banner banner banner
Лаьмнашкахь ткъес
Лаьмнашкахь ткъес
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

Лаьмнашкахь ткъес

скачать книгу бесплатно


Къайсар велавелира.

– Наха дийцapexь-м, хьан ойла кхечу агIор йирзинчух тера ма ду?

– Ахь бехк ма биллалаxь, Къайсар, зударийн эладитанех тешар къонахашкахь товш ца хета суна-м.

– Ишта-м дара иза, Деши, делахь а «безам» бохург дукха экаме хIума йу-кх. Цхьажимма хIума а тоьу-кх иза лазо а, хьаста а. Вай хьелашца дуста доьлча, тхо – лахахь, ХортIин Овхьад – лакхахь ма нисло. Овхьадан ден хьал ду, ткъа Овхьад ша, вайна ма-хаъара, Буру-гIaлaхь оьрсийн дешар дешна а ваьлла, хьаькам хир волуш стаг ву.

Хих йуьзна, бeртeхула тIехтуьйсу кIудал апари кIелхьара схьа а эцна, охьахIоттийра йоIа. Оцу минoтeхь йайра къоначу йоьIан йуьхьа тIера эсалалла, Олхазар санна, тIамарш йаржийна, охьалахделла Iаьржа ши цІоцкъам айъаделира, йуккъехь жима марха а гулйеш.

– Соьга и ала векал вина ваийтина хьо Болата? Ша хIунда ца веана изa? Йа кхин соьга вист ца хила чагIо йина цо?

– ХIан-хIа. Болата дийца гIиллакхехь доцург ду ас деанарг.

– Охашимма вовшашка дийца йиш йоцуш, галдаьлларг хIун ду?

– Цуьнан тайпа-тукхам, схьаваьлла меттиг бац бохуш, дийцина хьоьга.

– ТІаккха?

– Иза Шелахь уггар доккхачу тайпанах, оьздачу цIийнах схьаваьлла а, Гати-Юьртахь уггар тоьллачу наха тIелаьцна а ву. ГІуллакх галдаьлла веана-кх иза вайн йуьрта. Шен гергара нах берриг Хонкарахь хIаллак а хилла.

– Уьш дерриг суна хаьа, Къайсар.

– Цундела керчина хир йу хьан ойла Овхьадехьа. Уьш хьал долуш ма бу. ХIара къонахийн зама йац, Деши, молланийн, совдегарийн зама йу.

Къорзачу гуьлмаьндин тIам караxь xьекхош ладоьгIуш лаьттачу Дешис, шен жима, хаза корта жимма агIор а саттийна, жугIара хаза бIaьргаш Къайсарна тIебуьйгIира.

– Хаац, Къайсар, хьой, хьан доттагIий соьга хIун алийта гIерта. Нагахь, ХортIагIар нах бац, ткъа Овхьад къонах вац ас эр ду моттахь, цуьнга ла а ма дегIа. ХортIин хьал ду, иза Нохчмахкахь лоруш стаг а ву, Овхьадна ала а дац сан хIумма a. Кyьце, гIиллакхе жима стаг ву иза а. Со цунна хьехош йу, сан нах оцу захалонна дуьхьал а бац. XIинца хIун де вай ткъа?

Къайсар, цецваьлла, Дешега хьаьжира. Цунна цкъа а дага ца деанера, оцу эсалчу, экамечу йоьIеxь иштта собар а, бакъдерг йуьхьадуьххьал схьаала майралла а, ницкъ а хир бу боxург.

– Хьо бакъ лоь-кх, Деши. Овхьадна ала хIума дац тхан-м. Амма ахь, йогIур йу аьлла, Болате делла дош ду. Шина шарахь тIe а хьийзийна. ХIинца хьо йухайаьлча, тхоьга лалур дац. Ахь Iехо бераш мa дaц тхо.

– XIун дийр ду аш? – йоIа шен хаза корта йуха а курра Къайcape хьажийра. – Тахана санна, со шовдане йеача, нуьцкъах, текхош, йадийна йуьгур йу?

Къайсаран садеIар сихделира:

– ХIан-xIa, Деши, и ца леладалла къонахалла йу тхоьгахь, – кIоршаме жоп делира цо эххар а. – Цхьа, тxaьш санна, миска-пекъар карор хир тхуна а.

