Читать книгу Лаьмнаша ца дицдо (Магомет Абуевич Сулаев) онлайн бесплатно на Bookz (28-ая страница книги)
bannerbanner
Лаьмнаша ца дицдо
Лаьмнаша ца дицдоПолная версия
Оценить:
Лаьмнаша ца дицдо

4

Полная версия:

Лаьмнаша ца дицдо

– ХIаъанний! – резахилира Анна Львовна. – Суна хетарехь тахана: «Дуьненан массо а мехкан пролетареш цхьаьнакхета» а ца бохуш, «Дуьненан массо а мехкан оьздаберш цхьаьнакхетта!» аьлла, кхайкхо дезар-кх! TIe… пролетареш цхьана а кхетта, баьккхина толам а ма ца гой вайна, йа Америкехь а, йа Малхбузе Европехь а!.. Тахана оьшурш Робеспьеран, Маратан масалш доцуш, кхин масалш дара-кх: Лев Толстой!.. Махатма Ганди!.. Альберт Швейцер!.. Ян Корчак!.. Куьг чIогIачарел а дуьненна тахана дог диканаш, дог цIенанаш оьшу!..

БIаьрг цунна тIебоьггIана, ладоьгIура шина а йишас.

– Ма дика ду вай йуха а вовшахкхетта,– цунна марахьаьрчира Нурседа.

– ХIан, сан йаха деза, йуха а гур ду вай!.. Баркалла! – аьлла, сохьте а хьаьжна, Анна Львовний, цуьнца цхьаьна Селитий арайелира.

Анна Львовнина чухула пхьарс а баьккхина, меллаша йогIура Селита. XIopш школин керта кхаьчча, гуллуш бара хьехархой. Егорыч а хьийзара кертахь.

– Егорыч! Валол кечйел зал. Берриш схьагулбелча, хаийта. Со чу а хIоьттина, хIинцца схьайогIу, – Селитица шайн чу йахара Анна Львовна.

Цуьнан хIусам чуьра кеп хьалхалерраниг йара. Мацах санна йуха а, вовшийн белшаш тIехула пхьаьрсаш а даьхна, корах арахьоьжуш Iapa xIapa шиъ. ДIабуза болабелла малх хIинца а бовхха лепара. Даимлера лаьмнаш ойлане схьахьуьйсура, кхаьрца мел хилларг а хьалххе дуьйна а шайна хууш хиллачух тера. Заявкашца лучу концертехь радиочухула, кхеран дог-ойла марсайохуш, лоькхура Чайковскийн йалхалгIа патетически симфони. Кхарна мел дезнарг, хIорш мел хьегнарг – кхочушхиллера, амма дог Iийжош, дуьхьалтуьйсура боцурш. Йист ца хуьлуш Iapa xIapa шиъ.

– ХIумма а дац, вайна даккхий вуонаш гинехь а – вай ирсе ду: кху уггаре а хазачу а, халачу а муьрехь дахар кхаьчна вайна! – элира хьехархочо. Цуьнан бIаьргаш, хьалха санна кхетаман кIоргера духдуьйлучу нуьрца догура. Горгали бека хезира. Коре хIоьттира Егорыч. Iодика йина, Селита арайелира. Анна Львовна педсовете йахара. Кхана дешаран керла шо долалора.


НУРСЕДАС TOЬХНA TIAPA


ЦIа кхелхина нохчий, гIалгIай дог айаделла, тохара Советан Iедал доккхучу муьрехь санна, хIайтъаьлла хьийзара, партис шайн республика йухахIоттайарх баккхийбеш.

Амма йуьххьехь дуьйна а гуш дара партин коьртехь а цу хьокъехь массо а цхьана ойланехь цахилар: молотовгIеран цIоганхоша кхузахь а ма-хуьллу дуьхьало йора оцу гIуллакхна. ЦIа баьхкина нохчий, гIалгIай тIе ца оьцура, церан долахь хилла долу цIенош царна йуха ца лора, йа кхин Iойленаш а ца нисйора, балха ца буьтура, цхьамма а меттигерчу Iедалхойх, «шу цIа даьхки-кх!» аьлла, маршаллаш хаьттина, дог дика a ца дира церан.

