banner banner banner
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

скачать книгу бесплатно

СаьIида уьш кхетийра шина тайпанна йукъахь ткъе пхиъ шо сов хенахь дуьйна хилла хIара мостагIалла тховса кхин цкъа а ца хьахо дIадоккххуш ду аьлла. Цул совнаха, хIара тайпа цхьаьнакхетар мелхо а машарна тIехьажийна ду, тIекхууьчу чкъурана а кхетийта, геч дина стаг вита, цуьнан цIий Iаночул совнаха доьналла оьший. СаьIида кIоргера къамел дира лериначу урхаллийн белхалошца. Партина дуьхьал вала а ца гIерташ, нохчийн Iадатийн кIорге йовзийта шен дерриге а, хьекъал а, кхетам а тIехьажийра цо. СаьIида билгалдаьккхира Iедалан таIзар кхочушдаран система буьззинчу барамехь тоьлла йац аьлла, хIунда аьлча набахтичуьра араваьллачо ша дина зулам кхин цкъаъ до, амма заманан йохалла гина дац витиначу чIирхочо йуха а адамна тIекхевдина а, ур-аттала цхьа жима зулам дина аьлла а гучудаьлла. Оцу кепара вайна го мел йеза йу Iадатан мехала. Амма хIете а социалистически йукъараллехь Iадат хьалхататта а оьшуш дац. Цу тIехь церан къамел чекхделира.

Баккхий нах дукха чIогIа реза хилира СаьIида диначу къамелана, цуьнан дешаран пайда билгал а боккхуш. Цул тIаьхьа гулбеллачара кхи дIа шайн гIуллакх дIадехьира…

Цкъа хьалха гулбеллачаьрга вистхилира къано – Абу-Хьаьж. Цо дехха дуьйцура чIир йитаран мехаллех а, нохчийн гIиллакхех а лаьцна.

Къаночун къамелана новкъарло йарна кхоьруш санна, меллаша диттийн гаьннаш хьоьстура бIаьстенан мелачу мохо. Лаьттахула доьдучу сагалматан болар а хезар долуш тийналла хIоьттира гулбеллачарна йукъахь. Ткъа къано-м ойланаша масачу дойша санна вадийна генарчу геналле вигира. Тахана иза шина тайпанна йукъахь машар бан лаьтта.

Тасуев Заурбекана (ТIасин Акин Генжин кIантан Наурдинан васт) стаг ву тахана вуьтуш. Цуьнан карах веллера Дога, амма къаночунна хаьа шен цхьа а шеко йоцуш церан доьзалах дош дала бакъо йуй, хIунда аьлча дагалецамаша иза сихвина кху тийначу Шина-Суьйра йукъара майданера буьрсачу Органан чIоже вигира.

Цигахь… дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь Iуьллучу ЧIиннахахь цIий Iанар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина кIотарна – Боки-Дукъархошна а, уьшкхалхошна а йукъахь заманан йохалла дIадоьдуш дов дара. И шайна йукъара чIир кар-кара а оьцуш дIакхоьхьуш дара цара и мостагIалла. ТIекхечира тIеман и къиза шераш. Паччахьан Iедало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса гIевттина мур бара и. Цу тIамехь майраллица летара Боки-Дукъара Заурбекан кхоалгIа да ТIас а, цуьнан ваша Арсгири а. ХIетахь церан чIир йитаза йара, хIунда аьлча кхара уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворхI стаге даьллера, ткъа боки-дукъархойн дуьхьал винарг йалх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъйан, уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн чIир эца. Амма тIеман кIурлахь-м церан мостагIа цхьаъ хилира, хIунда аьлча къуьйссуш йерг Даймехкан маршо йара. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша ТIас цхьаьна а волуш тIекхечира мостагIчун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа дIадахьа аьтто ца болуш дIабахнера. Йуьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан чIирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи дIа хIун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена тIера верта схьа а даьккхина, Делан цIе а йоккхуш, дакъа цу йукъа а хьарчийна, иза веллачун говра тIе а диллина, шен ваша ТIас тIаьхьа а хIоттийна новкъавелира Арсгири.

Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, дIахийцира говр. Iуьйранна и говр шайн керта йеъча, цу тIера шен кIентан цхьаммо леррина гIайгIа беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира – суна хаьа хIара тайпа хIума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Йуха Боки-Дукъа агIоне дIа а хьаьжна, цо и йурт йекош мохь туьйхира:

– Арсгири! Хьо тоьлла хьуна тахана!

Маржа-йаI мел деза лоруш хилла нохчийн лаьмнашкахь адаман дахар а, Iожалла а.

Уьшкхалхо кхетара Арсгирина хIуммаъ атта ца хиллий тIеман кIурлара шен мостагIчун дакъа схьаэца. Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган тIехIотта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостагIий уьш боллушшехь, вийна Iуьллучун доьзалан ойла йира Арсигирис.

Ткъа йуха-м заманан йохалла хийла доьза дайра и нохчийн декъий, хийла Соьлжа-ГIалин урамашкахь мецачу жIаьлеша дIасатекхадира уьш, хийла мостагIаша сийсаза деш, шерашца Iохкура уьш дай баьхначу лаьттахь а кошан барз ца карош.

Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира, уьшкхалхойн лаам кхайкош:

– Шуьца долу мостагIалла тховса чекхдаьлла, уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган!

Оцу кепара Боки-Дукъархоша гайтина йаьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостагIалла хадош, тIаьххьара шайн вийна стаг витира царна уьшкхалахоша. Шайн мостагIаша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, гIиллакх а гойтуш. Къано сецира, вехха лаьтта бIаьра хьоьжуш. Маржа-йаI НОХЧАЛЛА – Башломал леккха хилла-кх хьо, амма хьан ирхенаш йаха дац-кх атта…

ЧIир йитар нохчийн Iадатан лехамашца догIуш, кхин цхьаьна а хIумано новкъарло ца йеш чекхделира. Догин гергарчу наха шаьш хьалха дIахьедина ма-хиллара, сурсаташца а, ахчанца а деш долу гIо тIе ца лецира, ткъа шайн рогIехь ЗаурбекагIара цаьрга тешо йира и кхачанан сурсаташ а, ахча а шаьш Догина тIера сагIийна мискачу доьзалшна дIасадоькъур ду аьлла.

Чубуза кечбеллачу малхо шен зIаьнарш йаржийна, цIийелла йогура стигла. Ма шатайпа йоьссира хIара суьйре тийначу Теркан тогIехь. Йаханчу заманехь йиссира шерашца кийрахь къийлина массо а гIайгIанаш а, сингаттам а. Доьзалах болчу кхерамо кхин дагах мIараш туьссур йац. Хилларг бIаьргаш дуьхьал хIиттош, набарха вохуш, дагалецамаша а кхин хьийзор вац. Ма маьрша йеара хIара суьйре. Ма шатайпа детталора дог. Заурбек йуха а лаьттара корах ара а хьоьжуш. ЦIегIа босс беттачу стиглахь, меллаша шен шекъа Iенош, баьржара маьркIажен бода. Са бIарзделла, даш санна базбелла сингаттам кийрахь а къуьйлуш, хийлозза бIаьрг биттинера Заурбека кху кIотаран шерачу аренашка, ткъа тховса-м гIенахь лаьмнаш гур ду…

ХIинца цуьнан бакъо йу лаьмнийн кIажехь Iуьллучу, шен дай баьхна йолчу цу исбаьхьа йуьрта доьзалца цIа верза. Муха йу теша и хIинца? Хьалха санна зевнечу олхазарийн аьзнаша йохий теша и сама? Тишъеллий те кешнийн керташ? Бераллехь идда некъаш къухь йаьлла-м дац те? Йуьрта йистера гу тIехь хIинца а довлий теша шелонца къийссало и ховха лайснаш? ХIинца а дуй-те варшашкахь лечкъаш мекара иччархочух кхераделла лу? Нускал санна кIайчу зазанца кечбелла, лаьттий тIе хIинца а дадас дIабийна хилла кхор? Ткъа хIаваъ… хIинца а дуй теша иза ишта цIена? Хеталора иза кху йуьртан гуо бина лаьттачу лаьмнийн кортош тIера мархаша гулдой хIора а Iуьйранна кху йуьртана совгIатна дохьу…

