banner banner banner
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

скачать книгу бесплатно

Ольгин да-нана цIа деанчул тIаьхьа, доллучу хIуманан бала кхочучу лулахоша, Ольги нене сихона дIадийцира цуьнан йоьIана тIехьийзаш Кавказера кIант ву аьлла. ЙоьIе хIуммаъ а ца олуш, Вера Степановнина ша дерриге а хиира оцу кIантах лаьцна. Кхи дIа биначу талламашца иза кхийтира хIинцале хIара гIуллакх саца ца дахь, иза гена долуш дуйла. Иза шен хIусамдеца дагайелира, цуьнга ша дерриге дIа а дуьйцуш. Ткъа Ольги дена сиха хиира цу хьолера кIелхьараволийла. Цо сацам бира Хабаровск гIаланна сихонца ИбрахIим гена ваккха…

Подполковник Тарасов Николай Петрович эпсаршна а, саьлтишна а йукъахь а кIоршаме амал а йолуш, шен куьйгкIелахь болчарна жимма а гIалат ца могуьйтуш волу куьйгалхо санна вевзаш вара. Дахарехь уггаре а деза хIума дара цунна шен цхьаъ бен йоцу йоI. Иза кийча вара цуьнан дуьхьа шен ницкъ кхочург дан, амма нагггахь нислуш хуьлу де-ненан и тайпа бIаьрзечу безамо беран дахар талхош меттигаш.

Тарасовна Тасуев ИбрахIим уггаре а тоьлла саьлти санна вевзара, амма подполковникана коьрте а догIур дацара иза шен йоьIана везалур вуй. Цуьнан йоьIана, цуьнан хьоме Оленькина везавала йиш йац цунна цхьа а кхане кховдор йоцу кавказхо, цул совнаха цуьнан дай а хилла махкана йамарт бу аьлла цIера баьхна. Цо цкъа а могуьйтур дац шен йоьIана и санна дерг…

Нийсса ши кIира далале лаккхара сержант Тасуев ИбрахIим Афганистане дIахьажочу шайнлаамхойн тобанна йукъавахийтира. Цунах лаьцна ИбрахIимана ша новкъавала масех сахьт диссича бен ца хиира, цундела кIентан аьтто ца белира Ольгин Iодика йан а.

Холчу хIоьттинчу ИбрахIима Юрийга дийхира Ольга йолчу а гIой, цуьнга и шена йиц ца йеллий а, ша и йолчу вогIур вуй а дIахаийта аьлла. Амма Юрийс шен гIайгIа ца лечкъош элира доттагIчуьнга:

– Сан аьтто хир бац хьан дехара кхочуш дан, хIунда аьлча со а ву хьоьца цхьаьна Афганистане дIавоьдуш. Амма вайшиммо и гIуллакх Москвара сержантана Крушинский Сергейна тIедуьллур ду. Цо иза кхочуш ца деш дуьтур дац, цундела сихонца хьайн кехат кечде.

ИбрахIима схьадаьккхира шен кочахь кхозуш хилла дато сом. Иза нийсса йуккъах дийкъира цо. Сом беттасан кепехь хилира. Цуьнан цхьа ах шен коча тессира цо, ткъа важа кехатана йукъа а диллина Крушинскийга дIаделира. И сом эскаре воьдуш нанас делла дара цунна.

Хедас дукха жима йолуш дуьйна безамца лардеш лелош дара иза.

Цунна и шен ненера кхаьчнера. ИбрахIиман неннанас нохчийн къам Казахстане махкаха даьккхинчу хенахь хийлозза мацаллех шен доьзал ларбеш бепигах йа, шуранах хуьйцура иза, амма йуха а шен аьтто боллушшехь цIа дерзадора.

Юра а, ИбрахIим а Афганистане дIавахара. Дато соьмаца кхечира Ольге и шийла кхаъ. Везарах къастар чIогIа хала лайра йоьIа. Ткъа дас-нанас цуьнан сатедеш сих-сиха олура:

– Гой хьуна! Боккъалла а хьо йезаш хиллехь, иза цкъа а гIур вацара тIеман кIурла!

Ольгина шен дахарехь кхин ца хиира да-нана бехке дуй ша везначух къасторна. Цуьнан кехат йух-йуха доьшуш, йоI тешара иза шена кеста гур хилар. Иза дукха хIумнах ца кхетара, муха нисделла хIара ша дерриге а ишта, амма мухха а делахь а иза тешара кIентан безамах, тешара иза йуха воьрзур хиларах. Цхьаьна книги тIехь дешнера цо Ширачу Грецехь дукха чIогIа безам къа а лоруш, безнарш къастош хилла бохуш. ЙоьIана ша бехке хетара сел чIогIа ИбрахIим веза а везна цунах къастарна.

Жимма хан йаьлча, шен кийрахь хуьлучу хийцамашца Ольга кхийтира ша доьзалхочух йуй. Цо чIагIо йира и бер дIа ца доккхуш дан а, кхио а. Иза тешна йара ша ИбрахIимана кIант вер ву аьлла. Кхолламо хIун хьоьху ца хаьара йоьIана, амма хIинца дахар деса ца хетара, дахаран маьIна цуьнан дагца нийсса кийрахь детталора. Ольгас хIинцале сатуьйссура ша вина кIант воккха хилча йа лор, йа хьехархо хиларе, хIунда аьлча ИбрахIима а ма дуьйцура шена бераллехь хьехархо хила лаьара бохуш. Иза тешара ша дерриге а диканца дIадоьрзур хиларах. Ойланаша лаьцна йехха Iаш йара иза ИбрахIима совгIатна йеанчу Лермонтовн «Кавказан поэмаш» книгин агIонаш дIа а луьстуш.

