banner banner banner
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

скачать книгу бесплатно

Дикка хан йелира ИбрахIим Заурбек волчу чукхайкхале. ХьешанцIа чохь кхуьнан да а, масех гергара стаг а, иштта Зарганан марзхошах нах а бара. Ден йуьхь кхоьлина йара. СаьIид а вара оьгIазвахана вуйла гуш.

ИбрахIим кхийтира къамел шегахьа доцуш дIадирзина хиларах.

ДIахIоьттина тийналла йохош, дийкира ден аз:

– Хьадийцал хIинца хIун ду ахь динарг? Муха бехказа вала воллу хьо кху масех денна йукъахь айхьа мел диначунна? Цхьа а бахьана а доцуш нехан стагана йиттина ахь, вайн дерриге а тайпа а гIаттийна, цунна тIаьхьаваьлла лелла – Заурбек йемалдарца хьоьжура кIанте.

– Ас кхин цкъаъ ма-дарра дуьйцур ду хилларг – волавелира ИбрахIим.

– Ца оьшу! Ма-дарра соьга дийцина хьоьл хьекъале а, хьоьл чIогIа кху дуьнено зийна а болчу наха. Со царех теша. Хьо берана къонахех ловза лиънера? Йишин ойла йан а ца йинера ахь? Ца йинерий? ЧIир леха дагадеанера хьуна? Хьуна чIир хIун йу мукъне а хаьий?

– Ишта оьгIазе ма хила цуьнца Заурбек, – йукъагIоьртира къамел дохьуш веанчарех цхьаъ. Жима ву, амал чехка йу. Галваьлла, хуьлуш хуьлу. Коьртаниг ду вай Делан къинхетамца вовшахкхетар. ХIара пайда боцу хIума бахьана долуш, доккха зулам долура вайна йукъахь.

Жимма корта а оллийна, корах арахьоьжуш лаьттара ИбрахIим. Церан кертахь дукха адам дара гулделла, дукха хьолахь уьш массо а ТасуевгIеран гергара нах бара. Республикин дозанал арахьа бехаш болу ИбрахIиман ненахой а, дехой а баьхкинера, оьшучу меттехь гIо лаца а, тIаьхьа хIотта а. Дикка хан йаьлла берш а, къона берш а уьш цхьаъ цхьанна тIаьхьа чуоьхура. Чоь-м готта йара уьш массо а тIелаца, цундела сацам хилира къамел арахь дан. Къаношна охьаховша гIанташ делира, ткъа кегий нах цаьрга леррина ладугIуш лаьттара.

ИбрахIим массарех схьа а къаста вина, гулбеллачеран гуоне йукъаваьккира. И ша цхьалха лаьттара, харцахь леларна чехо дIахIоттийна бер санна.

КIентан алу хилла йогучу йуьхьтIе хьаьжча гуш дара, баккхийчу нахана хьалха собарах ца воха гIерташ, мел кхехкаш бу цуьнан кийра. Кхехкара цIий а, ишта а хьере йолу ойланаш кхин а чIогIа карзахйохуш. Лаге хIоьттина шад а бара, кхуьнан доьхначу собаран теш хила кечделла бIаьрхиш шена чохь къуьйлуш. Цо гIиллакхах ца воха, дагчохь доьхура Деле и собар. Гуо баьккхина лаьттара шортта адам, цIеххьана ИбрахIиман бIаьрг кхийтира Абу-Хьаьжих. Цо тIеIаткъам бинера Заурбек чIирхошца куьйге вахарна а, ткъа хIинца йуха а заманан майданахь кхеран доьзалан дахарехь маьIне дакъалацар тIедожийна цунна Ахьмадан гергарчу наха. Царна хаьа Абу-Хьаьжи йукъараллехь муха ларам болуш, муха цIе лелаш стаг ву, цундела Заурбек цунна дуьхьал вер вац. Цунна а, кхузахь вовшах мел кхеттачу адамна а, нохчийн бIешерашкара схьадеана Iадат дохош, нехан зудчух, нехан йоьIах боьхачу ойланца куьйг Iоттар, пайда боцу дар-дацар а дина тIедаьхьна.

– ИбрахIим хIинца а жима ву, дахаран чам кхетта, дахаро човхийна вац, цундела ларамза хилла хIуманах, цунна шен доьзална тIедеана доккха эхь хетта – бохуш дуьйцура Ахьмадан гергарчу нехах цхьаммо.

– Ахьмад жима маларах а кхетта, хьалха Iаш хиллера, водитель Iаш волчу машенан гIантана тIехула пхьарс а баьккхина. КIаьгнаштIехула йолуш машен кхоссайелча, цуьнан малделла куьйг йоьIан куьйгах ца хууш жима хьакхаделлера. Ткъа цIий чехка ИбрахIима иза шен йиша сийсазйан гIортар, цунна тIе ницкъ бан гIортар санна тидинера. Амма нагахь санна ларамза хилларг ИбрахIима шайна тIедеана эхь санна лоруш далахь тхо шуна хиллачу васах мах дIабала а реза ду, – нахана йукъахь реза ца хиларан гIугI хезира, ткъа хьашас иза тергал ца деш шен къамел дора, – тхо кхета жима къонахчун дегаллех, сонталлех, цундела вайна йукъахь машар баран некъа тIехь хьалхара гIулч йаьккха кийча а ду, богIу мах дIалуш. Иза цхьаъ ду! Ткъа шолгIаниг – цу хьокъехь муьлхха а къамел тхо цу зудчун марзхошца дан реза ду, хIунда аьлча иза церан цIентехь йу. Ткъа оха тхайн рогIехь цуьнан хIусамден дерриге а тайпанна хьалха КъорIан тIехь дуй буур бу цу зудчун леррина сий дайа, цунна ницкъ бан тхан стеган Iалашо ца хиллера аьлла. Цундела шу – цу йоьIан гергара нах оха цу гIуллакхах мокъа дуьту. КхозлагIниг, коммунистически партин лаккхарчу даржехь волчу стагана йеттар Iедале ца даккхар а оха тхайна тIелоцу. Цуьнан могашаллин зен хиларан лоьраша дина тоьшалла а ду, цул совнаха шиъ теш а ву.