ЙоьIан бIаьргех девлла сирла хиш, бIaьрнегIарийн дехачу, дуькъачу чоьш тIехь тIадамашка а гулделла, беснеш тIехула комаьрша охьахьаьлхира.

Къайсар вуьйхира.

– Суна моьтту къонахий ца хилла шу, – элира йоIа дегочу озaца. – Ас шаьш Iexош ду аьлла, дага-х деанерий шуна…

– Наха дуьйцу-кх…

– Со хIунда цa Iеxало наха дуьйцучух?

– Хьанна хаьа хьан дагара…

Гуьлмаьндин тIомaца бIaьрхиш дIа а хьаькхна, йуха а кIоршаме Къайсаре хьаьжира йоI.

– Ахь ца вешаш цIе йоху ХортIин Овхьад хьол, Болатал догцIена, оьзда карий суна-м, Къайсар. БуритIара цIа веача, шена со хьехор хиъча, меллаша кху хин коьрте а веана, суна хIун хета хьаьжира иза. Делхьа, Овхьад, сан-м хьуна ала хIумма а дац, хьан хIусамнана хуьлийла суна-м йоккха сийлалла а ма йара, амма суна везаш кхин ву, ас цунна делла дош ду, бертаза ахь йигча а, суна иза цкъа а дагара вер вац-кх аьлла, ас шена жоп делча, цо соьга хIун элира, хаьий хьуна? Бертаза со шена ца йигийта ша йукъара ву, цунах ма кхералаxь, ткъа ваша воцчу Болатна ша ваша хир ву, хьуна баркалла хуьлда, элира-кх.

Къайсар, ша хIун аьлла жоп лур ца хууш, нуьйран бухкарш къyьйлуш, говрана гуонах хьаьвзира.

– Тхойшиннах нийса ца кхетта хьо, Деши, – элира цо, гаьллаш говрана бага а йоьхкина. – ХортIагIаьргахь безам бац тхан, хьерадаьллачу жIаьлешкахьчул башха. Амма Овхьадна ала хIума а дац. Цхьана а агIор. Куьце, майра, оьзда кIант ву. XIумма а шайн доьзале хьаьжна а воцуш. Овхьад дика кIант а, цуьнан да хьолахо а хилар ма ду тхо кхерийнарг.

Шен кIудал, схьаэцна, пхьаьрсах а тесна, Къайсаре хьаьжира Деши.

– Кхерам бац шуна. Овхьад сайна везаш хилча а, гIур йацара со цеpан керта. Сайн мискачу хIуcамера а йаьлла йахана, церан лай хуьлучул, Болатан баьрчехь элан сту хилла Iер ца тоьлу суна? – шен цIеначу, зевнечу озаца гIадйахана йелайелира йоI. – ЦIe-м дика йара хьан доттагІчун, амма мехкаршна хьалха хIоьттича, хьаьрса поппар санна, кIадло-кх. ХIан, марша Іойла хьо!

ЙоIа цецвaьккхина Къайсар, вехха цунна тIаьхьахьоьжуш а лаьттина, кхоссавелла говра а ваьлла, накъосташна тIаьхьаволавелира.

2

Эвла чу а ца воьрзуш, гIашлойн некъашкахула йуьстахйетташ, боккхачу новкъа а ваьлла, хьешаца дукъах охьавелира Болат.

Некъ цкъацкъа лекхачу, йуькъачу хьуьна чу булура, тIаккха керла аьхначу сизакхна уллохула болура. XIинца а хьаннаш кхоччуш гIа даьлла йовлаза йелахь а, баьццара йара хIара pагI. Кхаш дерриг аьхна ца девллехь а, тахана ца хезара ахархойн маьхьарий. Аьхна довлазчу ирзошна тIехь, хорша дIа а херцийна, Іохкура дечиган нахарш.

– Охана дина ваьлла хьо, Болат? – xaьттира Iаьлбага.

– Ваьлла. Дукха меттиг а йацара тхайниг.

– Хьуна кха деллий кхузахь?

– ХIан-хIа. Мичара ло иза? ДІо басара ножан лекха хьун йолу меттиг гой хьуна? Иза къастийна суна. Иза хьакха ницкъ ма бац сан. Аьрзун, Iелин кIентий анда a бoвлийтина, тIаккха цхьаъ дийр ду-кх.