Цу книгас дуьххьара ИбрахIим вевзинчу дийнахь санна йуха а йадийна нохчийн лаьмнашка йигира иза. ХIинца и шатайпа мохк хийра бацара йоьIана, хIинца цуьнан кийрахь кхолладелла и жима са нохчийн лаьмнийн тIамарах схьадаьлла ма дара. ХIинца кхи тайпа хьоьжура йоI дахаре. Дас дийцинарг а шеконе дуьллура. Хуьлийла дац и тайпа доьналлех боьттина нах Даймахкана йамарт, хуьлийла дац лаьмнашкахь кхиънарш кIиллой. И цхьа гIалат ду… дахар дуьзна ма ду цу гIалатех. ИбрахIимах хIара къастар а ма ду дахаран цхьа Iаламат доккха гIалат.

Чехкачу догIанан Iовраш санна йоьIан йуьхьтIехула охьахецаделира бIаьрхиш.

– ХIунда хили те хьо соьца сел къиза? – цхьа къора мохь белира йоьIан кийрара.

Хаац хьанна хьажийна дара цо и хаттар – йа кхолламе, йа шен безаме, йа дерриге а дуьнене. Цунна цкъа а карор дац цу хаттарна жоп. Цуьнан дагчуьра Iийдало и бIаьрхиш цхьаъ цхьанна тIаьхьа йоьIан карахь долчу ИбрахIиман суьрта тIе лоьгура… цо белхабора шена кхин ган ца боьгIна безам…

Амма, и шиаъ ца кхетара, и ша дерриге а шаьшиммо латийначу къинаца доьзна хиларца…

III

ХIуммаъ тIекаре ца хиллера Афганистан пачхьалкха. Йа бехк а бац. Цхьанна а безара бацара шеца Iожалла йахьаш богIу хьеший. ИбрахIимана хIинца хийлозза дагатуьссура воккхах волчу вашас СаьIида дийцинарг, цо шега деш хилла долу хьехарш. Ма бакъ луьйш хиллера иза. Интернациональни декхара, афганцашна оьшу гIо иза ша дерриге а башха кIоргера ойла йан ца хуучарна лерина долу деса къамелаш хиллера. Цига дIакхоччушшехь кхийтира цунах ИбрахIим.

Маьрша адамаш дайар а, гIаланаш а, йарташ а тIе бомбанаш йетташ хIаллак йар а цхьаьна ца догIура Советски Союзан пропагандица.

Йуккъерчу бIешерашкахь дуьйна йина хилла и шира гIаланаш а, йарташ а, адамийн цхьа декъаза Iер-дахар а, аккха Iалам а – афганцашна гергара делахь а иза ша дерриге а, амма советски саьлтишна ма хийра дара иза. Цундела ца кхетара уьш вовшех. Дийнахь йуьхьаьнцара сел маьрша хета афганцаш хIора буса кара герз а оьций, мостагIашна дуьхьал тIом бан арабовлура. Советан Эскарехьа берш а бара кху махкахь, амма церан терахь вуно кIезиг дара.

Ша лелош дерг харц хилар дагчу тассаро новкъарло ца йира ИбрахIимана цу тIамехь шен йист йоцу къонахалла гайта. Иза майраллица воьдура муьлха а кхерамна дуьхьал, доьналлица чекхволура тIеман халонех. Кавказера волчу цунна кхи болчарел аттох дара ламанийн некъаш цеста а, йовхо лан а.

Кандагарана гена доццуш хиллачу цхьаьна къиза латарехь ИбрахIима куьйгалла деш йолу отделени шен кхиамашца массарел а къаьстира. Йалх сохьтахь цхьаьна а шайн стагах ца хедаш, сецийра цара шаьш дIалаьцна лекхалла. Цу тIамехь доьналла гайтарна ИбрахIимна орден а йелира, иштта бархI денна цIа ваха мокъа а витира. Иза лаккара совгIат дара. Амма ИбрахIим цIа ваха ца тигира, хIунда аьлча кхуьнан доттагIа Крутов Юрий лазийнера. Иза кхуьнца цхьаьна батальонехь вара, амма талларан ротехь. Церан взводана кIело йинера. Юрий чIогIа лазийнера – пехах а хьакхалуш, букъчухула чекхйаьллера цунна даьндарг. Тамашийна хIума дара иза дийна виссар а.

ТIеман накъосташа хала араваьккхира иза кIело йиначу меттигера. Крутов лазийначул тIаьхьа ИбрахIим цуьнан метта талларан ротан командиран гIовсан дарже дехьаваьккхира.

ИбрахIима Афганистанехь шо сов хан йоккхуш дукха хIума хилира. Лазамо дог Iийжадора цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа тIеман накъостий дIаоьхуш. Кхузахь хиира доттагIаллин мах а. Сацанза Iенара цIий, даима йуххехь хеталора Iожаллан и шийла садеIар. ТIамна хууш хиллера бакъ долчу дахаран чам ма-барра бовзийта. Хеталора дуьненахь гиначу жоьжахатан цIе цкъа а ца йан летта йу кху дакъаза бала хьаьхначу махкахь.

ИбрахIима сих-сиха кехаташ йаздора цIерчаьрга. Цаьргара жоп а догIура. Амма ИбрахIима Ольге дахьийтиначу цхьаьна а кехатана жоп хIинца а деъна дацара. И бахьнехь иза боккхачу сингаттамехь вара. Цул совнаха ИбрахIима тIеман декъера шен накъосташка йаздинчу кехаташна а ца догIура жоп, иштта Крутовс Галине йаздо кехаташ а дуьссура дуьхьал жоп доцуш. ИбрахIим кхеташ вацара хуьлучух.

Цуьнан сатеда гIерташ, Юрийс олура Тарасовс дикка ларъечух тера ду шен йоI нохчочуьнца хила тарлучу йукъаметтигах. Цундела накъосташа сацам бира «гражданке» цIа дахча меттигехь ша дерриге а къасто. Чевнаш йирзинчул тIаьхьа Крутов демобилизовать вира могашалла бахьана долуш.

