
Полная версия:
Лаьмнаша ца дицдо
Схьакхечира Керим а, Анна Львовна а; Егорычца чувеара Тавсолта а, Джейрана баккхийчарна нара тIе, берашна стоьл тIе юург йиллира, Нурседас гlo а деш. Тавсолта дехьа чу велира, Егорыч а эцна. Царна йуург къастийна дехьа чу а йаьхьна, схьа а йеъна, кхаьрца охьахиира Джейран.
Пхьор диъна а девлла, бераш йуха а стоьл тIехь урокаш йан хевшира, йуххе, къолам а буйнахь, Селита а хиира тетрадаш деша. Биснарш, шайн-шайн тоба а йина, къамелаш деш Iapa. Йовхарш а тоьхна, сехьа чу велира къамел дечарех схьакхета лиъна Тавсолтий, Егорыччий. ЦIеххьана сахьте а хьаьжна, Нурседас хаьттира:
– Дада, Iаьрбий бусалбанаш буй?
– Бу, дера-кх… Бусалбанаш ца хуьлу, бусалба дин шайгара схьадаьлла къам?
Чуьранаш дIатийра. Стоьла тIера шайн книжканаш а йитина, кIелдIахула схьаьхьаьжира Джамбуллий, Замий. Царна гуттара а хазахетара, шайн нана дадица къамеле йаьлча. Ша луьсту тетрадаш а дитина, хьоькху къолам а сацийна, Селита а йулаелира ша Iаччохь: Нурседин хаттарца цхьа «нун» тосаделира цунна.
– Царех йолчу кинога хьажа луур дарий хьуна?
Тавсолтас хьажа йуккъе белхи бира: йоIа ишттачу мIераца наггахь лоцура xIapa. «ХIун дагадеъна-техьа хIокхунна хIинца?» – дагатесира Тавсолтина: цIа веъчахьана йа xIapa а, йа кхунна хууш, ши йоI а кино йахана йацара. Амма бусалба дин долийначу Iаьрбех йолу кино ган лаьара. Делахь а, йоIа шена цу тIехь цхьа гур богIарх а шекволчу воккхачу стага хаьттира:
– Ма-барра, шаьш Iаьрбий, мукъна, буй уьш?.. Йа вайнаш бу царех лелаш?
– ХIан-хIа! Ма-барра шаьш Iаьрбий бу, шайн махкахь, шайн дахар гойтуш.
– Баккъал бах ахь? Воьду со, тIаккха-м! «Со чуьра аравалийта… хьешаца шайна паргIато хилийта деш хир ду цо xIapa… Иза-м новкъа дац», – йоьIан хьесапах кхиъна, сапаргIатделира цуьнан.
– ХIа, дIаэца: ши билет ду хьуна! Лаахь, Джейран а йига! – тIетуьйхира Нурседас.
Анна Львовний, Селитий йелакъежира. «ХIай-й, нажжаз йаI, xlapa хилла-кх и!» – дагатесира Тавсолтина, хьаж тIехь йуха а белхи гуллуш. Джейран кортали а тиллина тохайелира.
– Хьо чохь Iе… хьешашка а хьожуш! – элира Тавсолтас.
– Дика ду. Дика ду! – хIинца чохь йуьсуш а хазахийтира Джейранна: шен Ахатца зама йаккхар кхин а мерзах дара цунна. Амма, йуьхьа тIехь цIийелира иза: эхь хийтира Ахатана хьалха.
– Делахь, цхьаьний гIyo вайша, – аьлла Тавсолтица аравелира Егорыч. Ахатан бIаьргаш ойлане охьадахара.
– Нурседа! Иза хIунда хьажийра ахь оцу кино? ХIун кино йу и? – хаьттира Селитас.
– И-м и вуха веъчахьана, гур дара вайна! – хIиллане йелакъежира Нурседа. Бехха Iийра хIорш, бераш дIа а дийшийна, сакъоьруш, къамелаш деш.
Цхьацца керла хIуманаш а, массарна а хуу хилларш а кегийна девллачул тIаьхьа, къамел адамийн оьздангаллех а, догцIеналлех а тасаделира. Селитина къасто лиира: муха хила веза-техьа стаг шен кийрахь гIуьттучу лааршца, вуьззина догцIена а вуьсуш оьздангаллин барама чуьра а ца волуш? Ткъа Нурседас дийца даьккхинера: хIораннан а мел ницкъ кхочу-те шен кхоллам билгалъбаккхарехь. Массо а резахилира, и ший а хаттар вовшахтосуш, Анна Львовнас далийнчу хьесапна:
– XIopа стаг а декхарийлахь ву шен кийрахь гIуьттучу лааме ладогIа: Iаламан ницкъаца хуьлда иза йа дахаран Iамарца хуьлда. Амма царалахь, хьекъалца литтича, оьздангаллина дуьхьал а ца догIуш, йукъараллин хьашташний, шен кхиарний, могушаллиний пайдехь дерш кхочушдан деза; харцахьара лаарш, кхетаман ницкъаца хьаьшна, кIелдита деза. Оцуьнца йу адаман коьртачех цхьа башхалла. Вуьшта, оьздангалле а ца хьоьжуш, шен дегIан лаамехьа ваьлла стаг, адамаллех волуш, хьайбанан амалшка воьрзу.