Нахана йукъахь соцунгIа хилира. Ткъа йуха Зарганан мардас дош дийхира:

– Масех шо ду Заурбекан йоI сан хIусаме йеана. Оцу кепара хIетахь дуьйна тхан доьзалшна йукъахь гергарло ду. Зарган сунна нус хиларал совнаха, йоI санна дукха йезаш йу. Цуьнан догцIеналла, цуьнан оьздангалла суна дика йевза. Таханлерачу дийнахь ас дукха хIума дIалур дара хIара киртиг тхуна тIехIоьттина ца хилийта. Нагахь санна Заурбека хIара гIуллакх къасторан урхаш соьга а йелла, ас уьш йухаузур хиларах шу сатуьйссуш делахь, иза эрна ду шуна. Заурбека бина болу муьлхха а сацам, ас а, сан доьзала а бинарг санна тIеэца дезар ду шун.

– ТIаккха Заурбеке ду-кх дош! – элира Ахьмада векал вина ваийтиначу къаночо.

– ХIан-хIан! – реза ца хилира Абу-Хьаьжи. – Нийса хир ду вай цу хьолан теш хиллачуьнга ладогIахь. Кхин болу тешаш, ИбрахIима шен йишин сий лардеш, шен йишех куьйг Iоьттиначунна йеттар бен гина боцуш санна лелаш бу. – гуш дара цо Заурбекан доьзалан агIо лоцуш хилар, ша Ахьмадан векал воллушшехь. Хьунда аьлча, Абу-Хьаьжина гуш бара – бакъона-харцона богIам!

Эрна ца хилла Абу-Хьаьжин йукъараллехь ишта дика цIе йаккхар, цунна ШарIаца а, Iадатаца а доьзна дерг даима а сийлахь а, деза а хеташ дуйла бохуш халкъалахь дуьйцуш хилар.

Къамел муьлххачу хорше дерзахь а, СаьIид тешара шен вешех, иза жима валахь а цуьнан доьналлех а, цуьнан кхетамах а. Иза меллаша ИбрахIимана улло а вахана, цуьнан букъа тIехьа дIахIоьттира, оцу кепара ша цуьнгахьа хилар кIантана хоуьйтуш. ИбрахIим къайлах шен дега хьаьжира, цуьнан дагчохь дерг бIаьргашчохь деша гIерташ. Цу мIаьргонехь Заурбек а хьаьжира кIанте, ткъа бIаьргашца цо хоьттура:

– ХIун де вай хIинца?

– Дика ду! Баркалла шуна вистхила пурба даларна…

– Ма-дарра дийцалахь, вах ца луш! Бакъ дерг бен а ма дийца! – ИбрахIиман дешана йукъаиккхира Абу-Хьаьжи.

– ТIаккха сунна уггаре а хьалха Ахьмадан векалш хилла баьхкинчу къаношка вистхила лаьа, – долийра шен къамел ИбрахIима. – Нагахь санна шайн гергара стаг шайна бехке хеташ ца хилча, шу хIунда баьхкина кхуза? Шу хьан кхайкхинера? Собар хIунда ца дира аш тхайна шу карабаллалц. Ма-дарра аьлча, тхуна-м шу карийнера. Тхунам шу цакарийнехь-м – шу догIарг ца хиллер, шайн махуьлла лачгIа гIоьртан аш хиллера, изаъ вайна хууш ду, ма-дарре аьлчам. Бехке воцург бехказа волуш ца хуьлу. Цул совнаха аш вайн къомана йукъахь дош лелаш волу Абу-Хьаьжа а валийна, сан доьзал цунна дукха хIуманна декхарийлахь буйла хууш. ТIаккха шу дика кечам а бина баьхкина бу-кх.

Ишта ойла кхоллало схьагучу суьртах. Шуна шайн гергарчу стаго дийцинарг бен ца хаьа, амма АллахI Дела ву теш – суна дика хаьа сайн шина бIаьргана гинарг, сан йишин шина бIаьргана гинарг, кхин а шина тешан бIаьргашна гинарг. Суна цкъа а дицлур дац и сурт а, цу дийнахь, цу мIаьргонехь ас а, сан йишас а лайнарг а. Амма хIете а цхьа бакъ ду – таханлерачу дийнахь суна дуккха а аттох ду шуьца хIара къамел дан а, кхузахь латта а шуначул, хIунда аьлча бехкениг цIанва халох ду, бакъ дерг дуьйцуш лаьттачул.