Махкахбаьхна де дицдеш, догъэшийна тIеийцира уьш меттигерчу Iедалхоша. Четарш а тоьхна, йарташкахь, шайн хиллачу цIеношна хьалха, арахь буьйсанаш йаха дезаш хилира дуккха а доьзалш. Йуха а, тохара махках дохуш санна, цамгарш… берийн делхарш… баккхийчийн догъIийжарш… Эххар а, цхьацца къонахаша вовшахкхетта, фотоаппаратца церан суьрташ а дохуш, долу хьал ма-дарра Москвага хаийтича, хийцаделира гIуллакх… ГIалахь августехь хиллачу «митинго» а бIаьргаш биллира дуккханнийн а… Нохчий, гIалгIай балха дIаэца болийра…

Тавсолта йуха а колхозе бошмашлелорхочун балха вахара. Селита школе, йуьхьанцарчу классашкахь хьехархо йина, дIаийцира Анна Львовнин гIоьнца. Цигга деша дIанисдира Нурседин ши бер а: кхойтта шо кхаьчна Джамбуллий, цхьайтта шо долу Замий. Доьзална йуург а кечйеш, цIийннаналла лело Джейран цIахь сецира.

Школехь Селитас йуха а тIелецира кертара беш Iалашйар: дешархошна йуккъехь дитташ дийкъира, тоьллачун кар-кара йала комсомольски вымпел билгалйаьккхира, комсомольски жюри а хаьржира. Джамбулний, Заминий кхечира «Нурседин», «Терентьевн», «Кериман» кхо дитт. Амма важа кхо дитт: «шениг», «Даудниг», «Увайсаниг» – Селитас хIинца а шен Iуналлехь дитира. Массо а нисвеллера хIинца балха, амма Нурседа тIаьхьа соьцура: йа библиотекин заведующи а, йа туькана а, йа Селитица школе балха йаха а ца лиира цунна. ТIаьххьара а, кхузарчу колхозан шурин-товарни ферме хьелиозархо йахара иза, дукханна а дийцар доккхуш.

– И болх хIунда хаьржи ахь, ва Нурседа, иза-х вукхарел хала бу? – хаьттира дас.

– Халонех-м ца кхоьрура со, дада… Вукхарел xIapa бевзаш хиларна хаьржи-кх, – элира Нурседас.

– Туькана, мукъна а, хIунда ца йаха хьо ? – шега цхьамма хаьттича а, – суна гIопастана тIехьа готта хета, – олура цо. – ГIoмат санна, хьалха алдаркх а оьллина, латта.

Дуьххьара xIapa ферме йеанчу дийнахь, кхеран бригадир йолчу дояркас, йетт уьйзучуьра схьа а йирзина, хаьттира, «о» элп цхьа шатайпа дах а деш:

– Аш хIун леладо?.. И итт классаш чекх а йаьхна… шайна кхин белхаш а лушшехь, кхуза хIунда гIерта-те шу?

Бригадехь кхин а бара, Нурседел хьалха баьхкина, ворхI а, бархI а классаш чекхйаьхнарш. ХIинца xIapa итт чекхйаьккхинарг а тIекхетча, къаьсттина цецйаьллера дешаза йолу Алпату.

– Жима йолуш дуьйна а шура марзйелла йара со, – забар йира Нурседас.

– Хаац, ша и дацахь, – пхьуьйшаца шен хьаьж тIера хьацар дIадаьккхира Алпатус.

– Ва Алпату, дояркаш а хила безий дешна-м! – дехьара схьа мохь туьйхира, торгIала йетт узуш йоллучу къоначу хьелиозархочо.

– Хьо а йара кхузахь, Зураъ!.. Хала, хьаха, дацара, шун санна, йоза хаахьара-м…

– И-м хIун дара… Хала, хьаха, дацара, хьан санна, хаза майра велахьара! – кегийрнаш бийлабелпра.

Фермехь антисанитари гора, эвсаралла лоха лаьттара. Шура йаккхаран план кхочуш ца йо шолгIа шо а дара. Кхеран болх айа гIерташ кест-кеста богIура райкомера накъостий, райисполкоман белхахой а, къаьсттина, фермех жоп луш волу, райсоветан председателан заместитель Албастов Керим а.

Бутт а балале Нурседас шен меттиг къагийра: хьелий массарчул дика Iалашдора, баханчу цхьана баттахь, ша узуш болчу шийтта аттера, планехь йогIучул, шозза совйаьккхира шура. Иза цу фермехь дуьххьара хилла хIума дара. Цунах вукхаьрга а масал эцийта, уьш иракараxIитто, тахана цига веанера Керим. Бригадаш, хуьйцуш, йухайира. Массеран а бертахь Нурседа кхеран бригадан куьйгалхо хаьржира, шозлагIчу бригадан коьрте хIинца Алпату а хIоттош, кхозлагIниг Зураэхь йитира. Кхеран собрани чекх а йаьлла, дояркаш хьелий оза йуха охьа ма-хевшши, Грозный-гIалара ши корреспондент кхечира.

