banner banner banner
Лаьмнашкахь ткъес
Лаьмнашкахь ткъес
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

Лаьмнашкахь ткъес

скачать книгу бесплатно


– ХІоппIахь!

– Бере, хьаха, ву динна тIехь воьттича санна!

– XIoппIахь! ТІaьххьара гIуркх!

– КIайн леча!

Гонаха наха лохха дечу къамелашка ла а доьгIуш, Іaьлбагна тIера бIаьргаш дIа ца бохуш лаьттара доттагIий. Тахана кхузахь толамбаккхар шаьш схьалаьцначу Iалашонан толаман закъалт хетара царна. Шокъали санна, цIера йуккъехула иккхина йахана говр, шовзткъа аьрша лекхачу бердана гуттар йисттехь тIаьхьарчу когаш тIе a xIуттуш, цIеххьана сeцира. Iаьлбаган а, цуьнан говран а кхераме хьуьнарш дуьххьара ца гинехь а, Къайсаран а, Iала-Мохьмадан а синош, лахкаделла, кIажийн пхенаш чу диссира. Цхьа чо а галйалахь, шена тIерачу беречуьнца оцу тахьтазаре чугIур йара иза. Амма Iаьлбаг шек а вацара. Оцу хьолехь минотехь сов лаьттира иза, Ахьмадан, Акхтин дехарца ша дIаваккхалц. Ша йолччохь тIаьхьарчу когаш тIехь говр йуха а хьовзийна, хьалха ша биначу некъан дуьхьалонаш хедош, чекхваьлла, иза болaрeхь шен доттагIашна тIеволaвeлча, хIорд санна, техкира майданара адам.

БолатгIарна уллохь лаьттачу нехан къовсaмaш бевлира.

– Маккахь-Меданахь мел дешначу Къуръанор, ву и стаг эвлайаийн дакъа долуш!

– Дика дин хилча, дакъа а хуьлу.

– Хьо хаал цунна тIе?

– Хиъча, дера, ву хьалха тIенисвеллачу ор чу вужур!

– Йа, цIeргахь хечин айла а йаьгна, вуьсур!

– Маккахь даьккхина жайна хир ду цуьнан дегIаца. Йа цуьнан говран хьаьжа тIехь кхозучу хIайкална йуккъexь.

– Хабарш! ДуьххьалдIа майрачу беречо, ша санна, майра дин a Iaмийна.

– Хьажа, хьажа! Эла Авалу ву цуьнга куьг лестош!

Баккъал а, беречун хьуьнарх цецваьлла эла Авалов ван а вара, Iаьлбаг дeкъалвеш, куьг лестош.

– Бакъволу бере ву иза! – бохура цо уллорчу Чомакхе. – Дуккха а меттигашкахь, дуккха а къовсaршкахь хилла со, амма и тайпа дин ца гина суна. Мичара ву иза? Симсарара… Симсарара… Зандакъана къилба-малхбалехьай? ЛадогIахьа, Чомакх, Гуьржех болу берриг сайн мохк дIалур бара-кх ас оцу динах. ГІой, мах бийцахьа цуьнца.

Чомакха корта хьовзийра:

– Бухкур бац.

– Кхо мах белча а?

– ХIара Яьссин тогIе йуьззина деши делча а.

– Ой, иштта хьалдолуш ву иза?

– Къен а вац. Амма ламанхоша иштта дин а, герз а атта дохкац.

– ХIета, дуьтур вай иза, – куьг ластийра Аваловс.