Суна шуьх къахета! Сан а, сан доьзалан а тахана нохчалла охьайиллина волу тхайн стаг нехан нахана хьалха цIанва гIерта ца деза, цу боьхачу гIуллакха йукъа Абу-Хьаьжа санна наха лоруш волу стаг а ийзош.

Цундела шу тахана тхуна а, Далла а хьалха йуьхьIаьржа ду. Амма нагахь санна шуна Ахьмадан бехк ца хетахь, цуьнан коьртачохь боьха ойланаш ца хиллера бахахь, шу цо дийцина долу харц дерг бакъ деш КъорIан тIехь дуй баа кича делахь, тхо и дуй теIэца кийча ду, амма кхечу хоршехь. Вайн Iадато ма-бохху, аш кхана, Ахьмадан уггаре а гергарчу нахаца кхузахь мел долчу адамна хьалха Сийлахь дезачу КъорIантIехь ишта дуй баа беза! – Нагахь санна шайн йишица, йа шайн тайпанара зудчуьнца хIара кеп хIоттийча, тхуна иза тхайн сий дойуш, эхье хIума хетар дацара аьлла…

И дуй бианчул тIаьхьа, ас а, сан доьзала а шун бехказа довлар тIеоьцур ду. Нагахь санна шу ас аьллачуьнца реза дацахь, тIаккха шун Ахьмада шена тIера хеча йаьккха йеза, ша бехке хилар а, шена тIедогIу эхь а тIелоцуш. Нагахь санна цуьнца а шу реза дацахь, тIаккха Ахьмадан доьзалера, йа шайн тайпанера зуда, йа йоI сийсаза йайта схьало. Амма нагахь санна ас бовзийтиначу цу кхаа билламах шу реза дацахь, тIаккха тIахьара шинах цхьаъ оха нуьцкъара кхочуш бийр бу. Ас Делаца дуй буу вай куьйге баха а, вайна йукъахь машар хила а кхин агIо йац шуна.

Тхуна шаьш дала арадаьккхина долчу ахчанах кхечанхьа пайда эца. Кхузахь аш царех дан хIума дац. Оха зудчун сий духкуш йа, оьцуш лелийна дац. Тхайн зударийн сий божарийн дахарал дезох хетта тхуна. Кху хIусамехь тIаьххьара дош дегахь хуьлу, амма со тешна ву заманан йохалла цо шен тIаьхье сий дайна йаха йуьтур ца хиларах.

ИбрахIиман къамело Iадийнера гулделла адам. Цуьнан къоначу кийрахь дехачу цу кепара лаккхара доьналло цецбаьхнера хIара дуьне кIордоллалц диъна, хийла замано зийна болу къаной. Олхазаро тоьхна тIам а хезар болуш тийналла хIоьттира цу кертахь.

И тийналла йохийра Ахьмадан векал хилла веанчу къаночо:

– Нагахь санна кхин совнаха хьекъал а, кхетам а болуш нах кхузахь бацахь, суна бIегIийла ца хета кху сонтачу жимхаца хIара къамел дан. Амма дIахаьийла шуна! ХIара тайпа къамелаш оха дойтур дац. Шуна дицделлехь а, дагадаийта лаьа суна – вай Советски союзехь дехаш ду, цуьнан Iедало ма-бохху закон а лардеш…

– ТIаккха, СаьIидбек, хьо советан Iедалан векалшца ван везаш хиллера, соьца а ца вогIуш, – ша реза ца хилар гайтира Абу-Хьаьжас, – Жимачу стага нийсонца догIуш бовзийти шен доьзалан лехамаш. Амма со дахарехь дукха зеделларг долуш стаг ву, айса дуьненчохь йаьккхинчу хенан лакхенца дустича хIара кIант сонта вац шуна, цо дуьйцург нийса а ду шуна! Нагахь санна цIий Iана шайна ца лаахь, цуьнга ладоьгIча дика хир дара аш а, вай массара а.

Вайна массарна а ма-хаьъара Заурбек нехан стаг вийна, чIир хьаьрчина вара. Ша чIирхоша витина воллушшехь, цунна товш ца хетара Iадатаца доьзна къамелашкахь дакъа лаца, шен хIусамехь нахана хьалхахь! Иза хIусамден доккха гIиллакх ду.

Сан цуьнца болу ларам кхин а чIогIа алсамбаьлла, цо хьуна дуьхьал дош ца аларна, и ала шегахь доллушехь. СаьIидбек, кхетаве и эхь-бехках воьхна волу Ахьмад ша диначунна жоп дала дезаш вуй, шайна тIехь долу декхара кху доьзална дIа а ло.

Нохчаша цхьаьна зудчух ши стаг вуьйш хилла чIиранна. Шуна харжам бан аьтто белла! Амма со тешна ву хьалхара билламах – КъорIанах дуй баийтар шуьга шу тайпанера цхьа жима мукъне а йаьхь йолчу наха пайда оьцуьйтур бац, хIунда аьлча и дуй баарца аш шайн зударшна тIекховда бакъо ло хьанна а. Ас делла и хьехар соьгара совгIат лара мегар ду шуна. Ткъа хIинца бахьана даьллачура кхуза вовшахкхеттачу кегийчу нахе хьехам беш, масалийна цхьа дийцар дало лаьара суна:

– Цкъа мацах ламанца Iаш цхьа къен жима стаг хилла. Цхьаьна оьздачу доьзалера йоI йезайелла хилла цунна.

