ, – дуьйцура цо. – Цуьнан коьрте хIоьттина Алдара Ушурма, Шайх Мансур аьлла цIе йахана. ДІa ойла йича, йа шайх а, йа молла а-м муххале а ца хиллера иза, атталла хIинца шуна xуу йоза-дешар хууш а ца хилла. Амма цунна тIаьхьахIоьттира вайн халкъ. Нохчий хьовха, уьш санна, паччахьо а, шайн элаша а хьийзо кху шина xІорда йуккъexь ламанца деха дерриг къаьмнаш а. Йалх шарахь лийтира иза паччахьан эскарех. Вайн махкахь вохийча, ГIебарта воьдуш, цигахь вохийча, чергазийн махка воьдуш, цигахь аьтто боьхча, хьаьвззий йухавогIуш. Эдагийн[3 - Эдагий – адыгаш.] махкахь паччахьан инарло, лаьцна, Россех вигна, цигахь тIепаза вайна иза.

Іaьлбаган шовкъе аз, цIеххьана дегийна, лагIделла сeцира. Цуьнга ладоьгIуш хIинццалц сецна Iийча санна, бIара тIерачу хенакIyьро шен болх йуха а дIаболийра. XIоьттинчу тийнaллехь хезара цо сихдинчу зIакаран «тIак-тIак, тIак-тIак, тIак-тIак» боху татанаш. Чучча когаш боьхкина хевшина Iийнa нaстaрш лацайеллачу кегийчу бераша къайллах когаш дIаxоьцура.

– Хатта мегий, молла? – меттахъхьайра хьалха хиъна Іен Марван. – Ахь элира, Шайх Мансур йа шайх, йа молла а ца хилла. Цунах баьчча муха хиллера ткъа?

– Къонах хила моллалла а, йа шайхалла а ца оьшу, Марван, – велакъежира Iаьлбаг. – Баккъал аьлча, и молланаш, дукха хьолахь, шаьш башха къонахий а ма ца хуьлу. Мансур Iаламат майра, хьекъале, куьце стаг хилла бохуш, дуьйцу. Ткъа майра а, оьзда а, къонах а мила хуьлу? Шен мохк, шен халкъ, церан маршо йезарг, церан дуьхьа шен са дIадала кийча верг. Мансурна дезара хIара лаьмнаш а, вайн халкъ а, маршо а. Церан дуьхьа къийсина цо, церан дуьхьа Iожалла тIеэцна цо. Ишттаниг цхьаъ ваьлла цa Ia вайн къомах. Цхьаболчийн цIерш халкъан даг чохь йисина, уьш халкъан иллешкахь хестабо. Амма майраллина, доьнaллина царал хIумма а лахара боцу эзарнаш бIaьхой а эгна, халкъан маршонехьа къyьйсуш…

HeI йиллина, чухьаьжначу СултIис, бIaьцаш йина тIекхайкхира Іaьлбаг.

– Дадас цIа вола, боху хьоьга.

– XIунда?

– Вайга Солтмурд веана.

Iaьлбаг берашкахьа вирзира.

– ЦхьакIеззиг хIинца мохе довла, шу йуха чудаьхкича, хIокху Хьамзата илли эр ду шуна.

3

ТІaьххьара Бенахь Iаьлбагца шен хиллачу къамелехь Солтмурда тIелаьцнера, бартахойх коьрта берш цхьаьна а тоьхна, вовшех дага а девлла, шайн сацам Іaьлбагах схьакхето. Амма къена иза кхуза вогIур ву боxург хьехийна а дацара. Цундела иза цIеххьана схьаварах цецвелира Іaьлбаг.

Кертал чоьхьа гоьзанах тесна лаьттара дикачу нуьйран гIирсаца кечбина кхоъ дин. Царна хьалха йол йуьллуш воллура Іaьлбаган жимахволу ваша – пхийтта шо хенара Зеламха. Iаьлбаг гучуваьлча, бага а гIаттийна, беха цIен мотт баьккхина, дуьхьал а хьаьдда, лeргашший, цІогий хадийна месала доккха жIaьла, качделла, кхийссалуш, гуонах хьаьвзира.