Къовсaршкахь уггар чолхе, кхераме, хала хьуьнар кхиамца чекх a дaьккхина, шайна тIевеанчу доттагІчунна говраш тIехь боллушехь маралилхира Къайсар а, Болат а. Къона ІумаргIар бIаьрг буьзна хьуьйсура цуьнга. Шена и дерриг бен ца хетачуха, вист ца хуьлуш Іара Iала-Мохьмад. Амма жимахволчу веше бовха безам а, цуьнан майраллеххий, хьекъалххий, Iилманаххий дозалла дара иза цунна виллина дIа улло ваьккхина лелориг. ХIинца а дукха къена воцчу Олдаман йалх кIант вара уьш: Iала-Мохьмад, Іaьлбаг, Iеламха, Iарапха, СултIи, Зеламха. ТІaьххьарниг хIинца а пхийттара а ца ваьллера. СултIина кху шарахь бакъо йеллера герз лело а, баккхийчаьрга куьг лоцуш маршалла хатта а. Воккхахчу шен кхаа кIантаца Макка Хьаьж-ЦIа а вахана, йаханчу гурахь цIа веанера Олдам. Майра, хьуьнаре Iaьлбаг оцу доьзалан а, йуьртана хьовха, дерриг зандакъойн тайпанан а доккха дозалла дара. Цундела, иза дIасавоьдуш, воккхаха ваша даим цуьнца хуьлура.

ДІадоьдура хьуьнарш къийсар. ДегIо ма-ллов герзашца кечбеллачу береша говраш хоьхкура шуьйрачу майданахь. ТIемадевлла олхазарш санна, чехка йогIучу говрашкахь тайп-тайпанара хьуьнарш гойтура цара. ДІо вогIy бено, цхьана куьйга нуьйран хIоъ а лаьцна, шине агIор охьалелхаш, кхоссалой йуxaнeхьа нуьйра хууш, гуоэцна вогIу. Ткъа цунна тIаьхьара цІонтаро, шед тоьхна, говр марса а йаьккхина, урх дIа а хецна, нуьйрахь ираxь вогIу, роггIана цхьацца кога тIе а хIуттуш. Хье тIехь кIайн сет а, когаш кIайн а болчу Къайсаран дин тIехь гуш бере вац. Хьал ца хуучунна моьттур ду, иза, бере а воцуш, хецайелла йогIу. Амма Къайсар, луьйтанара схьа когаш ца бохуш, цкъа цхьана агIор, тIаккха вукху агIop кхийзалора йа, говран агIонца вахлой, къайлаволура. Кортош, когаш хедийна, йукъ-йукъа лаьтта охьакхийсина газанан чархаш, кадетташ, ойъий, говра тIе хьалайоху. Хала ду массанхьа охьадехкина, шардеш, къагийнa дaтo cоьмаш схьаэца. Амма кхин а чолхе ду соьмана йуккъe тaпча тохар. Къайсара кхо сом схьаоьцу. Ткъа Болата кхаанна йукъаметте тапча туху. Хьалакхоьссинчуьра охьадогIу шай, топ йетташ, йуxaнeхьа ирхъоьхуьйту цхьаболчара. Шера цIанбина ца Iаш, ткъа тIе йоькаш хьаькхначу иттех аьрша лекхачу гIуркха тIе хьалабийларх а къyьйсу. ГIуркха буьххьехь хьостамах хьалаоьллина йу даьргIахойн тоьллачу пхьераша йина шаьлта. ТIaьххьара а хьуьнар туьрца серий хедор ду. Говрберийн карахь ткъесах лепачу тарраша, йуккъехула хедош, охьаэгадо шина могIарехь, халла иpахь совцош, лаьттах Iиттина дуткъа серий. Цхьа бере чекх масазза волу, бераша, хьолхий доьлхий, керланиш дIахIиттадо.

Ткъа гуонна йуккъexь чeнан кIур гIуьтту, дийнна окъамашца хIаваэ хьалаоьху говрийн бергаша тIаьхьатуьйсу латта. Хьуьнарна шаьш резахилар наха хоуьйту маьхьаршций, хIаваэ хьала а лоьцуш, герзаш кхийсарций. Ахьмада а, Акхтас а лeррина толлу къовсаме гIуллакх. Эла Аваловна а цхьана ханна дицделла шен хьаькамалла а, возалла а. Кавказхочун цIий Іац шeниг дитина. Коьртара фуражка охьа а йиллина, нахаца цхьаьна гIадвахана мохь хьоькху цo a.

