
Полная версия:
Лаьмнаша ца дицдо
Машен, гу тIе а йаьлла, дIайоьрззучохь цIеххьана шайн некъ а хадош, дIаиккхина пхьагал а, дера, хийтира Тавсолтина «хIетахьлерраниг». Цецваьлла, велакъежира и: цунна цIенна дагадеара, маццах, цхьанхьа-м доьлхуш, кхузахь шайна иштта дуьхьал, некъ а хадош, пхьагал эккхар. Пхьагал хIинца, некъал дехьа а йедда, сийначу кулла кIел тебира, шера сира букъ кхаьргахьа а берзийна, шена xIopш ца гича, ша а ца го моьттуш. Шофер машен а сацийна, шен гIентана тIехьарчу шалго-тоьпана тIе кхевдира.
– Не надо! Убивай не надо! – тоьпан бух йухаозийра Тавсолтас.
– Ну, ладно! – цуьнга а хьаьжна, шоферо йуха дIайолайалийтира машен.
Йуьртана герга мел гIоьрти а, совбуьйлура Тавсолтин дагалецамаш, бIаьрг къарзош, дог карзахдохуш. Ганза а, дагадахканза а вуно дукха хан йолу цIенна дицделларш а, хIинца кIеззигчу хIуманах а бIаьрг кхетташехь, йуха дерриш а ма-дарра карладуьйлура: и некъан бердашца духдуьйлу самукъане шовданаш а, некъаца маьI-маьIIехь Iохку даккхий чхернаш а, геннара схьагу, амма даима гергахь хета, и къоьжа лаьмнаш а – уьш массо а, шайна чохь садолчу куьцехь, xIapa а вевзинчух тера леррина, шега хьуьйсуш санна, хетара Тавсолтина.
Яьсса-хи тIе а кхаьчна, Эскинойх чувулучу тIех бевлира хIорш: хIинца, гена йоцуш, дIо басахь, гучуйелира хьоме йурт.
– ЭлхьамдуьлиллахI! Хьо доккха де! – ша Iаччохь хьалакхоссавелира Тавсолта! Хин йисттехула боьдучу новкъа машен аьтту агIорхьа дIайоьрззушехь, ЦIен-берд а гучубелира: цIеххьана схьахьаьлхинчу генарчу жималлин гIаларташ, гондIа мел дерг хьулдеш, пардо лецира къеначу бIаьргашна хьалха. БIаьргаш а севцца, меттах ца хьара Тавсолта. Хиллачун суьрташа, роггIана дуьхьалхIуьттуш, сихха вуханехьа идавора иза, шен дахаран йуьххье. Цунна шайн машенан гIовгIа а ца хезара хIинца, некъаца сихха тIехтуьлу йуьртан цIенош а ца гора. Амма шайн цIеношна хьалхха машен сецча, цIеххьана самаваьллачух тера, тохавелла машенара ша-шах охьаиккхира и. ГондIаранаш ца гуш, меллаша, тидаме керта хьаьжира тамаше догучу бIаьргашца. ТIаккха, ша волччохь, горавахана, цомгушчу доьзалхочух санна, хьастаме, къахеташ куьг хьаькхира цо лаьттах. Йуха, цхьа гIорза схьа а эцна, ирахIоьттира. И бIаьргаш хьалха а йаьхьна, лаг тIе таIийра, гонах ирсе бIаьрг кхарстош. Вела а къежаш, хьалха лаьттара Керим.
Мараиккхина а, маршалла хаьттина а ма-велли, Керима, кисанара схьадаьккхина, кехат дIакховдийра Тавсолте:
– ХIинца хьан цIенош йуха а хьан ду-кх!
Тавсолта дика бешлелорхо хиларрий, цуьнан кIант, эпсар, Даймахкехьарчу тIамехь валаррий дагалоцуш, Кериман гIoьнца Iедало йухадерзийнера цунна цIенош. Царна чохь Iийнарш а ши-кхо кIира хьалха Дагестане дIабаханера.
Кериман Iуналлица, бевзачарий, лулахоший, xIopш цIа а бахкале, чу кираш а тухуш, цIан а динера цIенош.
– Баркалла. Ма-дарра аьлча, кху чу ца воьссинехь-м, со вуьззина цIа кхаьчча санна а хетар дацара суна! Баркалла! – Кериман белш тIе куьг диллира Тавсолтас. – Баркалла кху чохь Iийначу дагестанхошна a xIopш лардарна! –элира Тавсолтас.