ЙоIа дош дела хилла кIанте йогIур йу ша аьлла. Амма церан ирсана дуьхьал кхин цхьа стаг ваьлла. Жималло, хьал долуш хиларо сонта ваьккхина иза Iемина хилла даима шена йезарг йаьккха. Цо дукхозза а захало тIехьош хилла цу йоIана, амма хIоразза а йоI йехна йу, дош делла йу олий жоп догIуш хилла дуьхьал.

Цкъа талла ваханчохь йоьIан везар тархатIера тассавелла бердах чуиккхина хилла, шена тIаьхьа инзаре даккхий тIулгаш чу а эгош. Цу тIулгаша тIетаIийна Iуьллура иза бердан бухахь. Цхьа ког тIулгаша йукъаIевшинера, ткъа куьйг аьтта, дерриге а дохийна дара…

Шен йезаре болчу безамо ницкъ лора цунна дахарах тийссавала а, диканах дог ца дилла а. Шаьлта тоьхна кхоьссина дIадахийтира цо тIулгаша дохийна куьйг а, ког а. Шен са ма-дду тийсалуш схьалавелира иза цигара, амма заьIап виссинера. КIанта йоьIе йолу ойла хийцира. Цунна ца лиира шен йезаран дахар заьIап стаг лелош кхоло. Цо геланча вахийтира йезар йолчу иза шен безамах ша мокъа йуьту, кхечуьнга маре йаха бакъо луш аьлла хаам эцна. Амма йоьIан ойла хийца ца йеллера, цо дуьхьал жоп даийтира ша цуьнга йогIур йу аьлла иза мухха велахь а. Цул тIаьхьа цхьаьна дийнахь шовданера хи эцна йогIучу цунна дуьхьал велира хьол-да. ЙоьIан куьйгах кIоршаме ка а тухуш цо элира:

– ХIинца-м соьх йаьлла цхьанхьа а гIойла дацара хьан! Ас хьо сийсаза йина – ас куьйг Iоьттина хьоьх, цундела соьга бен маре гIойла дац хьан цхьаьнга а.

Цу мIаьргонехь шена тIекхевдинчун хантIехь кхозуш хилла шаьлта схьа а йаьккхина, цуьнца тоьхна шен куьйг дIа а доккхуш, йоьIа элира:

– ХIинца со цIена йу! Ас ца йити сайн дегIатIехь сийсаза хилла меже…

– ХIай, адамаш! Дагахь латтаде шайна, цхьаьна Iилманчас ма-аллара хьарам долчунах ларлуш дуьненчохь ваха мел хала делахь а, амма цунах хин йолу йал оза терза карор доцуш йеза йу шуна. Ойла йе, адамаш! Ларло хьарам хIуманах! – дерзийра шен къамел Абу-Хьаьжас.

Йуха а тIекхечира буьйса. Массо а дIавахара.

Заурбекан доьзалехь йуха а вижанза шиъ вара. Заурбек вехха Iера шен жимох волчу кIантаца, цунна хьехамаш беш, КъорIан доьшуш, цуьнан доьхна дог оьцуш. Буьйса йукъайаьлча бен дIа ца вахийтира цо иза садаIа.

Шена тIехь йолчу хIуманашца дIатеIира ИбрахIим. Схьадиллиначу корахула хьоькхучу аьхкенан мелачу мохо ховха хьоьстура цуьнан йогу йуьхь. БIаьргаш дIа а хьаббина вехха Iиллира иза. Цхьа шатайпа синтем боьссира кийра. ЙухьатIехула охьахьаьдира дуьрачу бIаьрхин тIадам. Хеталора цу жимачу тIадама хIордан тулгIено санна шеца дIахьо кху масех дийнахь дагчохь даш санна базбелла лазам. ИбрахIим кхетара кху гIуллакхан хIинца а йистйаьлла йоций, кханалера Iуьйре а шеца гIайгIа йахьаш йогIур йуй, амма иза кийча ву кхолламан Iовжорах кхин цкъаъ чекхвала. Хеталора кху цхьаьна буса дахаро зийна, жималлин мур дIабаьлла, иза гIеметтахIоьттина.

Кху буса деца хиллачу къамело керла ницкъ а, кхин а сов доьналла а деллера кIантана. Ткъа ИбрахIима тахана гулбеллачарна хьалха диначу къамелан хьокъехь вистхуьлуш, дас элира:

– ИбрахIим! Хьо чов хилла экха санна лаьттара цу нахана хьалха. Адаман сибаташкара боьхна нах цхьогалшах тарло, шайна дуьхьал берзалойн сибате бирзина нах бевлча. Цундела дахарехь муьлхха а киртиг тIехIоьттича, адаман кепера ма вохалахь, адамалла ларъйелахь хьайгахь! Ца кхоьруш ваха лаахь, вала а ма кхералахь…

III

Йуха а йоьссира Iуьйре, лаьмнийн кIажехь Iуьллучу йуьртана тIехула шен сийналла йаржош. Заурбекан кертахь йуха а гуллуш дара адам. Хилларг цхьаьна мIаьргонна мукъне а дицдан гIерташ, дезарш деш дIасхьауьдура Хеда. Шен доьзална ша бахьана долуш эхь тIедаарна ойла йоьхна Зарган, нана йолчура ара йолуш а йацара.

