banner banner banner
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

скачать книгу бесплатно

ГIайгIанца ИбрахIиме хьоьжуш лаьттина Хеда, цIеххьана дIахьаьжира. Цунна йевзира шайн йуьртхочун Ахьмадан йоI Хьава. Кхиъна йаьлла, хаза товш нохчийн аматехь йоI йара Хьава. Хедас къайлах сатуьйсура иза ИбрахIимана йало. Хьава тахана кхуза йеанера эскаре шен ваша новкъаваккха.

Хеда шега схьаьоьжуш а гина, эхь хетта Хьава, кхераделла хьоза санна дIаиккхира. Иза тергал йеш лаьттачу Хедас, йела а къежаш, ИбрахIиме элира:

– Гирий хьуна мел хаза йоI йара хьайга хьоьжуш?

Шена иза гар а, цу хьокъехь шена хетта эхь а лачкъа ца делла ИбрахIим дIавирзира, ткъа Хедас-м йуха а шенаг дуьйцура:

– Дер йу Хьава наха дика цIе йоккхучу тайпанера а, доьзалера а.

КIантана нускал хоржуш, нохчаша къаьсттина чIогIа тидам тIехьажабо иза муьлхачу тайпанера йу. Иза коьрта лехам бу хIора а доьзалан, хIунда аьлча нохчашна хаьа бахкабелла орам болчу дитто, дика стоьмаш лур ца хилар.

ТIаьххьара шен безначарна мара а кхетта, ИбрахIим саьлтишна йукъа дIахIоьттира. Цу минотехь дуьйна, замано дIалистира цуьнан дахаран рузманера керла агIо.

Цу сарахь ша санна бIеннаш кегий нахаца цхьаьна ИбрахIим кхечира аьчка некъан Соьлжа-ГIалара вокзале. Уьш плацкартни вагонашкахь дIатарбеллачул тIаьхьа, цIерпошта дIаболийра шен некъ. Кегирхошна хезара гергарчара шайна тIаьхьа бетта мохь, гуора церан гIайгIане йаьххьаш а, цара лесто куьйгаш а, амма цIерпошт-м бен доцуш хецайелла йоьдура дашочу маьркIажена дуьхьал шен сира кIур бетташ. Корахула арахьаьжча цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа хийцалора Iаламан исбаьхьа суьрташ – гуьйрено можачу духарца кечъйина хьаннаш, йист йоцу аренаш, хиш. Дукха хан йалале Соьлжа-ГIала а геналлехь йиссира.

Оборонин министерствон хIоттамца, эскаре кхайкхинарш ницкъ ма кхоччу шайн Даймахкана гена бохура. Иштта Кавказера кегий нах СССР-н уггаре а генарчу гIаланашка а, йарташка а кхочура, ткъа Сибрехара а, Украинера а саьлтиша шайн тIеман декхара Кавказехь дIакхоьхуьра. Йуьхаьнцара хаттар кхоллалора оцу кепара шена харж а йеш пачхьалкхас стенна деш ду те иза олий? Амма дуккха а шераш девлча, ИбрахIимана карийра цу хаттарна а жоп. Иза хиллера шераша зийна, дикка ойла йина кхочуш йеш йолу политика. ИбрахIим цунах кхийтира телевизорчухула Советан Iедал дохале хиллачу хиламийн терго йича. Иза дара Бакухь а, Тбилисехь а, Вильнюсехь а эскар маьршачу бахархошца герзаца дуьхьалIоттадалар. Дуьхьал летачарна йукъахь меттигера бахархой бен бацара, ткъа уьш совцо арадаьллачу эскарна йукъахь Советски Сойузан регионашкара саьлтий бара.

И кхетам цуьнгахь чIагIбелира Ельцин Борисан Iедалан муьрехь Россехь хуьлучуьнан терго йан ша волавелча. ИбрахIим тешна вара Москван урамашкахула гIовгIанца хецайелла йоьдучу танкан куьйгалла деш верг оьрсий вац, хIунда аьлча ша вина а, ваьхна волчу гIалин Парламентан ло санна кIайчу гIишлонна тIе герз хьажийна иза цо йохор йац, йа йоха а лур йац. Ша бакъ вуй ИбрахIим кхийтира Соьлжа-гIалин Iожаллин теш ша хIоьттича.

ТIеман куьйгаллин мекара ойла хиллера иза – къона саьлтий Даймахкана гена баха, хIунда аьлча цара дика теллинера къоман син-кхетам. Саьлтий берриге а махкахула дIасакхуьссуш йайна харж, пачхьалкхас дукха сихонца меттахIоттош хиллера. Ша ваьхначу гIалина тIе цкъа а топ хьажор йац цхьаммо а ша кхетам чохь а волуш. Нохчийчоьнах цIе тасса арабевлларш а ма бацара нохчий. Дер бацара. Соьлжа-ГIала чим бина йагийнарш а нохчий ма бацара…

II

ЦхьайттолгIачу дийнахь эшелон Генарчу Малхбален Хабаровск гIала кхечира. Аьчка некъан станцера уьш дуьхьал йаьхкинчу тIеман грузовикашчу дIа а тарбина тIеман декъе дIабигира.

ИбрахIим ахшарна деша сержантийн ишколе кхечира. Иза чекхйаьккхинчул тIаьхьа, цо сержантан даржехь тIеман декхара дIакхехьа дезаш дара.

