скачать книгу бесплатно
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
ИсмаIал Акаев
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла – ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха
Кхаа декъехь исторически роман
ИсмаIал Акаев
Переводчик Янина Дикаева
Иллюстратор Изнаур Акаев
© ИсмаIал Акаев, 2022
© Янина Дикаева, перевод, 2022
© Изнаур Акаев, иллюстрации, 2022
ISBN 978-5-0055-6573-0
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
ДАХАРАН ТУЬХА
Перевод Комп*они «Перо – Дош ДикА»
ЗIе: chinhoisma@gmail.com
+7928 890 43 41
Кхаа декъехь исторически роман
Соьлжа-ГIалина лерина а, иштта сан да-нана Наурдин а, Тагибат а, оьрсийн-нохчийн шина тIамехь бехк боцуш эгна адамаш а дагалоцуш…
Бакъдерг – тIеман хьалхара мостагI
ДЕШХЬАЛХЕ
ЙАХАНЧУ ЗАМАНАН МОХЬ
(«Дахаран туьха» романах лаьцна литературни-философски ойла)
Оьрсийн сийлахь воккхачу йаздархочо Толстой Николайс аьлла: «Дийцарах лаьцна йеш йолу ойла иза бакъдолчунна а, кхоьллина хIуманна а йукъара доза ду, тамашийна кепара стеган кхетаме а долий, бIешерашца тидаза дуьссуш долу…»
Ткъа мичахь ду нохчийн журналистан а, йаздархочун а Акаев ИсмаIалан романехь и доза?
«Са хуьлуш дара. Йурт меллаша набарха йолура». Ишта Лермонтовн хатIехь йолалуш йу йешархо адамийн шатайпа дуьнене вуьгуш йолу хIара роман.
Дахаран массо а агIо йовза хьогах долу вай, ваьшца латточу хьере къиссаме довлу. И къиссам чIогIа дика гайтина кху романехь.
Автор кхета йешархошна хьалха шен йолчу жоьпаллех, цундела иза кхетаман уггаре а кIоргечу къайленашка кхийда.
Романехь дукха дуьйцу дахар къобалден некъашах лаьцна. Шеко йоцуш дахар – иза стеган уггаре а йоккха мехала йу. Дуьненан лехамашкахь цу дахаран боккъалла а мах хадо вайна ца хаьа а, йа вай дицлой дуьссу. Дахаран ши агIо йу – бакъдерг а, харцдерг а. И шиъ цкъа а кхачалур йолуш йац, цара цкъа а паргIат ца вуьту цабезамо а, оьгIазлоно а хьерваьккхина волу стаг.
Цундела хир ву-кх романан коьрта турпалхо ИбрахIим ишта хьогах ша адамийн дахаран хьост лору бакъдерг довза.
Мел дукха ирча, декъаза кхолламаш бу цунна уллохь, мел доьхна, даьржина ду иза веха дуьне.
Иза цхьалха ву. Амма мухха делахь а иза дийна ву, цо сацийна бац кху дуьненчуьра шен лехамаш. ЧIир эца лаам беха романан турпалхойн дегнашкахь, амма цуьнца нийсса къинхетамах буьзна бу церан кийра. Автора ма-йарра йовзуьйту нохчийн Iадатан кIоргенаш – мел деза лоруш хилла нохчаша адамийн дахар. Кху говзарехь ешархошна девзар ду мел доккха маьIна долуш хилла нохчийн къомана чIир эцар а, чIир йитар а. Цуьнан мехаллех лаьцна автора дуьйцу сийлахь дезачу КъорIанна тIе а тевжаш.
«Дахаран туьха» романан сюжета кIорге ойла йойту селханен, таханенна бIаьргаш боьллуш, кханене сатийсам кхуллу. Вайн тIаьхье – иза вайн дIаэхначу дайн хедар йоцу зIе йу.