– Цара-м, хьаха, вайн кешнаш а дика латтийна!.. TIe, хаьий хьуна, – сирла велакъежира Керим, – гуьржаша шаьш Iийначу керташкахь, шаьш дIабоьлхуш, бухахь цхьацца уьстагI а битинера, хьуна, сагIийна – йуха цIа богIучу нохчашна!
– И а къонахалла йу! – къобалдира Тавсолтас…
Керимца баьхкинчарий, лулахоший гIo а деш, чуйаьхьна хIуманаш дIа а нисйина, буьйса йоллалц Iийра цIа кхаьчнарш, бухарнаш цхьаьна – мел хилларш карладохуш. Эххар а, Нурседас, Селитас, доккхачу текхахь нар тIе хIоттийра Джейрана йина, чомехь Iаь гIуьтту бешбармакх!
– OxIo! Казахстано шен хьошалла до вайна хIинца а! – элира Керима Джейране. Йела а къежна, Iадда лаьттара Джейран.
Пхьор а диъна, дIабахара лулахой.
– Со Iуьйранна Грозный-гIала ваха дезаш а ву. Лама цIа вогIур ву… Аш садаIа! – аьлла, дIавахара Керим а.
Бехачу некъо гIелбина Тавсолтин доьзал шаьш цIа бирзинчу дуьххьарлерчу буса набаран марахь мерза дIатхьаьвсира.
* * *
Сатоссуш гIаьттира Тавсолта. Ламаз а дина, тIе хIума а йуьйхина, вуьйш сама ца бохуш, меллаша аравелира и. Цкъа хьалха цIеношна го баьккхира цо, тIаккха кертахула волавелира: даьхникерт йоькъу зIар дацара, божал дохийнера, пенаш хирцинера. УьйтIахула доьду татол лекънера. Шайн дирша йетт а, жIаьла а дагадеара цунна. Уьш, хьовха шен хиллачу бахаман гIиpcax хIума ца карийра цунна, цхьа тамашена бисина цIийна тIехьа Iуьллу xIapa лами боцург. Цецваьлла, велакъежира цунна иза. Лами хьала а хIоттийна, чIогIа буйла хьожуш, дIасатуьйхира. Корта хьовзийра Тавсолтас: тохарлерраниг бара, цхьа а тIегIа малдаланза. «Табина хир бу», – дагатесира. ЦIенойн тхов тIе ваьлла а хьийжира: цIенош, тишделлехь а, чохь Iен мегар долуш карийра цунна. ТIаккха кешнашкахьа вахара, уггар хьалха – хIолламаш дохкучу маьIIе. Вехха лаьттира Тавсолта, шен вешин Iалсолтин, кIентан Даудан хIолламашна хьалха доIанаш деш. Дукхахдолу хIолламаш а, чарташ а дийна дисинера: кхузахь Iийначу дагестанхоша Iалашдарна. Амма лекхий, дуькъий дара нохчийн кешнашкара къух! Халла схьакарийра Тавсолтина шен ден Берсин, чурт доцу каш, цунна йуххера, маццах xIapa йурт – «Эскиной» йиллинчу, кхуьнан ден ден Эскин кошехь доьгIна акхачу тIулган чурт довзарна.
Вехха хьийзира и йараш дIайохуш, майда цIанйеш. Эххар, доккха са а даьккхина, Нурбикин каш долчухьа вахара. Коьллаш куьйгашца дIасатуьттуш, воьдура Тавсолта. XIapa Нурбикин каш тIе кхачале, зударийн тийжар хезира: коьллаш дIасатеттина, хьаьжча, гира, коша тIе а йоьжна, йоьлху Селитий, Нурседий. «Кхарна дикахо карор ду xIapa каш», – дог доьхна хьаьжира и шина йоIе. Да гучуваьлча, сихха хьалагIаьттина и шиъ, бIаьргех йовлакхийн маьIигаш а хьаькхна, йоьлхучуьра сецира.
– Йало хIинца ший а, хьуьлла тIе а хIоттий, – Тавсолтас хIолламашкахьа куьг тесира, – хьиэ ца луш, чугIо… Йуург кечъе… «Цунна» хIусам а йовзийта. Цхьацца адамаш а дуьйлалур ду эха. Со а чувогIу, цхьана метте а хIоьттина, – аьлла, ойлане Нурбикин коша тIехь а лаьттина, тIаккха ЦIечу берде бIаьрг тоха, Яьссин йистехьа вахара Тавсолта.