Хьуьнарш къийсар а, ловзарш а чекхдевлча, цхьаммо а бина хаам боцуш, амма омра дича санна, дерриг адам чардакхна тIедолало. Йоцца кхеташо йиначул тIаьхьа кхиэлахоша тоьллачийн цIeрш йоху:

– Гуонexь xaьхкича, тоьлла Гати-Юьртарчу Аьрзун кIентан Мохьмадан говр! Уггар кхерамечу, халачу хьуьнарехь тоьлла Симсарарчу Олдам-Хьаьжин кIентан Іaьлбаг-Хьаьжин говр! Говрашкахь хьуьнарш къовсуш, тоьлларш – Гати-Юьртара Ойбан Къайсар, ДанчIин Болат, ЦІоьнтарара Гарин Ахьмад. И цIераш йаьхначара шайн совгIаташ дIаэца.

Тоьлларш декъалбеш дeттачу маьхьарший, кхуьйсучу герзаший йуха а къардира хIаваъ.

5

Хьаьсарта дахана адам дIатийча, ХортIас куьг хьалалецира.

– ЛадогIал, нах! Эла Авалус къамел дийр ду хIинца!

Цхьана ханна кхуза гулбеллачийн сибате вирзинчу гуьржичух оцу минoтeхь йуха а округан начальник, эпсар, эла Авалов хилира. КІайн тIе а, Iаьржа лаба а йолу кокардица фуражка коьрта а тиллина, мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира цо. ТIепаза йайра Іаьржачу бIaьргаш чохь йогу самукъне цIе а. Дукъа тIехь голатуху мара а аьрзунан зIакарх тарбелира.

Цхьана жIаро а, мидало а кечбина шуьйра накха меллаша дIаса а хьийзош, оьрсийн маттахь дехха къамел дира цо.

– Нохчий! Йоккха пачхьалкх йу Росси. Дукха къаьмнаш ду цунна чохь дехаш. Мацах цкъа арахьарчу мocтaгIaший, вовшашлахь хуьлучу тIемаший талораш деш, цIий Іeнoш, маьрша дахар xIун йу ца хиъна Кавказан къаьмнаш тахана Цуьнан Императоран Воккхаллин, оьрсийн паччахьан нуьцкъалчу тIома кIел ирсе, бертахь, цхьа вежарий хилла деха. Цунна тоьшалла ду, арахьара мостагI Россина чугIоьртича, массо къоман кIентий паччахь а, Росси а ларйан дахIуьттуш хилар. Россин, вайн даймехкан, мостагIий бу цергаш ирйеш. Тохаро бен сацош вац мocтaгI. Ницкъо бен йухатохац ницкъ. Цундела Кавказан массо къомо оьрсийн толамечу эскаршна гIоьнна шайн полкаш вовшахтоьхна. Гуьржаша, эрмaлoша, гIажароша, хIираша, гIебартоша, чергазоша, дегIастанхоша, гIалгIаша, кхин массара а. Цара дуьххьара гойтуш йац шайн муьтIахьалла. Ала лаьа, тIаьххьара туркошций, англичанашций, французашций Россин хиллачу тIамeхь дуккха а нохчаша дакъалацар а. Цара турпала хьуьнарш гайтира, вайн даймехкан мостагIех леташ. Цуьнан Воккхалло Императоро эрна ца дитира нохчаша оцу тIамехь хьегна къа а, Iенийна цIий а. Оцу тIаме бахана нохчий орденех накхош, ахчанах кисанаш дуьзна баьхкира цIа. Уьш хIинца а бу Iедало сий деш. Ткъа и шун аьрха амалш бахьана долуш, йеххачу хенахь мерабeран хьолехь латтийначу нохчашна цуьнан императоран воккхалло кхушара йуха а тешам белла шен эскаре хIитта. Амма нахана хаац паччахьо шайна диканиг оьхьийла. Шайга кховдийна къинхетаме куьг дIалаца лаац. ВархIий-вархIий дайшкахь дуьйна майра тIемалой, къонахий бу бохуш, дуьненахь а цIейаханчу нохчашлахь тахана эскаре вала лууш эзар стаг а каравац. Къонахалла йайна шун? Майралла йоьжна? Герз лело хаац? Мичара! Тхан говраш йац, тхо къен ду бохуш, бахьанаш хIиттадо. Aьшпаш! Маса бIe дин бу кхузахь! Маса бIe майра кIант ву кхузахь! ДуьххьалдIа шайн йухахьаралла, ца лаьа-кх! ХІyьттаре лело дуй биъча санна. Шун къоман сий лардан лууш, шуна йукъахь цхьакIеззиг къонахий лaрбинчу Далла бу хастам. Уьш Даллий, паччахьний муьтIахь нах бу. Цара шайн к?ентий цуьнан воккхаллин кара д?ало…