– Уьш бу, шуна, тхан жигархой, – аьлла, баьхкинарш Нурсединий, Алпатуний, Зураъний тIе а хьовсийна, Керим фермин кIаранашка хьажа вахара.

Корреспондентех цхьаъ Алпатуций, Зураъций къамел дан охьахиира, шена цига йуххе хIоттийначу, лохачу гIанта тIе.

ДегIана лекхо, товш хетало важа корреспондент, шен можачу костюмца, цIен галстук а йихкина, готтий когаш долчу хечица, бIаьргех Iаьржа куьзганаш а дохкуш, вахана, Нурседина йуххе охьалахвелира.

– Со республикански газетан корреспондент Цицигов Хьоза ву! – Iаьржа куьзганаш бIаьргех дIа а дохуш, безамехь велакъежира иза. Нурседа а лерина хьаьжира цуьнга. Дикка йаздеш а Iийна, Цициговс ца хуучуха гIант тIехилийра, ткъа цунах, схьайеттало, духех ийна, маларан хьожа ца тайна, Нурседа ларамаза дIахилира. Шен гIант кхин тIе ца хилош, дуккха а йаздина ша ваьлча, Цициговс, блокнот кисана а йиллина, куьзганаш йуха дIа а доьхкина, дегала элира Нурседе:

– Тхох, журналистех, дукха хIума дозу, хьуна, дуьнен чохь. Стеган сий айар а, дожор а! Ас йаздийр ду хьох!.. Радиохула а, газеташ тIехь а йуьйцур йу хьо!.. Кино оьхий хьо? – Нурседин бIаьргаш чу хьаьжира иза.

– Дукха хан йу йахаза, – ойлане элира Нурседас.

– Хьан ца йохуьйту хьо? Майрчо ца йохуьйту?

– Сан майра вац, – гIийло дийкира Нурседин аз.

Цицигов, йуьхьа тIехь халахетаран кеп хIоттош, вулавелира:

– Тховса хIун кино йу гойтуш? Хаьий хьуна? – тIaккxa, аз лахдеш, кхечарна цахеззарг тIетуьйхира: – Хьовса гIyo вай сарахь?

Нурседас: «ХIан-хIа!» – бохучу кепара корта ластийра.

«Эхь хеташ йу», – хийтира Цициговна. – ХIа! Ас газеташна сурт даккха хьан… нислол… иштта… хIа-хIан… – аьлла, шен фотоаппарат Нурседина тIехьажийра цо.

Нурседина тIе а волавелла, ша и нисйечуха, цо, лаца ца богIучу кепара, цуьнан пхьарс лецира. ЦIеххьана тата оьккхуьйтуш, тIара делира. Цициговн коьртара шляпа а, мера тIера куьзганаш а генна дIадахара, багара цигаьрка йоьжна Iуьллура, кIур а оьхуш.

– ХIай! Iадатийн тIуьйлиг! Хьайн Iадаташ гойтуш хир йу хьо! Ас хоуьйтур ду хьуна! – карзахвелира иза.

Даьлла тата а хезна, важа накъост тIевеара. Хьелиозархой а тIегулбелира.

– Хьовсийша, сурт доккхуш пхьаьрсах куьг хьакхаделча, туьйхи-кх! – оьшучул а чIогIа мохь беттара цо, кху йуьхьIаржонах, ша хIун дича, хьалхавер вара ца хууш.

Керим а, учетчик а тIевеара.

– Ас хIинцца акт а хIоттийна, суьде лур йу! Ас… чуйуллуьйтур йу хьо! Пачхьалкхо ца могуьйту шен корреспондентан сий дайар! Iадатийн къуьрдиг!

– ХIан-хIа! Суна гира ахь цуьнан пхьарс муха лецира, – элира Алпатус.

– Суна и цуьнан лере таьIаш а, дера, гира! – тIечIагIдира вукху дояркас.

– Суна… тIара долуш а, дера, хезира! – Зурас а аьлла, массо а дояркаш гIадбахана белабелира.

– Делан дуьхьа! Ма нийса тоьхна тIара ду-кх и, Нурседа, да-м! Оцу куьйга ахь шура алсам йаккхарх хIинца хIумма а тамаш ца бо-кх оха! – хастийра и Алпатус.

– Сий доцу йамартхой! – Хьоза карзахвуьйлура.

– Тхан а, хьайн а сий дойу йамартхо хьо ву-кх! Хьан кассета чохь пленкаш а йацара новкъахь дуьйна!.. Валол! – аьлла, иза вукхо хьалха а ваьккхина, дIабахара уьш.