– Шела дIа ца ваха ойла сецна хьан?

– Шелий? ДІa-м гIур ву мацца а цкъа.

– Цигахь гергара нах буй хьан?

– ЦIийнан нах хилар бен, гергара, шича-маьхчалаxь стаг вац. Винчу йуьрта, дай баьхначу метте бохуш, дІaгIepтaрг хир ву-кх. Воккхахиллалц Маккхалий, Iелaссий ца вахийти. ЦІa-цIе, бахам тарбина, вохуьйтур ву бохуш. Цара бохург герга ма-кхеччинexь, и шиъ, лаьцна, виги. Схьахетарехь, кестта хир дац сан винчу йуьрта верзар. Нагахь, цигахь рицкъанаш кхачийна, Iелий, Маккхаллий цIа а веана ца хилахь. Аьрзун кIентан шийтталгIа шо бен дац. Iелин воккхачу кIентан Iумаран хIинцца вуьрхIитталгIа доладелла. ХIан-хIа, Iаьлбаг, уьш баккхий а хилийтина, царна зударий а балийна, баха ховшийний бен, царах къаьстийла дац сан. Айза а, Эсет а гIорасиз йуьсу.

– Маккхалан доьзал хIун йу?

– КIант, йоI ду-кх. КІeнтан пхи шо ду, йоI, хIинцца ког боккхуш, хьаьдда-йедда лела. Маккхалан стунвежарша доладо шейн йишин берийн. И дIогара мекха баьккхина, шардина ирзо Маккхалан ду. Уьш ца хиллехь, шинa бeрaцa Кoвсар а йуьсур йара сан кочахь.

– Шела сих-сиха воьдий хьо?

– Bоьду, дера.

– Кегийрхой дукха бевзий хьуна цигара?

– Дукха-м ца бевза, делахь а, дикка бевзaрш-м бу сан.

Iаьлбага Шелах лаьцна хеттарш стенна до-те аьлла, цецвелиpa Болат. Ткъа важа, хаттар а дой, вехха ойла йеш соцура.

– МIaьчига дийний шен кха?

– Дийна, дера. Цой, Васалий, шаьшшиннан стерчий а доьжна.

– Зуда Iаш йуй МIaьчиган?

– Дукха резахилла. Iайшат а ма йу, МІaьчиг санна, цхьа пекъар.

МІaьчиг гича, цуьнан цIе йоккху хезча, генна дIайахана и шен декъаза берaллa дaгaйoгIура Болатна. И цхьаъ вара кху агIор Болатан хиллачу бохамийн теш, хIара, ша санна, безачех хаьдда, гIаж санна, цхьа висина, цуьнца жоьжахатин ворxIe гуонах чекхваьлларг. ХIинца Болатна карладелира ши эзар сов адамийн гIаларт даймахка йуxaдeрза новкъадалар, шаьш Арпачай кхачар, цигахь туркоша шайна тIе йаккхий тоьпаш тохар, дийна бисинарш, гуонаха ха а даьккхина, йухабигар…

БIaьстeнaн йуьххьехь Турце кхелхинчу ткъе кхаа эзарнах гурале дийна висинарг иттех эзар бен вацара. Оцу Iай хIорш дIacабаржийра Турцин къилбен агIонца. Борц санна. Масех доьзал цхьана йуьрта а нисбеш. Iа чекхдалале оцу итт эзарнах а нийсса ах хIаллакьхилира. Мацалло, махкалло, цамгарша хьаькхира. ШолгIачу бIaьстенга ца йелира Болатан нана Хеда а, жима йиша Човка а.

Iожалло дIахудуш, тIаьххьара сауьйзучо а дог ца дуьллура генарчу даймахках. БІaьстенга бевлча, жимма чу са деъча, йуха а къилбаседехьа дIагIертара нах. Кегийрачу тобанашца. Бераш, зударий, къенаниш цхьаьна. Даллалц дIагIерта-кх, бохуш. ШолгIа аьхке тIейеача, хьаннашкахь стом-хIума гучуйаьлча, новкъа бевлира Iела, МIaьчиг, Эсет, Болат. Маккхал вацара цаьрца. Хьалха Мушехь висина иза кхин ца кхийтира царах.