РогIера латарехь жимма лазор бахьана долуш ИбрахIим йуха а совгIатца билгалваьккхира. Цунна йелира «Доьналлина» мидал. Лазаран цIийнахь цхьа бутт а баьккхина, ИбрахIим аравелира. Кестта чекхйелира тIеман декхара дIакхоьхьу хан а. ИбрахIим старшинан цIе а йелла, демобилизовать вира. Кабулан тIеман аэродромера иза кеманахь Москва дIавогIуш вара шеца цхьаьна эпсараш а, сержанташ а, саьлтий а, иштта лазийна берш а болуш.

ТIеман-транспортни кемано хала бора стиглахула и некъ, Iожаллин йозалла эцна доьдуш долуш санна. Цу чохь Iаш болу нах а бара кхоьлина йаьххьашца, ойланийн йийсарехь Iаш. Шаьш нехан махкахь йитина и ирча лар, Iийжара церан дегнашкахь. Шайгахь мел хилла дикалла, адамалла охьаийллинера цара цигахь Афганистанан цIий хьуьйдиначу лаьттахь, ткъа хIинца цаьргахь йиссинарг оьгIазло бен йацара. Хала ма ду дуьнен чохь ваха дагчохь гIамаран буьртигал а дикалла а йоцуш. Ткъа цара шайн дахарехь мел хилла дика дайинера Афганистанан цу акхачу лаьмнашкахь. Царех хIораммо а ойла йора кеста гур болчу гергарчу нехан.

Ма хьаьгнера уьш церан марзонах. Ма дукха сатийсинера цара шаьш сел къиза хIаллакбечу цу декъаза махкара сихонца арадовларе. Ткъа эпсаршна йукъара цхьа верг-м, тIеман декхара бахьнехь йуха цига дIаваха а тарло… тарло гуттаренна цигахь висса а. Царех хIора а шен Даймахка йухавоьрзуш вара хара санна беса кийра а болуш. Ткъа дуьххьара тIом бан боьлхучу хенахь-м цаьрга аьллера Даймехкан декхаро уьш гIовттийна хилар, Даймахкана цкъа а шен турпалхой бицлур ца хилар. Ма дегнаш ира-кара хIиттина кхаьчнера уьш цига дIа. Ма кIезиг хетара Даймехкан дуьхьа дIалуш долу са а. Ма дозаллех буьзна бара уьш дуьххьара къиссаме гIовттуш. Амма хIинца кема шен болар сихдина мархашка айделча цхьаьнан а лаам ца хилира йуха хьаьжна, шаьш бохийна, баржийна охьакхоьссинчу махке тIаьххьара бIаьрг тоха…

Дай баьхна Латта

I

Москва – Соьлжа-ГIала цIерпошта схьакхачийра ИбрахIим Соьлжа-ГIалин аьчка некъан вокзале. Таксисте ша мича вига веза дIа а аьлла машенчу хиира ИрахIим. Даймахкаца цхьаьнакхетта хиллачу хазахетаран доза дан а дацара. Цунна шена а ца хаьара ша ишта Даймехкан марзонах хьаьгна хиллий. Ма шатайпа хаза йара Соьлжа-ГIала кху гуьйренан Iуьйранна. ИбрахIима бIаьрг тIера ца боккхура машенан корах арахьаьжча шена гуш долчу суьрташ тIера.

ДIауьдура дезна урамаш. Хеталора цу урамашкахула дIавоьду хIора а стаг гергара а, уллера а ву. Соьлжа-ГIалара арабевлча, гучуевлира и нохчийн шера аренаш. Ткъа йуха ма чехка деттадала доладелира дог – хьалха лаьттара лаьмнаш. Хьомечу йуьртан кевнаш санна лаьттара уьш. Къаьсттина хаза хуьлура уьш Iуьйранна, стигланан сийналла шайн кортошкахь лепош. Шатайпа хаза ма йара ИбрахIиман йурт – хеталора шерачу аренийн синтемо хьоьсту къежделла лаьмнаш. Муьлхачу а меттигера бIаьрг тоьхча гуш хуьлура лаьмнийн кортош, мохо техкош лаьттачу цу сийна варшашкахь наггахь гучудовлура дийнатийн гIаларташ. ПохIма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош йиллина говзар санна ма йара хIара йурт. Ма хала дацара кхузахь вала а, ваха а, къийсса а.

Арахь гуьйренан шело йоллушшехь, машенан кор охьадахийтира ИбрахIима – дерриге а дегIах хьаьрчира маьршачу лаьмнийн хIаваъ. Хеталора цу хIаваа нехан махкахь кхо Iанийначу цIийх хIара цу мIаьргонех цIанви. Генна дIахьаьжча, ма герга хетара и лаьмнаш.

– Да висса, Нохчийчоь… йиш йалара хьо, доггах маракъовла – цу ойланаша лаьцна ИбрахIим минот йаьллехь шен урамна тIехволуш хиллера. ЦIахь хаьара хIара кху деношкахь цIа кхочуш вуй, амма ца хаьара тховса вогIур вуй. Кийра буьзнера ИбрахIиман кестта шен доьзал гур хиларах. Амма цуьнца нийсса, дагах хьерчара гIайгIа а…

Москвахь ИбрахIим Крутов волчу вахара. Цигахь цунна хиира Ольгех хилларг. Крутовс халахетарца дийцира цуьнга Галинас шега даийтинчу кехата тIехь йаздина хилларг. Галинас дуьйцура ИбрахIимера а, Юрийгара а кехаташ шаьшинге а ца кхочура аьлла, схьахетарехь Ольги да бахьана долуш. СабIарзделлачу шина йоьIа-м Литвиновга а гIо дехнера, амма капитана гIо дийр ду аьлла ша делла дош кхочуш ца динера. Ольга доьзалхочух йара. Мел дехарш дарх, мел кхерамаш тийссарх, ша маре а йаханза деш долу и бер цо дIа ца даьккхира. Бер деш Ольга дIайелира. Лоьрийн аьтто ца баьллера бер мукъне а дийна диссийта. Ольги да-нана керла белхан меттиг бахьана долуш Ленинграде дIадахана.