– Дера, ца хаьа, Нурседа, Баккъал, хьуна хьан йелла и бакъо нахана тIара детта! Хьо-х партехь йу! ЧIоггIа дIааьлча а, тоьар дац ишттачохь?.. Хьо йезаелла хила а мегарий иза-м, – забаре бехк баьккхира Керима, амма цунах шен дагахь воккхавера иза.

– Суо партехь хиларна лардо ас сайн сий! И тайпа эвхьазло суна ца оьшу! И санначарна и хьалххе дуьйна а хууш хила деза!

– Дера, и лерган потт эккхийтичий бен Iадда ма ца Iа цхьаверг! – гIодаьккхира Алпатус.

– Цо хIун дора, цкъа Сиржа-эвлара хьаьмц кхаьллича санна, цIоцкъам саттош, тIаккха, гIалара кампет йиъча санна, балдаш цIубдеш? ДIахьовсал дIо: хIинца а кIур оьхуш, лаьттахь богуш бу, шуна, цуьнан безам, – аьлла, лаьттахь Iуьллучу цигаьркана тIе пIелг а хьажийна, берриш йуха а белийра Зураа.

– Бакълоь, бакълоь Нурседа! – массара къобалйира иза.

Цигара райцентрехьа вахара Керим, новкъахь Нурседин ойла а йеш: «Ийна йу, амма эвхьазло йезаш йац! Оьзда а йу, къонаха а йу!» – сацийра цо.

ТIаккха Кериман ойла шен цIентIерачу хьолехьа йирзира: «Дикачохь, райцентрехь пачхьалкхо йелла хаза хIусам лаьтта, амма чохь дог тIеузу синкъераме нур дагац… Кесира дIайаьлчахьана. Хьалакхиъна Каташ а кестта зуда а йалийна, шена вер ву… Жимачу Заретаца суо цхьалха муха Iийр ву со? – цу ойлано хьалха а кест-кеста хьовзавора Керим. Оцу ойланна тIе мосазза кхечи, лаамаза, йа лааме, Нурседа дагайогIура цунна, иза шеца бакъахьа а, хьакъ а хеташ. Амма кхетамо цу сохьта дIатоттура и, йуккъера лелийна гергарло а, Тавсолта а дагалоций. Делахь а, и ойла цуьнан коьртехь эвхьазайаьллера: «Цуьнан а ду, сан санна, бераш… со царна хьанал да а хир вара»… Амма Тавсолта йуха а дуьхьаллоций: «Йуккъехь иштта лелла гергарло хилча, наха а и харцахьа тидахь», – олий, йуха а дагара дIатоттура цо иза.

Делахь а… цхьа хан йаьлча, хьаьвззий, йуха а цу тIе йогIура ойла. Тахана а и ойла керлачу нуьцкъаца йехха сецира Кериман даг чохь, хIинцца хиллачо самайаьккхина. ХIинца дуьйна Кериман коьрта гIайгIа, хIун дина, оьзда хиндолчу aгIop, кхочушйийр йара-те и ойла аьлла, йара. Нурседас и магадахь, Тавсолтега ца хьоьжуш а, и йало сацам бира цо шен дагахь… Цо цу гIуллакхан сихо йан дагалецира, амма оццу гурахь Нурседа цIеххьана Эскинойн сельсоветан председатель хаьржира.

– Божарийн балха йахан-ц! – реза ца хилира Тавсолта.

ЙУЬРТДЕН ДЕЗАРШ


Сельсовет а, колхозан правлени а цхьана тхов кIел йара, тIе шифер йиллинчу йеттинчу кибарчигийн цIенош чохь. Йуьртден кабинета чохь, стоьла тIехь кехаташ а даржийна, шина куьйга корта а лаьцна Iан Нурседа, доккха са а даьккхина, арахьаьжира: маьлхан зIаьнаршлахь коре кхевдина гаьннийн гIаш, буьйран басахь къегара, мох а боццушехь, меллаша охьаоьгура, дитта кIел можа палс баржош.

Кехаташна тIелахйелира Нурседа: xIoкху деношкахь сельсоветан сессехь а, тIе хIинцца райсоветехь а чIагIйинчу плано некъаш тадарал, пачхьалкхан заготовка кхочушйарал совнаха, тIедиллинера йуьрта сихха электросерло йалор, школин кертахь мехкарийн интернат йар, ширачу Iадаташца къовсам марсабаккхар…

НеI ца тухуш, чувелира, боккха месала куй а коьртахь, къено йуьртахо. Нурседа, коьртара йовлакх тодеш, хьалагIаьттира:

– Охьахаа, Абубакар… хIунда веанера хьо?