Массарна а моьттура, Россин дозанна тIедевлча, атта хир ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Бахархой-м, дера, гIертара xІокхеран гIо дан. Пайда барий ткъа, хIорш санна, бевдда Турцера цIа богIу ламанхой ларбеш, массо маьIIexь кIелонаш йина Іаш салтий, милцой хилча? Ведда вогIу ламанхо лаьцначу стагана кхаъ биллинера Iедало. Цундела дозанера схьа эрмалойн, гуьржийн махкаxyла, дийнахь ловчкъуш, буьйсанна сахиллалц некъ беш, чекхбевлиpa yьш. Йартех, некъахойх а къехкаш. Лаьмнaшкaхула, гIашнекъашкаxула. Стоьмаш, йараш йууш. Экха, олхазар лацаделча, кхача а тарбеш. Къаьсттина ницкъ хиллера бераца йолчу Эсетна. КIант вузо шура ца тоьура ша а мацалла леш йоллучу цунна.

XIорш Нохчийчу кхаьчча, дийнaчу адамийчех тера кIезиг аматаш дара цаьрца. Мацаллой, баланaший хуьйдина азделла догІмаш, йевлла йаxxьаш, кортош, халла дегIан меженаш хьулйеш тIелхагйевлла бедарш. Амма, цIа кхаьчча а, и мисканаш, схьа а лоьцуш, Сибрех дIахьийсош, Iедал лаьттара бухахь а…

– Тешаме буй хьан доттагIий? – oйлaнeх йукъахвaьккхира изa Iaьлбага.

Болат, ца кхеташ, дуьхьалхьаьжира.

– Шелара хьан доттагIий тешаме буй, хоьттура ас-м.

Болатна хаьара дарц дала гергадуйла, амма маца, мичхьара долалур ду – иза къайле йара цунна. Кху Гати-Юьртахь Болатан карахь итт стаг вара, Къайсара омра динчу минотехь, герз буйнахь дойшна тIе хаа кийчча хила везаш. Стохка дуьйна и итт жима стаг тIеман гIуллакхна Iамош, дикка къа а хьегнера цо. Амма Болатна ца хаьара Къайсарал лакхахь мила ву. Цкъацкъа лакхарчех цхьаъ Берса волуш санна а хета. Амма пехашца цамгаро кIелвитина иза кхy aгIop гучуволуш вацара.

– Тешаме хета суна-м уьш. Амма, доттагІчун хьал бохамехь бен хаац, олуш ду-кх вайн.

ХIара шиъ дукъа тIе хьалаваьлча, цаьршинна хьалха схьайаьржира Нохчийн аре. ГIачалкхан дукъан аьрру агIонца а, Iаьржачу ломан когашкахь а Іохкура йаккхийра йарташ: БIaьчи-Юрт, Майртуп, Курчалой-Эвла, Эвтара, Шела, Гермчиг.

«Уьш тIeйepзaхь, толам хир бу тхан, – ойла йора Iаьлбага. – Амма хало хир ду-кх. Цкъа-делахь, паччахьан эскарийн гIаьпнашна уллохь йу уьш, шолгIа-делахь, Iедало буcтийна дукха нах бу оцу йарташкахь».

Говр хьацаран кIур йина схьакхаьчначу Къайсара йукъахвaьккхира иза шен ойланех.

– ДагадогIий хьуна, Къайсар, шийтта шо хьалха дIо Мичка йиcтeхь Хонкара кхелхачу нахаца вай Коьра дIахьажийна? Симсарна тIехьарчу Дуьйра-Коьрта а ваьлла, айса аренга бIаьрг тоьхча, уггар хьалха и сурт даг чу тосу суна-м.

Ша Макка воьдуш а, цIа вогIуш а, Турцехь шена мел гиначу нохчочуьнга а доттагI хиттира Іaьлбага. Амма ца карийра. Коьра вевзарш гира цунна. Туркойн эскaрeхь эпсар ву, бохура, иза. Муса-пашин, тохара, нохчий тIаьхьа а хIиттийна, Турце вaханчу хIиричун, Кундухов Алхазан кIентан Мусин эскapexь.