Вай мел лайнарг а, хIинца дахар санна хеташ тIе мел лоцуш дерг а цхьаьна лаамца доьзна ду – дуьненчохь ваха болчу лаамца. И лаам бу Акаев ИсмаIалан массо а турпалхойн дагчохь. И лаам безам санна ницкъ болуш а, кIоргера а бу. «Безаман ницкъ – иза дош ца олуш, вовшех кхетар, вовше довзар ду. Безам даима нуьре хуьлу бIаьрхийн а, сатийсаман а, васан а серлонца. Безам а, Iожалла а цхьаьна богIуш ши кхетам бац. Ткъа цу безамо Iожалле а шен маттахь къамел дойту, иштачу безамах олу адаман безам. Дала похIма деллачунна бен хуур дац лаккхара безам бовза. Са мел кхоьллина хIума деза хууш шегахь адамалла ерг бен хир вац»
Ишта йовзуьйту автора шен йешархошна безаман къайленаш. ХIара йерриге а роман нохчийн къоман историх йуьйцина йу. Цунна тIебеана хилла уггаре а беза баланаш – махках дахар а, нохчийн ши тIом а кху романан агIонашкахь деган Iийжамца йовзуьйту автора, политически шалхо йоцуш, ма-дарра бакъдерг дуьйцу цо, йешархойн ойланашкахь кхоллайелла муьлхха а шеко дIайоккхур йолуш.
Цкъа мацах Ясперс Карла аьлла: «Ша вовза а, шех кхета а луучунна лаьа историх кхета а». Шеко йоцуш нийса луьйш хилла иза, хIунда аьлча мел къаьхьа иза йелахь а истори истори хилаза йер йац. Ткъа кху романехь йешархойн аьтто хир бу нохчийн керла истори цуьнан йерриге а къаьхьаллица ма-йарра йовза.
Декъаза кхолламех йуьзна йу и роман, амма хIете а хIора турпалхо мел хала киртиг тIехIоттарах собарах ца вуху, дахаре йолу шовкъ дIа ца йолу цуьнан. Кху говзаран исбаьхьаллин васт шалхонаша лаьцна дац, иза цIена ду, сирла ду.
Романан литературни-сценически кхачаллех дерг аьлча, билгалдаккха хьашт ду, кху говзаран боккха, маьIне чулацам хилар. Авторан чIогIа дика аьтто баьлла адамийн кхолламаш а, мехкан истори цхьаьна дозуш, ешархойн тидам тIеберзош, довзийта. Билгалдаккха деза хIара роман зорбане йаьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Бакъболчу хиламийн буха тIехь хIоттийна йолчу кху говзарехь, гуш ду авторана истори хилла ца Iаш, кху заманан политически процессаш а дика йевзаш хилар. Цара дIалоцу йерриге а роман.
Суна хетарехь, Акаев ИсмаIалан дуьххьара роман вуно кхиам болуш йу. Цуьнан агIонашкахь беха дахаре болу нийса хьежам а, нохчаллин башхалла а, историн кIорге а, Iадатан хазалла а.
«Дахаран туьха» романан аьтто баьлла йаханчу замане тIай туьллуш, йешархошна нохчийн историн бакъдолу васт гайта.
Ас Iалашо ца хIоттийнера критика йан, суна сайна хетарг ала лиира кху башха литературин говзарна, амма тIаьххьара дош даима йешархочуьнгахь хилла ду, цуо нийса кхел йийр йу аьлла а хета суна.
Кху романан дахар атта хир дац, хIунда аьлча цо шен агIонашкахь айдинарг а ду чолхе а, тIеэца хала а, амма замано гойтур ду…
Ярычев Насруддин, историк
ЮНЕСКО литературни кхеташонан
кегирхойн палатин декъашхо, философи Iилманан доктор.
Авторан дош
БисмиЛлахIирРохьманирРохьими Алхьамду лиЛлахIи Роббиль-Iаламина
Уггаре а сийсаза ду лай хилла вахар.
Дахаре бIаьрг беттар йаздархочунна дуккха а хазох ду шен йозанан дийцарехь – «Iожаллан сурт дуьллучул».
Кху говзаран васташ мел ирча а, декъаза а делахь а, цара гойтуш дерг бакъдерг ду, шен йерриге а къаьхьаллица.
Цу бакъдолчун заманан йохаллера схьахеза мохь бу кху книгин коьрта чулацам.
Кхочуш ца хиллачу сатийсамийн, лазаман, лайначу баланийн мохь, иза вайн а, вайн тIаьхьенан а иэсехь даима хезар бу.
Амма теша лаьа и мохь ца хезаш тIаьхье а вайн кхууьр йу аьлла.