Шен хоршехь дIадоьдуш дара ИбрахIиман эскарера дахар. Йа командирашца а йа тIеман накъосташца а йолу йукъаметтигаш эскаро тIедожийначу барамал сов ца йевллера ИбрахIиман. Амма цхьацца дар-дацар доцуш а ца хуьлура, амма ИбрахIиман даима доьналла тоьура шен а, шен накъостийн а гIо даккха.

Кхарел хьалха эскаре баьхкинарш леташ меттиг а нислора, амма хIорш а ца буьссура декхарийлахь.

Иштта, цхьаьна дийнахь тактически Iаморашкахь сержантана лиира массарна а хьалха ИбрахIим охьатаIо. Амма мочхал лазош шена кхеттачу буйно сиха кхетамчу валийначу сержанта дукха чехка хийцира шен къоначу курсанташца йолу йукъаметтиг.

ТIеман уставаш дагахь шаръйар, даима хуьлу Iаморш, дегIан ницкъан кечамаш – атта ца хиллера эскарера дахар, амма массо а агIонехула цунна кийча волчу ИбрахIимана дацара иза хала. Эскарера халонаш бахьана долуш, цуьнан доьналла де дийне мел долу чIагIлуш дара. Шен сица а цIийца а ийна йолу йаьхь даима хуьлура цуьнан коьрта герз командираша а, цу ишколан сержанташа а хIуьттарена ког туьссучу хенахь. Хеталора командираша дийнахь а, буса а бIаьрг тIера ца боккху къоначу курсанташна, мел кIезиг долчу гIалатна а геч ца деш.

Йуьхьанцара ИбрахIим ца кхетара стенна бала хуьлу командирашна дIатассаза йиссинчу нуьйдаца а, ишта кхин долчу бенбашхалла йоцучу хIуманца а. Сержантийн ишколехь тайп-тайпана къаьмнашкара кегий нах бара. Нохчо цхьа ИбрахIим бен вацара. Цхьаьна махкара эскаре кхайкхинарш вовше гIо доккхуш, даима цхьаьна хуьлура. Хьайн къомах накъост кхузахь мел чIогIа оьшу ИбрахIим кхийтира эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлеттачу хенахь.

Церан дов даларан бахьана дара Арсен цIе йолу азербайджана хьаштагIа цIанъйан дуьхьало йар. Арсенна хетарехь иза Самвел цIе йолчу эрмалочо леррина кхуьнга хIуьттаренна цIанъйойтуш йара, эрмалойшна хьалха азербайджанаш охьатаIо Iалашонца. Арсен шена дуьхьал ваьлча, Самвела цунна йуьхьтIе буй туьйхира. Ткъа шайн махкахочун гIо а даьккхина азербайджанаша Самвелана йиттира. Ши саьлтий тассавалар шина къомана йукъахь даьллачу девне дирзира. Эпсараш йукъагIоьртинчул тIаьхьа, дов къастийра, амма шина а агIоно вовшашна кхерам тессира мацца декхна а дIадекхаза дуьтур дац аьлла. Оцу кепара, минот йаьллехь цIий Iаназа делира цигахь. Амма шина а агIона оцу халчу хьолахь кIелхьараволийла ИбрахIимана карийра. Цо шина довхочуьнга элира шаьшшиъ дуьхь духьал хIотта аьлла. Иза массо а агIо дустича нийса а, къонахашца догIуш а дара.

Сержант Самвел эскарехь волу цхьа шо а, кхо бутт а бара, ткъа Арсена тIеман декхара дIакхоьхьу кхо бутт бен бацара. Кху девнехь иза бакъ хилар ИбрахIимана гуш дара.

Муьлхха а мах белла, шен бакъо къовса кийча волу Арсен дикка кхераме вара Самвелана, амма цунна иза гуш дацара, хIунда аьлча Самвела дог дохура ша мел харц велахь а, эскарехь алсам хан йаьккхинчара шен гIо доккхур хилар. Мел халахеташ делахь а, Советан эскарехь «дедовщина» олу харцо вуно чIогIа йаьржина йара. Цхьа шо а сов эскарехь хан йаьккхинчара тIебаьхкинчу къоначу саьлтишна тIехь инзаре къизалла латтайора, ткъа иза эпсарша мага а дора.

Ша мелла а ницкъ болуш воллушшехь, Арсен хIете а чIогIа кхеравеллера ИбрахIима кховдийначух. Латарехь, спортехь шортта зеделларг долчу ИбрахIиман бIаьрг тIехIоьттира Арсен доьналла долуш хиларан, цундела иза цунах тешара, йа иза эрна а ца хиллера. Арсенан бIаьргаш чохь йогу цIе а, Самвелехь йолу дегазалла а дукхах болчарна гуш йара, цундела массеран а Арсенаца озабезам бара.

Сарахь массо а дIавижинчул тIаьхьа виъ стаг йуьхь-куьйг дуьлучу чоьхьабевлира. Арсена шен теш ИбрахIим лаьцнера, ткъа Самвелан теш ТолгIан цIе йолу узбек вара. И чоь нийсса ши довхо дIасахьовззал йара. Латар массо а бакъенаш ларъйаш дIадахьа дезаш дара – дегIана тIе буйнаш а, мираш а бетта мегаш ду, амма охьавоьжначух лата мегар дац.

Нийсса пхи-йалх секонд йалале Арсена моччахулах буй тоьхна охьавиллира Самвел.

ШолгIачу дийнахь эпсарша буса хилларг шайна ца гича а, ца хезча а санна дижа дитира.

Ткъа занятишкахь эскаран декъан командиран политикин агIонехула гIовса ца хууш санна Iоттар йира:

– Нагахь санна массара а къаьмнийн йукъаметтигаш Тасуев ИбрахIима санна къастош йалхьара, дерриге а дуьненахь машар хир бара.