Кешнийн кертах ара а ваьлла, йуххерчу хьуьн чухула ирзух тIех а ваьлла, и вогIуш, дитташна йуккъера цIеххьана кхунна чухьаьвдира месала, кенаш а девлла, къанделла, дай боцуш дисна, акха жIаьлеш. Схьаэцна гIорзалгаш тоьхна, дIалаьхкира уьш Тавсолтас. Амма цхьаъ, дIадаха ца туьгуш, Тавсолтина тIе а дирзина, «гIалх» деш лаьттара, муцIар, хьожа йохуш санна, хьала а йерзийна. Тавсолтин дегIехула зуз хьаьдира: цунна гира, цунна бевзира, жIаьлин логах боллу, маьлхан зIаьнаршлахь цIеххьана лепа, йоьза хIоз.
– Борзиг!.. Борзиг!.. – схьатIекхайкхира цо жIаьлига. Лаьттахула лохха текхна тIе а деъна, жIаьло Тавсолтин когах мотт хьаькхира. Шен гIода йуккъера схьадаьстина доьхка цуьнан логах боллучу йоьзан хIазарх таса дагахь Тавсолта охьатаьIIашехь, дIаиккхина жIаьла, дитташна йуккъехь дайра.
– Борзиг!.. Борзиг!.. – бохуш, Тавсолтас, бере санна, дехха къинхетаме озаца кхайкхира цуьнга, тIаьхьаваьлла, дитташна йуккъехула генна дIа мохь бетташ. Амма Борзиг йуха ца деара. ГIийлачу ойланехь вухавирзина Тавсолта, йуха а цу ирзуна тIехволуш, саьнгаран йисттехь, малхехь лепаш, шурула кIайн цхьа хIума гина, тIевахара: малхо йакъийна, мехаша шарйина, акхарой кIомсарша цIенна йаьшна Iуьллура бежанан коьртан кIайн туьта: «Гарехь, оцу дIадевддачу жIаьлийн а цхьана хенахь шун хилла-кх xIapa», – ойла хилира Тавсолтин. Кхин а тIехилла леррина хьаьжча, «ОxI!» аьлла, цо цеце доккха са даьккхира: туьтан бIаьштигашна тIехь, ши маIа хиллачохь, мазакъйоьлла йоцца ши йуьхк гора. Вехха лаьттира Тавсолта ойлане вахана: «Дерриг а Делан болх бу!» – аьлла, цIехьа волавелира…
Ши йоI, Даудан, Увайсан хIолламашна хьалха а лаьттина, цигара школе йахара. Дог сиха детталора. Школин керта йоллушехь гира: шуьйра тIамарш а йаржийна лаьтта Дада-бIар, лестачу гаьннашца цо шаьшшиъ тIейоьхуш. Йедда, йедда, маракъевлира цара и.
Дада-бIар, куц дохаза, товш лаьттара, шена тIехьа, нийсачу магIаршца къона дитташ а техкаш. Амма, цуьнан IиндагIе нисделла, хьалхара кхо дитт-м кхечарел дикка лоха дисинера.
Нурседина девзира уьш: «шениг», «Керимниг», «Терентьевниг»! Дехьарчу кхаа дитта йуххехь лаьттара Селита: «Шениг», «Даудниг», «Увайсаниг»!.. Селита, йедда, йуха Дада-бIарана тIейахара:
– Нурседа! Хьажахьа, хIинца а!.. Диттан гаьн тIехь ширделла, амма хIинца а данза гора элпаш: «АУ – БД».
Кертахь цхьа а вацара. УьйтIе цIена йара. Цхьа a гIap ца хезара. ДIо paгIy кIелхьара нуй а карахь гучувелира воккха стаг, хьалха гинчех воцу оьрси.
– Тхо xIapa школа чекхйаьккхинарш ду! – шаьшшиъ йовзийтира Нурседас.
– Марша догIийла!.. Со дворник, лаахь, хехо а ву. Шуна мила оьшура?
– Анна Львовна!
– ГIалитIе йахана… селхана цIахь хир йу а аьллера… стенна хьеелла хаац… Кестта цIа кхочур йу… Лама педсовет а ма йу цуьнан, – жоп делира воккхачу стага.
Ши йиша шайн чукхаьчча, учахь Джейран лаьттара Нурседин шина беран куьйгаш а лаьцна, лаьмнашкахьа хьоьжуш, дуткъачу лога тIехь, мохехь раздахана зезаг санна, охьатаьIна корта ойлане бIогIамах а товжийна. Цу сохьта чукхечира Тавсолта а. ГIийло лаьттачу Джейранна тIе а вахана, забар йира:
– ХIан, алал, йоккха стаг, муха хета хьуна тхан мохк?
– Вон бац… хазахета… массанхьа а лаьмнаш ду, делахь а генна гуш шера аре-м йац!