Заурбекан хIусаме боьду и шуьйра урам дIалаьцнера схьаоьхучу гергара наха а, йуьртхоша а. Хилларг сихонца дIасадаьржинера халкълахь. Массарна а хаьа лаьара муха дIадоьрзур ду хIара гIуллакх, муха сацам бийр бу дагахь доцург дуьхьал даьлла, хIара чолхе киртиг тIехIоьттинчу шина тайпано, шина доьзало. ЦIенна хьалха йолу жима майда йеса лаьттара коьрта турпалхой вовшахкхетаре хьоьжуш санна. ИбрахIим шен нийсархошна жима йуьстах а ваьлла дIахIоьттира, корта охьа а бахийтина. Леккхачу дегIахь, мел хаза товш вара и массарна а йукъахь къаьсташ. Селхана-стомара бер санна хилла иза, тахана вуьззина къонахчун васт дара цуьнан. Даима самукъне къегаш хилла цуьнан и ши бIаьрг, тахана замано зийначу къаночун йуьхьтIера санна хьоьжура дуьнене.

Ша лаьттачуьра меттах ца велира ИбрахIим шена гена йоццуш масех машен сецча. Цу чуьра охьавоьссира кхарна дуьххьара гуш волу масех боьрша стаг. ТIекхечира и массара а сатийсина мIаьрго! Адамаш йуха а цIеххьана хIоьттинчу тийналло йийсаре лецира. Цигахь мел волу стаг цец воккхуш, машенан тIехьара неI схьа а йиллина, божарша арайаьккхира ИбрахIимана Ахьмадан чохь дуьххьара гина хилла и кхиъна йаьлла хаза йоI.

Заурбекан кертахь хиллачу наха цхьаьнаэшшара бIаьрг тIехIоттийра тIебаьхкинчу нахана. ЙоI схьайалош веанчух цхьаммо иза дIахIотта йеза меттиг билгалйира. Кхи берш корта хьалаайа эхь хеташ лаьттара.

– Цара хIун леладо?! – бохуш гIовгIа хезира адамашна йукъахь.

Ткъа йоI-м шега аьлларг муьтIахь кхочуш деш, йахана дIахIоьттира. ДогIанан Iовраш санна охьауьдучу бIаьрхиша йашийна шен къона, хаза йуьхь Iаьржачу йовлакхца дIа а лечкъош, багара дош ца долуш, лаьттара иза. Оцу мIаьргонехь кертахь сецира кхин цхьа машен, цу чуьра охьаиккхира хан йаьлла йелахь, цхьа хаза тайна аматехь зуда. Гуш дара иза йоьIан нана йуйла. Цуьнан кхоьлина йуьхь тIехь кхерам бацара, мелхо а шен йоIана орцах йала, цунна доьхна деанчу дийнахь улло дIахIотта шегахь мел долу доьналла цо тховса гулдиний хууш дара. Шен йоI лаьттачу гуонна йуккъе, корта айбеш дIа а хIоьттина, цо элира:

– Со кху йоьIан нана йу… кхунна кхочуш долу дакъа тховса суна а кхочу, цундела шаьш цунна тIехь кхочуш дан ойла йерг, суна а де…

Корах ара хьаьжча и сурт гина Зарган, маьхьарца шен нанна тIекхийтира.

– Нана! Нана! Ас Делаца доьху хьоьга! Ма кховдийта цу йоьIана тIе цхьа а. Ас хIара дуьне дуур дац хьуна цара и йоI сийсаза йаккхахь!

Хедас йелакъажарца марйоьллира шен йоI:

– Ма дийца Iовдал дерг, Зарган! Хьайн доьзалехь ишта боьршалла охьайиллина нах бу моьтту хьуна? Хьан дас ша дийна а волуш могуьйтур долу хIума ма дац и.

Божаршна йукъахь хезаш шабарш дара. Нехан керта а йалийна дIахIоттийна йоIа-м – гуьйренан мохо лестаде гIа-патар санна эгош лаьттара. Цхьа болу кегий нах-м баккхийчарна къайлахь хIинцале шайна йукъахь харжам а хIоттийна бара нана, йа йоI хьанна кхочур йу. Иза вуно чIогIа ирча а, цаIрмат а сурт дара ма-дарра аьлча.

Заурбекан собар кхачош лаьттара. Иза шен вешина Хьабибуллина йуххера схьа а ваьлла, кегирхошкахьа вирзира. ГIовталан тIам дIа а кхуссуш, шаьлтанан мукъ а лаьцна, цо элира:

– Ас Делах дуй ма буу, кху керта йеана йолу милла а зудчунна раз бIаьра хьаьжна йа, харц дош аьлла вас йиначун ас цу мIаьргонехь са хьала доккхур ма ду! Божарий кху дуьненчу зударийн сий ларда кхоьллина бу…

Арайаьллачу Хедас тIебеанчу баланах иза дIалачкъо геIрташ санна маара къуьйлура шена нехан йоI.

– Деца! Шайна луург дайта цаьрга соьца, цара дадина хIуммаъ ца дичхьана! Дика дуй?! Ас муьлха а бала ловр бу, сан да кху дуьненчохь маьрша дIалелчхьана… – йоьлхура йоI.