ИбрахIима ша ца кхетча санна кеп йира. Халахеташ делахь а, цу буса хилларг йа ИбрахIимана а, йа кхи болчарна а тIаьхьало йоцуш ца диссира. Самвела йуха а шен махкахой Арсенна дуьхьал гIовттийра. Цара казарман уче а ваьккхина кIело йира цунна. Оцу кепара йуха а эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлетира. Цу латаран массо а декъашхой лазийнера. И дов цхьаьна баттахь къастош дара тIеман дознавательс.

Куьйг бехкенаш лерира Самвел а, Арсен а, ИбрахIим а. Дешаран декъан командира и гIуллакх шуьйра нахал ца далийта башха доккха таIзар ца дира – кегий нах масех денна гауптвахти чубоьхкира.

ИбрахIим цхьанца а башха доттагIалла а йа гамо а ца лелош, тийна-таьIна воллушшехь, цуьнан маьрша амал а, оьшучу меттехь шех жоп дала йолу доьналла а ца гуш ца йуьссура эпсаршна а, командирашна а.

Цхьаьннах а возуш воцуш, буьззинчу барамехь маьрша йа инзаре хьал долуш верг хир ву, йа карахь Iедал дерг хир ву. Заманан йохалла дахаро Iамийра ИбрахIим цу дешнийн ма-дарра маьIна дан.

Советан эскарехь тIеман декхара дIакхехьначарна дика хаьа эпсаршна маьрша саьлтий цкъа а ца безний. Командираша шайна даима а хьалха хIиттийна Iалашо йу жима стаг кагвина, шайна оьшучу амале верзийна, иза доьналлех ваккхар.

ИбрахIим «кхетор» шена тIелаьцнера Литвинов капитана. Иза гуттар а гIоьртина вара цуьнца. ИбрахIимана Iоттар йан даима цхьацца бахьана карадора цунна. Собарах воха кийчча вара ИбрахIим. Амма накъосташа хаийтира цунна тIейогIуш хала киртиг хиларах лаьцна…

Крутов Юрий сержант Советан Эскаре ша кхойкхучу заманахь Московски машенийн некъийн институтан кхоалгIачу курсера дIаваьккина вара. Цуьнан бахьана цхьанна а хууш дацара, йа цуьнан шен и довзийта башха лаам а бацара. Саьлтишна йукъахь иза даима а къаьсташ вара. ИбрахIимал ах шо хьалха эскаре кхайкхина волу иза, куьйгаллин сацамца кхи дIа а тIеман декхара дIакхехьа эскарехь виссира, къона курсанташ а кхиош. Юрий тамехь кIант вара. ХIоранца а дан къамел карадора цунна, цул совнаха гулбеллачеран самукъа даккха а – Юрийна гитара лакха а хаьара.

ЦIеххьана къамел хилар бахьана долуш, Юрийн а, ИбрахIиман а дика доттагIалла тассаделира. Юрийс дукха хIуманна тIехь бIаьргаш биллира ИбрахIиман. Шегахьара оьшу гIо дан тешо а йира. ИбрахIима хазахетарца тIелецира шега кховдийна доттагIалла. Накъостий кест-кеста цхьаьнакхетара, церан дийца шортта хIума а хуьлура.

Ах шо хан йелира курсантийн дахар шен тийначу хоршехь дIадоьду. ТIаьххьара кIира сержантийн школин курсанташ арахецарна лериначу даздарна тIеман декъехь кечамаш беш дIаделира.

Курсанташа хазахетарца жигара къахьоьгура шайн дахарера маьIне хиламна кечам беш. Iуьйранна дуьйна сарралц дIасауьдура уьш тIеман декъахь керташна басарш хьоькхуш, нехаш дIайохуш. ЦIаналла лепаш йара йерриге а хьаьрма. Нагахь санна цIеххьана тIеман инспекци кхачахь а, йуьхьIаьржа хир бацара уьш. ТIеман жима гIала кечйинера тайп-тайпаначу транспоранташца, байракхашца. Геннара бIаьрг тоьхча а гуш дара кхузахь боккъалла а даккхий даздарш дуй хила дезаш. Школин арахецархой а, куьйгалла кийча бара даздаршна. Дешарехь а, балха тIехь а кхиамаш гайтинчу эпсаршна а, сержанташна а тайп-тайпана совгIаташ далар а, керла цIерш йалар а, цхьаболчарна цхьаьна ханна Даймахка цIа баха бакъо йалар а кханенна лерина дара. Кхана тIекхочу Хьалхара Май – массо а къинхьегамхойн дезде.

Iуьйранна итт даьлча билгалдина дара Ленинан цIарах йолчу гIалин коьрта майданехь тIеман парад дIайахьар а, иштта къинхьегамхойн дуьйладалар а.

III

Iуьйранна Хьалхарчу Майхь арахь серсаш догIа долушшехь, парад хилира.

Сарахь тIеман декъан хьаьрмахь, эпсарийн Культуран ЦIийнахь тIеман гIуллакххошна ма-деззара къеггина даздаран цхьаьнакхетар хилира. Цуьнан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, тIеман декъан ансамбла а, иштта меттигера эстрадин артисташа а дакъа а лоцуш концерт хилира.

Концерта бакъ долуш массеран а самукъадаьккхира. Къаьсттина хазахеташ бара арахецархой, хIунда аьлча масех де даьлча царех командираш хир бу, ткъа иза йоккха жоьпалла йу, хIунда аьлча церан корматаллех доьзна хир ду церан куьйгкIелахь болчеран эскарера дахар.