Шеца хааделла харцахьара лаар эшадаро чIагIйо адаман оьздангалла а, цуьнан ша-шех йолу бакъ куралла а. Схьагарехь, вешан лаарш даима кхетамца литтар, царна тIера вешан урхалла карара цкъа а дIацахецар ду-кх вешан кхолламан харш а вайга билгалдокхуьйтург!
Селитас, тата дайина, устазе санна, ладоьгIура Анна Львовне: хьехархочун хьесапехь шен дахаран некъ а нислой хьоьжура иза.
Кхеран къамелаш чекхдовллуш, кинора хенал хьалха цIа кхечира Тавсолта.
– Хаза йарий Iаьрбийн кино, дада? – самукъане хаьттира Селитас
– Со-м ца Iийра и чекхйаллалц: уьш мичара бу Iаьрбий?.. йа бусалбанаш а? Цхьа цIерш йара-кх бусалбанийн, Iаьрбий лела иштта: шляпанаш а техкина, можмаш йаьшна! Ткъа зударий… тпуьй! – корта а хьовзош, цIенкъа туйнаш туьйхира Тавсолтас. – Шаберш коьртаIуьйра, месаш хедийна. Ткъа цхьаберш, пхьаьрсаш а дерзина, божарийн марахь хелхабуьйлуш… Со дIакхаьчча бухахь, цхьадика, суна йуххехь и БаштагIеран кIант а нисвелла, цакхетарг цо схьадуьйцура. Амма и ша а, дера, вара оцу балхах ца вешаш. Далла бу хастам! Далла бу хастам, вайлахь и доцчуьра!.. Егорыч-м цигахь висира, – корта хьийзош, дехьа чу вахара Тавсолта.
Нурседин йуьхь ойлане кхоьлира: «Тера а вац тIетан воллучух».
– ХIа, дIадоха вай… Ахат, хьо соьца дIавола. Буьйса йаккхарна со волчохь паргIат ду кхузахьчул, – элира Керима.
– ХIан-хIа, баркалла. ТIаккха… сан кхарна йала газа а йац!.. Кхузахь Iер со. Баркалла! – забар йира нохчийн и кица хезинчу Ахата.
Вовшийн Iодика а йина, самукъадаьлла хьеший дIасабахара. ТавсолтагIеран чуьранаш а набарна тохабелира. Тийна, йист ца хуьлуш, метта йелира Нурседа.
КОМСОМОЛЬСКИ ЛОВЗАР
Массарна наб кхеттачул тIаьхьа а йехха Iиллира Нурседа, ха хоьрцуш, буьйсанан боданехь ойланаш йеш кханенна ша кечдинчу гIуллакхан: «Мехкаршца-м барт хилира. Делахь а, муха чекхдаьр-те и? Да-м цига ца ван а мега», – иза Iаьрбийн кинора вадар дагадеара йоIана.