Иза ша дерриге а гур ду те? Аьтто хир бу те шерашца йайна хилла кхерчара цIе йуха а лато?! Хастам хиларг ма ницкъ бу хьоьгахь! Заурбекана хIинца хIара дерриге а дуьне кхечу агIор гуш дара. Дуьне хаза дара! Иза хьакъ дара къийсса а, ваха а. Заурбек тешна вара шен берашка а, берийн берашка а хьоьжуш сирла кхане хиларна. Иза тешара тахана дуьйна ша нехан стеган цIий Iанор бахьана долуш хьарчинчу къинах цу стеган доьзална хьалха маьрша вуй…

ХIора а ламазехь ма доьхура цо Деле шена гечдаре, хIунда аьлча кхана догIур долчу Къемата дийнахь а ша жоп дала дезаш вуй хууш.

Цу сарахь сагIа а даьккхира, гергара нах а, лулахой а кхайкхина, Дела а, цуьнан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлид йийшира. Ах буьйса йаьлча дIасабахара хьеший. Амма Заурбекан корехь стогар хIинца а дIабанза бара. Хазахетар лан а оьшуш хилла-кх бала лан санна онда ницкъ. Наб озийна хIусам буьйсанан тийналлица ийра. Амма цу чохь вижанза шиъ вара – Заурбек а, цуьнан жимох волу кIант ИбрахIим а…

II

Дуьненан йеаъ маьIIе Советски Союза шен аьчка мIаранаш дIатуьссуш, дуьненахь машар къуьссу шатайпа зама йара и. И къовсам хийцалучу кхиамца боьдуш бара: новкъарло еш НАТО пачхьалкхаш йара, къаьсттина Iамаьркан Вовшахтоьхна штаташ. Амма иэшамша къовсаман шовкъ дIа ца йоккхура, иза мелхо а алсам йолура. Африкан а, Азиян а, Латинин Iамаьркан а мехкашка вежараллин гIо сацанза дIакхачош дара, дукха хьолахь иза СССР-а Iаламат боккхачу барамехь арахоьцу герз дара. Иштта Советан Iедало царна ахчанца а, тIеман хьехамчийн девнашкахь дакъа лацарца а гIо дора. Бартхоша баркаллица и Iго тIеоьцуш, шайн ницкъ ма кхоччу чоьхьарчу мостагIийн кепехь йолчу «неIалт хиллачу» империализмаца къиссам латтабора. И «вежараллин» гIо саццалц, цуьнца уьйр латтийначу агIонаша «дуьненна машар» Советан Iедалан кхайкхамца шайн жигара къиссам дIахьора. Амма и гIо сецначу мIаьргонехь Советски Союзан селханлера «вежарий» цуьнан мостагIий хилий, сихонца шайн меттамот хуьйцуш капитализмехьа бовлура.

СССР-н арахьарчу политикехь кхин а чIогIа дагахьбалламе гIалаташ а хуьлура, масала Венгрехь, Чехославакехь а, кхин йолчу социалистически пачхьалкхашкахь хилла революциш.

Кхузахь галбаьллачу пачхьалкхан дIахIоттамна шен «вежараллин гIо» Советски Союза ша цхьаммо хилла ца Iаш, Варшавски ЧIагIаман декъашхой йолчу пачхьалкхашца цхьаьна дора. ГIаттам йа, революци социализман мехкашкахь къизаллица йохайора.