– ХIан-хIа! Теркал дехьа шера аренаш а йу!.. Шучех тера а йолуш!.. – велакъежира Тавсолта.
* * *
КхозлагIчу дийнахь, делккъехь, йисина хIуманаш Джейранца чохь дIа а нисйина, Тавсолта чувале йижарий жижиг-галнаш дан тохабеллачу хенахь, цхьамма-м неI туьйхира:
– Можно? – схьахезира оьрсийн зудчун аз. HeIape хьаьдира Нурседий, Селитий: девзира, девзира царна иза…
Анна Львовна марайуьхкура цара, роггIана цуьнан малйеллачу беснеш тIе, сирделлачу гиччошна, декъачу куьйгашна обанаш бохуш. Беларш а, белхарш а иэделлера. Йуург кечйар хIинца шена дисина Джейран, корта а лестош, пеша йуххера цаьрга хьоьжуш лаьттара: цунна а йуьйцу хазарх йевзира Анна Львовна.
– XIapa тхан керла нана йу! – элира Нурседас, лерина, хьала а гIаьттина, Джейранан белш а лоцуш, и Анна Львовнина йовзуьйтуш. Джейрана, йелакъежаш, корта таIийра, демаша дуьзна куьйгаш хьала а айина.
Анна Львовна дикка къежйеллера, бIаьргийн гонаш кеггийра хебаршка даханера, амма бIаьрса хьалхалерра собаре, нуьцкъала догура. Хьалахьаьжча, цунна гира, тохарлеррачохь пенах кхозу хIетахьлерра, сирла велакъежначу Ленинан сурт. Сихха вукху пенехьа йирзира:
– XIapa-м беса лаьтта! – корта ластийра цо. Йижарша дийцира шайца мел хилларш. Анна Львовнас, йукъа хеттарш а туьйсуш, сов сема ладоьгIура. Эххар а Селитас хьехархочуьнга хаьттира:
– Ахь кехат хIунда ца йаздора тхоьга? Кхоьрура хьо?
– Йа хьуна а хийтира тхо бехке? – тIетуьйхира Нурседас, Iе а ца йелла.
– Аш хIун дуьйцу?! Аш хIун дуьйцу?! – куьйгаш хьалатесира Анна Львовнас. – Муха хетар дара шу бехке? Кхоьруш… меттигаш-м йаьхкира… бакъдерг аьлча… – охьахьаьжира и, цIий а луш.
ТIаккха хецца шех лаьцна дийца йуьйлира:
– Хьалхарчу кехатна жоп-м даийтира ас, амма… цул тIаьхьа со а холчухIоьттира. Чевнаш а хилла, кхетамза Iуьллу Иван Саввич фашисташа йийсаре вигна хиллера тIамехь. Цхьа хан йаьлча, товелча, церан лагерера и веддера. Хьаннашкахула лечкъаш, малхбалехьа кхаьчна и, кхано вайчех схьакхетча, и ша йийсаре ваханарг а вина, «тройко» Сибрех лаьллинера. Шуьгара хьалхара кехат деанчул тIаьхьа кхечира соьга Иван Саввичера и дерриге дуьйцу кехат… Бехк ма билла… хIун дара а хаац, эццахь дуьне а дицделира суна… Кехат чекхдоллуш цо: лаахь, шега хьежа – ша хьанал хилла, кхин хетахь – паргIат а хила, бохура…
Анна Львовнас бIаьргаш тIе йовлакх даьхьира.
– Ас цуьнга йаздира: хьох со даима теша! Со хьоьга хьоьжур йу! Хьо цIа вогIур ву! Вайна гур ду вовшийн!
Нурседин сийна бIаьргаш ойлане кхоьлира. Селитин йуьхь цIийелира. Цара дуьйцург хеза, пеша йуххе хьийза Джейран а дIайирзира хIинца, цаьргахьа букъ берзош, шен йуьхь ца гайта.
– Суо йисира со… сайн Ниночкица… марда а велира, хье ца луш… Директор йолчуьра а паргIатйаьккхира… Эццахь… шуьгара шозлагIа деанчу кехатна жоп йаздан ца хIоьттира со… Йоьлхуш, райцентрера со цIа йогIуш, тIаьхьакхиира тхан парткабинетан куьйгалхо, цхьа къена коммунист.
«Дукхайахарг! Ма йелха, – сан белшах куьг хьаькхира цо. – Дахарехь богIу цкъацца иштта мур а, дуьхьалдIа сатоха дезаш… цкъачунна!.. Хьайн хьехархочун болх а беш IадIе, гIуллакхаш цхьана хорша дерззалц. Кестта зама толур йу».