– Ма кхера! Кхузахь цхьаьна а стаго хьуна вас йийр йац хьуна, хьуна халахетар а дийр дац. Хьо сан хьаша йу, ткъа ас кхача луш лелийна, кхиийна болчу къонахашна хьан цIе тховса сийлахь йу хьуна.

Уьш цхьаьна лаьттара – ши нана а, цхьа йоI а, ткъа корах ара а хьоьжуш йоьлхура Зарган. Цу йеа зудчун бIаьрхиш а, кхолламаш а таханлерачу дийнахь цхьаьна ийнера. Уьш вовшех дика кхетара, царна тIебоьссиначу баланан барам шатайпа балахь а, хIунда аьлча бала узу терза массеран а цхьатерра дац.

ХIуммаъ атта кху минотехь божаршна а дацара. Цхьа берш – сийсаза йан шайн йоI йалош баьхкинарш, корта хьалаайа йуьхь йолуш бацара, ткъа вуьш – ТасуевгIар хиллачун деган Iижамца маьIна деш лаьттара. Цхьаболу къаной а лаьттара бIаьрхиш а лечкъош. ХIоранан а коьртехь эзар тайп-тайпана ойла хьийзара, амма массара а дагчохь Далла хастам бора заманан йохалла хIара тайпа эхь шайна тIедеана ца хиларна. ХIоранна а ойла йан бахьана деллера таханлерачу дийно, ша дуьненчохь йоккхучу хенахь шена а, шен тIаьхьенна а хIара санна дерг тIе ца кхачийта. Йукъараллехь шен цIе ларъйархьама, шен сих йаьлла, шен хьоме йоI сийзайан нехан кара дIайеллачу дас, цу мIаьргонехь дуьненчохь йоккхучу ханна кхин цкъа а ца гIатто дожийра шен сий. Цу суьртан теш хиллачу хIора а стеган коьртехь цхьа ойла йара – шен йоьIан сийл деза хетта-те цунна маца хаьдда а хедар долу шен и деса дахар?

Заурбекан доьзалан доьналло, комаьршаллас, син-оьзадангалас, собаро толам баьккхира цу къиссамехь. ЧIиран бакъо шайгахь йоллушшехь, цара куьйг ца Iоьттира цу йоьIах, хIунда аьлча цунна тIе ницкъ баро, церан доьналлин ницкъ алсам боккхур бацара. Амма йоI ишта а хиллера сийсаза. Цуьнан сий дайинарш нехан нах бацара, цуьнан сий даийнарг цуьнан да вара.

Заурбека шен тайпанера къаноче Асбин Ахьмудан кIанте Бетерсолте куьйгаца хаам бира и зударий мокъа бита аьлла. Бетерсолтас уьш схьабахкийна хиллачу божаршна улло дIа а бигна элира:

– ДIагIо! Оха некъ маьрша буьту шуна. Шуьца догуIш кхин а хIумма дац тхан.

Минот а ца йелира «хьеший» шайца цхьаьна шайна тIедеана эхь а хьош, йуьртара къайла бовла. Йуха а массарех а хьаьрчира тийналла. Де суьйренга лестара. ЦIийелла йогура стигал. Алу хилла догура гулбеллачеран дегнаш. И деган лазам бIаьрхишца Iийдалора церан кхохкийначу йаьххьаш тIехь. Цара тахана делхош дерг сий дара, Ахьмада а, цуьнан тайпано а охьайиллина нохчалла йара цара йелхош йерг. Кхузахь, таханна хIоьттина хиллачу суьрто дукха Iадийна, цец баьхна уьш, цхьа а вовше вист ца хуьлуш, дIасхьакъестара. Ахьмадан векалш хила баьхкинарш массо а цIехьа бирзира, цхьа Абу-Хьаьжи виссалц. Иза вехха лаьттара Заурбекан кертахь лаьттан бIаьра а хьоьжуш. Дукха гинера, дукха лайнера, кхолламо а, адамаша а, замано а хийлозза цхьатерра къизаллица зийначу къаночунна ца моьттура, берхIиттара ваьллачу жимхан доьналло ша тховса Iадор ву. Цу кIанта гулделлачу халкъана хьалха и тайпа къамел деш лардеш дерг шен йишин сий хилла ца Iара, цо къуьйссуш дерг нохчийн къоман сий дара, цу къиссамехь кIанта дьоьналлица толам а баьккхира. Абу-Хьаьжи кхетара цунах. Воккхачу стагана хIара доьзал а, хIара керт а тховса боккъалла а сийлахь хетара, хIунда аьлча цара шайн доьналлица, шайн лаккхарчу син-оьздангаллица нохчаллина цкъа а бухур боцу хIоллам боьгIнера кхузахь. Цунна ца лаьара кхузара дIаваха. Цунна лиира кху нахаца марзо оьцуш пхьор дан а, кхин а хан йаьккха а. Шина доьзало гайтира мел къаьсташ хилла царна «Сий» боху и сийлахь кхетам. Шен сий кIезиг хеташ верг бен кхевдар вац нехан сийнна тIе. Цуьнан къеггина тоьшалла дара тховса Ахьмада динарг.