1978-чу шарахь Советски Союза «машар» бан гIортар бахьана долуш хIаллакьхила бисте кхечира Афганистан. Дерриге а дуьненна дIахьединера Афганистанера хьал Советски Союзан къилбера дозанна кхераме ду аьлла а, иштта СССР «декъазчу» афганцашна халкъана ницкъ беш болчу пачхьалкхан дIахIоттамах кIелхьарадовла гIо дан декхарийлахь йу аьлла а.

Партийн гуламашкахь а, кхеташонашкахь а партис а, правительствос а дина дIахьедар хазахетарца тIелецира къинхьегамхоша. Интеллигенци ша интеллигенци хиларе терра йист ца хуьлуш, оьзда Iаш йара, ткъа наггахь цхьалха диссидента туху мохь дерриге а халкъан хазахетаран цIогIанехь хезийла а дацара.

Оцу кепара дийнна халкъо къобал а деш 1979-чу шарахь СССР шен берриге а тIеман ницкъаца Афганистанна тIелетира, Iедало хьийзош долу цуьнан къам кIелхьарадаккха Iалашо йуьхьар а лаьцна. Къиза а, ирча а тIеман зама кхайкхаза хьаша хилла йоьссира Афганистане. БIе эзар маьрша адам хIаллакьхилира, иштта эзарнаш, эзарнаш интернационалисташ-тIемалой а эгнера цу муьрехь. Амма Афганистанна дуьхьал ша долийнарг сий долуш чекх ца делира йа советски политикина а, йа цуьнан герзана а. Феодализман муьрехь хиллачу Афганистанаца биначу тIамехь СССР эшаран бахьанаш иза дукха ойла йан хьакъ долу чолхе хIума ду.

Кхузахь билгалдаккха хьашт ду цу толамехь куьйг бехкениг уггаре а хьалха ша Афганистанан къам а ду, иштта итта шеран йохаллехь цу къиссамехь царна гIо дина йолу пачхьалкхаш а йу. Ткъа кху сохьта тIом болалуш бен бацара…

Дуьненан йалхолгIа дакъа дIалоцучу Советски Союзан хьаьрмахь хаамийн пропаганда дIайолайелира. Шен бахархойн кхетамна тIеIаткъам бан Iалашонца, пропагандин ницкъ болу машен чухийцира СССР-а. Бакъдерг ала деза, цо шен болх цхьа а шеко йоцуш дика кхочуш а бира. Дош ала башха бакъо йоцу кIезигаха дакъа диссалц, советски адамо Iаьржаниг кIайн а лоруш, цхьаьнаэшшара къобалдира шайн пачхьалкха Афганистанна тIелатар. Цул совнаха, цу тIамехь эгначийн наношна-м хетара шайн кIентий бакъо къуьссуш кхелхина.

Тамаша бацара башха дахаро зийна воцу ИбрахIим а Советан Iедало шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дуьйцучух тешар. Коммунистически ойланашца кхиийна волу жима стаг доггах тешара шен пачхьалкха адамана зенехь хир йоций, иза нийсонан бухтIехь кхоьллина хиларах. Цунна коьртачу а догIур дацара цкъа а, СССР-а оццул мекара тIелатар дина Афганистанан машар бохор буй. Воккхах волу ваша СаьIид ша кхето гIоьртича иза цунах ца тийшира. ИбрахIимана моьттура цо иза ша ларвархьама дуьйцуш ду. Дагчохь цо дуьйцучух ша реза воццушшехь, ИбрахIима моттаргIа йира вешина нийса хетарг дийр ду ша аьлла. Амма кIанта бина сацам цхьаьнга а хийцалур болуш бацара – ИбрахIим хьаьгна вара Даймехкан декхара дIадала. Иза тешара ша дахар ларда воьдуш хиларах, цунна ца хаьара ша цIий Iано цига воьдуш вуй.