Пенехьа букъ берзош, ха хаьрцира Нурседас, доккха са а даьккхина. Корехула арахьаьжча, буьйсанан бода зарзбеш, стигалара охьахьуьйсура эзарнаш седарчий. Чухч-хьерана буьххьехь богу, меттах ца хьов къилбаседа а чу къедира. Йуха а, ца соцуш ойланаш йора Нурседас: «Баккхийчарна йуккъехь а бу вайгахьа берш. Амма Тавсолта саннарш атта къарлур бац»…
Нурседина дагадеара, Казахстанехь шаьшшинна дийнахь кино йахар могуьйтуш хилла Тавсолта, хIинца кхузахь, дийнахь кино даха шега пурба дехча, ирахъэккхар:
– ХIан-хIа! Наха тIехтухур ду! Зама а коьртахь йовлакх а доцуш оьху школе! Жима йелахь а, хьалххе дуьйна Iамайе оьздангалла! – омра дира цо
Нурседа IадIийра, деца девне йала а ца лиъна. «Иштта IадIаро талхийна гIуллакх! ХIан-хIа! Мегар дац ша резавоцчунна IадIа!», – пенехьа йирзира. – «Къовса деза! Къовсам боло зама кхаьчна. Йуьртахь и къовсам айа дезарш тхо ду… Со йу!» – бохура цо, ша-шега. «Къовса-м хала дацара, халаниг – баккхийчарна халахетийта дезар ду! Бакъду, цара шен заманчохь доьзал кхиийна, бераш а кхаьбна. Делахь а, тхо дайх эхь хеташ, гуттар тхешан гIуллакхашна тIехь а церан йуьхь лоьруш, тIаьхьа сецар нийса хир дац»… Юха а корахьа йоьрзуш, ха хаьрцира цо. «Ча такхийнчу тачи» кIелхьара, мархаш дIасахилийна, церан йистош детех къегош, схьакъедира беттаса. Шен маьнги тIехь, лерга кIел куьг а диллина, набъеш Iуьллура Селита, юьхьа тIехула беттасин мохарчий а оьхуш. Нара тIехь берашца цхьаьна йижинера Джейран. Ахат, дехьа чохь, Тавсолта волччохь, баьрчче нисвинера. «ХIинца а, хьалха санна, да оха лара веза… Iалаш а вийр ву. Амма… ТIекхуьучарна хьалха жоьпаллехь тхо ду! Тоьар ду!» – тIаьххьара и ши дош хозуьйтуш иккхира цуьнан. Селита, ха а хаьрцина, хьалаайаелира. Нурседа, набъечуха бIаьргаш хьаббина, дIатийра. Селита, и набарх луьй моьттина, юха а юргIана кIел юьйлира.
Кестта дехьа чуьра схьахезира Iуьйкъан ламазана гIаьттинчу Тавсолтин татанаш. Корехула чукъедира морзин басайахана стигалан анайист. Набаро даздина Нурседин бIаьрганегIарш меллаша ваьштадахара.
* * *
Вукху дийнахь школин кертахь дIахIоьттира доккха ловзар. УьйтIахь дукха адам гулделлера «Комсомольски ловзар» – бохучу дашо, йуьртахула маса чекхдаьлла, нах схьаоьзнера. И муха хуьлу хьовса, тамаш беш гулбелларш а, цунах бела дагахь баьхкинарш а, вуьшта шайн сакъера вовшахкхетта кегийрхой а – бес-бесара дукха адам дара кертахь.
Малх ца гора: йерриг стигал дIалаьцнера шерра дIасайаьржинчу мархаша. Амма де мела а, тийна а лаьттара. Мох бацара банне а, «Дада-бIарана» кIел пурх хIоттийначу йехачу стоьла тIе, хьийзаш, гуш доцчу, кегийчу парашюташ тIехь санна, сих ца луш, охьаоьгура диттан гIаш. Стоьла гонаха Iapa: Ахат, Анна Львовна, Селита, райкомера зударийн отделан заведующи а, комсомолан секретарь а, кхин бехке хьеший а.
Нохчийн ловзаргахь хIинццалц ца гинчу кепара вовшашна йух-йуххехь Iapa нускаллий, кIанттий: Iаьржа кIужал кест-кеста хьала а хьокхуш, велакъежа Каташший, эхь хетарца корта охьа а бахийтина, дарин косынка а коьртахь, йогучу йуьхьца, шена хьалхха хьоьжу Ниночкий. Цу шинна тIехьа лаьттара церан цхьацца накъост – школера кIанттий, йоIIий. Стоьлан шина а йистехь ловзаран куьйгалхой: аьрру aгIop Керим, аьтту aгIop Нурседа Iapa, шайна уллохь, пхьаьрсах цIен цуьргаш а дихкина, ши жимха а лаьтташ. Нурседина йуххе хиънера кечвелла Егорыч. Школин корпусехьа, аьтту aгIop хIоттийначу вукху стоьла тIехьа, дехийчу гIанташ тIехь, иэ а белла, хевшинера йуьртан, школин комсомольцаш, комсомолкаш. Мехкарийн коьртахь йара шайн даимлера косынкаш йа шифонаш, тIехь – гIабалеш, хаза кучамаш, когахь – йа кIархаш, йа туфлеш гора.