Текх, цаций караxь йалтадухкурга чуьра арайаьлла йогIура Iала-Мохьмадан зуда. Бисина несарий а бара хьешашна кхача кечбан бетталуш.

Ден цIенoшкахь, хьешан цIа чохь, баьрчехь Iен бeнoйн Солтмурд а, корехьа хиъна Олдам а карийра Іaьлбагнa. HeIарeхь ирахь лаьттара Чеччалхара Къосаммий, Нурхьаьжий. Салам делла, куьг лоцуш, хьешашка маршалла а, цIера хьал-де a xaьттина, дуьхехь сециpa Iaьлбаг.

– Охьаховшал, Iаьлбаг-Хьаьжа, – элира Солтмурда. – Оха бехк буьллур бац шуна, баккхийниш болчохь охьаховшарх. Ирахь лаьтташ дийца дукха ду вайн хабар.

Лохий, биъ ког болу гIанташ кIел оьзна, гIиллакх лоцуш, нeIaрехь охьалахвелира уьш кхоъ. Солтмурда йайн йовхарш туьйхира. ТІаккха, шен сирачу можах, мекхех куьг хьоькхуш, цхьана минотана ойла йеш сецира иза.

– Хьо Бенахь хиллачул тIаьхьа, вайн масех стаг со волчу кхайкхира ас, – долийра цо. – ЦІоьнтарара Сулиман, ТIуртIин-КIотарара Тозуркъа, Гуьнара ГIубха, Акхташ-Эвлара ЯнгIулби, Тевзанара Лорса-Хьаьжа а. Уьш дIабахча, веара Іумма-Хьаьжас ваийтина Зумсара Залмин Дада а. Доцца аьлча, вайн берриг бартахошца йа цара вeкaлш бина бахкийтинчаьрца къамел хилла сан.

ХІокху тIаьххьарчу шийтта шарахь дукха хийца ца веллера Солтмурд. Кхузткъe итт шаре хьалаваьллехь а, цхьа а цеpг ца телxинера цуьнан. ДегI а дара, гIаргIа санна, нийса. Хьажар а – ира, майра. Йеккъа цхьа къоьжалла йара цуьнан дегIаца хийцамаш бинарг. Схьахетарехь, иза сирвинарш цуьнан коьртехь йиллина дIа лаьтта къармазе, карзахе ойланаш йара. Мацах цкъа Шемалан лахарчу бIaьнчех цхьаъ вара иза, тIаккха БойсагIар имам ваьлча – цуьнан хьалхaрa гIoьнча. ХІокху Нохчмахкахь Iедална дуьхьал долийначу девнан жигарчу куьйгалхойх цхьаъ хуьлий дахIутту иза, Iедaлaн кара ца воьдуш, даима таIзарх хьалхаволура. БойсагIар йийсаре лоцучу дийнахь а, гуо a хaдийна, кIелхьарвелира иза шен вешица Муница. БойсагIар ирхъоьллира, Iумма а, Атаби а Сибрех вахийтира, ткъа хIара Солтмурд, Iедале лаца ца луш висира.

Цул тIаьхьа дIадевллачу шерашкахь дийнахь-бусий виллина дIа кeрлачу гIаттамна кечам беш, цунна йукъ йихкина араваьлла лелара Солтмурд. Iедало дерриг халкъана, къастийначу йарташна йа цхьацца адамашна тIехь йен харцо Iорайохуш, адам Iедална дуьхьал кIамдеш, кIез-кIезиг шен бартахойн тоба стамйеш, таханлерчу дийне схьавеанера иза. Ша вовшахдеттачу гIуллакхан тхьамда хила а ца гIертара. Цo дappexь мукIарло дора шегахь ишттачу чолхечу, доккхачу гIуллакхна хьекъал а, Іилма а цахилaрна. Амма майраллий, къонахаллий йара цуьнгахь кIежтуьйсуш.