Дайн ши мекх хьовзийна, адамийн тобанна тIехула курра бIаьрг кхарстийра Аваловс.

– Пурба луо суна оьрсийн толамечу эскарийн могIаршка баха кечбелла шун йуьртан уггар тоьлла к?ентий, – шен карарчу кехата т?е хьаьжира Авалов: – Хортаев Асхьаб, Товсолтанов Хьуьси, Бораханов СаьIид, Сатуев Солтха а Цуьнан Императоран Воккхаллин цIарах декъалбан а, уьш кхетаме кхиийначу церан дайшна-наношна баркалла ала а! Шун некъ дика хуьлда, майра к?ентий! БIаьхаллин хьуьнаршца шайн къоман сий айъа аьтто хуьлда шун.

Тоьхначу тIараша йуха а йекийра майда.

Эла Аваловн къамел гочдан хьалхавелира поручик Ойшин Чомакх. Паччахьо йекхачу шуьнехь важош вацара шен тешаме йалхо. Ал басахь цIен беснеш, дуькъа, хьаьрса ц?оцкъамаш, царна бухахь хIиттина къинхетамза бIаьргаш, шад беш хабийна хьаьжайукъ. Тодеш, даим т?е ка хьоькхуш латтош даккхий дуькъа, хаза мекхаш. Шуьйрачу некха т?ехь лепа мидал. Баьццарчу атласан г?овталан ирахIоттийначу коча йуккъе Iаьвдина стомма ворта. Къамкъарг-м, хьаха, йац х?умма а вуон йекаш. Даьссачу маьждиг чохь санна, ч?огIa a, шера а дека цуьнан аз.

Цо гочдечу элан къамелах ца бешаш, лохха биэларш лелха нахана йукъахь.

– Ч?oгIa ирсе деха!

– XIай, бIаьрг ма хила вайна!

– Дела диса вай, оцу паччахьан и вай лардо т?ам а бойна, эрна!

Къайсарна тоххара к?ордийнера и къамелаш. Ден дагара хууш санна, цхьана меттехь саца ца туьгура цуьнан говр а.

– Дуьлойша, цIа г?о вай, Iаьлбаг? – доттагIчун белша тIе куьг туьйхира Къайсара.

– Йукъара а къаьстина, дIадахча, гIиллакхе хир дац.

– Церан даьссачу хабаршка ладоьгIуш Iан деза ткъа?

– Собардер вай. XIинца а цхьаъ дан г?ерта уьш. Товсолта ву чардакха т?е волуш.

Тахана йеха, баьццара оба а йуьйхина, лекхачу холхазан куйна гуонаха, ло санна, к?айн чалба а хьарчийна, детица кхелина шаьлта йукъах а йихкина, кечвелла Товсолта-Хьаьжа говрахь, меллашчу боларехь вахана, чардакхна хьалха х?оьттира. Кху шийтта шарахь Товсолта-Хьаьжа дукха хийцавалаза висинера. Амма халла хаалуш букара хьаьвзинера хьалхалера нийса букъ. Белшаш а жимма охьайахча санна хетара. Шен къежвалар хьулдора цо. Корта цIенна дIабошура, ткъа маж-мекхана сих-сиха цIен гIина дуьллура.