Аьрру агIорхьа лаьттачу, кхозлагIчу стоьла тIехь шаьш ховшийнера кхайкхина баьхкина, доьшуш боцу, эсала Iа, йуьртан мехкарий, йукъ-кара, церан хьаште хьажа, цхьацца комсомолка а хаош. Царна дуьхьало, урамехьа, аннийн кертаца могIарехь лаьттара сакъералу кегийрхой а, кхин нах а. Кертал дехьара чухьуьйсура баккхий зударий, коьртах ондда йовлакхаш а хьарчийна, цхьаберш цеце бага пIелгаш а доьхкина, вуьш кхардарца лахара балдаш тIе а даьхна. «Дада-бIарана» кIелхьарчу стоьлана аьрру агIорхьа Iа вотанчий, пондарчий, xIyp эккхийтина, саццаза шайн шовкъе гIoвгIa сийсош дара. Вукху агIорхьа, цхьана жимочу стоьла тIехь, лаьттара йоккха патефон а, пластинкийн дийнна барз а, йуххе хIоттийна ши жимха а волуш.
УьйтIе хаза цIанйинера. «Дада-бIарана» тIера дуьйна кен утармашна тIе кхаччалц тесначу тела тIехь, хьалххе хьалаоьхкина, мехкдаьтта даго панараш, лампанаш кхозура. Кертахь маьI-маьIIехь лаьтташ а, дIасаволуш а гора, пхьаьрсех цIен цуьргаш дихкина, кхин а цхьа-ши комсомолец. Цкъа хьалха Керима, нохчийн кегийрхошна советски оьздангалла Iаморехь кху ловзаран доккхачу маьIнех лаьцна дош а аьлла, бал дIаболийра. Дуьххьара йукъаваьккхира, фаружкица, сирачу коверкотан костюм йуьйхина волу комсомолецций, шифон а тиллина, дарешца кхелина гIабали йуьйхина комсомолкий. Ший а дика долура хелха: кIанта, дегI айббина, лечин тIамарш шуьйрра дIасайаржийна, лаьттахула сих-сиха когаш шершош, йум йора гонаха, шен аьрзун бIаьргаш кест-кеста йоIехьа а хьажош. ЙоIа, корта aгIop а таIийна, эхь хетачу куьцехь, бIаьргаш охьа а дахийтина, кIантах дIауьдуш, бай-й гобохура уьйтIахула…
И шиъ охьахиъча, ша йукъавелира цхьа къона йуьртахо, шен галпех куьг а тоьхна, багахь цигаьрка а йоллуш. Меллаша тIевеанчу дежурнис шен лере цхьа дош аьлча, цо багара цигаьрка охьакхоьссира. Цуьнца йукъайаьккхира Нурседа. Чан эккхийтнна, цхьа тамаше, пелхьойн хелхар дира йуьртахочо Нурседица, массеран а самукъадоккхуш. Ловзар цу сохьта шен шовкъе кхечира.
– Здорово! Здорово! – элира, корта а ластийна, Ахата.
– ХIокхунах-м цхьаъ хила ма гIерта! – элира, шен лулахочуьнгахьа а вирзина, кертаца лаьттачу цхьана, бухарин холхазан куй коьртахьчо.
– Хьовсур вай, тIаьхьа хIун хуьлу, – корта таIийра вукхо.
Хьовсабаьхкинчех дIабаха дагахь хилларш а севцира. ТIеттIа талуш, дика дIадоьдура ловзар. РогIехь хелха буьйлура кегийрхой… Клубан заведующи Баштиров а вара кхузахь, IатIаран хьожа а йетталуш, забарш кхуьйсуш. Нурседа ойлане хьаьжира: цуьнан зуда Алпату йацара кхузахь, Джейран а йацара, иза чохь сацийнера Тавсолтас. УьйтIахь шатайпа зов лаьттара. Луьйчеран гIap а, пондаран, вотанан гIовгIа а ийнера, нехан къамел ца къасталуш. Стигал кхин а кхоьлира.
– ЙоI-м… оьрсий йоллушехь… лартIехь ма лела… вайна тамана делахь а, коьрта хIума а тиллина, ткъа хIокху кукайс хIун леладо, хьовха, коьртаIуьйра, и никIапа а йина, эхь ца хеташ цунна йуххе а хиъна… КIуж-меъ санна! – элира керта тIехьа лаьттачу зударех цхьамма.
– Цхьаъ хир ду-кх… – жоп делира уллерчо. – Ца го хьуна хьуьлла а цхьаьнаийна Iийраш?
– ДаватIарг! Нохчо йалийнехь ца мегар-те? – Iоьттира кертал чоьхьа шенна хIоттийначу гIантахь Iачу, Iаьржа кортали а кхоьллина, когаш тIе хIуттуш, хьалха дети чаьрпазаш а йохку, йеха полша а тIехь йолчу цхьана йоккхачу стага.
– XIapa-м хаза а дера йу. Дукха хьолахь-м вайчара йалориг иштта хаза а ца хуьлий.
– ХIаъанний! Кхечара ца йуьгуш йисинарг кхочу-кх вайчаьрга! – тIетайра йоккха стаг.