Ткъа хIинца тIеман дешаран йалх бутт чекхбаьллачул тIаьхьа, цхьажимма садаIа аьтто баларна самукъадаьллера церан. Цул совнаха концертехь дIаолу иллеш а дара дог ира-кара хIиттош.

И тайпа цхьаьнакхетаршка эхар тIемалойн доьзалийн ламаст дара. Кхи болчу эпсарийн доьзалшца цхьаьна даздаршка йеанера тIеман декъан командиран политически белхан гIовсан хIусамнана Вера Степановна а шен йоI Ольга цхьаьна а йолуш. Царна тIаьхьатассавелла веанера капитан Литвинов а. Кхи болчу лахара эпсаршка а, взводийн командирашка а хьаьжча, Литвинов хIинца а зуда йалонза вара.

ТIеман декъан замполитан, подполковникан Тарасовн йоI чIогIа хазахеташ вара иза. Цундела лаьара Литвиновна муьлха а бахьана даьлча цуьнан де-ненан дог дика дан а, шен ма хуьллу цаьрца йукъаметтиг нисъйан а.

Литвинов гIеметтахIоьттина стаг вара. Ши шо хьалха цо лаккхара кхиамашца чекхйаьккхира тIеман училище. Цуьнан да генеральни штабехь лаккхарчу даржехь вара, цундела Литвинов училищера аравелира лаккхара лейтенантан цIе а йолуш, ткъа кхин а ши шо далале хенал хьалха цунна капитанан цIе йелира. Билгалдаккха деза, капитан хазачу аматехь вара, оцу хазаллица нийсса шен хьолах дозалла дар а дацара цуьнгахь хIуммаъ кIезиг. Москван уггаре а тоьллачу школашкахь дешар, лаккхарчу даржашкахь долу да-нана, тIеман хаарш – цу дерригено а кур ваьккхина Литвинов массарна а ца вешаш тIехула хьоьжура. Цунна хетарехь курсанташа а, сержаташа а, эпсараша цо аьлларг дан дезаш дара дуьхьал дош ца олуш.

Оццул хьекъал а, хазалла а шеца доллушшехь, тIеман накъосташна йукъахь капитанан доттагIий кIезиг бара. Ткъа бу бохуш лелаш берш а, дукха хьолахь шайна пайда лоьхуш бара. Литвиновс дукха ойла ца йора цу гIуллакхан, хIунда аьлча цунна ша хIинцале инарлин даржехь гора. Буьззинчу барамехь ирс хилийта оьшург Тарасова Ольга санна хаза нускал дара.

Доьзалехь цхьаъ бен а йоцуш, Ольга ша дуьненчу йаьллачу дийнахь дуьйна де-ненан безамах а, йовхонах а хьулйина йара. Цхьаъ бен йоцу йоI церан дахаран дерриге а маьIна дара. Дас-нанас шайн ницкъ кхочург дора йоI цхьаьна а хIумантIехь эшна ца хилийта. Ольгас чекхйаьккхира мукъамийн школа а, иштта хазахетарца теннисах а ловзура, нека дан а Iеминера. Школехь доьшуш хуьлу кхачамбацарш дас-нанас сиха къастадора репиторийн гIоьнца. Оцу дерригено а ишта а хьекъал долуш а йолчу йоьIана аьтто белира лаккхара кхиамашца школа чекх а йоккхуш, Хабаровски университетан экономически факультете деша хIотта. Башха чIогIа хаза йацахь а, амма тайначу аматехь, дегIаца товш йолу йоI божарийн бIаьрг тIе ца хIуттуш ца йуьссура.

Ткъа иза йистхиларца гуш хуьлура йоьIан самукъне амалца нийсса, кийрахь цIена дог дуйла а. Хууш ма-хиллара дукха тIех Iуьналла деш лелийна бер сов коча хуьлу, амма Ольга иштта йацара, цо мелхо а дас-нанас шена кховдийначу безаман хIу кийрахь даржош, кхиийра шегахь эсала амал а, адамащца йолу уьйр а.

Куралло вахийна Литвинов ма-варра ца вовззал Iовдал а йацара йоI, цундела цо гIиллакхехь йухатухура капитана шега кхийдо безам.

Капитан шен йоI йезаш вуй ца гуш ца диссира Ольги нанна а. Иза цу гIуллакхах йоккхайеш а йара. Нанна лаьара шен йоьIан кхане сирла хуьлийла, хIунда аьлча Литвинов гIеметтахIоьттина, массо а агIор аьтто болуш стаг вара. Кху даздаре а Ольга нанна хала ца хетийта йеанера. Кху цхьаьнакхетарах башха самукъадаьлла а йацара йоI ма-дарра аьлча. Цуьнан йерриге а ойла дIалецира даздаран цхьаьнакхетар долалуш шена гиначу цхьаьна сержанта. Цуьнан бIаьра хьожжушшехь кхийтира Ольга ишта кIант шена цкъа а гина воций. Ольгас тидаме лаьцнарг дара и кIант массарел а цхьа шатайпа къаьсташ хилар а, оццул хаза, зоьртала дегIехь ша воллушшехь хIумма а кур ца хилар а. Ларамза цIаьххьана дустира Ольгас Литвиновн а, шена дуьххьара гиначу сержантан а васташ, ткъа йоьIан ойланехь шина кIентан хиллачу къовсамехь толам сержанта баьккхира.