ХIара жайна лерина ду цу къизачу, боьхачу тIамехь мел эгначийн иэсана.
Башха а дац политологаша а, авантюристаша а муха цIе туьллу Нохчийчуьра хиламашна, амма коьртаниг ду нохчийн къам шена хиллачух кхетар а, цуьнан нийса маьIна дар а.
Къаьсттина мехала ду шо шаре мел долу вайн къоман кийрахь дикалла, комаьршалла, син-оьздангалла чIагIлуш, баланийн IиндагIера маьрша даьлла, тIаьхьарчу тIаьхьенна шен сирла ламасташ кховдош, вайн къомана даха хаар а, цу дахаре йолу шовкъ цуьнан цкъа а дIа ца йалар а.
Адам маьрша хила деза шен дахаран новкъахь, амма кхечуьнан маршонна тIекхийдаш и делахь – маьрша-м хир дац иза ша а…
Акаев ИсмаIал
2001 шо
Дахаран тача… Суьртан автор Акаев ИсмаIал
ДА А, КIАНТ А
Хьалхара книга
Iадат
I
Са хуьлуш дара… Меллаша набарха йолура йурт. Амма Заурбекан хIусамехь дукха хан йара массо а гIеттина. Кхузахь ТасуевгIеран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маьIне хилам. Уггаре а чIогIа кху дийне сатийсина волу Заурбек-м вацара къамелехь дакъа лоцуш. Иза массарна а генна ваьлла кхоьлина Iаш вара. Йеха къоьжа месаш а, йаьлла маж а – замано гIелдиначу цуьнан йуьхь-сибат тIе хьаьжча гуш дара мел беза хилла дахаран мохь.
ГIайгIане ойланаша кIелвитинера Заурбек. Цуьнан бIаьргашна хьалха лаьттара йаханчу заманера и ирча суьрташ. Цунна гуш йара генарчу паналле шаьш эцна йоьдучу цу шийлачу цIерпоштан вагонаш, луьрабоьллачу саьлтийн оьгIазе йаьххьаш, лай тIе охьакхиссина сенделла декъий. Цунна тховса йуха а хIетахь санна уллохь хеталора чилланах кхуьнан и эгIазе жима дегI дохда гIерташ хилла ненан ховха ши куьйг.
Ткъа йуха дагалецамаша дуьхьал тессира хIорш махкаха баьхна масех шо далале генарчу Казахстанехь кхунна тIеIоттаелла дахаран и чолхе киртиг. Даго хIинца а бохура хIетахь кхин некъ ца хиллий, кхин йухавала меттиг ца хиллий. Дога цIе йолчу цхьаьна стага бехк боцуш кхуьнан йишин цIе сийсаза йан гIоьртира, ткъа и санна дерг нохчийн Iадатан терзанан барам тIе диллича цIийца бен декхалуш дац. ХIара шиъ тассавелира. Догин гIо лаца цуьнан накъостий кхечира. Ницкъаш цхьатерра бацара, цундела Заурбек урсана тIе кхевдира. Чов чIогIа ца хиллехь а, Дога дукха цIий дIаэхар бахьана долуш дIавелира.
Заурбек ша цу девнехь чIогIа лазийна воллушшехь, Iедалан кхелах ца велира – цунна итт шо хан туьйхира. Ала деза, Заурбекана хилла чевнаш кIезиг йацара. Догин гергарчу наха цу девнехь диг диттина а ца Iаш, тоьпан дIаьндарг а дегIах чекхйаьккхинера. Рицкъ хиларна Заурбек виссира.
Iедалан кхеле хIара гIуллакх диллинчу хенахь, кхин цхьа кхел йара йоьдуш – цигахь сацам беш Догин гергара нах бара. Цара чIагIо йира шайн аьтто ма белли Догин чIирана Заурбек вен. Заурбекана хаьара Iедалан кхел чекхьйалча, Iадатан кхел хир йуй, ткъа иза кхуьнан цIий Iанорца бен кхочуш хир йоций а.
Кху заманахь чIир лехар иза дицдан хьашт долу къиза Iадат хета. Амма чаккхе йоцучу тIемашкахь шайн маршо къуьссу нохчийн чIир лехаран Iадато ур-арталла совцабаро адамна тIекховдарах.