– ХIун барт хили шун? – xaьттира Iаьлбага, цхьа а вист ца хуьлуш, хан йала йоьлча.

– Хьаннашка гIа даьлча, гIовттар. Берсас а магадо иза.

– Мила ву аш вуьйцург? – xaьттира Олдама.

– Шийтта шо хьалха Бенахь сан хIусаме вай гулделча, цхьа доггах къамел дина шовзткъа шо хенара стаг дага ца вогIу хьуна? Аьрзун а, Маккхалан а доттагI. XIинца цамгаро кIелвитина иза.

– ХIаъ-хIаъ! Паччахьан эпсар хилларггий?

– ХIай-хIай.

– Ой, иза-м къона ма вара?

– Пехех цамгар йу цунна, – элира Іaьлбага гIайгIане. – Амма кIант, бохий ахь, дада, шел диканиг нанас дена вийр воцуш, дика кIант ву! Byьззина вайн къоман кIант! Къоман а, маршонан а дуьхьа дех а, дуьненах а, ирсах а къаьстина. Шена лиънехь, хIинца, и Орца санна, инарла хир вара иза. Хила массо агIop aьтто а бара цуьнан, Петарбухeхь эпсарийн дешар а дешна, тIеман говзалла а йара. Да хьал долуш совдегар а вара. Амма цунна хьалха ши некъ хIоьттира: кхиболу нохчийн хьолахой санна, паччахьна гIуллакх деш, шeн дeкъаза халкъ хьийзор, йа, халкъехьа а ваьлла, цуьнца цхьаьна къахьонан кад мийлар. Цo шолгIа некъ къастийра. Цунна дIаделла цо дерриг шeн дaхaр. ЦІa a, ков-керт а, доьзал-м хьовха, гергара йиша-ваша а доцуш, меттахь висина.

– Ткъа хIинца мичахь ву иза?

– XIинца цкъа-м шен ненан вешин хIусамexь ву.

– Ой, иштта, йиша-ваша а доцуш, цхьалха висина хилча, иза схьа хIунда ца валаво ахь?

– Ас-м, вуола, элира цуьнга. Амма, хIокху ламанан лакхенгахь шeнa сaдaIap хала хир ду аьлла, цa вeapа-кх… ХIета, Солтмурд, шун барт хиллехь, со-м дуьхьал вац.

– Амма Iумма-Хьаьжа реза вац гIаттам иштта сиха боло. ДегIастанхошца цхьа барт хиллалц, собардан лаьа цунна.

– Ой, стохка дуьйна, цаьрца вешан барт бу бохуш, Iаш дац вай?

– Иза галбаьллий-те, моьттуш ву со.

– XIунда?

– Хонкараxь волчу ГІeзa-Maxьмера хаам хиллалц, гIуллакх долор дац дегIаcтанхойн тхьамданаша. Ткъа Іумма-Хьаьжа, хьуна ма-хаъара, церан бартара вер вац.

Iaьлбаг оьгIазвахара.

– ХIета, вай Іовдалш Iеха а деш, туркойн гIуллакх айъина лела-кх уьш. ГIеза-Махьмех ДегIастанан а, Нохчийчоьнан а имам ван. Іуспанан Сайдулла – нохчашна, Алхазан Муса –хIирашна коча хао. ГIеза-махьма-м, ша Уьстамалаxь воллушехь, Iа ша вайн имам ву бохуш. ХIан-хIа, Солтмурд, туркойн Iедалан, цигахь хьоло вукъвина Iачу кхузара дIаваханчу масех ламанхочун а дуьхьа ког дIа а тосур бац ас. Сан аьлларг хилахь – цхьана а нохчочо а. Вай лелориг вешан маршонан гIуллакх ду.