Товсолта-Хьаьжина тIаьххье, дикачу дойшна т?ехь вахана, цунна улло дIах?оьттира цуьнан к?ант Хьуьси а, ХортIин Асхьаб а, Бораханан СаьIад а, Сатун Солтха а. Дика кечвелла вара хьалхара кхоъ. Детица кхелина говрийн гIирсаш, тIедуьйхина цхьатера чоэш а, г?овталш а, коьрта техкина Iаьржачу холхазан куйнаш a. Малхехь лепара коча тийсина а, йукъахдихкина а безачу механ герзаш. Вуьшта, Солтханан барзакъ ледаро дара, цаьрца дуьстича.

Товсолта-Хьаьжина дагадеанарг хаа лууш, сакIамделла нах тапъаьлла тийна лаьттара.

– Тхан хьомсара хьаша, тхан лераме хьаькам эла Авалу! – тийналлехь даьржира Товсолта-Хьаьжин мукъаме, дуькъа аз. – XIара таханлера де цкъа а дицлур дац тхан йуьртана. Тхан къоьлле, мискалле ца хьоьжуш, тхуна куралла ца йеш, кхуза веанчу хьуна Дела реза хуьлда, Дала йуьхьк?омаца дукха а вахавойла хьо! Тхо цхьадолчийн лааме диллича, тахана вайн воьдург виъ хилла Iийр вацара. Оха уьш бIе хуьлуьйтур вара. Ма-луъу ца хилча – ма-торру, олуш ду тхан. Тхешан ницкъ кхаьчнарг дина оха. XIара тхешан бераш, хьалха – Делан, шолгIа – хьан кара ло оха. Тхуна боккха синтем бу х?орш Момин Хьотица эскаре боьлхуш хилар а. Момин Хьота майра а, хьекъале а къонах ву. Иштта ша хилар цо гайтина вайн паччахьан мостагIашцарчу тIамехь. Ткъа шу, к?ентий, – тIехьа лаьттачу веанна тIевирзира Товсолта-Хьаьжа, – шу ледара ма хилалаш. Вайн сийлахьчу дена – паччахьна – шайн муьтIахьалла гайталаш. Хьаькамаша шайга сийначу цIерга лелха алахь – б?аьрнегIар ца тухуш, йукъалелха. Варийлаш, шайх бехк балийтий, кIиллолла йалийтий, цIа ма дерзалаш. Гатийуьртахой тешна буьсу аш паччахьний, Россиний хьалха шайн декхар кхочушдийриг хиларх. Дала могаш-маьрша, толамца шайн доьзалшна т?е цIа дерзадойла шу!..

Аваловс цхьа масех дош аьлча, чардакх т?ера чувоьссинчу Момин Хьотас, тIе а вахана, хьалха Товсолта-Хьаьжин, тIаккха веа лаамхочун куьйгаш а лоцуш, баркалла элира царний, церан дайшний.

Цхьа масех минот йаьлча хьеший, ХортIина тIаьхьа а х?иттина, йуьрта бахара.

Кхузахь тахана гинарш дийцаре а деш, д?асабахара нах а.

II корта. БЕРСА

XIан-хIа, г?оли йу

Дорцах ницкъ бустар,

Садаллалц, бакъ къуьйсуш,

къийсамехь летар,

Тийначу бердашка а хиъна

ЧIeIачул, чевнашка а хьоьжуш.

А. Мицкевич

1

Шайн совгIатех баккхийбе Мохьмаддий, Iумаррий, Iyсманний сихха Iала-Мохьмадца йуьрта дIа а хьовсийна, адам к?езиг лела некъ къастийна, Iаьлбагца регIа хьалаволавелира Къайсаррий, Болаттий.