Сталин веллачул тIаьхьа, 1953-чу шарахь Заурбекана амнисти йира. Кхо шо набахтехь а даьккхина, иза маьрша велира, доьзал а кхоьллира. Дуьнен чу велира цуьнан дуьххьара кIант СаьIид. Денош а шераш а луьстуш дIауьдура зама, хеталора дахар шен хорше доьрзуш ду.
Амма дукха хан йалале нана дIайелира. 1941-чу шарахь Брестан гIап ларъйеш доьналлица кхелхиначу шен цIийндена а, геналлехь биссинчу Даймахкана а сагатдаро гIелдинчу цуьнан деган кхин деттадала ницкъ бацара. Ша дуьненчуьра дIайаллалц ларйира цо фронтера деанчу кехатан мажъелла йуьхк.
Инзаре дукха нохчаша гайтира шайн доьналла Даймехкан Сийлахь боккхачу тIамехь. Цхьаьна Брестан гIопехь тIеман хьалхарчу деношкахь шайн синош дIаделира ши бIе сов нохчийн бIаьхочо. Амма майраллица шаьш Даймехкан сий къуьссучу хенахь царна ца хаьара йамартхойн йоцу цIе а кхоьллина массо а нохчий а, гIалгIай а сийначу Сибрех а, Казахстане а, ГIиргIазойн махка а дIабохор буй. Кху дуьненна шех тераниг кхин гина доцу, шен къизаллица дуста барам боцу и зулам хилира 1944-чу шеран чилланан беттан 23-чохь ЦIечу эскаран дезчу дийнахь.
РеIадат кхелхинчу дийннахь дIайоьллира. Назманан гIийлачу узамца тIаьххаьрчу новкъайеккхира кIеда-мерза, комаьрша хилла нана…
Цкъа а ца хилча санна дIайелира иза Заурбекан дахарера, кIентан даг чохь цкъа а йоьрзур йоцу чов а йуьтуш. Гергарчу наха гIо дина доллушшехь, дайн Iадаташ лардеш, йолла ма йеззара шен нана дIайолла аьтто ца белира Заурбекан. Тезет а гIийла йара. Чуртан метта РеIадатана кошан гIовланга цхьа жима тIулг биллира. Иза хIинца а Iуьллу цигахь… нехан лаьттахь. Ткъа цIа а йеана дIайолла йезаш ма йара, амма цкъачунна йа таро а, йа ницкъ а бац. Амма Заурбек тешна ву заманан йохалла кхуьнан лаам кIенташа кхочуш бийриг хиларах.
1957-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а буьрсачу Iай бIаьстенах хьаьгна човканаш санна, кестта Даймохк гур хиларо ойла тIомайаьккхина, хазахетарца схьаоьхура Кавказе. Ма боккхачу сингаттамца новкъйохура Заурбека Даймахка цIа оьхучу шен махкахойн и ирсе тобанаш. ЧIир хьаьрчина хилар бахьана долуш, цIехьа боьду некъ цунна бихкина бара, цундела иза виссира цигахь, нехан махкахь кхи дIа а чолхечу дахарах доьналлица тийссавала. Дахар дан а дацара атта, амма набахто зийна волу Заурбек ца къехкара халонех. Заурбекан доьзал нахал тоьлла Iаш бацара, йа эшна а бацара. СаьIида школехь кхиамаш бохура, иштта дуьненчу делира кхин а ши бер йоI Зарган а, кIант ИбрахIим а.
Хаза кхаъ беара Кавказера а. Цигахь цуьнан гергара нах шайн ма-хуьлла Догин гергарчу нахаца барт бан гIертара кхи дIа хин долчунах лаьцна, хIунда аьлча Заурбек къаьсттина цу доьзалца гIиллакх лаьцна ма вара Даймахка цIа верза йиш йоцуш.
Зама-м шен шераш хуьйцуш, ша цхьаммо сацорна кхоьруш санна дIауьдура. Заурбек массарна а къайлахь Нохчийчу цIа веара, шен тайпанера къаношкара бакъо а йаьккхина. Амма ца веара ша вина а, кхиъна хиллачу, нохчийн лаьмнийн кIажехь Iуьллучу шен йуьртам-м. Иза ваха хиира цунна дукха гена, Теркйистера цхьаьна кIотарехь. Кхузахь иза цхьаьнна а новкъа воцуш, шен хьанал рицкъ доккхуш, къахьоьгуш Iаш вара.