Амма зама суна-м кхин а телхира: цхьа-ши бутт баьлча, Иван Саввич велла аьлла, цигарчу больницера хаам беара. Оцо гIорийра сан дог. Моьттура: дийна йоллушехь суо йелла… цхьа Ниночка йацахьара!.. Амма… ткъолгIачу партсъездо керла нур хийцира дуьнен чу а, сан даг чу а! Ас йаздинчу кехаташца Иван Саввич вуьззина бехказа вира. Москвара соьга кадам а кхечира, майрачун йоллу орденаш, документаш йуха а дерзош; Ниночкина дешна йаллалц пенси а диллира ден цIарах. Со йуха сайн балха а хIоттийра…
– Атта-м шуна а ца хилла! – цуьнан пхьаьрсах куьг хьаькхира Селитас.
– Маре ца йоьдуш а Iийна хьо-м, – Нурседа цуьнан хIинца а хазачу йуьхьей, тайначу дегIей хьаьжира.
– И веллачул тIаьхьа а делира масех шо… сан деган чов ца йоьрзуш. Ткъа хIинца со маре йоьдучохь а дац… йоI ма йу сан маре йаха кечлуш!
Селитас маракъевлира Анна Львовна:
– Мичахь йу Ниночка?
– Кхушара Грозный-гIалахь Пединститутан филологически факультет чекх а йаьккхина, Волго-Доне экскурсе йахана… Цуьнца, шена путевка а йаьккхина, Кериман кIант Каташ а вахана! Кестта цIа кхочур бу…
– ЭхI! Ма хаза нисделла и! – эккхийтира Нурседас.
Шайн ширачу хьехархочух кхетча, шаьшшиъ йуха а жима хетара шина йишина.
– ХIинца дерриг дIанисделлий хьан? Цхьа а вуй хIинца хьан дог этIош? – хаьттира Нурседас.
– ХIан-хIа, уьш дIадевлира дерриш а! ХIинца дика Iа… Со-м доьшуш а йай!
– ХIунда?
– Со хIетахь педтехникум бен чекхйаьккхина а йацара. ЙоIаца, цунна гIo а деш, и филологически факультет а йаьккхира ас чекх заочно, сагатдеш хьер ца йалархьама. Ткъа хIинца заочно философски факультетан кхозлагIчу курсехь а йу. Дуккха а хIуманаш ду хаа лууш… Зама эрна хIунда йохуьйту!
– Ма хаза ду: цхьаьна ду вай! – Анна Львовнин коча хьерчара Нурседа.
– Кхин йуха ма йогIийла и зама! – доккха садаьккхира Селитас.
– ЙогIур йац! И санна дерш кхин гур дац!.. Вайна гиначуьнан коьрта маьIна хIун ду аьлча: вайн пачхьалкхехь, гIалаташ дийла тарлахь а, бакъдерг тулуш бен чекхдала йиш йац!
НеI йиллина, чувелира Тавсолта, пхьаьрса кIел хьарчийна плакат а дохьуш. Чуьранаш хьалагIевттира. ТIейеъна Джейрана, цуьнгара схьа а эцна, и плакат кора йуххе хIоттийра, гIаж, тIоьрмиг неIар тIехьа а оьллина. Тавсолтина чIогIа хазахийтира Анна Львовна гина. Цкъа хьалха майрачух, мардех кадам а бина, хьал-де хаьттира цо.
– ХIинца дика Iа… ДIанисделин шу а? – хаьттира Анна Львовнас.
– Дика дIанисдели… Йуьртахь хийцамаш а карий: бошмаш а совйевлла, керла ферманийн гIишлош а йина, цига хиш а далийна. Дика ду и! – реза вара Тавсолта. Цхьадерг Селитас гочдора, важа дерг Тавсолтас ша а дуьйцура.
– Ленинан бакъдерг туьйли! – тIетуьйхира Тавсолтас, пенах хьалакхозучу цуьнан сурте а хьаьжна, тIаккха вукху бесачу пенах бIаьрг кхетта, коре а вахана, хьарчийна плакат схьа а даьстина, Нурседега дIакховдийра цо – «Нохч-ГIалгIайн АССР-н карта»:
– ДIатохал и цигга! – элира, Сталинан сурт кхаьзначу пIелг хьажош.
– Правильно! – къобалдира Анна Львовнас.
Джейрана хьалха йиллира ша йина бешбармакх.
– Шу хье ца дан сайна хуург йи-кх ас!
Анна Львовна, сохьте а хьаьжна, тохайелира:
– ХIа, йаха деза сан. Баккъал а, вайна-м шиъ долуш доллу!.. Сарахь педсовет йу тхан хуьлуш. Кечйала а деза.