Йуххехьуо лаьтта цхьа йоIстаг тIейирзира царна:
– Бехк ма биллалахь, йоккха стаг! Иза-м нохчо санна йу хьуна… вайн мотт а хууш, берахь дуьйна вайца кхиъна. TIe, хIун башхо йу, ма-дарра аьлча? Шена йеззарг ца йалайо?
– ДаватIарг, и шен къомах йерг йеза ца мегара цунна?
– Магара… Делахь a, xIapa йезайелла-кх… Безамо къам ца хоьржу. Имама Шемала а йалийна, бах, шена йезайелча керста – эрмало.
– Хьо-м цаьргахьа йелин-ца! Цара лаьцча санна! Хьо а йу-кха уьш берриг! ХIун дуьйцур ду хьоьца?
– Хьенан йу иза? – хаьттира вукхо, нускалехьа куьг а тосуш.
– Вайн йуьртахь ваьхначу, тIаьхьа тIамехь вайначу механикан майоран Терентьев Иванан йоI йу-кх. Изий, кIентан дай хьуьлла Iе Керим цхьаьна ма лелла тIамехь… ДIо-о Iийриг йоьIан нана йу.
– ХIа-а, тIаккха-м ша ду, – тIетайра цхьаъ.
– Делахь а, оьрси йалийнарг шен нахах-м волу!.. Хьо хьоьжуш Iелахь, цу нускало и Каташ, вадийна, цхьанхьахула дIавуьгуш… стуннана а эцна! – Къамелана йукъайуьйлира йуха а йоккха стаг.
– И-м нис а дели хьан: Каташ ша ма вуй Казахстане ваха ветталург. Бал дIабирзинчул тIаьхьа уьш, баккъал а, дIабоьлху цига. Стуннана а хIун деш Iийр йу ша кхузахь? И йоI йоцург хIума ма дац цуьнан.
– Гой шуна! Деан ас боххучунна тIе! – шех тоам бина, гIадйахна йелайелира йоккха стаг. – Шен нахана вов-кх… Мохо даьхьна гIa санна!
– TIe дукха хьолехь чекх а ца долий церан дахар-м цхьаьна! – тIетесира кхечо.
– Дера ду, вон меттанаш IадIахь-м! – Iоьттира йоIстага. – Кхераниг-м муххале а! И къоман тайпанаш-м башха лера оьшуш а даций! Адаман дог дай коьртаниг-м! – оьгIазе элира йoIa.
Цу минотехь шен тидам йуха а ловзарна тIе а бирзина, йоккха стаг сецира: хелхарна йукъаваьккхинера кхойтта шо долу Джамбул. Дато бустамашца чоий, гIовтал дуьйхина, жимачу шаьлтанца, можа маьхьсеш а когахь, и хелхавала волавелча, дерриг ловзар цуьнга хьаьжжинчохь дисинера. Шеца йукъайаьккхинчу, шел лекхачу йоIана, и гена йаьлча, ког сиха шаршош, готосий, хьалхаэккхара иза. Цуьнан синкъераме йогу йуьхь хелхаран амалца товш бес-бесара хийцалора.
– Гора кIант йаI!
– Лечанан кIорни ду-кх!
– Хьовсал, Эсамбаев вац иза! Хьажал боьгIу бохь!
– И мичахь Iемина цунна?
– Ма тайна а ву! И йуткъа гIодайукъ! – кхуьйсура маьI-маьIIехь.
Нурседа йоккхайера. Ловзар дика дIадоьдура, амма сохьте хьаьжначу Нурседин йуьхь хIинца йулайелира: барт бина хан тIекхочуш лаьттара. Джамбула уьйтIахула маса готуьйсура, йоI йукъара ца йолуьйтуш. Хьалхарчу могIаршка а йаьлла, Зама а лаьттара, бага а гIаттийна, вешина тIера бIаьрг ца боккхуш. ТIаккха цIеххьана дIаиккхира иза цIехьа.
ЦIахь, нара тIехь ловзаран гIовгIа а хезаш, амма цига хIумма а са ца гатлуш, шен суьлхьанаш а хьийзош Iapa Тавсолта. Джейран пеша гонаха хьийзара.
– Дада, валохьа! – куьг а лаьцна, дIаозийра Замас ненада. – Цигахь-м хаза дай! Валохьа, дада! Джамбул вай цигахь-м хелхавуьйлуш!