Доьзал кхиира. Школа а ткъа цул тIаьхьа университетан юридически факультет а чекхйаьккхира воккхахволчу кIанта СаьIида. Лоьран корматалла кара а йерзийна, нехан цIентIе дIайахара Зарган а.
Жимох волу ИбрахIим школехь доьшуш вара. Леккхачу дегIахь, зоьртала, цIена нохчийн амат а, иштта дахаре сирла хьежам а болуш, шен дена дика накъост кхиира цунах. Заурбекан массо а берашна йукъахь ИбрахIим вара уггаре а комаьрша а, схьаийна а.
Заурбека цхьаьнна а ца хоуьйтура ша ИбрахIим доьзалехь къастош вуй. Амма хIете а цхьацца хIуманна тIехь гучуболура цуьнан жимхага болу безам. Иза ларамза а ца хиллера. Заманан йохалла ИбрахIима шен оьздачу гIиллакхашца, йист йоцучу доьналлица гойтур ду массарна а эрна ца хиллий дас шеца лелош хилла и шатайпа йукъаметтиг…
Нохчийн массо а Iадаташна йукъахь чIир йитар уггаре а кIоргIера а, чулацаме а лара мегар ду. Вайн дайша шираллера схьакховдийначу цу ламасто бен доцуш вуьтур вац цхьа а. И кхочуш деш йоккхуш йолу хIора а гIулч йу кIоргера маьIна долуш. Цкъа хьалха билгалйиначу меттиге тIекхочу нехан карах веллачун гергара нах. Цхьаьнакхетаран меттиг дукха хьолахь йуьртана геннахь, шерачу аренгахь билгалйоккху. Вийначу стеган гергара нах схьакхаьчначул тIаьхьа, йукъахьлелаш волчо ларамца хаам бо цаьрга чIирхой кхеран кхеле ладогIа кийча хиларах лаьцна. Ткъа цул тIаьхьа цIий Iанийначун агIонерчара дIаболабо шайн и башха некъ. И меттиг мел гена йелахь а, цига гIаш ваха веза. Тобанна хьалха ваьлла шен уллерчу гергара нахаца (да, ваша, кIант) воьдуш хуьлу чIирхо. Йеха палаш, башлакхца дIакъевлина корта а, йуьхь а. Цунна тIаьхьахIиттина богIуш хуьлу цуьнан гергара нах, ткъа царна тIаьхьа тайпанан векалш.
Шайн стеган карах веллачун гергара нахана тIекхача масех метр йиссинчу хенахь, тоба соцу. Цигахь шина тайпанан къаной дуьхь дуьхьал хIуьтту шайн деха къамел дIадоло. Шина а агIоно билгал ван везаш волу къано йукъараллехь дика цIе йоккхуш, динан Iилма долуш хила веза. Кху шина а агIонна маслаIатан векал хиллера йуртахь а, махкахь а дика цIе йоккхуш, бусулба динан Iилма Iаморехь а, даржорехь а дика кхиамаш баьхна, йукъараллехь лоруш волу ЧIиннахара къано Абу-Хьаьжа.
Нагахь санна и санна верг вацахь, тайпанера йа, йуьртара кхайкха веза. Церан къамелах доьзна хуьлу кху гIуллакхан муха тIаьхьало хир йу. Ткъа бина сацам шина агIоне бовзуьйту. ЧIирхо вуьту, амма цу тIехь дерриге а чекх ца долу. Шега дош доьхий вистхуьлу стаг вийначеран агIонера векал лаьтта къано. Иза гулбеллачаьрга вистхуьлу. Цуьнан къамел дукха хьолахь кегийчарна лерина ду. Цо сийлахьчу КъорIанан сураташна тIетевжаш дуьйцу мел беза бу адаман мах, мел деза ду АллахI Дала стагана чудиллина са, ткъа иза дегIах къасто цу АллахIан бен бакъо а йац. Цо дуьйцу мел беза бу адамийн вовшашца хила беза ларам, нохчийн йукъараллас кху дийне схьадеанчу Iадатийн мехаллех лаьцна дуьйцу цо. Къаночун къамел деха хуьлу, амма цуьнан маьIна массарна а кхеташ ду – оза терза карор доцуш йеза йу нохчийн къоман син-оьздангаллин лард, ткъа иза ларъйан къонахалла, доьналла хила деза хIорангахь а…
Бехк боцуш вийначун чIир атта йитина йац нохчаша. Хийла цIий хьуьйдина ду нохчийн латта, эцна чIир бахьана долуш, хийла хьех йу мостагIех ведда чIирхо шена чохь лечкъийна. Амма делла дош нохчочуьнга йуха оьцуьйтуш, цуьнга шен оьгIазло къинхетамна хийцийта ницкъ кхочург гIиллакх ду!