ИбрахиIм кхин меттах ца волуш лаьттара. Иза генарчу паналле хьоьжура, суьйрено Iанийначу боданехь дагна гергара дерг каро гIерташ санна. Бетерсолта тIевеара цунна. ИбрахIим къевлина шен мара а вуллуш, воккхачу стага элира:

– Сан хьоьца болу ларам тахана чIагIбелла… сан бIаьрг буьзна хьоьх!

Бетерсолта гена ваьлча, ИбрахиIмана хезира шен лере а таьIна, воккхах волчу вашас аьлларг:

– Баркалла хьуна собаре хиларна. Суна хаьара хьо цкъа а ледар хир воций.

Буьйсано йуха а шен йийсаре лецира и хIусам, амма кхузахь вижанза шиъ вара… церан дагара дийца шортта хIума а дара…

Эскар

I

ИбрахIим массо а эскаре кхайкхина кегий нах санна хIинцале чекхваьллера тIеман-медицински комиссих а, тIеман комиссаран хьехаре ла а доьгIнера цо.

ТIекхечира гуларийн де. Соьлжа-ГIалахь тIаьххьара медицински комиссих чекхваьллачу хIора жима стагана тIеман билет схьаэца тIедожош долу тоьшаллин кехат деллера. Цу гIуллакхна царех хIора а билгалйиначу хенахь гуларийн меттиге схьакхача везаш вара. Иза дара 1979-чу шеран лахьанан беттан шолгIачохь. Нохч-ГIалгIайн Республикас хIора шарахь гурахь а, бIаьста а эскаре кхойкхучу муьрехь, кхи йолчу республикашца дустича хIоттийна Iалашо совнаха кхочуш йора. Иза ларамза а дацара – вайнехана йукъахь даима а эхь хиллера Даймехкан декхара дIа ца луш, ведда лелар. Цундела билгалйинчу хенахь, Кавказера эскаре дIаоьхура доьналлех, ницкъах буьзначу кегий нахах йоьттина эшелонаш…

Лахьанан беттан хьалхарчу дийнахь Заурбекан хIусамехь шортта адам вовшахкхеттера ИбрахIим новкъаваккха. Сарахь уьстагI бийначул тIаьхьа, баккхийчу наха мовлид йийшира. Массара а довхачу дашца, хазачу ловцаца дог хьостура кIентан. Баккхийчу наха хьехар а дора мичча а кхачахь а нохчаллех ца вухуш, чекхвала бохуш.

Сарахь шен доьзалийн гуонехь виссира ИбрахIим. Дукхачара шаьш Iуьйранна кхин цкъа ИбрахIим ган догIур ду элира. Массо а гIайгIане буьйсанашкахь санна, кху буса а вижанза шиъ вара. Амма хIуммаъ синтемехь Хеда а йацара.

Сатоссуш дара. ХIинца а баьццара лаьттачу байтIехь къоьжа йис туьссуш, йеара гуьйренан Iуьйре. Шатайпа синхаамех кийра буьзна самавелира ИбрахIим. Дуьххьара маьIне хилам бу тховса кхуьнан дахарехь кхочуш хуьлуш. Иза корах арахьежира. Ма цIена йара гуьйренан стигла, ма цеIна йара ИбрахIиман ойла а, синкхетам а. Iуьйренан ламаз а дина араваьллачу шен дена тIаьхьа аравелира ИбрахIим. Шина шарна цIийнах а, йуьртах а къаста везачу кIантана лаьара хьомечу хIаваах доггах Iаба, ткъа гена йоцуш шен оганехь лаьтта Абрек а йара ша тергал ца йина реза йоцуш хIур-хIур деш.

– Абрек! – ИбрагIим доггах марахьаьрчира тешаме доттагIчуна, – Йало, вайшиъ жимма долалур ду! Ахь суона сагатдийр ма ду, дуй? – ИбрахIима хьоьстуш арабаьккхира дин. Гуьйренан хьалхара йис тессиначу байтIехула говраца волавелира ИбрагIим шен ойланашка а вахана…

Абрек-м дIаэккха кийча йара, ИбрахIимца аренаш толлуш, амма къастаро жимма гIайгIанашка вахийтина волчу ИбрахIимана ца лаьара шен дог Iовжо. Жимма волавелла а, чуйалийра ИбрахIима говр…

Ткъа Заурбекан керта-м кху Iуьйранна саццанза нах бара оьхуш. Ма дукха адамана лиънера ИбрахIимаца шайн йолу дегайовхо гайта. Нохчийн гIиллакх ду эскаре воьдучунна новкъа йаа хIума йалар. Цундела шортта совгIатащца керта оьхура лулара зударий.

– Вай, дIадовла! Аш-м кху шина шарахь дийнна эскарана тоьъал рицкъа вовшах ма тоьхна. Суна-м цхьа цIерпошт а тоьар йац – забар йора ИбрахIима.

Къона саьлтий вовшахкхетачохь ИбрахIим новкъаваккха йеара цуьнан нана а, воккхах волу ваша СаьIид а, йиша Зарган а, иштта гергарчу нахана йукъара масех жима стаг а. Массо а новкъабовла кечбелла, керта арабовлучу хенахь, Заурбек чохь виссира. Цунна хаьара ша волчу чу ца вогIуш кIант аравер воций. Нохчашна йукъахь товш дац дас шен берашца йолу марзо гайтар, къаьсттина кIенташца.