Толамца ша йаьккхина к?айчу маьIан мукъ болу шаьлта а, детица кхелина тапча а Мохьмадна йелира Болата. Доза дацара к?ентан воккхаверан. Детица кхолуш кечйина нохчийн нуьйр а, дуьрста а, тIexула тIе, тайниг санна, хаза тапча а. Ма ирсе вара-кх иза, биллина дог огуш цхьа бала бацахьара! ДIайаханчу гурахь лаьцна Сибрех вахийтинера цуьнан ден ваша а, цунна дика хилла Маккхал а. Дерригенах а ца кхетара жима Мохьмад, амма ден вешин а, ден доттагIчун а ойланаш гушдоцчу пхенаш чухула цуьнан дагах йоьллера. Тахана оццул хаза деана xIара ловзаран де а къахьделира цунна, маьлхан зIаьнаршлахь белшашний, накхошний тIера деши, дети лепош чардакха тIехь лаьтта и берстина эпсарш гича. Уьш бу, иза дуьнен чу а валале, цуьнан да Аьрзу гена, хийрачу махка вахарна а, цигахь иза кхалхарна а, цхьайолчу цхьана ненаца иза байлахь висарна а, цуьнан ден ваший, ден доттаггIий Сибрех хьажорна а бехке.

Дависарг-йаI, цкъа пхийттара валахьара иза! TIаккха-м цо чIир оьцур йара царах! Амма гена йу-кх и хан а. XIинца а – кхо шо!

Элхьамцан, хьаьмцан, стовн диттийн йуькъачу хьуьна чухула басех хьала, лаьхьанах сетташ, эвла боьдучу готтачу новкъа т?аьхьий-хьалхий могIа бина воьдура кхо дошло. Хьалха Къайсар, йуккъехь – Iаьлбаг, тIаьхьа Болат а волуш.

Цхьа-ши бутт хьалха боьлуш хуьлучу доттагIаша, цхьанна хазарна кхоьруш санна, лохха къамелаш дора. Iаьлбага хоьттура, кхузахь даьхний Iаьнах муха девлла, б?аьстенан йалташ дер дIа муха доьду. Къайсара дукха ладегIнера Макка ваханчу кхаа вашас цигахь а, новкъахь а шайна гинарг дуьйцуш. Амма цаьрга хеттарш цкъа а ца кхачалора Къайсаран. XIинца а къамел хьовззийна оцу тIе далийра цо.

– Уьш дитахьа, Iаьлбаг, и Iаьрбий х?ун тайпа къам ду?

– Ой, масазза аьлла хьоьга, йен бух санна, Iаьржа адамаш ду.

– Ас-м и ца хоьттий. Майра къам дуй иза?

Iаьлбаг жоьпана сих ца велира.

– Муха эр дара иза? – дош ца карадора цунна. – И къам ша кIилло ду, олийла йац. КIиллочу адамийн мохк бац буьрса лаьмнаш, йовха гIамарш а. Цул сов, жайнаша дуьйцучун ойла йича, Пайхамаран, цуьнан асхьабийн а заманахь туьраца даржийна цара бусалба дин. Шемахула, Мисархула, Бухарехула, XIиндехула, вайна буьйцу а ца хезначу мехкашкахула. И дерриг а хьалха хилла. Ткъа хIинца и Iаьрбийн къаьмнаш цхьадерш туркойн, кхинаш перангийн а, ингалсийн а когаш к?ел дохку, боху. Маршонах хаьдда, шайн мехкийн дай а боцуш. Иза а, важа а цаьргара дIайаьккхина оцу мехкашдIалецархоша.

Цхьана масех минотехь сецира доттагIийн къамел. Iаьлбаган т?аьххьарчу дешнаша ойлане бехира уьш. Баккъал а, х?ун йу маьрша доцу къам? Лай ду-кх. Старо санна, болх бийр бу цо, шен гай йузо. КхидIа дац-кх. Амма и гай а хуьлу цуьнан даим тутмакхан санна. Дуьне дац цо дуург. Лай хилла вехачул, шен маршонехьа къуьйсуш, валар г?оле йу.