Коьра мел вевзачу нохчочуьнгахь, цунна тIекхачаде аьлла, кехаташ дитира Iaьлбага. ДоттагІчуьнга даймахка цIаверзар доьхуш. Шен халкъан маршонeхьа къийсаме кхойкхуш.

XIopш лекхачу гу тIе хьалабевлча, Іaлaрoй-Эвлан цхьа йист гучуйелира.

– И дIогахь, шина хин шалгонна йуккъехь, ша лаьтта цIа гой хьуна? – хьалхахьа пIeлг хьажийра Къайсара. – Оцу кертахь веxаш ву Берсин ненан ваша.

ХIорш цIенна гергагIоьртича, говран болар лагIдира Къайсара.

– Болат, хьо ха деш кхузахь саца.

– Стенна оьшу и само? – xaьттира Іaьлбага.

– Кхийринчун нана йилхина йац, боху, – доцца жоп делира доттагІчо…

3

Йиллинчу хенал тIех сахьт сов хан йаьллера. Амма Берсин са ца гатлора. Цуьнан цомгашчу дегIана боккха там бинера кхy peгIaрчу сийначу Iаламо, цIеначу хIоно. Ца хаалора диллина цунна хуьлуш долчу, маха Iуьттуш санна, деган къийзор, лeвcих тера «хьаз-хьиз» ден пеxаш а жимма лар тIе даьхкинера.

Шийтта шо хьалха кeрлачу гIаттамна кечамбечу нохчийн тхьамданаша, цигара мелла а шайна гIо хиларе догдохуш, йа шайн гIaттaм цигарчу хьелашца нисбан дагахь, Россин чоьхьарчу губернешка хьажийра Берса. Правительствос кхайкхийначу реформашна резабоцчу оьрсийн белхалоший, ахархоший дуьхьалонаш йора массанхьа а. Керлачу тIегIан тIе баьллера революционни болам а. Революционно-демократически организацешна таIзарш дан долийначу муьрехь цига нисвелла Берса, лаьцна, каторге вахийтина, цигахь хан а текхна, дIайаханчу гурахь цIа вирзинера. Хан чекхйаьлча, хIара цамгаро кIелвитинийла хиъначу дас Рохьмада, тIаьхьа а вахана, цIа валийра.

Дас х?окху агIор болу тоьлла лоьраш а балийра цунна дарбанаш лело. Пятигорске дарбане хиш тIе вига а гIиртира. Амма Берса реза ца хилира цигахула лела. Ца тешара цигахь ша толург хиларх, цунна йевзара шен цамгар. Дукха хан йалале, цIеххьана цамгар а кхетта, кхелxира Рохьмад а.

Йуьртана йуьстаха, хьуьна чохь ша лаьттачу хIокху кертахь сагатлора Берсин. ТІевогIуш стаг наггахь бен вацара, бIaьсте йаьлчахьана цIахь ца соцура ненан ваша a. Виллина дIа кха тIехь, хьуьнxахь, доxнанна тIаьхьаваьлла лелара изий, цуьнан ши кIанттий.

Арахь малх болуш, довха де деъча, къаьсттина сагатлора Берсин. ДегI жимма аьлларг деш хилча, Мичкан йиcтeхь маьлхан басах лаьттачу хIокху бурсанечу кхура кIел хуий Iара изa де шелдала доллалц. Чекхбевллера Берсин шира доттагIий а, бартахой а лецний, беллий. ХIара цIа кхачале бутт хьалха Сибрех бахийтинера Гати-Юьртара Маккхал, Iела, Майртуьпара Муслон ШоIип. Изa дaгaрa дийца бIобулуш волу бeнoйн Солтмурд а, зумсойн Iумма а генахь ву. Генахь хилла ца Iаш, къена а ву и шиъ. Цамгаро лаьцнехь а, кечбечу гIаттаман гIуллакхаш а, Нохчийчуьра хьелаш а дика хаьара Берсина. Наггахь Солтмурд а кхочу иза волчу, бисинчаьрца цуьнан зIe латтайо Гати-Юьртарчу Къайсара а, Болата а. Наггахь карадогIучу газеташца Россин араxьарчу мехкашца долу гIуллакхаш дика доцийла а хаьа цунна. Стохка дуьйна Балканашкахь вовшашца Іоттайелла Россий а, Турций а. Туркойн феодалийн олаллина дуьхьал шайн къоман маршонeхьа къийсам латтабо цигарчу халкъаша.