– Леккха хиларца а, дегIаца а цхьаьна вогIуш ву и шиъ – ойла йора йоьIа, амма кхи дIа-м башхалла ша стигланна а, латтана а йукъахь санна йара. Капитан хьаьрса месаш йолуш, сийна бIаьргаш долуш, хазаллех вуоха воллуш ву, амма цуьнан дерриге а амат басарш кхачийна дилланза диссина сурт санна ду, ткъа сержантан васт-м дийца дош карор доцуш, исбаьхьа ду. Цуьнан сирла амат нуьре до син-оьздангаллас а, кийрара дуьйна схьайогIучу цIеналлас а, ткъа бIаьргаш чохь кхерста доьналлин алу. Цуьнан дерриге а васт лерина диллина сурт санна ду. Ткъа кIант ша и ца гуш вац, амма хIете а мел лела хаьа цунна, мел оьзда йу цо дIайоккху хIора а гIулч. Концерт дIайаьлла аьлла биначу хаамо йукъах йехира йоьIан ойланаш.

Подполковник Тарасовс ша кхин а цхьаьна сахьтана тIаьхьа саца веза аьлла хезначу Литвиновс хазахетарца шена тIелецира Ольга а, цуьнан нана а цIа кхето.

Цу бехачу некъахь Ольгин ладогIа дийзира Литвиновн цу дегаза къамелашка. Ма хазахийтира йоьIана шаьш цIа а кхаьчна, капитан дIавахча.

Цу дерриге а кIирнахь Ольгин берриге а кхетам дIалаьцнера сержантан цу шатайпа васта. Иза кхайкхаза хьаша санна хIоьттира цуьнан деган неIаре. Къастаран мIаьрго тIехIоьттича бен ца кхийтира йоI ишта хиллий кхолламан некъаш. Кхолламо валийнера иза цуьнан ойланашка, амма боккъалла а долчу ирсана йелла хан кIезиг хуьлуш хиллера-кх.

Дешаран декъан куьйгаллас ИбрахIиме школехь висса элира, къона саьлтишца болх а беш. Юрийна а лаьара накъост шен уллохь хилийта. ИбрахIим хазахетарца реза а хилира. Къона сержант взводан командиран гIовс хIоттийра. Эскаран дахар шен тийначу хоршехь дIадоьдуш дара.

Кестта, ИбрахIиман а, Ольган а довзар хилира. Церан дахарехь иза боккъалла а цхьа исбаьхьа хаза а, маьIне а хилам а бара.

IV

ТIекхечира хьаьттан бутт (август). Масех де дара стиглахь цхьа а марха гучу ца йолуш, йекхна лаьтта. Дуьне лало санна кхеттачу малхана арахь лаьтташ тов йара. ГIалара дитташ а, зезагаш а адамаш санна гIелдинера аьхкенан йовхоно. Некъаш тIера ченаш ловзош баьллачу мохо а гIо ца дора, хIунда аьлча иза бовха бара. ГIалин паркан шийлачу Iома йистошкахь карайора бахархошна аьхкенан товнах кIелхьарабовлийла.

Иштта, кIиранан дийнахь делкъал тIаьхьа, Ольгина а лиира шен доттагIчуьнца Галиница цхьаьна а кхетта, паркехь жимма хан йаьккха. И шиъ сих-сиха йогIура кхуза. Мехкарийн дийца хIума шорта хуьлура. Коьрте хьийза шортта ойланаш, сирлачу кханенга болу сатийсам… маржа-йаI ма хаза хан йу-кх жималла, дахаро ца Iовжош иза чекхйаьлла дагалецамашкахь ша ма йарра цIена а, хаза а йиссар хилла-кх дуй ца хууш, боккъалла а доккха ирс. Паркехула лелаш, мацъйелла ши йоI кафе йахара хIума кхалла дагахь, амма маларх кхеттачу кегий нехан тидам шаьшиммо тIеберзор бахьана долуш, шина йоьIан цу чуьра сиха дIайаха дийзира.

Паркера цхьаьна гIанта охьалахъелира ши йоI, амма цигахь а цу шинан синтем бохош, тIаьхьакхечира маларо галваьккхина ши накъост. Мехкарий-м боккъалла а кхерабеллера. Орца деха а ца хIуттура ши йоI, хIунда аьлча ца хаьара диканна ара ца ваьллачу шинна хIун дагадогIу а. Шаьшиммо хIун дан деза ца хууш йиссиначу шина йоьIан йоьхна ойланаш йукъахъйехира цIеххьана тIекхаьчначу шина саьлтичо.

Церан тIеман духарах а, зоьртала догIмех а кхеравелла ши зуламхо дукха сиха дIавахара. Дукха кхерайелла Iадийна йоI йуьхьанцара кхета а ца кхийтира шаьшинна орцах ваьллачу шиннах цхьаъ шен ойланехь веха сержант хилар.

Мокъа хан йаьллачуьра, ИбрахIим а, Юрий а гIалахь садаIа меттиг лоьхуш вара. Концерте йа, клубе ваха ца лаьара, иштта кино ваха а дог ца догIура арахь дукха йовха хиларна. Цундела кегий нах парке бахара, Iома йистехь лаьттачу IиндагIах кху аьхкенан товнехь жимма марзо эца. Амма паркехь дагахь доццуш хиллачо хийцира накъостийн Iалашонаш.