Цхьа дагна там беш дара некъан йистош къарзйинчу бес-бесарчу зезагийн, муьстаргийн можачу кенийн, хьорамийн к?айчу, стовн дитташна т?ерачу можачу зазийн хазачу хьожано дуьзна х?аваъ. Некъан йистошкахь малхехь дийшина Iохку моьлкъарчий, х?орш гергакхочуш, шарх-ширххехь дIауьдуш, коьллашлахь къайладуьйлура. Баьццара холхаз хилла рег?а т?е йижинчу варшахь, вовшашца къуьйсуш, бес-бесара иллеш, шакарш йеттара олхазарша. Амма берешна ца гора б?аьстенан Iаламан и исбаьхьалла, олхазарийн и даккхийдер. Болатна хьалхах?уьттура мацца а цкъа Гати-Юьрта цIа боьрзу болу ХортIин Асхьаб, Товсолтин Хьуьси, Бораханан СaьIид. Дикачу дойшкахь, дезачу герзех боттабелла, белшаш тIехь хьесан погонаш, накхош т?ехь ордалш, мидалш а лепаш. Iедало буьтур ма бац уьш, цара диначу г?уллакхна, церан муьтIахьаллина цхьа йал йоцуш. T?аккха кхитIе а халкъана бале бевр бу…

– Iелин а, Маккхалан а хабар дуй? – тийналла йохийра Iаьлбага.

– Кехаташ даьхкина цаьргара. Могаш-дийна ву ший а. Сибрех дIакхаьчна шаьш, боху.

– Цхьаьна буй х?орш?

– XIан-х?а. Къастийна.

– Мича хьолехь бу?

– Хетарехь, г?уллакхаш дика дац. Iелас, шаьш лаьттах эчиг доккхуш ду, ткъа МаккхалгIар хьун хьокхуш бу, боху. Шийла, цхьа пана мохк бу, боху.

Iаьлбаг, кхин хеттарш ца деш, ойланашка вахана, сецира. Д?адахана шийтта шо машаре хиллехь а, синтеме дацара Нохчийчохь. Халкъо собаре садеттара шена тIетеIочу харцонна. Мохк-м тоххарехь дIабаьккхинера цаьргара. Д?абаьккхина бохург дицделлера цуьнан керлачу долахошна. Моьттур дара, иза, церан ворхIе дайх бисина, царна кхаьчна. X?ор а шарахь дебара нохчийн къомах дуьйлу цIубдарш. Эпсарш, совдегарш, молланаш. Уьш массо а хьаькам вара къечу нохчочунна. Ницкъ цаьргахьа бара. Уьш шен тIома к?ел лаьцнера Iедало. Царна т?e a тевжина, халкъ таладора цо. Нохчочунна дихкинера БIаьн-Некъал лаха вала. Г?алахь гучуваьлча, йаппарш йеш, сийсазвора. Шен кха т?е йаьлла вир санна, лоллура.

Халкъо садеттара, амма, кхидIа сацо ницкъ боцуш, цуьнан дог дуьзнера дералло, цхьа суй оьшура кхузахь ц?е лато, оцу харцонашна дуьхьал халкъ г?атто.

ДIадаханчу шарахь дагахь доцург хилира гIаттаман кечамна. Цхьаннан маттаца куьйгалхойх масех стаг лецира. Бакъдерг аьлча, коьртачех кхоъ бен ца нисвелла царна йукъа: Муслон ШoIип, Iабдурахьмин Маккхал, Абубакаран Iела а. XIетахь Iаьлбаг цIахь вацара, деций, вежаршций Макка вахана.

Дарц дала герга ду хIинца. Цуьнан куьйгалхойх ву Iаьлбаг а.