Джамбул хелхавуьйлу сурт дуьхьалхIоьттича, ца Iавелла, гIаьттира Тавсолта. XIapa шиъ керта йуххе дIакхаьчча а, уьйтIахь хелхаран кIур беш воллура кхин цкъа а йукъаваьккхина Джамбул. Кхуо къарйина, гIелйелла йоIстаг, йела а къежаш, йукъара а йаьлла, шен метте охьахиира. Кертал чоьхьа ца волуш, нах меттах ца хьеба, арахьара хьоьжуш, нацкъаро сецира Тавсолта, Джамбуле цкъа бIаьрг а тоьхна, йуха чуваха дагахь. Кхин цкъа-шозза го а бина, Джамбул, йуккъерчу стоьла тIе а хилла, Каташана, гола тухуш бохь а боьгIна, йуьстахвелира.
– Нуц ваккха!
– Нус йаккха!
– Цхьаьний даккха! – маьI-маьIIера маьхьарий девлира.
И шиъ йукъадаьккхира. ХIинца, цу шинга а хьаьжна, дIаваха дагахь, кхин а сецира Тавсолта. Нурседа хIинца хьалагIаьттира. Ша йолччуьра кхин цкъа а шен мехкаршка бIаьрг туьйхира цо. ТIаккха цIеххьана цуьнан йуьхьа тIе IиндагIа дедира: йиллина хан тIекхаьчнера, ткъа хIинццалц кхузахь хилла а воцу Тавсолта хIинца, буьрса гIаларт санна, керта уллора чухьоьжуш гира цунна. Каташца хелхайолучу Ниночкас, бинчу бартаца, ша шозлагIа го боккхуш, уьйтIа йуккъе нисйелча, шен коьртара къорза дарин йовлакх, схьа а даьккхина, хаза тIехула а хьовзийна, коьртаIуьйра йолуш, белшех тесира. Цу сохьта цунах догдаьлла, дIаваха сацийра Тавсолтас, амма эццахь, цIеххьана цуьнан бIаьргашна хьалха хIоьттинарг, цхьа ирча гIан санна, кхин а тамаше дара – стоьлан гонашкахь Iачу массо а мехкарша, цхьаьний, эсала бела а къежаш, цхьабосса охьайахийтира шайн коьртара хIуманаш!
Цецваьлла Тавсолта хьалхатаьIира: цу сохьта нисса дуьхьаларчу «Дада-бIарана» кIелхьарчу стоьла тIехьа, массо а санна, кортаIуьйра йаьлла шен Нурседий, Селитий а гина, ша волччохь бIаьргаш къарзийра цо.
«Дуьне доха герга дахана-техьа?» – дагатесира Тавсолтина. Схьахьоьжучу шен дех хIинцца бIаьрг кхийтира Селитин а. Тавсолтин Iадийна йуьхь йайча, йуьйхира йоI. Сиха шен куьг белшах охьакхозучу йовлакха тIе даьхьира цо, иза йуха хьалаозош. Оцуьнан тидам хиллачу Нурседас, тIехьара схьа а лаьцна, охьаозийра йишин пхьарс:
– Ахь хIун до? И мегар дац, сан йиша! – элира цо Селитин лере.
– ДIахьажахьа! Ца го хьуна? – хаьттира Селитас доьхначу лерца.
Охьа а ца хууш, тIехьарчу могIарехь, массарна а гуш, ша лаьтта Тавсолта, гIорийначу йуьхьаца, цеце догучу бIаьргашца нисса кхаьргахьа хьоьжура. Цунна гонахара а, тIехьарчу могIаршкара а нах хьалагIевттира.
– Го-те! Гича хIун ду? Дерриг а дийцина дацара вайн? – элира Нурседас йише. ЧIагIделлачу дагца хьоьжура и Тавсолте.
Тавсолтин хIиттинчу бIаьргаш чуьра цабезаман алу туьйсура. Ша кхарна хIинца а дика ца го-те аьлла, иза кхин а цхьа-ши гIулч йуккъе хилира. Стоьла гонахарнаш а хьалагIевттира, делахь а мехкарий, йовлакхаш йуха дIа а ца тохкуш, кортаIуьйра лаьттара. Селитас кхин цкъа а шен куьг йовлакха тIе даьхьира, и хьалаозош. Цунна эхь а, къа а хийтира шаьш сел чIогIа догъэшийнчу шайн дех. Селитин йохар а Тавсолта а гина, кхин цхьана-шина йоIа а дIатехкира шайн йовлакхаш. ТIаккха Селитин лере таьIира Нурседа:
– Эхь ца хета хьуна?! Барт а хIунда бора ахь, хьуо шалха хирг хилча?
Оцу тIехтохамо йагийра Селита:
– Цуьнга и цаладаларна кхоьру!
– Ловр ду! Массо велча а, лайна! Со, кхин боьху, мостагI-м йац цунна? Вай дийриг йукъараллин гIуллакх ду! Кху тIера йухадовлахь, райкомна хьалха а йуьхьIаьржа ду вай.