Маларх кхетта ши зуламхо-м цкъа а ца хилча санна къайлавелира. Ткъа дахарехь хIинцале шортта зеделларг долу Юрий сиха кхийтира шаьш довза зудаберийн лаам чIогIа хиларах. Амма мехкарийн амалш хIинца а йовзанза волу ИбрахIим дIаваха сиха вара, шаьшинна гIуллакх цу тIехь чекхдаьлла моьттуш. Амма Юрийс шина йоьIана ца гуш муьшкаш а йина кхетийра накъост. Зудбераша хазахетарца тIелецира шайга кховдийна гергарло. Вовшашка цIерш а хаьттина, кегийчу нехан къамел тассаделира. Юрийс минот йалале тIеберзийра зудаберийн тидам. Ткъа ИбрахIима-м вист ца хуьлуш, эсала лаьттара, оцу кепара Ольгин дагчохь йаьлла цIе кхин а чIогIа марсайохуш. Юрий реза вацара шен накъостана:

– Кхунна оьгIаз ма гIолаш! Дукха хан йац хIара керосин эца ломара охьавоссийна, ткъа йуха хьалавала муш хаьдда виссина хIара, цундела жимма аккха ву. Дика кIант ву шуна хIара, амма цхьажимма татта везаш ву-кх даима а.

ИбрахIим вовза луучу Ольгас ша долийра кIантаца къамел. Цкъачунна ИбрахIим цуьнан хаттаршна доцца жоьпаш луш Iаш вара, амма жимма хан йаьлча хьалха санна ийза ца луш, къамеле велира иза.

ИбрахIим нохчо вуй хиъча, Ольгас элира шен нохчий цкъа а гина а йа, бевзина а бац, ша Толстойн а, Пушкинан а, Лермонтовн а говзарш йоьшуш бен, ткъа уьш махках бахарах лаьцна дас дуьйцуш хезна шаьш доьзалехь цхьаьна телевизиорчухула сийлахь хелхарчах Эсамбаев Махьмудах лаьцна передаче хьовсучу хенахь.

ЙоьIа дийхира цуьнга дийцахьара ахь хьайн Даймахках лаьцна…

Йуьхьанцара цунна ца хаьара ша хIун аьлча бакъахьа хир ду те, ткъа йуха-м сацам бира ши-кхо дош аьлла тоам бан. Амма цу Даймехкан васт дуьхьал хIоьттича, дешнаш ша ламанца дистина догIу ахка санна охьахецаделира. Шийлачу гIайгIано къийзочу дагчуьра самабевлла дагалецамаш туьха тесча санна Iийжара кийрахь. Цо дуьйцура цуьнга хIоразза а ламанца сатоссучу хенахь шен кийра муха шатайпа цхьа тамашийна синхаам буссура. Ша йоккхучу хенахь и сурт хIора а Iуьйранна шена духьал хIуттуш доллушшехь, иза цец вийлина ца вуьйлура Даймехкан Iаламан исбаьхьа хазаллех.

– Ламанца Iуьйре даима а йекхна хуьлу, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Тхан йуьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча – доггах дуьйцура кIанта – цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а. Цу хьаннашка бIаьрг тоьхча хетало малх хIора а дитте маршалла хоттуш бу, хIунда аьлча цуьнан зIаьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна тIехьара гучудовлу ло санна кIайчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамаша тIома ваьккхина ИбрахIим шен генарчу хIусаман кетIахь лаьттара, Даймехкан хазаллех бер санна воккхавеш. Цуьнан къамелехь цхьа тамашийна мукъам хезара. Цу мукъамехь гIайгIа хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора Iаламан сийлалла. Хеталора и мукъам лаьмнаша йазбина бу. Цо тоьшалла дора Iаламан лаккхале адам кхочур ца хиларан. Цхьаьна а илланчан похIма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта хIаваан къамел а, гIа-патарийн шабарш а, чIург етташ догIучу шовданан декар а, ламанан чIожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, йуха Таркхойн хIордан сийначу тулгIешца дIаэ хьаьгначу Органан и буьрса гIовгIа а. И ша дерриге а гайта а, хазийта а аьтто хир бац цхьаьна а суртдиллархочун а, йа илланчин а. ИбрахIиман ховхачу деган къайленашкара схьаоьхура и дешнаш, амма хIете а цунна хеталора хьомечу Даймехкан хазалла йийца уьш кIезиг ду. Иза дIатийра… бIаьргаш хьалха лаьттара дай баьхна латта, ойланаш йийсаре лецира Даймейхкан исбаьхьа васта…

ИбрахIима сел хаза, сел боккхачу лазамца а, мерзачу безамца а буьйцу шен и шатайпа Даймохк йоьIан бIаьргаш хьалха дIахIоьттира. Цунна моьттура ша а лаьтта хIинца цу леккхачу лаьмнийн когашкахь, церан йист йоцучу сийлалло Iадийна. Цуьнан сина а, дегIана а хаалуш бара цу лаьмнийн лайш йукъара схьахьоькху и маршонан мох. Цунна хьалха лаьттара цигара маьрша адамийн и шатайпа васташ – церан доьналлех а, дахаре болчу безамах а дуьзна и сирла аматаш. ЙоI кхийтира хIунда ву ишта чIогIа ИбрахIим массарех а къаьсташ. Лаьмнийн кийрара схьаваьлларг массарех а тера хуьлийла дацара, цундела вара иза ишта нуьре, ишта хаза, ишта зоьртала. ЙоьIана хиира хIинца иза хьанах тера ву – иза шена дезначу ламанех тера вара…

Цу шиннан къамел деха хилира. ЙоьIана а, кIантана а лиира вовше довза. Церан бIаьра хьаьжча гуш дара хIара цхьаьнакхетар тIаьхьало йолуш хир дуй.