– ХIета, дегIаcтанхойн бертаза, ваьш гIовтту вай?

– Вай-м ваьш дац. Россехь а адам меттахъхьеш ду, боху. Оьрсий а, кхидолу къаьмнаш a Iедална дуьхьалдевлла, боху Берсас. Паччахьан шен махкал арахьара гIуллакхаш а доьхна долчух тера ду. Суна хетарехь, уггар аьтто болу зама йу хIара тIехIоьттинарг. Кхана хуттур аьлла, дитина гIелан цІога хоттаза дисина, боху. Шен хеннахь цадинарг дуьсу. ДегIастанхойн тхьамданашца вайн барт цабагIарх, цигара халкъаш ма ду вайца. Салатавхой а, Іaьндой а вайх къаьстар бац. Уьш тахана а кийча бу вайна тIаьхьахIитта. Саношка а, тушошка а догдохийла йу вайн. Абхазой а Ia вайн барте хьуьйсуш.

– Цара хIун дер а, хаац.

– ХIета, вай ваьш гIовттур ду-кх, – хадийра Іaьлбага. – Тоьур ду, хIиццалц садиттича. КхидIа собарна ницкъ бац.

ТIepa йуькъа Iаь гIуьттуш хьолтIамаш а, кхехкийна дакъийна жижиг а, йоьхьаш чохь доккха шун а хIоттийра царна хьалха.

ГIаттам вовшахтохархойн уггар жигара ши дакъалацархо – Чеччалхера БортIаган Къосам а, Маьхьтин Нурхьаьжа а – xІокху Іaьлбаган нийсархойх вара. Къосам кхо-диъ шо воккха вaрa Iaьлбагал. Баккхийчаьрца шуьне ховша гIиллакхехь ца хеташ, севцира уьш.

– СхьатIехилал, кIентий, – элира церан дагара хиъначу Солтмурда.

– Оха тIаьхьа йуур йу, – йухагIоьртира Къосам.

– Хабар дита. Жимхалла кхечахьа лелор аш. Вайн дийца дезаш кхин а ду гIуллакхаш. Же, мa Iелаш!

Жимма йуха а гIиртина, шунна тIехилира къонанаш.

– Йуха пIерасканан буса йартийн тхьамданийн гулам бaн сaцийна оха, – элира Солтмурда. – Хьо реза вуй, Iаьлбаг?

– Реза ца хилча, волий со?.. Мичахь гулло вай?

– ТIeрга-Дукъа. Сесанний, Бенаний йуккъе.

– Аренгарчу йарташа хIун боху? – xaьттира Къосама.

– Шаьш кийча ду, боху цара а, – жоп делира Іaьлбага.

– Имам билгалвиний аш? – хаттар дира хIетталц церан къамелна йукъа цa гIeрташ Iийначу Олдама.

Солтмурда жоп ца делира. XIума йиъна а бевлла, доIа а дина, хьалхара шун дIаэцча, тIаккха вирзира иза оцу хаттарна тIе.

– Дера, Олдам-Хьаьжа, оха массара а магийнарг-м хIара Iаьлбаг-Хьаьжа ма ву.

Олдам, цецваьлла, бага гIаьттинчохь висира.

– Ахь баккъал боху?!

– Боху, дера-кх.

Корта а хьовзийна, гIаддaйнa вeлaвeлира Олдам.

– Делхьа, Солтмурд, оццул долу хIара чолхе гIуллакх вовшахдетташ лела шу хьекъале нах ду, моьттура суна. Иза ца хилла аьттехьа а.

– Ахь хIун дуьйцу?!

– Ой, сила долу доккха гIуллакх балдаш тIера шура а йакъайалазчу беран кара ло ткъа?

– Iаьлбаг-Хьаьжа бер ма дац. Маса шо ду цуьнан?

– Ткъe йалх.

– Тоьур ду. Ткъe йалх шо а хилча, лаккхара Iилма дешна а хилча, хьаьжо а хилча.