Тавсолтина хIинца хиира ша билггал массарна а гой, ши йоI хIетте коьртаIуьйра лаьттийлий! ДIасахьаьжира и. Цхьамма а йовлакх йуха дIа ца туьллура. Берриг мехкарий а коьртаIуьйра лаьттара.
«Дуьне доха герга дахана-те?» – йуха а дагатесира Тавсолтина. ТIаккха цIеххьана кхоьлира иза. «XIapa дара и: хьо кхаьрддинарг хьуна тIедогIу бохург! XIapa йара и… кино!» – цIеххьана хIинца кхиира и ша селхана йоIа кино хьажоран бахьанах: «Кхунна со кечвеш хилла-кх цо!» Нурседега кхин цкъа а дIахьаьжира да, амма йоьIан йуьхь тIулг санна, чIагIйеллий, ондий хьоьжура схьа: Тавсолта кхийтира, ша тIе а вахана и шиъ човхораххий, аларххий бала пайда цахиларх. «Кхузахь сайх адам а ца делош, IадIар тоьлу. Схьагарехь, хIокхара барт бина. Кхаьрга кхузахь эрна лийна, нахала волучул, цIахь ойла йича бакъахьа ду ас кху белхан. ДIаваха веза – и тоьлу!» – уккал таIийна, кхин вист а ца хуьлуш, меллаша цIехьа волавелира Тавсолта, астагI а теIаш. Цунна тIаьххье дIабуьйлабелира, лаьтта туйнаш а детташ, хьовса баьхкинчех кхо-виъ воккха стаггий, полша йуьйхина къена зудий, кхин цхьа–ши церан гергарчех верггий:
– XIapa дара и «комсомольски ловзар!» – бохуш, арабуьйлура уьш. Цаьрца Тавсолтина тIаьххье дIахьаьдира Зама а.
– Ма дан а ду… «комсомольски ловзар»… ЦIенна оьрсийн ловзар ду-кх!.. Иштта кечдича-м вайниг кхин а дика хир дара! – кхоьссира дIавоьдуш цхьамма оьгIазе.
– Латаел лампанаш! – элира Нурседас дежурнешка. Йоккха стол йуьзнера «Дада-бIара» тIера охьаэгначу, лимонан чкъоьргах тера, можачу гIаша. Школин йерриг а беш бес-бесара къарзйинера дашочу гуьйрено. КIеззиг кеп хиллачу Егорыча корта лестабора.
– ХIан-хIа, суна ца моьттура Тавсултан иштта хир ву. Хьовсийша!.. Дог майра партизан!..
Ловзар хIинца хьалхачул а синкъераме дIадоьдий хIинца гиначух:
– Нурседа йуьззина къонах йу! Тоххара динехь бакъахьа а дара! Тхан цигахь тIом а хилале чекхдаьккхира xIapa!
– Хьаша ваккха! Хьаша ваккха! – дийхира цхьамма. Ша-шен ларамаза дагаваийтина Ахат, цIийвелла, вухагIертара. Амма Нурседас, тIе а йахана, куьг лаьцна йукъаозийра иза а, цунна тIаьххье Селита а.
Мехкарий а, кегийрхой а, уьш хелхабовлуш, хьалагIевттира, мехкан воцу хьаша – Ахат а, мехкарийн тхьамда – Селита а лерина. Керим шен дагахь бIаьрг буьзна хьоьжура Нурседега: цо чекхдаьккхинчу кепара и гIуллакх кхочушдан шен а къонахалла ца тоа мегара аьлла, хийтира цунна.
Нурседас ма-хуьллу ловзар дахдора. Халаниг кхиамца чекх а даьлла, хIинца массеран а са чIогIа къералуш, мерза дIадоьдура ловзар. Йоккхайера Нурседа: «Кхул тIаьхьа а дер ду Iадатхошца дов, амма девнан архаш хIинца дуьйна тхан карахь йу!» – ойла йора цо.
Йелакъажарца уьйтIа хьаьжира иза, кIеззиг бIаьргаш а хабийна: массо цецвоккхуш, хьешо дика дора вайнехан хелхар. Ахатца хелхайуьйлу Селита цIийелла йуьстахйелира. Йоккхачу стоьла тIе а веъна, Нурседина, ша йукъаозаварна бекхам беш, бохь боьгIна, голатуьйхира Ахата. Берриш бийлабелира. Анна Львовнас хIинца йукъаозийра Нурседий, Кериммий. Уьш хелхабевлла бовллалц а ирахь лаьттира кегийрхой…
* * *
Тавсолтина а ца гуш, цунна йуххехь йогIура Зама: «Хьан йина-техьа дадина вас?» – дагатуьйсура цунна. ОьгIазе ойла йеш вогIура Тавсолта: «Билггал бакълуьй-те уьш?.. Йа баккъал а дуьне доха гергадахана-те?.. XIapa йуьхьIаьржо! ХIун ду-те хилларг?» – ца кхетара и:
– Зама, йаI, хьо зама! – хозуьйтуш, латкъийра цо шен деган лазам.