– ЦIеношна тхов тIеберзоза биси-кх сан, Нурседа. ХIинца ахь гIo ца дахь, догIанаш ма-дилххи, берриг болх бов-кх сан… шифер оьшу… Колхозо йац эли…

Нурседас йаздина кехат делира:

– Вало, райсовете а гIой, цигахь председателе, йа цуьнан заместитель волчу, вайн йуьртахочуьнга Кериме xIapa дIало… КIеззиг йу хьуна церан… Йерриш ца лахь а, ах, мукъа, лур йу хьуна.

– ХIай баркалла! – кехат кисана а таIийна, йуьртахо дIавахара…

«Амма… массарел халаниг интернат йар ду… Бакъду»…

– Мегар дуй? – схьахезира оьрсийн маттахь.

– Мегар ду!

Чуйелира оьрсийн къона ши йоI.

– Де дика хуьлда хьан, Нурседа Тавсултановна! Тхойша керла йаийтина ши хьехархо йу. Тхан хIусамна, догIанаш ма-дилххи, чу ладар догIу…

– Цул сов, – элира вукхо, – кхузарчу туькана деана бепиг, шекар, даьттий… тхо балхахь дохккушехь, кхача а дой, тхо дуьсу… Тхуна буха дита алийша!..

– Дика ду. И шозлагIниг – кхана дуьйна а кхочушхир ду… ХIусаман гIуллакх ду халаниг. Сихха тайойтур йу вай!..

– Баркалла… Iодика йойла!.. – дIабахара уьш.

Цу сохьта телефон йийкира.

– ХIа-а! Де дика хуьлда хьан, Анна Львовна!.. Маса де ду цIахь сацийна? Фамили… дIайазйи ас: Хайдарова Эсила, пхийтта шо… Маре йала а дагахь бу? Тахханехь къастор ду… Эсила школе йуха хьажайойтур йу, хьуна, ас, Анна Львовна! Гур ду хьуна… Iодика йойла, Анна Львовна…

Йуха а шен ойланашна чуйуьйлира Нурседа:

«Бакъду, хала делахь а, уггар оьшург ду хIинца интернат йар: и ЭсилагIар, шайнна мехкарийн интернат а йина, божарех дIакъастийча, мукъна, дешна бовллалц йукъах ца баха мегара-кх болчара!..

– Мегар дуй? – схьахезира оьрсийчун аз.

– Мегар ду.

Чоьхьавелира лекхочу дегIахь, оьгIазваханчу сибатехь къона стаг:

– Накъост Берсанова! ХIокху тайпана гIуллакхаш дIадолхахь, со кхузара дIагIур ву… Стохка а милла лара со медпунктехь, хIинца а, кханий-кханий бохуш, дечиг даза ду… Iа мера кIел лаьтта.

– Олег! ОьгIаз ма эха! Дечиг хуьлуьйтур ду хьуна… Кхана суьйранна колхозан правлени хуьлу… дIавола. Со а хир йу. Цигахь дуьйцур ду вай.

И дIавахара. НеI ца тухуш, жимо йоI чуйелира.

– Дийцал, йоI, хIинца айхьа деанарг.

– Со лахахьара, хьер йолчуьрчу Iалвин йоI Миспаъ йу. Ас кху шарахь ворхI класс чекхйаьккхинера… суна кхин а дIа деша лаьара… амма тхан дас цIахь сацийна со, йуьртах а йаьлла, божаршца цхьаьна деша йохуьйтур йац ша аьлла… суна хезнера гIалитIахь нохчийн мехкарийн интернат йу, бохуш… дешна йаьлча, цхьацца корматалла а луш. Тхан да берта а валош, со цига нисйан хьажахьа, Нурседа.

Нурседина дагадеара: «Ма хала дийшира хIетахь ас а… шимма а… Ткъа хIинца а… кхета ца бохку-те вайн нах? Россехара специалисташ кхуза схьабоьхуш, уьш кхузахь сецош, къахьоьгу, ткъа вешачаьрга деша а ца доьшуьйту… Дош дац xIapa », – стоьла тIе буй а тоьхна, йуха, хьалхара йоI а гина, йелакъежира Нурседа:

– Миспаъ, гул а дай, кхана схьада хьайн доллу документаш. ТIаьхьо-м ду, делахь а хьожур йу со.

– Баркалла хьуна, Нурседа.