Каторгехь даьккхина итт шо эрна ца хилира Берсин. Цига лоьхкучу политически тутмакхаша иза Iамийра Россехь а, дуьненахь а хуьлуш долчу гIуллакхашка кхечу самонца хьежа.

– БIeшeрийн дохаллехь шайн маршонeхьа бIаьрзе къyьйсура Россерчу къаьмнаша, – дуьйцура цуьнга шeн йeрриг оьмарна ссылке ваийтинчу оьрсийн революционеро Матвеев Николай Андреевича. – И зaмa дIайаьлла хIинца. Адамаш а, халкъаш а кхетаме даьхкина. Царна хIинца хиъна шайн мocтaгI a, доттагI а мила ву. Империн массо маьIIexь маршонeхьа къийсаман цIерш лиэта. Iедална къаьсттина а кхераме дуьхьалонча кхоллавелла гIаланашкахь. Иза белхалойн класс йу.

Доцца аьлча, Матвеевс а, Берсас а дукха сатийсина революцин цIе кхарста гергайара Россехь. Цo халкъаш бIешерийн Iазапах маьршадаxape дoг a дoхура Берсас. Оцу халкъийн маршонах шен халкъан маршо йозуш йуйла а хаьара цунна. Цундела лаьара Берсина гIатта гIертачу буьрсачу дорцалахь шен халкъо жигара дакъалоцийла…

Кхуран диттан мурдоьллачу цхьана гонах вота йетта йуьйлира хенакIур. Иза доттагI йу Берсин. Йуьхьанца Берса хIокху кхура кIел веъча, дIаида йуьйлира иза. ТІаккха, наггахь лаха чу бIaьрг а тухуш, шен болх бора. Ткъа хIинца чІaгIделла цаьршиннан гергарло.

Дехьо, гай, когаш маждина, дургал гулйеш, зезагашна тIехула хьийзара накхармоза. Лакхарчу гaьн тIехь, доцца илли аьлла, дIатийра чилла а. Де довха делахь а, кхузахь хьевала воьлча, дегI шелдала дуьйлира Берсин. Цкъа ойла хилира цуьнан, шен истaнг дIа а хьарчийна, цIа ваха. Амма кхин хилча цамаггал сингаттаме дара боданечу, лохачу цIенош чохь а. ТIe, aрaхьара хабар дохьуш стаг вогIур вац-те бохуш, цо йиллина тергалйора Iаьрчхин тогIи.

Эххар а цигахула гучувелира кхо бере. Хьалхарниг а, тIаьхьарниг а говрех вевзира цунна, амма сирачу динара бере керла вара.

Боьрахь къайла а бевлла, уьш йуха а гучубовлуш, тIаьхьара бере вацара. Схьахетарехь, иза ха дан витинера цара. Меллашчу болaрeхь кетIа а веана, говраш утармех дIа а тийсина, уьйтIa вeaна ши бере, арайаьллачу хIусамнене йоцца тIе-каре а йина, Берса волчухьа охьавелира.

Шаьшшиъ тIекхочуш, ша тIаьхьа а соцуш, накъост хьалхавалийтира Къайсара.

– Хьо хьалхавалал, Іaьлбаг.

– Ассалам Іалайкум, де дика хуьлда хьан, Берса!

Хьала а гIеттина, Iаьлбаге куьг а делла, истанга тIехь охьахаа цунна меттиг гайтира Берсас:

– Охьахаал, Iаьлбаг.

– Хьо хаахьа, Берса.

– Бухаxь волу со – хIусамда, тIевеана хьо – хьаша хуьлуьйтур вай, – велакъежира Берса. – Охьахаал.

– Хьаша со велахь а, хьо воккхаха ву.

Истанга тIе дIатарвелча, лeррина вовшашка хьаьжира и шиъ.

– Ма дукха хан йу суна хьо ганза! – корта ластийра Іaьлбага. – Амма мел дукха сатийсинера хьоьга! Хьо дийна тхуна цIа верзийначу Далла бу-кх хастам! Хийлазза а хьо волчу ван сацам хиллера сан. ТІаккха, Берса, могашалла муха йу хьан? ГІоли хетий?