И кехат доьшуш Юрий охьавоьлхура, амма ИбрахIиман бIаьргах хин тIадам а ца белира. Иза генарчу геналле леррина хьоьжура. Лазамо сел чIогIа Iовжийна дог тхьуздоьлча санна дара, цундела бIаьрхиш а ца догIура. Цуьнан шеко йацара Ольга йаларан бехк шен хиларан. Цунна ша бехке хетара пачхьалкхан и маьттаза политика бахьана долуш шен сих ваьлла доьзалхо а, шен йезар а шен ларда аьтто ца баларна. Нехан махка цхьанна а ца оьшу тIом беш, нехан цIий Iаночул, атта дацара хьайн безам ларба, хьайн бер ларда араваьллехь? И тIом герзаца бан безаш а ма бацара. ХIара стенна ваха веза хIинца? Мичахь ду дахаран маьIна? ХIара ма вара Iожалло лаца везаш верг, иза ма йацара. Стенна до те кхолламо сел къиза таIзар? Мокхазан берд санна хилла цуьнан и синтем цIаьххьана бIаьстенан стиглахь тоьхна ткъесс санна иккхира.

Цо ийззош схьа а йохуш, охьакхуьссура шена тIера орденаш, погонаш. Юха тIера схьайаьккхина китель охьа а кхоьссина тIе мираш хьийкхира цо цунна. Юрийс и меттавало гIерташ, нуьцкъала ИбрахIим гIанта охьа а хаъвина, хи делира цунна. ИбрахIима масех къурд бира. Юрийс холодильникчуьра къаьркъан шиша схьала а даьккхина, мала элира Ольга а, бер а дага а лоцуш, амма ИбрахIима жоп делира нохчаша белла нах къаьркъанца дагалоцуш ца хуьлу аьлла.

Юрийс хаам бира кху деношкахь Галина схьайеъча, шаьшиъ доьзал кхуллуш хиларах лаьцна а, хIара тойнехь ган шайна чIогIа лууш хилар а. Накъосте и хаам беш, Юрий ма-хуьллу гIертара шен хазахетар къайладаккха. Цо и ИбрахIиме дийцаран бахьна дара диканехь а, вуонехь а доттагIа шена уллохь хила лаам буйла дIахаийтар.

ШолгIачу дийнахь цара ИбрахIимана бедарш ийцира, хIунда аьлча цо сацам бинера кхин цкъа а шен дахарехь тIеман духар тIедоьхна ша гойтур вац аьлла, ткъа орденаш а, мидалш а накъостана дIаелира. Цул тIаьхьа Юрийс ИбрахIим Курски вокзалера новкъаваьккхира. Накъостий дIакъаьстира вовшашка кехаташ йаздан а, гергарло лелон а тешо а йина.

…Машен йуьрта чуйогIуш йара. Дахаро Iовжийначу ИбрахIиман дагна молха хилла схьахIоьттира хьомечу йуьртан сурт. Ма кхехкаш дара кхузахь дахар. Массо а маьIIера схьахезаш йара зIаькардаьхниша йен гIовгIа, гуьйре йалахь а, хIинца а баьццара лаьттачу дежийлашка дIаоьхуш дара бежнаш а. Юьртан урамаш декош, ловзура бераш, шовданера хи эцна богIура зударий, цIен тIехь дан дезарг дийцаре а деш. Ма хаза дара, ма цIена дара кхузахь. Ма шатайпа синхаамех буьзнера кийра. Охьакхетта лазийна бер, сиха шен нанна тIекхача лууш санна, кху йуьрта кхача хьаьгна вара ИбрахIим. Хеталора урамаша а йерзор йу кху тIаьхьарчу шерашкахь цуьнан дагна а, дегIана а дахаро мел йина чевнаш.

ИбрахIимал а чIогIа самукъадаьлла вогIура таксист. Машенан сихалла лахъйина, меллаша вогIура иза урамехула сих-сиха сигнал йетташ, адамийн тидам тIе а берзош. Цецбевлла нах арауьдура шайн цIеношчуьра, хилларг хIун ду ца хууш, ткъа бераша хазахетарца маьхьарий деттара.

Эххар а ИбрахIиман керта кхечира машен. Чохь мел верг арахьедира, ткъа массарел а хьалхайаьлла йогIура нана – ИбрахIиман дахарера уггаре а сирла а, хаза а амат. Цхьа да виссира ара ца волуш. Ишта мехала минотехь а къонаха, къонаха хуьлуш товш ву. Хазахетар а, халахетар а цхьаьнаэшшара лан хаьа деза цунна, шен дагахь дерг уггаре а безначарна а ца гойтуш. Массо а ИбрахIим ган сатесна хиллехь а, амма таксист ца хиллера иза ишта атта шен цIа вохуьйтур волуш. ИбрахIиман агIонера машенан неI дIа а къовлуш, цо мохь туххуш, элира:

– Аш шина шарахь ган сатийссина волу кIант Соьлжа-ГIалара дуьйна могуш-маьрша шуна схьакхачавина ас. Кхо дийцарехь, хIара эскарера вогIуш ву, тIеман духара-м дац кхунна тIехь бакъдерг дийцича, амма шун бIаьра хьаьжча а гуш ду хIара харц луьйш воций, амма хIете а суна буьззинчу барамехь тоьшалла оьшу!

Хеда шен кIант маракъовла хьаьгна хиллехь а, амма хIете а таксистан забарна тIетайра. Цо элира ша муьлха а хIума дIадала кийча йу, къизачу таксиста шен кIант маьрша витичхьана. Ткъа таксист реза хилира цхьаьна уьстагIан метта ИбрахIим волчарга дIавала. Цу тIехь сихонца барт а хилира. УьстагI таксистан багажникана чубуьллушшехь ИбрахIим машенчуьра араиккхина шен ненан марахьаьрчира. Ткъа гIуллакх хилла таксист доьзало шайца хазахетар доькъуш саца аьлча а ца туьгуш, машене кIур эккхийтина дIавахара.