Миспаъ арайелира. Йуха а, беснех буй а гIортийна, ойла йора Нурседас: «Интернат йан йеза!.. ГIишлошна оьшу гIиpc а, ахча а, гIоьртича, схьакарор ду. Йан йолийчахьана чекх йер йу, амма»… Нурседин ойла кхоьлира: Iадатийн гуш боцу маша, нохчашлахь Казахстанехь мелла а малбелла хилла болу, уьш йуха цIабирзича, сихха андлуш богIура кху йуьртахь. Мехкарий доьшучуьра йукъахбохуш, цIахь сецор а, тоххара йицйелла чIираш йухахьейар а хезара, белхаш беш арахь алссам хуьлу зударий, кинохь ганне а ца гора. Iадаташ эша а диний бен, дIадахьа йиш йацара халкъ культурехь кхиор!

«Амма муьлхачу йуьххьера, хьалха хIун схьалаьцна, дIаболо беза и къийсам?» – ойла йopa цо. Кхин цхьа хIума а дара дагахь: Тавсолта… иза а дуьхьал вер ву… Шен деца девне а йолуш, цунна вас а йеш бен, и гIуллакх дIадоло йиш йацар дара уггар халаниг: да везара! Бераш ца дезна вацара иза. Делахь а цхьаьнгге а хецца цу хьокъехь йистхила йуьхь-м йац, цкъа шен чуьрчу Iадатех ца тасалуш. «ТIаккха – дена дуьхьал йаьлларг хир йу… Селита а тIе ца тан мега», – кхуьнан ойла хуьллушехь, Селита чуйелира:

– Халла саций-кх ас Джейран, хIинцца дIагIур йу ша аьлла, тохайеллачуьра.

– XIун хилла?

– Дадас дов дина-кх, коьртаIуьйра ара хIунда йаьлла аьлла…

– И-м дош ма дац, дадас лелориг: дуьненан йистера схьа а йалийна!.. Кхин хIун ду?

– Ниночкин, Каташан ловзар… Комсомольски ловзар! Кхана хуьлу… тхан школехь… Вайга а кхайкхина Анна Львовнас, – йекхайелира Селита.

– Кечло, сихха совгIаташ а эций, – резахилира Нурседа.

И дIайахча, ойла йора Нурседас:

«Бакъду, Iадаташ хIинца а чIогIа ду, амма бертахь тIетаIахь, эша лур ду!» Нурседас сацийра йуьртахь цу тIеман йуьхь кханнехь дIайоло! Оцу комсомольски ловзаргахь! «Амма стенна тIера, муха? – ойла йора цо. – И комсомольски ловзар ша а ду Iадатна дуьхьал керла хIума. ХIетте а, кхин ондо цхьа агитационни хIума тIетоха деза цигахь. ХIун тухур дара? Муьлхарг ду- техьа и, пайдехь долу, «цхьа хIума?»… «Райкомах цкъа дагайала деза», – ойла хилла, хьалагIаьттира и.

Чувелира жима стаг, боьмаша костюм а тIехь, кIайчу кучаца, кепка а тиллина, IатIаран хьожа а йетталуш – клубан заведующи Баштиров:

– XIapa-м со вара, Нурседа! Хьо кхойкху, бохура-кх…

– Кхойкхура. XIapa шун куьпара йоI, школе оьхучуьра сецна. Къаста а дай, Iуьйрре и школе йуха дIа а хьажайай, соьга хаийта! – Нурседас кехатан цуьрг дIайелира цуьнга: – Хьо ма ву культкомиссин председатель!..

Жима стаг, бIаьргаш тIедугIуш вела а къежна, дIавахара.

«ХIуьрцIаьлдиг!.. Кхуьнан зуда беркъа лела тIехь, – шеца фермехь болх бина Алпату дагаеара кхунна. – Ткъа xIapa… и бIаьргаш хьандина, нIаьна санна, сетта!» – оьгIазе ойла йира Нурседас…

Кабинета чуьра ара а йаьлла, шоссейни новкъахула меллаша йоьдура и райцентрехьа, хьалабаьллачу малхо дацдина шен IиндагIа а хьоьшуш. ШолгIачу этажа тIехь йолчу райкоман секретаран кабинетахь Нурседина хьалхара а, шолгIа а секретарь карийра, аравала дагахь, ший а коьрта техкинчу фуражкашца, ирахь къамел деш.

– Де дика хуьлда шун!

– А, Нурседа!.. марша йогIийла. Дийцал, йуьртда, xIун дохьуш йеана хьо? – элира хьалхарчу секретаро.