– Кхуьур йу хьо! – аьлла, нуьцкъаша охьахаийра и йижарша.
– Тхан бешбармакх а йевзар хьуна, хьалха ганза йелахь, – йелакъежира Джейран. Цуьнан сибат а, Iаьржачу бIаьргийн кIеда хьежар а, чухула цуьнан йайн лелар а тайра Анна Львовнина.
Массо хIума йаа хевшира. Тавсолта шен чувахара. НеI ца тухуш, цIеххьана чувелира Керим. Йуьхь тIехь сингаттаме а, кхохкийна а хийтира. Маршаллаш а хаьттина, иза а, цара тIевехна, охьахиира цаьрца шуьне.
– Хьо ма таьIна ву… ХIун дара гIалитIехь? ГIуллакх хилин хьан? – хаьттира Анна Львовнас.
Карара Iайг охьа а биллина, Керим церан йаххьашка хьаьжира : «хазаза ду-те кхарна и хIинца а?» бохучу хьесапехь.
– Ца хили… Хуьлучохь а дацара, – массо, йуучух йукъах а бевлла, ладогIа буьйлира. – Со, машен цкъачунна дIа а хецна, сихха партин обкомана хьалха кхечира… НеIарш къевлина йу, чу ца вуьту… И йерриге цигара йоккха майда дIа а лаьцна, къорза пхьоьха йу-кх сийсаш, карзахбаьллачу хIордо санна, IовгIа айина. «Митинг йу-те?», – аьлла, дIахьаьжи. – ХIун митинг хир йу: августан тIаьххьарчу деношкахь цхьа а дезде а ма дац», – дагадеа. Амма, дIо йуккъехь, бочканаш, йаьшканаш вовшахтоьхна, йина цхьа трибуна тайпа ду… Цу тIера, бете рупор а оьхьна, мохь тоьхнна къамел деш, боккха корта а лестош, йаьлла кIажарийн Iаьржа кхес а йолуш, цхьа стаг ву, баьццара кучахь… Схьахеза: «Декъалхуьлда Молотов!.. ДIаваккха йукъара Хрущев!.. Казахстане йухаберзабе Даймахкана йамарт хилла нохчий, гIалгIай!»… Цецвели со… Суо нохчо вуйла а ца хоуьйтуш, пхьоьха халла дIаса а тоьттуш, ма-хуьллу цунна гергахуьлу со… И баьццара коч йерг охьа а воьссина, «трибуне» йели, цхьа сийна йеха коч а йуьйхина, оза, лекха зуда: «Сан кIант фашисташа тIамехь вийна… Сан мар нохчаша вийна… Сан да а нохчаша вийна… ХIинца цаьрца цхьаьна Iан йеза со?… Уьш хIунда берзабо йуха? Кхин а генна дIалахка хьакъ бу и йамартхой!»… Со холчахь ву: хилларг хIун ду, уьш мича бахьаненна карзахбевлла ца хууш. Эххар ги, дехьа йистехь пхьоьха дIаса а хилла, пхеа-йалх стага, тийна, барам тIехь схьавахьаш велларг. Пхьоьха, кхин а дIаса хилира, царна некъ паргIатбоккхуш. Маьхьарий хеза: «ДIахьовсал, накъостий, оцу акхароша цунна хIун дина?.. Урс тоьхна, йиначу чевне!.. Йуьхь а йистина!.. И сийна томмагIаш!» Со йуха а ца кхетара, амма со нохчо хилар кхузахь хаийта кхераме хилар гуш дара. Эххар со тIеIоттавели, йоьхначу ойланца пхьоьханахь ша лаьттачу, суна вевзаш волчу, со санна йуьхьа тIехь оьрсех терачу, цхьана гIалгIайн йаздархочунна – Идрис Базоркинна. Ший а, бIаьцаш а йина, йуьстахвели. Цу села йолчу йоккхачу пхьоьханахь, тхойшиъ воцург, кхин вайнахах цхьа а стаг ца хаалора.
– И хIун ду хаьий хьуна? – хаьттира ас цуьнга.
– Хаьа. Со вехачу поселкера схьадоладелла ду иза… Кхузара иттех километр… Черноречехь… вайн нохчийн хулигано цигарчу паркехь, йоIана тIехула леттачохь, урс а тоьхна, вийна и оьрсийн хулиган. Цуьнгахь а хилла урс. ГIуллакх милицега дIа а делла, нохчийн хулиган чу а воьллина. ХIетте а, и велларг, волчаьрга шен хеннахь дIа а ца вуллуьйтуш, латтавайти-кх, хьуна, цхьамма-м цига арахь, стоьл тIе охьа а виллина, нахана гойтуш, уьш тIеттIа карзахбохуш: «Арсаш а детташ, оцу акхароша вайнаш бойу… ХIетте а уьш цIа балабо…», – боху хабарш хезира… ХIинца, кхуза схьавалийна… Цунна латтош хилла-кх…
– Горкомехь ца хаьа-те? – хаьттира ас.