Заманан йохаллера дуьйцуш схьакхаьчна вайга нохчийн лаьмнашкахь некъ тилина, ларамза шен керта веана чIирхо и хьаша хиларна витина масалш. И чIир оьцуш а ларйина нохчаша шайн оьздангалла. Масала, чIирхо вен а вийна, цуьнан дакъа цкъа а тесна дитина дац нохчочо, иза экханах лардеш, йуьстах а доккхий, цунна тIехь Йеса а доьший, иза волчарга хоуьйтуш хилла – оха тхайн стагах чIир эцна, ткъа шайн дакъа билггал эццера дIахьо. Иза йу и заманан дарцашка ца йожъелла нохчалла… кху дуьненан букъа тIехь цуьнца йуста мехала карор йац цхьаьнна а йа, карийна а йац…
Шен къамел дерзош, цо чIирхошка хаам бо уьш бита а, тIелаца а дуьхьал йолу агIо реза хиларах лаьцна, ткъа цул тIаьхьа шайн стаг вийначу мостагIашна цIий хьанал деш, гечдан собар а, кхетам а АллахIа баларна хастам беш доIа до воккхачу стага. Бехк боцуш даьккхина са цIийца бен декхалур дац, амма нагахь санна ахь и кхел Делан каралахь, хьуна цуьнгара йал хир йу.
Цул тIаьхьа чIирхойн агIонера къано вистхуьлу. Цуьнан къамел доца а, оьзда а ду. Цо баркалла олу Дела шен доьхьа шаьш тIеэца собар карорна, Делан шен доьхьа шайн стеган цIий хьанал дарна. ТIаккха шина а агIонера нах куьйге боьлху.
Амма цу тIехь а чекх ца долу и. ТIекхочу уггаре а чулацаме а, уггаре а чIогIа дагах кхеташ, и дог карзахдоккху мIаьрго. Селхана-стомара мостагIий хилла лаьттинарш, тховса цхьа гуо бой дIахIуьтту. Цу гуонна йуккъехь лаьттачу гIанта охьахуу чIирхо, ткъа цунна тIевогIу чIирхочун карах веллачун кIант. Цо шен куьйга схьайоьллу заманан йохалла кху дуьненахь чIирхочо лечкъийна хилла йуьхь. КIентан карахь шаьлта санна ира урс ду. Селхана ша шен ден сина дуьхьал са даккха чIагIо йиначу стеган тахана цуо хIуммаъ собарах ца вухуш, маж а, корт а – бошу. Дала хийцина цо шен дахарехь хIоттийна хилла уггаре а коьрта Iалашо. Къаьхьачу цабезаман метта, Кхоьллинчо цуьнан кийра ца духу собар а, кхетам а боссийна. ЧIир леха араваьлла хилларг кху мIаьргонехь урс карахь лаьтта, амма и урс цIий Iано айдина дац, шина тайпанна йукъара мостагIаллин пардо дIайоккхуш айдина ду. Шен чIирхочун йухьтIе оьзна башлаккх дIа а йоккхуш, цуьнан шерашца йахъелла къоьжа маж дIа а йошуш, цо тоьшалла до -мел боккха ницкъ хилла шегахь, кийра буьзна хилла оьгIазло, тховса шайтIа эшош, къинхетамана хийца. Цо шена а, нахана а хьалха тоьшалла до ша Делан лай хиларан, ша делла дош, хIара дуьне мел деха, дехар хиларан, ша а, шен дийнна тайпано а тховса Делан лаам хьалха а тоттуш, дерриге а дуьне а, Iалам а теш а лоцуш, шайн стаг вийначу чIирхочунна цIий хьанал деш хиларан.