Нурседас доцца дийцира. Коьртара фуражка схьайаьккхина, стоьла тIе а йуьллуш, хийцавеллачу йуьхьаца шен метте охьалахвелира хьалхара секретарь, леррина шолгIачуьнга а хьожуш. Иза а, шен фуражка, гIентах а уллуш, охьахиира вукхунна дуьхьал. ТIаккха хиира охьа Нурседа а. Хьалхарчу секретара горгали а тоьхна, чуйеара жима йоI.

– Рая! Схьакхайкхал женотделей, комсомолан секретарей.

Уьш а чубаьхкира. Нурседас, хIинца сих ца луш, дерриг йухадийцира. Хьалхарчу секретаро элира: «Кечам чIогIа бан беза», – шозлагIчу секретаре дIахьаьжира хьалхарниг:

– Вайн районехь дуьххьара хуьлучу комсомольски ловзаро вайн декхарш алсамдоху! – йуха завженотделехьай, цунна йуххехь Iачу райкоман комсомолан секретарехьай вирзира иза:

– Муха хета шуна? Чекхдаьррий-те?

– Дала-м деза! – элира шимма а.

– Делахь, со воьду… соь хьоьжуш хир бу… Ахь дисина гIуллакхаш чекхдаха кхаьрца… тIаьхьа тIевогIур хьо, – аравелира хьалхара секретарь…


* * *

Шена нисйеллачу киракхоьхьучу машенахь райцентрера йухайирзина Нурседа Эскинойн школин кетIахь машен тIера охьайоьссира. Кертахь, «Дада-бIарана» уллохь ойлане лаьттара Егорыч; дешаран корпусан учахь къамел деш йара Селитий, Анна Львовний. УьйтIе шера дIацIанйинера.

– О-о! Шу-м дика кечделла, Анна Львовна!.. Со райцентрера йoгIy.

– И шиъ а ду кестта цигара схьакхача дезаш. Райзагсера. Ца гира хьуна?

– ХIан-хIа. Ма дика ду, ма дика ду и, Анна Львовна!

Уьш массо школа тIехьа бевлира, комиссис интернатана магийначу майдане хьовса. Йуха, буьйлабелла, «Дада-бIар» долчухьа схьабаьхкира. Цунна кIел ойлане лаьттачу Егорыче:

– ТIаккха, хIун саций ахь, Егорыч? – хаьттира Анна Львовнас.

– ХIокху къеначу дитто оцу кхаа диттана новкъарло йо, уьш лакхадовла ца дуьтуш. Ткъа цара кхунна а йо новкъарло, шайн орамашца дIо бухара тIуналла шайна дIауьйзуш. ХIорш вовшашна йуххехь кхин дIа тарлац… ХIокхарех цхьаъ: йа и кхо къона дитт, йа xIapa къена цхьаъ – новкъара дIадаккха деза! Амма и къонанаш хьалакхиа хьакъ ду, Ткъа xIapa къенаниг а ду, сох тера, къена делахь а, кхин а вайна пайденна, даха ницкъ болуш. Цундела кхунах а, сайх санна, къахета… ХIетте а, цхьаъ ца дича а ца волу! Къахетахь a, xIapa 6Iap дIа а даьккхина, оцу къоначу кхаанна некъ бита сацадо ас-м. Ахьа?

– Кхин дан хIума-м, дера, дац, Егорыч! – резахилира директор.

– Диалектикехь а нийса хьесап ду-кх ахь динарг! – забаре йукъаIоьттира Нурседас:

– «ДIадоьдучо тIекхуьучунна некъ буьту».

Селитин йуьхь кхоьлира:

– Муха?.. «Дада-бIар» дIахадой? Иза-х вайн тIамехь байначийн чурт ду! – дуьхьалйелира и.

Нурседа йелакъежира:

– Дика ду, Селита. Вай дитча а, кестта ша а дакъалур ма ду иза, вуьш а хIаллак а деш! Уьш а ма ду вайн тIаме баханчеран безамна доьгIна.

Селита, йоьгIча санна, лаьттара хьаж тIехь белхи а бина, ойла йеш:

– Суна хаьа дан дезарг! – йуьхь серлайелира цуьнан.

– Дийцал! – лерина схьахьаьжира цецваьлла Егорыч, тIехилира: «ХIун карий-техьа кхунна?» – дагатесна.

– И кхо дитт кхузара, бух а даьккхина, хьуьлла татолан йисте догIа деза… Гой шуна: хIетахь, синтарш а ца тоьъна, цигахь паргIат йисина меттиг йу! Цу хин йистехь къона уьш кхин а сиха кхуьур ду! Ткъа «Дада-бIарна» а паргIато йолу!

– ОстопираллахI! И ду-кх доггах вилхинчун бIаьргех цIий деъна бохург! – тамаш бира Нурседас.