Массо а чоьхьавелира. Ма эрна дара Заурбека шен синхаамаш лечкъо гIертар. Цунах кхеттачу ИбрахIима сихонца маракъевлира шен да. Массарна а гора цу шиннан и шатайпа йукъаметтиг. Заурбекана мел ца лиънехь а амма, цуьнан чIагIдала гIертачу дагна тешнабехк беш – бIаьрг буьзнера хин тIадамех.

Ма гуш дара Заурбекана шен кIант хийцавеллий. Тера дара эскарехь даьккхиначу шина шаро цуьнан дахарехь йоккха лар йитиний.

– Йа АллахI Дела, Iалашве ахь сан кIант! – шен дагахь элира Заурбека.

ТасуевгIеран хIусамехь доккха той ду. Геннара гуш ду диллина кевнаш. Дика а, вуо а тIедеъча нохчаша даима схьадоьллу кевнаш, оцу кепара цара гойту дика а, вуо цхьатерра ца духучу доьналлица шаьш тIелаца кийча хилар. Ма доккха маьIна ду цу ламастан. Ма гойту цо нохчийн къоман син-оьздангаллин бух, цуьнан собар, кхетам, хьекъал. Цундела хир ду-кх нохчийн къам бIешерашкахь дуьйна йа кхолламе а, йа мостагIашка а къар ца луш, кху дуьненан букъа тIехь шен сий долу меттиг дIалаьцна лаьтташ.

Тахана Заурбекан керта дика деъна – эскаран халонаш а лайна, тIеман кIурлахь шен доьналла а гайтина цIа вирзина цуьнан жимох волу кIант. Керта хаддаза схьаоьху нах – гергарниш, накъостий, лулахой, бовза-безарш. Заурбек кхета нагахь санна шен керта вуо деънехь а, уьш иштта схьаоьхур бара. Иза ду и гIиллакх – нохчийн къоман мах боцу хазна.

Шен кIант могуш-маьрша цIа верзарна Далла хастам беш, хIусамехь мовлид йоьшуйта Заурбека, ткъа йуха сарахь пондаран мукъамо кхайкхадо кху кертахь синкъерам болалуш хилар. Кегирхойн тобанаш цхьаъ цхьанна тIаьхьа керта оьхура. Нохчийн синкъерам хелхарца чекх ца болу, иза а ду шен доккха маьIна долу къоман ламаст. Къаьсттина синкъерамехь самаболуш хилла къоначу дегнашна хIинцалц ца бевзина хилла синхаам, кхузахь кхоллалуш хилла доьзал, кхузахь кхийдаш хилла дог даге.

Ма доггах бека и нохчийн кехат пондар. Цуьнан мукъам айбеш, хеза йеттачу вотанан тата. Тхьамда араволу синкъераман ламаст ларда. Цкъачуна эхь хеташ бу кегий нах, ткъа йуха нохчийн мукъамо ира-кара хIиттийнчу церан дегнаша, хелхарехь каде шершабойту когаш.

Тхьамдас лерина лардо синкъераман ламаст – лаьа ма лиънехь хелхаран гуоне аравала йиш йац, тхьамдера пурба ца даьккхича, ткъа синкъераман бакъонаш йохо а йиш йац, нагахь санна цIеххьана кхуза хьаша ца веънехь.

Ма хаза бу и нохчийн синкъерам. Цхьа а вуьтур вац цо бен доцуш. Доккха маьIна долуш ду нохчийн хелхар – цу хелхарехь ган мегар ду нохчийн къоман оьздангалла а, доьналла а, цо мел лайнарш а, мел чолхечу дахаран хьелашкахь а цо дахаре ца байина болу безам а.

ГIургIаз санна тIам ойбуш хьийза нохчийн йоI, ткъа цунна йуххехь ша аьрзу санна тIома волу жима къонаха. Кегирхойн жималлех, хазаллех бIаьрг буьзна Iаш хуьлу къаной а. Хетало вотанан татанца ийна пондаран мукъам, стиглане кхевдина седарчий самадохуш, бека.

Маржа-йаI, нохчийн пондар! Маржа-йаI, нохчийн хелхар! Наха диканехь бен ца дечу хелхаршца, нохчий хийлозза дахаран чолхечу киртигана дуьхьал гIевттина, цу хелхарца гойтуш шаьш де эшна ца хилар. Дади-йурт йоккхучу къизачу дийнахь а ма бекна маьждиган кертахь нохчийн пондар, хийла мостагIчунна хезна хелхарехь нохчочо бетта и мохь, оцу кепара мостагIашна гойтуш церан бIо мел боккха хилларх, нохчийн доьналла мокхазал чIогIа дуйла…

Чекхдевлира ИбрахIим цIаверзарна лерина даздарш. Йуха кIирнахь ИбрахIим хьошалгIа эха волавелира шена тIекхача аьтто боцу гергара нах болчу. Иза а ду нохчийн цхьа хаза ламаст. Муьлха а стаг цIераваьлла дуккха а хан йаьллехь, иза декхарийлахь ву къена а, могуш боцучу а шен гергарчарна а, йуьртхошна а тIехIотта.

ИбрахIим хIинца гуттаренна а цIа вирзинера. Йаханчу заманехь йиссира эскарца а, тIамца йоьзна цуьнан дахаран агIонаш. ЦIа веана кхаа денна йукъахь ИбрахIим декхарийлахь вара кIоштан тIеман комиссариате а вахана тIеман учете хIотта а, иштта паспортни столехь регистраци йан а.