Ольга а, Галина а цIа а кхетийна, ИбрахIима а, Юрийс а церан телефонийн номераш йийхира, кхи дIа а зIене бовла. Кегийчу нахана ца хаьара рогIера мокъа вала маца йиш хир йу.

Маьлхан къегина зIаьнарш корах чухьоьжура, йоьIан къоначу дагах самукъне гилгаш а дохуш. Ойланаша хьийзош, ехачу аьхкенан буса йижна йацара йоI. Са хуьлуш бен набарна дIа ца тевжира иза, цундела башха тховса дог догIуш йацара Ольга. ДегIах хи а кхерзина, кухни чуйахара иза. Марта диъна а йаьлла, телевизор хьалха охьахиира Ольга, амма цу чохь а дацара гойтуш башха адамийн самукъа дер долуш хIума.

Жимма хан йаьлча Галинига телефон туьйхира Ольгас. Цхьацца дуьйцуш, хабаре йаьллачу шина йоьIан къамелан тIаьххьара а коьрта чулацам хилира селхана вевзина ши кIант. Шортта дара цу шиннах лаьцна дийца хIума, цундела мехкарийн сацам хилира йуха а цхьаьнакхета. Селхана шаьшиъ леллачу парке а йеана йуха а гIанта охьалахйелира ши йоI. Гена доцуш лаьттара и ши йоI санна къона а ховха а долу кIайн даккх. Цо мехкарий аьхкенан йовхонах ларбеш, комаьршаллица шен IиндагIа кхийдадора.

Ма дукха дара зудберийн дийца, ма къоналлин цIергахь догура, духхьара синхаамо хьаьстина и дегнаш. ХIоранна а хетара ша хаьржина волу кIант хазох а, дикох а, тоьлла а ву. Карарчу хенахь зудберийн цхьа сингаттам бара – маца вера ву теша и шиъ зIене? Вера а вуй теша? Галинин ойла кхоллайелира – нагахь санна кху кIиранан дийнахь ши кIант гучу ца валахь, и шиъ шаьшиъ тIеман декъе гIур йу. Бахьана каро хала дацара – сиха гIуллакх нисделла Ольги да волчу йеанера ала мегар ду, йа капитан Литвинов волчу. Амма Ольгина Галинас аьлларг хаза ца хийтира, хIунда аьлча йоьIана хаьара шен да реза хир воций.

Мехкаршна хазбеллачу кIентийн коьрте а догIур дацара, шаьш дегнаш даьстина йолчу шина йоьIах цхьаъ подполковник Тарасовн йоI йуй. Амма ишта ду-кх дахар, шен къайленех дуьзна.

Безаман Къа

Зина бехкаман ницкъаца

таIзаре дуьллу

I

ДIаделира цхьа кIира. Кегий нах кхи зIене ца бевлира. ШолгIа кIира а дIадахара мехкарша гIайгIане садетташ. Эххар а шотдийнахь Юрийс Галинига телефон туьйхира кху кIирнахь шаьшиъ ИбрахIимца вогIур ву аьлла уьш дуьххьара гиначу меттиге. Хаза хетта ког лаьттах ца кхеташ, Галина йедда йахара Ольга йолчу и кхаъ эцна. Цо сацанза неIан горгали боьттура, амма неI схьайоьллуш цхьа а вацара. Эххар а лифтан гIовгIа хезна дIахьаьжначу Галинина гира шен ненаца чуйогIу Ольга. Вера Степановна шена ца гуш санна Ольгина марайетталора Галина. Ольга-м сиха кхийтира шен накъост стенах йоккхайеш йу. Цу суьрте хьоьжуш, йист ца хуьлуш лаьттина нанас, эххар а собар кхачийна элира:

– Собар де-кх шиммо а! Ма бишк тухур ду ас шуьшинне а.

Ткъа дегнаш иракара хIиттинчу шина йоьIана-м и кхерам хезаш бацара.

ТIекхечира мехкарша сатийсина шотде. Кегий нах зезагийн курсаш а эцна баьхкинера. Цу гIуллакхо кхин а чIогIа ирсе йинера ши йоI. Бакъ волчу тIемалочун хотIехь волчу шина кIанта бен доцуш ца йуьтура мехкарийн ойланаш. Ма эсала йелакъежара и шиъ кIенташна, азаллехь дуьйна и шиъ вевзаш волуш санна.

Уьш бехха Iара паркехь, къамел ца хедаш. Малхана гуо туьйсу дуьне санна чехкачу боларехь церан кхетамна тIегIертара безаман синхаам. Кегийчу наха сарралц цхьаьна хан йаьккхира. ХIинца дуьйна и тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста хуьлура церан.

РогIера цхьаьнакхетар дийцаре деш, ИбрахIиман а, Юрийн а сацам хилира шишша дIасакъаьстина хан йаьккха. Цундела рогIера цхьаьнакхетча Галина Юрийца паркехула йолайала йахара, ткъа ИбрахIим Ольгица гIанта охьалахвелла хан йоккхуш Iара.

Маржа-йаI жималла! Ма хьере хуьлу-кх хьо синхаамо йийсаре лаьцча. Кегийчарна шайн синхаам чIург йетта догIу шовда санна цIена хетало, царна ца хаьа иза эххар а гIалато шен йоьзачу мIаранашка лоций. ИбрахIиман кийрахь боьдуш боккха къовссам бара – Iадато къуьйссура цу йоьIе баханчу безамца, иза дегIаца а, сица а йерриге а йовза дагчохь кхехкачу лаамца. Хьекъало, кхетамо кхойкхура цуьнга, доьхура цуьнга:

– ДIагIо! Дохко вала! Ма кховда цунна тIе! Ма латаде хьайх къа! Ма делла айхьа хьайна Жоьжахатан кевнаш!