Егорыч велакъежара:

– Селита Тавсултановна! Оха кхунна йина къиза кхел хийци-кх ахь! Лечуьра даьккхи-кх ахь xIapa дитт!

Сакъераделлачу Егорыча «Дада-бIаран» хенах, воккхавеш, йай-й бел туьйхира:

– Кхин а дехар ду вайша, воккха стаг!

ЦIеххьана бел кхеттачуьра доьхна охьадеара, хьалххехь дуьйна а схьасевсина, цигара мурдоьлла хилла кховра. Цунна тIехьара охьаийгира: нодарчий, къоламан йуьхьигаш, циркуль, сийначу англин кийсик, дIабузучу маьлхан зIаьнаршлахь цIеххьана лепа, эппаз санна, горга эчиг. Уьш, беран хенахь школьникаша цига, кховра тIехьа, чукхийсина йара. Селитас сихха схьаийцира и горганиг. Цунна тIера мекха дIайоккхуш, гIa хьаькхира:

– Хьажахьа, Нурседа! Хьажахьа! Маццах, Каташший, Ниночкий къовсаделча, йайна вайн «Ленинан значок»!

Нурседас, тIе йовлакх хьаькхна, кхин а къага а йина, Селитин хьалха оьллира:

– Хьуна йогIу!

Селитин некха тIера, тохара беран хенахь санна, йуха а кхарна велакъежира Ленин.

Схьакхечира йаххьаш йогу Каташший, Ниночкий. Анна Львовна йекхайелира.

– Гой шуна xIapa ши кехат! – Каташа буйнахь схьаоьхьура кехаташ.

– Цхьаъ-м загсера ду. Важа? – хаьттира Нурседас.

– Райкомо тхойшинна целинни махка даха йелла путевка! Тхан дехарца! Хьовсал!..

Ниночкица царна тIевеара иза. Ший а сакъералуш дара.

Нурседас, Селитас шинне а барт баьккхира. Селитин некха тIехь йоллучу значоке хьаьжира и шиъ леррина.

– Евзий шуна?

Ший а ойлане хьоьжура. ЦIеххьана мохь белира:

– Хир йац!

– Дера, йу!

– Лохьа суна! Лохьа. СовгIатна! – дийхира Каташа.

Селитас, схьа а йаьккхина, Ниночкин некха тIе латийра значок:

– Ларвелаш и хIинца шаьш мел деха! Барт цхьаъ хуьлда шун!..

– Баркалла! Доккха баркалла! Кхана тхан ловзарга дуьйлалаш!

Шина йишин Iодика а йина, цаьрца чуйахара Анна Львовна а. Малх чубуьзира.

Кханалерачу ловзарна бан безачу кечаман ойла а йеш, шайн чукхечира ший а йиша.

– Тшш!.. – элира, къегачу йуьхьца, амма цIийделла бIаьргаш лепош, дуьхьалйаьллачу Джейрана.

– Хьаша ву дехьа чохь вижна… Ахат!.. ХIинца сама ма ваккха. ГIелвелла. Тавсолта бен уьстагI бало вахана, – йоккхайера Джейран.

Цо дийцира Ахата деъна керла хIуманаш. Иза Москвахь хиллачу физикан Iилманхойн кхеташонера Алма-Ата вухавоьдуш, кхуза, Джейран йолчу вирзина: гIалитIара райцентре ца кхачалуш чIогIа къахьегна. Райцентрера схьа Керима валийна. Асеткульна «белокрови» хилла. Шакен-агIа виллина меттахь ву. Джейранан йуьхь кхоьлира…

Йуьхь лаьцна боккха жий а балош, кех чувелира Тавсолта: ишттачохь къаьсттина комаьрша хуьлура иза.

– Зуда! – кхайкхира цо.

Тавсолтас уьстагI буьйш а, тилош a гIo дан уьйтIа йелира Джейран.

– Дада невцалла лелош ву! – Нурседас бIаьца йира Селите…

Кестта Джейран текхахь жижиг-галнаш а дохьуш чуйеара. Ахат а хьалагIаттийра.

Нурседас къайллах тергалвора иза. Шина а йишица цхьабосса векхавелла вара Ахат, йа леларехь а, йа лерехь а хIумма а хийцавелла воцуш. Цо цхьаъ дуьйцучу хенахь цуьнан стаммий балдаш дош кхаччочохь, хьалха санна, къовллий ваьштадоьлхура, амма къонахаллех дуьзна бIаьргаш, хIинца хьалхалера синкъераме лепар доцуш, гIелделло хьуьйсура.

bannerbanner