ТIеман комиссара бехк баьккхира ИбрахIимана тIеман духар доцуш хиларна. Иштта цунна схьаделира Афганистанехь интернациональни декхара кхочуш даран льготни кехат а. ЦIахь цо и цхьанхьа охьакхоьссина кхин кара а ца ийцира. Моссийттазза Афгански тIеман ветеранийн йукъаралле кхайкхинера иза, амма иза ца вахара цига. Цкъа республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерстве а кхайкхинера иза милици балха хIотта аьлла. Цига балха вахча, цуьнан аьтто хир бара йуридически институте деша хIотта а. Дукха дехараш дира цара ИбрахIиме, амма иза дуьхьал хилира могуш вац ша аьлла, шен могашалла хIуммаъ галъйаьлла йоццушшехь. Министерствехь массо а цецваьллера, хIунда аьлча наха кхаьънаш а луш, муьлхха а агIонаш лоьхура цига балха хIотта. Амма ИбрахIим къар вала ца тигира. Цунна хаьара шена хIун оьшу. Цунна лаьара оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо хила. Ах шо кIезиг хан йиссинера дешаран хьукмате кехаташ чудала, цундела ИбрахIима тIетаьIIина кечам бора Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан университетан филологически факультете деша хIотта.

II

Аьхка ИбрахIим университете деша хIоьттира. Деша хIуттучу хенахь цо пайда ца ийцира тIемало-интернационалист ву аьлла шен йолчу льготех, иштта КПСС парти йукъахь ша хиларна а тидам тIе ца хьажийра. ТIеэцаран комиссина иза чIогIа хаза а хийтира, хIунда аьлча цу заманахь коммунисташ даима шайн бакъонаш Iора йохуш, адам кхерош хуьлура. Республикехь царех боккъалла а кхера а кхоьрура нах.

Замано дIалистира ИбрахIиман дахарера керла агIо – студенчески шераш дIадуьйладелира. Йукъараллин болх беш, университетан дахарехь цо жигара дакъа лоцуш хилар бахьана долуш, даг тIехь бина ша а, меллаша баша болабелира. Университетехь иза дзйудо а, самбо а латаран кепашах кхиамаш гойтуш вара, иштта шен тобанан куьйгаллехь а вара, университетан партийни комитетан декъашхо а вара.

Корматаллин баххаш довза хала дацара ИбрахIимана, хIунда аьлча дукха жима волуш дуьйна цо харжам а бина, школехь а шардинера шен хаарш.

Университетан дахар шатайпа а, чулацаме а дара. ХIора дийнахь дуьненан литературин классикийн керла цIерш йевзара. ИбрахIима тIетаьIIина Iамабора оьрсийн мотт, цуьнан йист йоцу шорталла берашна йовзийта шена атта хилийта.

Университетан кхолгIачу курсехь доьшуш волуш, де-ненан чIогIачу лаамна къера хилла ИбрахIима зуда йалийра. Цуьнан хIусамнана хилира ИбрахIим эскаре воьдучу дийнахь Хедин бIаьрг тIехIоьттина хилла йуьртара йоI Хьава. Дукха дехарш динера цуьнга нанас, эххар а цуьнан лаамна тIетайначу ИбрахIиман дахарехь схьайеллайелира кхин цхьаъ керла, чулацаме агIо.

Хьава хIетале Къилбаседа-ХIирийн Орджонокидзе гIалара медицински институт чекхйаьккхина хилла йаьлла лор йара. И йевзиначу хенахь а, иза йалийначул тIаьхьа а йоьIа ИбрахIиман кийрахь сама ца баьккхира безам цIе йолу синхаам. ИбрахIима иза лорура, комаьрша а, дика а вара иза цуьнца, амма безаман цIе кхин цкъа а ца кхерста йайначух тера дара ИбрахIиман кийрахь. Амма дуьххьара кIант Ислам дуьненчу ваьллачул тIаьхьа ИбрахIима хийцира хIусамненаца шен йолу ойла. Цуьнан амал кхи тайпа гучуйелира ИбрахIимана, дукха хьолахь хьалха шена ца гуш хилларг хIинца бода дIабаьлча санна гучудолура. Жимачу Ислама безаман керла зIийдигаш дугIуш хазйира церан дахаран аре. Адаман бIаьрг хиллал тайна а, хаза а бара церан доьзал.

Университет чекхйаьккхинчул тIаьхьа ИбрахIим Соьлжа-ГIалин йуйуккъерчу школехь хьехархочун болх бан вахара. Школа кху заманан лехамашца йогIуш, керла йина гIишло йара. Белхан накъосташца йукъаметтиг каро а хала ца хилира массаьрца а даима тIекаре волчу ИбрахIимана.

Берашна шен хаарш дIакховдош, иза кхетара муьлха а пачхьалкхан бух дешар хиларах. Цунах йоьзна йуйла къоман могашалла а, культура а, экономика а. ИбрахIимана хаьара шена тIехь корматаллин лаккхара декхара дуйла, цундела цо шен ницкъаш ца кхоош къа хьоьгура белхан меттигехь. ИбрахIиман кхиамаш ца гуш ца биссира школин куьйгаллина. Кхо шо далале иза дешаран декъехула директоран гIовс хIоттавира. Хьехархочун болх дIатасса ца луучу ИбрахIима хазахетарца кхочуш бора ший а болх.

ХIара балха ваханчу хьалхара шина шарахь доьзал квартирехь Iаш бара, ткъа йуха халкъан дешаран гIалин отдела дина дехара бахьана долуш, ИбрахIимана латтана дакъа делира. Керла цIено долийра ИбрахIима. Цуьнан а, хIусамненан а дерриге а алапа керла цIено дарна тIехьажийна дара. Амма хIете а Iер-дахар хала дацара дас-нанас гIо дар бахьана долуш.

Советан заманара доьзалех къаьсташ бацара ИбрахIиман хьанал рицкъа доккхуш, къа хьоьгуш болу доьхал. ИбрахIим бераш Iамош вара, Хьава нахана дарба деш йара. Цхьа Ислам вара дуьненан гIайгIанах мокъа, шен да-нана хIора а дийнахь ирсе дарий бен кхин декхара тIехь доцуш. Кхо шо даьлча цIено а чекхделира. Керлачу хIусаме керлачу доьзалхочунца дIадолийра шайн дахар ИбрахIимгIара – дуьненчу йелира йоI Лиза.