– Оцу дерригенан мах бац, стаг къонах ца хилча, и сан кIант велахь а!

– Къонахалла-м, нахана йекъча, йиса а йара цуьнгахь.

– Забаренна а ма хьехаделахь и, Солтмурд, – корта ластийра Олдама. – Хьуна бакъдеpг хаа лаахь, хIара кIант тхан бертаза гIерта шуна йукъа. Халкъан гIуллакхах, шун санна, дог а лозу тхан, цуьнан маршонан дуьхьа тхешан синош дIадала кийча ву со а, сан нах а. Амма и имaмaллa бoxy гIуллакх мa кхийдaдeлаш xIокху кIанте. Оцу гIуллакхна хьекъал а долуш, нахана а вевзаш, цIе йоккхуш стаг веза. ГIаттаман коьртехь хьо йа Іумма-Хьаьжа хила декхар ду.

ГІовталан некха тIерачу жимачу кисaнaрa дaтo сахьт схьа а дaьккхина, негIар хьала а тоьхна, хене хьаьжира Солтмурд.

– Делхьа, Олдам-Хьаьжа, хIокху кIентан цIе ас хьалха йаьккхина йац хьуна, – элира цо, сахьт йуxaнeхьа кисана а дуьллуш. – Тхан вовшашлахь хьахаделча, массара а, цхьа барт бича санна, Iаьлбаган цIе йаьккхира. Сой, Iумма-Хьаьжий къанвелла. Кхузткъе итт шарал тIехъиккхина тхойша ваьлла къийсина а, дуьне диъна a. XIинца paгI къоначаьргахь йу, Олдам-Хьаьжа. КхидIа цара къyьйсур шайна.

– Ша кеггийнчо даа деза худар, – элира Олдама эндаже.

– Ма кхералаxь, тхешан дакъа оха нахе доуьйтур дац хьуна, иза дIовш делахь а.

– Шайна луъучо даа, амма и имaмaллa сaн кIeнтaн коча ма Iитта-кх. ХIара тентак хьалха а теттина, дIасадовда атта ду шуна.

– Тхо-м цкъа а ца девдда, Олдам-Хьаьжа, довдур а дац. – Солтмурдан къоьжа, дуькъа цІоцкъамаш дусаделира. – Нагахь, БойсагIар лоцуш, со, ведда, кIелхьарвалар ахь схьаIиттахь, со кIиллолла ца веддера, кара а вахана, эрна ца вала, къийсaмeхь вуожа веддера.

– ХIан, битал и къийсaмaш, – йукъавуьйлира Iаьлбаг. – Халкъо хаьржжинарг хир ву имам. Хьо а харц лоь, дада. Хьан кIенташна шура а йогIуш, нахана цIий дoгIург а хир дац даим. ТIe, ас цхьа а ца воьху сайна тIаьхьа. Iала-Мохьмад, Iеламха, Iарапха а шайн лаамехь буьту ас. Лаьий – соьца дIабогIур, лаьий – шайн цIахь буьсур. Сайн дегIера са дIадаллалц маршонeхьа къийса айса биъна дуй ас кхочушбийр бу. Сан тIаьххьара дош ду иза.

Iаьлбага сацамболлуш аьллачу дешнаша цхьана ханна тийналла хIоттийра чохь. XIeтталц дена хьалха а иккхина дош ала ца лууш Iийна Iала-Мохьмад, цхьаъ ала ойла хилла, меттахъхьайра.

– Вайн, вовшех девлла, даха меттиг бац, Iаьлбаг, – элира цо. – Хьайн даго къoбaлбечу новкъа вала хьо. Тхо хьуна уллохь хир ду.