«XIун хир-те сох? – хоьтту цо шега. – Йа, шайх Мансур санна, махкахваьккхина, доь доцуш войъур-те, йа, Бийболат санна, тешнабехкаца тIаьхьашха тоьхна, вуьйр-те, йа имам Г?еза-Махьма санна, турпала вужур-те, йа, БойсaгIар санна, тангIалкха т?е хьалаозор-те?»

Кхо бере йуьрта йисте кхочуш, дехьа басахула охьа шовданна т?ебог?учу гIашлойн новкъахь, пхьаьрсах тесна г?ели диллина цIестан к?айн к?удал а йолуш, кегийра г?улчаш йохуш йогIу йоI гучуйелира. БIаьстенан мелачу махо хьоьстура, цуьнан коьртарчу гуьлмаьнди к?елхьара ара а г?оьртина, шерачу хьаьжа т?ехь чIaгаршца охкайелла Iаьржа месаш. ДIа мел боккхучу когаца, нийсачу букъа т?ехь ха хоьрцуш, цкъа цхьана, т?аккха вукху агIор керчара настарш т?е охьайеана йеха, стомма к?ажар. Оцу боцачу новкъахь маситтазза а хийцабелира цуьнан йуьхьа т?ера бос. Севсина, ховха балдаш цкъацкъа делалой, шагатIулгах йича санна йолу кIайн, нийса цергаш гучуйовлура. Ло санна, к?айчу, дехочу логаний, горгачу беснешний т?ехула, цIен бос баржош, йовха тулг?е хьодура, г?одайукъ къовлуш тIейуьйхинчу готтачу гIабали к?ел, хьерадаьлча санна, тохалора дог. Хеталора, некха тIера дато чарпазаш эххар а ткъаршшехь лоьлхуьйтур йу.

TIаккха, жимма Iай, йоьIан хазачу йуьхьа т?ехула сингаттаман мархаш йаьржара. TIепаза бовра ал бос, хиллачу баьллех тера балдаш а к?айлора, ца тохалуш совцура бIаьрнегIарш а.

ЙоьIан кийрахь къуьйсуш шиъ мостагI вара: безам, цабезам. Амма цуьнан карахь бацара шен кхоллам. Цо иза Делан кара беллера, дог ца дуьллура ирсах…

Боьрахула хьалавогIучу кхаа беречух цIеххьана бIaьрг кхетча, кхерайелла, дегI дeгийра цуьнан. Амма, Къайсар а, Болат а вевзина, дегIан массо пхенашка йовхо хьаьдира. Хьалха вoгIу Къайсар, шена тIаьхьарчу беречуьнга масех дош аьлла, шовданeхьа охьавирзича, шен болар сихдира йоIа. Чу хи а кхерзина, шен кIудал xe Iapждинчу дечиган апари кIел хIоттийна, кIудалан гай декош зурманца чуIеначу шийлачу шовдане ла а доьгIуш, шен везаран доттaгI тIекхачаре хьоьжуш, сeцира иза.

«Болат хIунда ца веа-те? – даг чу кхерам тесира цунна. – Наха дуьйцучух тийши-те иза?..»

– Хьан де дика хуьлда, Деши! – чу а воьссина, багара гаьллаш дIа а йаьхна, говр ной тIe хийцира Къайсара.

– Диканца дукха вехийла хьо а, Къайсар!

Дуткъачу гуьлмаьндин тIам, логах хьарчош, тIехьа а тесна, хьаьжа тIера месаш къайла а йаьхна, Къайсарна тIе хаттаре хьажар дуьйгIира йоIа.

– Хьо тахана ма хьалхе йеана хи тIе?

ЙоIа доккха сaдaьккхира.

– Сагатделла сан. Аш толамаш баьхна бохуш, хезира суна. Тахана санна, аш дуьнен чохь йоккхучу йерриг ханна Дала йуьхькIам болда шуна!

– Дела реза хуьлда хьуна, Деши. Хьуна хаза мукъане а хийтин-те?

– Хетта а хоьттий ахь, Къайсар! – хаза балдаш дегабааме саттийра йоIа.