Амма бIарзделла са а, дегI а хьекъалан аз хаза къора хилира. Цу хьере лаамо чуьра дуьйна хIаллаквеш вара иза. Цо вадийна вуьгура иза бух боцучу Iин йисте. Ма чIогIа марзлуш хиллера ца магийнарг. Цуьнан чам бовза цу Iин йисте шайтIано тоьттура иза. Харц лаамо машано санна лецира къона дог. Амма латийна къа мел мерза хилахь а, цуьнах хуьлучу таIзаран къаьхьо а ма йеза Iовша…

Йешна книгаш, гина фильмаш йийцаре йеш, дехха къамелех тоам ца хуьлура безамо дахийначу шинна. Йилбазан мох хилла хьевзира церан вовшашка кхийда и хьере ойла. Цкъа меллаша, йуха чIогIа йоьIан куьйг шена керайукъехь Iевдира ИбрахIима, ткъа йуха цуьнан йовхонах шен кийра бузош, маракъевлира. Цуьнан белша тIе корта а биллина ИбрахIиман бIаьра хьаьжира Ольга. Ма дукха хIума дуьйцура цу бIаьргаша, ма кхойкхура цара, ма лоьхура цара иза, ма кхерстара цу бIаьргашкахь и йовха алу. Дуьххьара шен дахарехь, цуьнан дерриге а дегIах цIе латош, йоьIан ховхачу балдийн чам хиира ИбрахIимана…

Ма боккха бу безаман ницкъ. Цу синхаамо а бен ца ло адамашна дош даше ца долуш вовшех кхета аьтто. ХIунда аьлча ша дерриге а бIаьргашчохь йаздина хуьлу. Бакъ болу безам даима дахаро зуьйш бу – халонех, бIаьрхих, деган лазамах чекхболу иза, амма цу халонаша чахчийна безам, ламанца дистина догIучу ахкано шарбина кхера санна цIена хуьлу. Массарна а белла бац и синхаам. Цкъа мукъне а шен дахарехь иза бевзинарг дуьненчохь ирс гинарг лара мегар ду.

ИбрахIиман а, Ольган а йукъаметтигаш де дийне мел долу чIагIлуш йара. Муьлха а мокъа минот йаьлча цхьаьнакхетара уьш. Цхьаьна къомах а, цхьаьна динах а доццушшехь, ма чIогIа йоккха уьйр йара цу шинна йукъахь, хIунда аьлча цара къамел дийриг безаман мотт бара. Мотталора цу шинна йуххера дуьне сецна, оцу кепара цхьа хIума гуш дацара царна. Цу шинна ца гора шаьшинна тIегIерташ эладиттнийн дохк дуйла…

Царна йукъахь йаьлла цIе кхин а чIогIа марсайелира ИбрахIим Ольга йолчу хьошалгIа веанчу дийнахь. ЙоьIан да-нана Къилбе хIорда йисте садаIа дахана дара. Йухьанцара ца хIуттура Ольга ИбрахIим хьошалгIа кхайкха, ша цунна атта хетарна кхоьруш, амма хIете а цуьнга болчу безамо дIайеккхира и шеко.

Чохь дезарш деш йоллура йоI шен веза хьаша тIеэца. Чоьхь хезара са тедеш, цхьа тийна мукъам. ИбрахIиман кочахь хIоз хилла хьаьрчира йоьIан ховха ши куьйг, ткъа цул тIаьхьа йуха а цуьнан дегIан шатайпа йовхоно вадийна ворIх ломал дехьа воккхуш санна хеталора. ИбрахIиман карахь эрз санна йуьткъа йара йоI, цуьнан цу жимачу дегIаца кхийлина бара кIентан берриге а лаамаш. Шен кийрахь хиллачу цу тIамехь эшнера ИбрахIим, эрна хиллера кхетамо биттина мохь, эрна хиллера дагца къиссар, эрна хилира шайтIанца къиссар – цо толам баьккхира. Цкъа а диц ца дала дагчохь диссира цуьнан довха садеIар, цуьнан дерина дина санна долчу дегIан массо а сиз. Ткъа йоI ирсе йара. Муьлха а зудчо шен дахарехь сатийсина ирс хьаьрчира цуьнан сих а, дегIах а. Иза кийча йара цуьнан карахь йага…

Ирс гIан санна доца ду, ирс ткъес санна чехка ду. Къастаран мIаьрго мел йуха теттарх ца Iаш тIекхочу. Цо иза неIаре кхаччалц новкъаваьккхира. Ткъа кIанта цуьнан лере а теIна элира:

– Суна сайна дахарехь гина дацара ишта хаза хIума… хьоьх тахна сан дуьне ма хили…

Амма ца магийначу безаман марзо кхетамо сиха къахьеш хиллера. Ша цу чуьра ара воллушшехь минот хьалха дегIах а, дагах а хьаьрчина цу йоьIан и йовхо ИбрахIиман кийрахь хийцира шелоно. Иза кхетара ша тховса Iадатна йамарт хиллий, дас шена чудиллиначу гIиллакхашна йамарт хиллий, ткъа иза лан хала дара. Хала дара ИбрахIимна кхета шен дегIан лаамна ша тховса эгIаза хиллий. Оцу ойланаша хьере вина дIа кхечира иза тIеман декъе…

II