– Айсса, вахана, ма-дарра и хьал цаьрга хьалххехь дIа-м дийцира, сайн декхар хеташ: «Дика ду… Са ма гатде», – аьлла, вухаверзийра-кх со… и гIуллакх дIадижо кхин хIумма а ца деш.
– Делахь-хIета, царна и хууш хилла ца Iаш, xIapa кегаре оьшуш а хилла-кх царна, – хийтира суна.
– Тера ду! – корта таIийра Базоркина.
Веана, тхойшинна тIехьа схьахIоьттира, тхойша вевзаш а воцу, оцу районан райкомера ши куьйгалхо, схьагарехь, цу пхьоьханахь гIуллакх дIа муха доьду хьажа. Базоркина, церан тидам а ца беш, ша дийцина волуш, оьрсийн маттахь оьгIазе эккхийтира:
– Настоящая вакханалия!
– Нет, это не вакханалия, а Грозненский пролетариат выражает свою волю! – элира цу шиннах лекхачо. Iаьржачу аматахь волчу цуьнан накъосто и тIечIагIдира:
– Она направлена как раз против их вакханалии и бесчинств.
Тхойшиъ цигара кхечухьа велира. ХIинца трибуна тIера мохь бетташ гора, охьадаьхкина сирделла мекхаш а долуш, Iаьржа фуражка а коьртахь, Iаьржа дуьйхина, цхьа стоммо стаг:
– Накъостий! ХIинцца кхоллайеллачу гIалин революционни комитето сацам бина правительствега деха нохчий цIа балочуьра совцабай, йуха дIабахийта аьлла!..
Пхьоьхана йуккъехула тийна цхьа кегийрхой а лелара, бист а ца хуьлуш, хетарехь, къайлаха суьрташ дохуш…
Обком партин корехула рупор чухула кхайкхира цхьамма нахе, «совца» бохуш. Пхьоьханара дIа мохь туьйхира: «Секретарь схьатIеваийта! Кхузахь трибунера жоп далийта тхан хеттаршна!» Обкоман кор тIечIегIира. Пхьоьхана йуккъера чхараш туьйхира хьала, обкоман корийн ангалеш чудоуьйтуш. Кхин а тIе карзахйаьлла пхьоьха хIинца майрайелира: царна йуккъера цхьа гIepa, хьаьдда, тIулгаш а карахь, тIелетира обкоман неIарех. Чулилхира. Шаьш коридорехь тIекхаьчначу цхьана-шина обкомхочунна, секретарна а тIехь, коьртах хIума а тоьхнера. Обкоман кехаташ, этIа а деш, кхуьссуш корехула аратуьйсура… Амма чухулара орца а кхаьчна, и гIepa сихха йуха арайаьккхира, хIинца обкоман неIаре гIарол дан эскарера автоматчикаш а хIиттош. Карзахйаьлла гIepa йуха а, IаддIан ца туьгуш, цигара Коьртачу почте хьаьддера, хIинца шайна хьалха ваьлла, и сира мекхаш долу, стоммо стаг а волуш, цигара ООН-е а, Москох а зIе йала дагахь шайн лаамах лаьцна. Амма цигарчу шина гIароло, шозза а шаьш аьллачул тIаьхьа ца соцуш, чугIоьртина волу церан хьалхарниг, циггахь топ тоьхна, массарна а гуш, охьавиллича, гIepa, сиха кхетаме йеъна, цигара йухахьаьдда, пхьоьханахь йаьржира, орца дохуш… Цул тIаьхьа хIун хир дара а ца хаьа, и гIуллакх иштта дахделлехь, амма кестта орца кхечира: ХIирийчуьра инарла Плиев а коьртехь эскар а кхаьчна, йохийра и пхьоьха. Коьрта бехкенаш, хала а ца карош, схьа а карийна, оцу дийннахь чубоьхкира. Шайн дагахь нохчашна дуьхьал аьлла, цхьаболчара кIелдIахула нисйина и «митинг» Советан Iедална дуьхьал хилар цу сохьта Iopaдолуш, царна ца моьттучу агIорхьа дIайирзира…
– ХХ-гIа съезд хиллачул тIаьхьа а, МолотовгIеран антипартийни группа йохийначул тIаьхьа а, гIерта-кх уьш, – элира Селитас.