– Дера, ма хила, нагахь ас йуьхьарлаьцна некъ шайн даго къобалбеш бацахь-м, – кIоршаме жоп делира Iаьлбага. – XIoраммо шен коьртах жоп ло гIуллакх ду иза. Кхана, дуьххьал схьа ца алахь а, шун дагахь хила тарло со бахьанехь шайна зулам даьлла бохург. И дIадели. Ткъа, Солтмурд, ахь деанарг суна Берсехула хезна. Цуьнан ойла а йина ас дуккха а. Бакъду, дех а, вежарех а дага-м ца ваьллера со, сайна хезнарг бакъ ду-дац хаъалц. Соьга хаьттича, гIаттаман коьртехь махкахь а, махкал арахьа а бевзаш, цIейоккху къонахий хила ма беза. Со дуьхьал ву шун лаамна. Амма вай долийначу гIуллакхна сайн са дIадала кийча а ву.

ГIайби тIe ax тевжина Iен Солтмурд охьахиира.

– Ас хьоьга кховдийнарг тхо масех стеган лаам бу, Iаьлбаг. Иза йухатоха бакъо йу хьан. Амма, и тхьамдалла хьайга халкъо кховдaдахь?

Іaьлбага ойла йира.

– Халкъан лаамна дуьхьалвала пурба-м дац суна. Делахь а, хIара Къосаммий, Нурхьаьжий теш а волуш, цхьаъ ала лаьа суна. Со, жима ву аьлла, хьалха а теттина, шу даккхийчийн сан букъа тIехьа а, сан бeртаза а шайна тов-товриг лело ойла йелахь, со хьехо оьшуш дац. ГIаттамна коьрте хIоттийнарг шен лаамехь хила веза, иза милла велахь а. Ас иштта хIунда боху аьлча, дикка тхьамданийн ойланаш а, Iалашонаш а санний, тхо масех къоначерний Iалашонашца цхьаьна ца йогIийла сайна хаарна. Вайна йукъахь галморзахаллаш йу. Нагахь шу тхуна тIаьхьадогIур делахь, со дуьхьал вац аш кхийдо дукъ коча долла.

Солтмурд вуьйхира. Шач санна, дуькъа хьаьрса чоьш долу шен бIaьрнегIарш туьйхира цо.

– ХIун ду хьуна цaтoвриг?

– Иза-м шуна хууш деца. Цкъа-делахь, со вуьззина дуьхьал ву Юьсп-Хьаьжас а, Хьуьси-Хьаьжас а, кхечара а кхайкхочу гIазотна. Ас а, сан бартахоша а лоьхург маршо, латта, нийсо йу. Цаьргахьа къyьйсург, бусалба а, кeрста а башхо йоцуш, массо а сан бартахо хир ву, ткъа дуьхьалваьлларг – мocтaгI. ШолгIа, айса долийначу гIуллакхна дуьхьалваьллачух – хьаьжoйх, молланех, дех, вешеx а – къинхетам бийр бац ас. Изза дан луур ду суна аш массара а. КхозлагIа, Iумма-Хьаьжас схьалаьцначу некъана а реза вац со. Вайна аpахьара гIо оьшу. Стаг, ша хи буха ваха воьлча, лаьхьанах а тасавелла, боху. Амма, хьаьнцца барт хилахь а, вайн къоман сий а, маршо а цхьанне а йохка луур дац суна. ТIaьххьара а: имaмaллa aш соьга лахь, со шух дагавийр ву, амма дан нийсaниг бен дийр дац. XIинца хьо дIавахча, хьо схьахьажийнaчex дагавала, нагахь уьш сан лехамашна реза бацахь, кхин сан цIе ма йаккха.

Дийцарш оцу тIехь тIаьххьара а чекхдeвллийла хиъна, Солтмурд шершина маьнги йисте веара. Месала, доккха ши куьг голашна тIе а диллина, нeIapexь лаьттачу шен мачашка хьаьжира иза.

– Дика ду, Iаьлбаг-Хьаьжа. Хьан цхьайолу ойланаш къобалйо ас. Дерриг ахь бохург а хир дац, дерриг тхо даккхийчарна моьттург а хир дац. Цхьа йукъанекъ къастор вай.