Амма ширачу заманера схьадогIуш алар а ду – делла дош дохош, маж йошуш долу куьйг «дегийна», Iаьржачу лаьтта цIий Iенина меттиг нисъйелла бохуш. Ткъа хIетахь-м ши тайпа тIамца дуьхь-дуьхьал доьдуш хилла. Нагахь и санна дерг халкълахь дуьйцуш диссинехь и тайпа са кIезиг нах а хилла хила тарло нохчийн йукъараллехь. Цундела ларамза хир дац чIир йитарехь зударий хилийта магош ца хилар. Цул совнаха, цигахь нохчийн Iадатаца, чIирхочун уггаре а жимох волу кIант а, йа, цхьаъ бен воцу кIант а хилийта бакъо йац чIир йуьтучохь. Амма тIаьхьарчу бIешерехь чIирхошна делла дош дохийна меттиг нисйелла йац нохчийн йукъараллехь, цуьнан теш лаьтта халкъан иэс лардеш болу, замано къежбина къаной.
Теркан тогIехь Iуьллу и жима кIотар самайаьккхира сийначу Iуьйрено. Цуьнан массо а маьIIера схьахезара летачу жIаьлийн а, дажа дIадаха сихделлачу даьхнийн а гIовгIа. ГIайгIане ойланаша цIеххьана самаваьккхира Заурбек а. БIешеран доьалгIа дакъа-м хIете а дIадаьллера цо кху Iуьйрене сатуьйсуш. Иза меллаша корах тессина кIади дIа а теттина ара хьаьжира. Стигал а ша ма-йарра сийна йара, хIуммаъ ца хилча санна, лаьтта шен зIаьнарш эгайора дашочу малхо, амма Заурбекана хеталора дахаран синтеме кхуьнан некъ бихкина хилла дийнна лам шен кийрахь охьахаьрцина….
ТIаьххьара кечамаш а чекхбевлира. Къаноша кхин цкъаъ дага а бевлла, сацам бира кхо шо кхаьчна старгIа а, ши гали дама а, оццул шекар а, иштта пхи эзар сом ахча а Догин доьзална дIакхачо. И гIо дар Iадато магийна ду. Цуьнан барам шина агIоно билггал ма барра бу, амма иза шовзткъа бежанан мехал сов балийта мегаш а дац. Амма и мостагIалла ширалле дирзина хилар бахьана долуш, Догин гергара нах и тIеэца ца тигира, амма хIете а ЗаурбекагIарна лиира йуха а и гIиллакх цаьрга кховдо.
Iадато ма-бохху а, шен дас дина дехара бахьана долуш а, Заурбекан жимох волу кIант ИбрахIим цу дийнахь цIахь сецира. Нагахь санна чIир йитарехь дагахь доцург дуьхьал далахь, ТасуевгIеран хIу ца хадийтарна жоьпалла ИбрахIимана тIехь йуьссура. Доьзалехь оцу кепара мехала дакъа лаца шена бакъо елла йоллушшехь, ИбрахIима дукха хIума лур дара тховса шен дена а, шен дерриге а тайпанна а уллохь хила. Цуьнан жималлин цIергахь догучу дагна ца лаьара оццул чIогIа шен дас сатийсина йолу мIаьрго тховса шена ца гуш тIехъйалийта…
Машенийн а, автобусийн а йеха могIа новкъа йелира. БIе шовзткъе итт километр йохалла некъ бара цара арабаьккхинарг. Довхачу дешнашца, ловцашца новкъабохура уьш лулахоша, шайн даго ма-бохху цу гIуллакхан чаккхе хилла цIа дерзар нислойла шун бохуш…
Билгалйиначу меттиге уьш схьакхаьчна масех минот йалале, кхуза кхечира Iаьржачу басахь «Волга» машен. Цу чуьра охьавоьссира нохчийн къомаха а волуш, тайначу аматехь цхьа стаг. Схьахетарехь, иза лериначу урхаллийн белхало вара. Цо дийхира гулбеллачарна йукъара милла а цхьаъ шега вистхила йуьстахвала аьлла. Къаноша дукха ойла ца йеш Заурбекан воккхах волу кIант СаьIид дIахьажийра КГБ белхалочуьнга вистхила. Могуш-паргIат а хаьттина, и шиъ машенна чухиира. Цаьрга хьоьжуш лаьттачарна и къамел чаккхе йоцуш дахделла хеталора, амма ма-дарра аьлча йаьлларг ткъа минот бен хан йацара. СаьIид машенчуьра охьавоьссира, цунна тIаьхье КГБ шиъ белхало а. Лаккхара дарж долу шолгIаниг оьрси вара. Советан Iедалан муьрехь республикин массо а нуьцкъаллин структурашкара лаккхара даржашкахь оьрсий а бара, лериначу урхаллашкара муьлха а декхара кхочуш деш волчу нохчочун терго йеш даима а цхьацца оьрси а хилла.