ИбраIхим чоьхьаваьлча, Заурбек шен тасбиIан тIехь доIа деш вара. Цо иза дIадерзолц собар деш лаьттара кIант.

– ИбрахIим! – Заурбек хьалагIаьттира. – Со тешна ву хьан гIуллакхаш дика хир ду аьлла, амма нене кехат йазда мало ма йе. Хьуна ма хаьа цо мел чIогIа сагатдийр ду.

– Суна хаьа… иза ас цкъа а диц дийр а дац.

ИбрахIим йуьстах велира, Заурбекана аравала некъ буьтуш. Цу тIехь церан къамел чекх а делира. Йуьхьанцара хеталора ма шийла йара кIентан а, ден а Iодика йар, амма ишта ду и нохчийн Iадатан доза. Цу дозанера ца вохар дезох ду безамал а, дегайовхонал а.

Заурбека араваьлла ИбрахIимаца ларам лаьцна керта баьхкинчарна баркалла элира, тIаккха шен воккхах волчу кIантана СаьIидана тIедиллира машенаш чехка ца хохкуш, новкъах ларлуш хила аьлла…

Невра кIоштан тIеман комиссариатехь саьлтишка тIеман билеташ дIа а делла тIеман комиссара эскаре кхайкхинчу кегийчу нахе вистхуьлуш, шен къамел дIадолийра. Цо дехха дуьйцура Даймехкана хьалха долчу декхарах лаьцна а, советан саьлташна хьалха лаьттачу мехала Iалашонех лаьцна а.

Ткъа цуьнан къамел чекхдалараца нийсса, шен мукъам дIаболийра тIеман оркестра. Вотанан гIовгIанца хезаш дара «Прощание славянки» цIейаххана илли.

Ткъа цул тIаьхьа саьлтий а, уьш новкъабохурш а Аргун-ГIала дIабахара – ЧИАССРан йукъарралийн гуларийн пункте.

Гуларийн пунктана гуо бина лаьттара аьчка саранца йуьйлина кибарчиган леккха керт. Иза йинера Оборонин Министерствон хьаьрма саьлтий новкъабохучарна йукъара маларах кхетта верг чу ца валийта. Цигара чоьхьаволийла лардеш чоьхьарчу эскарийн сержанташ бара. Кхузахь дара и тIеман а, машаран а дуьненнна йукъахь долу доза.

Шатайпа йара хIара гуьйренан Iуьйре. Арахь шийла йацахь а, амма хIете а хIаваэхь мелла а хаалуш дара борз санна тIегIертачу Iаьнан садеIар. Гуларийн пункатана йистехула нийссачу могIарехь лаьттара къона акхтаргаш. Шайн кIентий эскаре новкъабохучеран дегнашчуьра гIайгIа гуш йара нанойн гIийла хьежарехь. ХIоранан а коьртехь хьийзара цхьа хаттар – сан кIант-м хьажор вац те Афганистане? Ткъа кегий нах-м самукъне гIовгIа эккхийтина лаьттара. Маржа-йаI къоналла! Ма ца девза хьуна кхерам боху дош! Ма сонталица хьоьжу хьо дахаран ирхенашка, цундела ца хуьлу-кх хьуна царех тийссайала а хала. Аьхкенан догIа санна йоца хуьлу хьан гIайгIа, ткъа сингаттам некъ тилий а дагчу ца богIу. Хьуна хIара дерриге а дахар ма хета забарех дуьззина той. Ткъа замано зийначу къаналлина-м хаьа стеган дахаран некъ зезагашца хилла ца Iаш, кIохцалшца а кхийлина буй. Ткъа и кIохцалш цу некъахь дукхох ма ду зезагел а.

ТIекхечира кегийчу наха сатийсина а, церан гергарчара шайн ма хуьллу йухатиттина а мIаьрго. ХIоранна а лаьара дIасакъастале шен вешига а, кIанте а даггара дешнаш ала, ткъа и дешнаш каро хала ма дара. Хеталора дакъаза йала хьаьхначу Афганистанехь йаьлла и сийна цIе, генарчу Нохчийчуьра нанойн дегнашкахь кхерста. Ма ца карадора кIенташка ала дешнаш. ИбрахIимана уллора дIа ца йолуш лаьттара нана. Цуьнан и замано къеждина сирла амат ма хийллозза дуьхьал хIуьттура ИбрахIимана ша хIоразза а дахаро къизаллица зуьйчу хенахь. Иза йист ца хуьлуш лаьттара кIентан бIаьра а хьожуш. Ши дош-м ца делира цуьнан багара. Амма ИбрахIимана хаьара муьлхачу лазамца керчара цуьнан кийрахь дог. ГIиллакхах ца йоха, ша дахарехь сел кIезиг хьистина волу кIант, цо доIанехь набарна тевжаш хьоьстур вуй.

Кху дуьненчохь боккъалла а безаман мах нанна бен ца хаьа. И бер дуьненчу доккхуш, дегIаца ша лайна Iазап, йуха деган Iазапе доьрзу цунна, цу берах сагатдеш, цуьнан дахаран некъан ойла йеш, иза Деле доьхуш. Ненан бIаьргийн йоза деша ма дика хаьара кIантана. Цунна хаьара нана шен дог ца Iовжо, бIаьрхийн и боккха хIорд лазамца кийрахь къуьйлуш лаьттий.