Бохам

I

Моьттура кхане сирла а, ирсе а йу. Амма буьрсачу Iай лаьмнашкахь хьаьттарш санна, тамашийна, кхета а, маьIна дан а хала болу хиламаш тIехецабелира адамашна. ХIора а де шеца инзаре хийцамаш бохьуш догIура. Хеталора эзарнаш, миллионаш адамийн дахаран мах белла йоьттина хилла, и цкъа а йухур йоцу СССР цIе йолу гIап тховса ша цIелиг санна охьахаьрцаш йу.

Халкъ Iадийна дара. Массеран а кхоьлина йаьххьаш тIехь гуш йара гIайгIа, хин дерг ца хааро кийра боссийна болу и кIорга сингаттам а.

1991-чу шеран хьаьттан (август) беттан 18-чу дийнан хиламаша Нохч-ГIалгIайн республике керла баланаш беара. КПСС-ан ОБКОМ-ан секретарь волчу Завгаевна бухара гIант а лестира. Иза СССР пачхьалкх кхоьлличхьана дуьххьара нохчо вара и тайпа лаккхара дарже хIоттийна волу. Москвас бехк биллира цунна ГКЧП-ца йолчу йукъаметтигехь иза йуьстах ваьлла аьлла. Схьахетарехь Москванна иза кхин оьшуш вацара.

1990-чу шеран хIутоссург (май) баттахь Вайнехан демократически партис Нохч-ГIалгIайчохь кхин дIа хин йолчу политически процессашкахь мехала дакъа лецира. 1991-чу шеран мангалан (июль) баттахь республикин политически жайни тIехь хIинцалц йевзина а, хезна а йоцу цIе гучуйелира – Дудаев Жовхар. Халкълахь цунах лаьцна иза генерал хилар а, тейпан йалхаро а, цуьнан зуда оьрси хилар а, иштта цуьнан гергара нах Катаямехь бехаш хилар а бен кхин хууш хIума дацара. И хаам кIезиг бара къоман тешо Дудаевс йаьккха а, къоман куьйгалле иза хIотто а. Эстонин Тарту гIалин тIеман гарнизонан хилла комендант Дудаев Жовхар Соьлжа-ГIалара Нохчийн Къоман Вовшахтоьхначу Конгрессан (оьрсийн маттахь доцца цунах ОКЧН олура) председатель хаьржинера. Москвас гIо ца деш и хуьлийла а дацара.

ГКЧП сий дайна йоьжначул тIаьхьа рагI ОКЧН-ехь йара. Соьлжа-ГIалин урамашка цкъа кегий, йуха йаьккхий митингаш дIайахьар долийра. Оцу кегийчу тобанашка йаьккхийчу дивизишка а ца далуш дерг а дан ницкъ кхочура. Тамашийна хьелаш нисдаларца дIалецира МВД а, КГБ а, ткъа пачхьалкхалин и баххаш лардаран гIаролехь лаьтташ масех белхало бен вацара, цаьргахь а массаьргахь табельни герз а дацара.

ЦIий ца Iанош хилира и структураш дIалацар. Эскаро Iедална дечу цу зуламна цхьаьна а кепара дуьхьало ца йира.

ИбрахIиман бIаьргаш хьалха охьадохийра Политпросвещенин ЦIа, цунна гуш дара тайп-тайпана кхайкхамаша марсайаьккхина халкъан и тоба цу гIишлонна тIехьодуш. И гIишло ларъеш, герзах боьттина лаьтташ хилла милиционераш меттаха а ца бевлира адам сацо.

Хуьлуш долчунах ИбрахIим боккъалла а кхета волавелира Москвара Соьлжа-ГIала Дудаевна гIо дан Хасбулатовн тоба йеъча. Шеко йацара церан Iалашо Завгаевна метта Дудаев нохчийн къоман куьйгалле хIоттор хилар, ткъа и кхочуш йан цаьргахь аьттонаш хилар а.

Кхета хала дацара хIунда ца къуьссу Завгаевс шен дарж.

1991-чу шарахь керлачу конституцица догIуш, Ночх-ГIалгIайн Республика йозуш йоцу пачхьалкх аьлла дIакхайкхийнера. 1991-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 15-чохь Нохч-ГIалгIайн Республикин Лаккхара Совет дIахецначул тIаьхьа, цхьаьна ханна совет кхоьллира, иза Москвас керла харжамаш хиллалц законни орган хилар къобалдира. ОКЧН-ан кхочушдаран комитетан цхьаьна ханна кхоьллинчу Совета а, ГIалгIайчоьнан массо а тIегIанан депутатийн советан а барт барца Нохч-ГIалгIайн Республика йийкъира – Нохчийн Республикина а, ГIалгIайн Республикина а.

1991-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 27-чохь Нохчийн Республикехь президентан а, парламентан харжамаш хилира, цара кечдира керла пачхьалкх кхоллар. ГIалгIайн къома йукъарахалкъан референдум дIайахьарца йухнехьа РСФСР-ана йукъайахара. Федеральни центр йистхуьлуш йацара. Амма 1991-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь РСФСР-ан Лаккхара Совета дIахьедар дира Нохчийн Республикера харжамаш ша тIелоцуш ца хилар!

II

Дукха ду лаьмнашкахь чолхе некъаш а, некъан кегий тачанаш а, дукха йу цу некъашкахь аккхаройн лараш. КIезиг лела цигахь адам, лелахь а дукха хьолахь иччархо. Амма ламарой дIасалела тачанаш а ду цигахь – цхьаьна йуьртара кхечу йуьрта, цхьаьна махкара кхин махка. Ламаро воьду некъан тача гучара дIадаьлча иза уггаре а хьалха йухахьажа веза, дIасахьажа веза йуххера хьолах кхетархьама ша кхи дIа мича ваха веза.