– ГIерта-м гIерта, амма церан зама йуха а йогIур йоцуш дIа-м йаьлла… Къаьмнаш декъарх, уьш вовшашца эгIарх пайда паччахьна а хуьлура, Сталина а оьцура… Со оьрси йу… Суна дукхадеза сайн халкъ, ас куралла а йо цуьнан исторех, культурех… Амма оьшурий-те оьрсашна а, оьрсийн халкъана а, цунах «воккхахволу ваша» а аьлла, иза ша къастийначу дарже айар? Делахь а, иза иштта Сталина дира-кх, ша цунна дика даран сурт a xIoттош, амма иза кхидолчу къаьмнех мелла а херадоккхуш, Iедал шен карахь чIагIдархьама. Къоман культ цхьана стеган культал а зуламе йу. ХIинца Грозный-гIалахь хилла и митинг а оцуьнан цинц бу.
– ГIалахь цхьа нохчо а лаьцна, Ермоловн памятник эккхийта гIоьртинера аьлла, – кхин а хаийтира Керима.
– Иза а, дера, йац цигахь оьшуш, вайн ши къам вовшашна дуьхь-дуьхьал даккха дагахь воцчунна… Ермолов мичахь хилла Грозный-гIалин йуьхь йолорхо? Цо дуьххьара дIа эццигахь йинарг эскархойн гIaп хилла-кх… Ткъа уьш масаний хилла? Уьш массо а лорий-те иштта? Йа хиллий-те Ермолов Наполеонна дуьхьал бинчу тIамехь иштта ша ма-вуьйццу воккха турпал а?.. Масала, Багратион, Раевский, Давыдов, Барклай а санна?.. Мелхо а вон тешалла дитна цунах, цуьнан оьздацахиларх Пушкина а, Грибоедовс а, – Анна Львовнин йуьхь йай-й цIийеллера.
– ГIаларчу цуьнан памятникна тIехь йаздина Грибоедовн дика дешнаш ма ду, – элира Керима.
– Цо йуьхьанца аьлла… Амма Грибоедовс, и шена вевзина ваьлча, тIаьхьо аьлларш?.. Уьш-м ца йаздина!.. «Ермоловн къизалло эхь дина оьрсийн цIарна»… Кхин хIумма а ца хилча а, дера тоьур ду цуьнан, шу цIадерззалц, цу тIе а йаздина, латтийна долу нохчех лаьцна маьттаза дешнаш… Уьш цуьнан шен оьздацахилар гойтуш дара…
– Уьш дIадайина, амма у хIинца а латтош ду: «ХIун хаьа – йуха а зама хийцалой а» бохучу дагахь, – эккхийтира Керима.
– Зама йогIур йу: у а дIадоккхуш… Ермоловн сибат а цигара дIадоккхур ду, – чIагIдира Анна Львовнас. – И дерриг а сталинхоша шун къоман хIуьттаренна Ермолов а айи, имам Шемалх «туркойн агент» а ви. Им чекх са а гуш дара…
– Оввай-кх!.. Цкъа чекх, мукъна а, далахьара-кх массо а къаьмнех цхьа къам а хилла, тIаккха Iийр дара-кх, цхьа а къийсамаш а боцуш, – йукъагIоьртира хIинццалц тийна Iийна Селита. – Ас цунах лаьцна сайна хазахета цхьа стих йеша шуна?.. ЛадогIийша!.. йоцца йу шуна, – дийхира Селитас.
Века все смелют. Дни пройдут.
Людская речь в один язык сольется.
Историк, сочиняя труд,
Над нашей рознью улыбнется!
– Дика стихаш йу, Есенина йазйина… Амма, массо а къаьмнех а цхьа къам а хуьлуш, массо а адамийн меттанех цхьа мотт а хуьлуш йолу зама, хаалахь, оьшуш йац, хьуна: къаьмнаш бертахь хила деза, амма вовшашлахь иэ а делла, дан ца деза. Бешан хьал а, хазалла а зезагаш шортта бес-бесара хиларца йу… Адамаш эгIориг къаьмнаш бес-бесара хилар дац – вуон адамаш ду. Цундела, сан хьесапехь, тахана коьртаниг ду: бес-бесара долчу дуккха а тайпанех, умматех, тобанех мел болу а оьзданаш, цхьабарт хилла, цхьанакхетар: цара тIаккха вуон эшор дара.
– Лев Толстойс а и ма-аллара, бохий ахь, – тIетуьйхира Керима.