– Дада! Ахь хIун боху? – хаьттира Замас.
Тавсолта схьахьаьжира. СоцунгIа а хилла, йоьIан коьртах куьг а хьаькхна, цуьнан цIечу галстуке а хьаьжна, йуха а элира:
– Йан а йу шун зама… Сайниг дIайаьлла.
Зама ца кхийтира. Чукхаьчча, Джейране а вист ца хуьлуш, дехьа чу а вахана, тийнна шен гIуллакхаш дина, дIатевжира воккха стаг. Бодане цIа чохь, бIаьргаш а биллина, вехха Iиллира и: «Зама тIекIелйаьлла… доьзалш а тIебевлла… архаш а карара дIашершина… Йа къар а велла, кхеран сискалш йууш, кIелсацар, йа сайн сий а ца дойуш, кхарех дIакъастар ду суна хIинца диснарг. ХIан-хIа! Ас сайн сий ишта атта дойуьйтур дац цхьаьнгге а: йа нахе а, йа кхаьрга а!»… Цу тIехь хедира цуьнан ойланийн зIе. Коьртехь цхьацца дагалецамаш иэбелира, хьесапан лаамера бовлуш. ТIаьххьара а, хелхавуьйлучу Джамбулан сурт дуьхьал а хIуттуш, гIийла велакъежар йуьхьа тIе а додуш, тхьевсира Тавсолта.
ТIаьхьо чубаьхкира: Нурседий, Селитий, Джамбуллий, Ахаттий. Цхьаьна пхьор а диъна, дIабийшира массо. Нурседина, шен Замий, Джамбуллий мара а доьллина, сихха наб кхийтира нара тIехь. Цунна тIаьххье набаро Iехийра вукху маьIIе йижина Селита а.
Ахаттий, Джейранний, учахь дехха къамелаш деш цхьаьна а Iийна, чудахана, дIадижира. Массеран а лерехь, уьш набарх боллалц, ца соцуш йекара ловзаргара вотий, пондаран гIовгIий.
* * *
Вукху дийнахь Егорыче кIантера телеграмма кхечира: «Квартира схьайелла, болх бу кийчча, сихха схьавола», – бохуш.
Воккхачу стеган дог ловзалелхара: хьоме кIант! Исбаьхьа Киев! Беза болх! – дерриг а йуха гур ду! Тахханехь новкъа вала лиира цунна. Делахь а, кхин кхаа денна тIаьхьатеттира цо шен дIавахар: цкъа-делахь, Селитас аьлла кхо дитт дехьа догIар, дуола а дина, чекхдалаза дара. Цул совнаха, оццу агIорхьа цхьаьний новкъа бовлуш бара Казахстане боьлху Анна Львовний, Ниночкий, Каташший, цаьрца ваха тIаьхьасецна Ахаттий.
Егорычан дехарца колхозера бригадица гIo дан Тавсолта а веъна, дитташ вукхузахьа дийгIира. Накъостий дIабахча, Тавсолтега шегга, бехк боккхуш, элира Егорыча:
– Партизан а майраниг вара хьо, Тавсултан, белхахо а диканиг ву… Амма, сел Iадаташна тIевирзина хIунда ву-те хьо? Ца го хьуна керла зама?
– Шун шайн гIиллакхаш ду, тхан – тхешан ду… Цул хIун оьшу тхан нохчийн ловзар? – къамел ца дахдойтуш, Iодика а йина, чувахара Тавсолта…
Чукхаьчча, гIийлачу йаххьашца шена хьалагIевттинчу Селитей, Нурседей вист ца хуьлуш, шен чу вахара иза. Цаьрца дан деза къамел а, цуьнан меттиг а хIинца а шен дагахь къастоза вара и. Амма церан йаххьаш хIинца гIийло гаро: «Шаьш селхана динчунна дохкобевлла-те?» – аьлла, догйовхо йира цунна.
XIapa волчу а йеъна, эсала кхунна хьалхахIоьттира Джейран :
– Воккха стаг! Суна Ахатца дIайаха лаьа. Цигара хьал хьуна а хезна. Шина йоIе а ас и хIинцца аьлла. ДIа ца йахча ца йолу со.