Диканан а, вуонан орам бу дешар. И дешар а, Iилма а кIоргера мел хуьлу, дикано чIогIаха тоссу шен орам. Дешна наха кхуллу шайн тобанаш, тобанех йукъаралла кхоллало, ткъа йукъаралла – иза халкъ ду. Халкъ хьекъале мел хилий а, цуьнан вуонна дуьхьало йан ницкъаш алсам хуьлу, цуьнгара дика а алсам долу. Нохчийн къомана дика а вуо а хийцалуш кхийдош хиллачу Россин пачхьалкхаллин ирхенера кховдинера цо сатийсина маршо. Шеко йац хIун жоп лур дара гIамаран арахь виссинчу некъахочо шега хи дезий хьуна аьлла хаьттича. Амма цу лаамо вахийнарг Iехо а ца хиллера-кх хала.

Интеллигенци кхетам болчу адамех лаьтта. Цунна даима дуьхьалтуьйссу йаханчу заманера бIарлагIаш. И хилларг, дIаэхнарг нийсса къаьсташ гуш дац, амма интеллигенцина дагадогIу и муха хIаллак деш дара, муха хIаллак хуьлура историйн дийна теш хилларш. Нохчий а, гIалгIай а махкаха баьхначу хенахь харцонан марсайуьйлучу цIергахь йогура нохчийн къоман истори – шира жайнаш, таьптарш, хиллачийн тоьшалла ден йозанаш. Иза инзаре хIума дара – къизаллин терзан тIе диллича къам махках даккхарал а дезох. Мажъелла кехатан йуьхгаш бен санна ца диссина мостагIаша дIасаэтIийна нохчийн историн жайна.

ХIора а теори ца хуьлу аксиома. Дерриге а дуьненна шайн къомах лаьцна долу бакъдерг довзийта гIерташ къахьоьгуш бу нохчийн къомах болу историкаш. Мехала ду хьайн къоман истори хууш хилар. Шен кхиаре боьдучу некъатIехь муьлха а халкъана оьшу и нийса некъ хьоьхуш верг, гойтуш верг, кхерам боцуш цивилизацин хорше хIотта хала ду. Кегийра къаьмнашна а, халкъашна а къаьсттина кхераме йу революциш а, политически мур хийцабалар а. Оцу хьелашкахь кегийра къаьмнашна къаьсттина чIогIа оьшу собар. Синтеме хиларо гIо дийр ду дуьнене болу хьежам цIена хилийта а, цо кхийдайечу халонех атта чекхвала а. Дуьнен чохь пачхьалкхашна а, къаьмнашна а йукъахь дахарехь санна ницкъ болуш верг гIийланиг охьатаIо гIерта.

Интеллигенци классически билгалдарца – иза йукъараллин пардо ду. Тайп-тайпана бахьанашца исторически бакъдолчунна шен болчу хьежамащца цхьа барт болуш ца хилла иза. Аьтто бац сийлахь баккхийчу хийцамийн муьрехь, итта шерашца лаьттина йукъараллин кеп йухучу хенахь, хуьлучун нийса маьIна дан а, цIена кхетам ларба а.

Нохчийчоьхь хуьлучу процессашна шуьйрачу хаамийн гIирсийн гIоьнца а, адамашна дийна дашца а тIеIаткъам бан а гIоьртина интеллигенцин оппозиционни дакъа меллаша къайладелира. Ткъа цуьнан важа дакъа адамашна гуш а доцуш, хуьлучун куьйгалле хIоьттира. Цхьанна а ца гуш, лаьттара иза къомо хьалхатеттина а, шаьш цунна хьаьлха бевлла а болчу баьччийн букъа тIехьа, цара дIайоккху хIора а гIулч а, церан хIора а ойла шайна луъчу а йерзош, цара хIиттайора нохчийн керла пачхьалкх кхолларан Iалашонаш. Хьалхабевллачу баьччанша дуьгуш дацара нохчийн къам, цу цхьанна а ца гучу интеллигенцис дуьгуш дара. Ткъа мича дуьгуш дара? Стенга кхачош дара?

Де дийне мел долу чехка даьллера колониальни Iазапах маьрша бевллачу мехкашна тIаьхьакхиа гIертачу нохчийн къоман болар. Амма маьрша пачхьалкх кхолла сел кIезиг зеделларг долчу къоман аьтто бер буй те йукъараллин кхиаран рогIера тIегIане дала? Нагахь санна цуьнан аьтто балахь, иза Россис дина доккха мехала гIуллакх хир ду, хIунда аьлча Нохчийчоьхь хуьлуш дерг цунах доьзна ду. Нагахь санна нохчийн къоман аьтто ца балахь а иза Россин бехк хир бу – делахь хIинца а тIе ца кхаьчна Росси цIанъйаларан и исторически мIаьрго, делахь вуонна арайаьллачу пачхьалкхан санна сийсаза цIе хир йу цуьнан.

Беловежски пуща йаханчу заманехь йиссина. 1991-чу шеран чаккхенехь СССР йуьйхира. Россин Федерацис шен лаамаллин бакъонна тIе а тевжаш (иза моттаргIана бен дацара, хIунда аьлча СССР-н конституцехь союзни республика йукъара арайаларан бакъо билгалйина йац) СССР йукъара арайелира, йукъарахалкъан референдуман жамIаш кхин доллушшехь, ткъа цу шеран эсаран (октябрь) баттахь керла пачхьалкхан лаккхара органаш а кхоьллира.

Нохчийн Республикин суверенитет декларативни кхайкхор хилира 1990-чу шарахь. 1991-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь дIакхайкхинера иза йозуш йоцу, маьрша республика хилар. Нохчийн Республика а, Россин Федераци а йозуш ца хилар дIакхайкхоран хенан дозанаш ца дицича а гуш ду. СССР-н конституцига хьаьжжина, Нохчийн Республикин а, Россин Федерацин а нийсса бакъонаш йара шайн суверенни пачхьалкха кхолла. Амма федеральни центрана ца лиира Нохчийн Республикин и бакъо къобалъйан.