Кхайкхаза баьхкина хьеший СаьIидан Iодика а йина дIабахара. СаьIида дийцира гулбеллачаьрга уьш хIун дахьаш баьхкинера. Цхьанна а башха цецвала хIума дацара уьш кхуза кхачар. Дукха хьолахь церан «хьошалла» къамелаца дIадоьрзура, амма хIете а шайгара дукха ца оьшу, Iадатаца ца богIу хийцамаш бора цара хIара тайпа гIуллакхехь. ЧIирана партис кхайкхина болчу къиссаме хьаьжжина, КГБ-на хууш дара мила хьенан чIирхо ву. Цу организацис шен ницкъ кхочург дара деш нохчийн йукъараллера чIир йитаран Iадат дIадаккха.
Тховса а уьш кхуза баьхкинера дукха хьолахь гулбеллачарна диц ца далийта шайна ца хууш кху махкахь хIумма а чекхдер доций. Иза бакъду. Советан Iедалан заманахь КГБ вуно чIогIа ницкъ болу организаци йара. Цуьнан лергаш а, бIаьргаш а ца кхочуш ца йуьссура Нохч-ГIалгIайчохь цхьа а генара а кIотар. Бахархой-м боьллера цу гIуллакхах. Цхьа кхузткъа-кхузткъе итт шо хьалха Iедалца къайлах уьйр латтош, айкх эцна вахар нохчийн йукъараллехь цIанлур доцу эхь хеттера. Мотт бетташ волу стаг а, цуьнан берриге а доьзал а махкахоша йемал деш, йуьртаха боккхуш хилла. Цуьнан къеггина масала ду Хорчара БорщиговгIеран доьзал. Уьш йуьртаха баьхнера Харачойн Зеламхаца йамарт хиларна. Таханлерачу дийнахь а, цу доьзалан тIаьхьенан аьтто бац шайн дай баьхначу лаьтта ког баккха. Цул совнаха, цу доьзалца цхьаьна а кепара йукъаметтиг латтор эхь лерина нохчаша.
Нагахь санна антиколониальни тIемаш долчу хенахь къайлах мотт беш волчо дийнна йуьртана а зен деш хиллехь, тахана совхозан ча лачкъийна, йа Iедална луьйш гучуваьллачунна мотт бар ши-кхо шо хан тохарца чекхдолу.
Мотт тохар иза шуьйра дийцаре долу гIуллакх хилла. Нагахь санна цхьаммо мотт тохар бахьана долуш зен хиллачун доьзал и айкх эцна ваханчунна дIадекха гIерташ хилла. ХIоранна а лаьара законе хьаьжжина ваха. Шерашца баланаш лайна адамаш кхетара Советан Iедалах тийссабала шайн ницкъ тоьар боций, цундела цуьнца бертахь Iаш хилча аттох ду, цу Iедалан харцо хьайн гуш йалахь а. Миска нахана-м башха ишта вуо а дацара и Iедал ма-дарра аьлча.
СаьIид чIирхочун кIант хиларал совнаха, иза эпсаран цIе лелош, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхало а, коммунист а вуй хиъча, КГБ белхалоша йемалдарца тIелецира и тайпа цхьаьнакхетаршкахь цо дакъа лацар. Эпсарана дагадийтира цу хьокъехь партис хIу боху а, пачхьалкхан ойланна дуьхьал долчу цхьаьнакхетарехь дакъа лацар республикин партийни куьйгаллина хуур хилар а. Иштта кхерам тессира гулбелларш нуьцкъала дIасалохкур бу аьлла.