Кху гурахь ИбрахIим эскаре ваха везаш вара. Ишкол чекхйаьккхинчул тIаьхьа институте деша ваха цунна ца лиира, хIунда аьлча гуманитарни лаккхарчу дешаран хьукматаш чекхйаьхнарш эскаре иштта а кхойкхуш бу. Цуьнан хIетале 22—23 шо хир ду. Ткъа ИбрахIимана хетара хIинца шен йолчу хенахь эскарехь тIеIиттало халонаш лан шена дуккха а аттох хир ду. Цул совнаха, эскарехь ма хуьллу сиха шен дика амалш а гайтина, КПСС могIаре хIотта а аьтто хир бу. ИбрахIима биначу сацамна дуьхьал ала хIума долушшехь, дас а, вашас а новкъарло ца йира цо хаьржинчу некъана.

Ишкол ИбрахIима лаккхарчу кхиамашца чекхйаьккхира. ТIаьхьарчу пхеа шарахь цуьнан къаьстина чIогIа спортаца гергарло тасаделира. Дзюдо лелар бахьана долуш, иза хIинцале цу спортан кепехь мастер хила хьакъ волуш вара. Амма цхьа спорт хилла ца Iара ИбрахIиман тидам тIеберзийнарг. Къаьсттина боккхачу лаамца оьхура иза литературни кружоке. Цунна ишта чIогIа оьрсийн мотт а, литература а йезайаларехь, шеко йоцуш, «бехке» йара Мария Владимировна. Амма, окху ишколехь хьоьхуш бацара нохчийн мотт! Иза дара коммунистически Iедалан лаамех доьзна, нохчийн къомана чIогIа иэшаме хьал!

Цхьаьна дийнахь ИбрахIим доьшуш волчу пхоьалгIачу классе чоьхьавелира ишколин директор, ткъа цуьнан букъа тIехьа а лечкъаш оьрсийн йоI а. Директора берашна йовзийтира Мария Владимировна – церан керла классан куьйгалхо а, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо а. Ищерски станице Мария Владимировна Астраханера йеанера, хIетахь дуьйна цуьнан дахар доьзна хилира Теркана гена йоцуш Iуьллучу нохчийн жимачу йуьртаца. ИбрахIим а кхузахь доьшуш вара, хIунда аьлча церан кIотарехь йуьхьанцара бен школа йацара, цундела иза дас-нанас кху интернате деша хIоттийра. Мокъа деношкахь бен цIа вар а ца хуьлура ИбрахIиман.

Шо шаре мел долу Мария Владимировнина Нохчийчоьнах доггах безабелла шолгIа Даймохк хилира. Толстойн а, Лермонтовн а, Пушкинан а, говзаршца нохчийн амал а, Iер-дахаран кеп а мелла а шена йовзуш йоллушшехь, йуьхьанцара йоьIана хала дара нохчийн дахарах кхета.

Невран кIоштан Ищерски станица Теркана аьрру йистехь Iуьллура, Соьлжа-ГIалина бIе километр генахь. Йист йоцу похIма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош кечйича санна йара йуьртан бIаьстенца сенйелла йогIу и шера аренаш. Цкъа мукъне а кхуза кхаьчнарг тийналло, синтемо йийсаре лоцура. Моьттура, даима а ламанца мостагIех тийссайелла и буьрса Нохчийчоь кхузахь тийначу Теркийстехь садоIуш йу. Адам дара кхузахь меттигера Iалам санна син-паргIатонах дуьзна. Вовшашца кIеда-мерза болуш, цхьаьна дика а вуо доькъуш, бертахь бехара нохчий а, оьрсий а.

Каникулаш йолчу хенахь ишколан администрацис дешартIехь кхиамаш баьхнарш совгIатна Соьлжа-ГIала буьгура. ИбрахIим а хуьлура даима царна йукъахь. Дешархойн чIогIа самукъадолура цу гIуллакхах. ГIалина гена Iаш долу бераш хьаьгна хуьлура Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран и леккха гIишлош а, суьйренца лета чиркхаш а, шуьйра урамаш а, зезагех йуьзна некъаийстош а, тIай бухахь сих-сиха болар хуьйцуш, маьлхан зIаьнарш тулгIешца лепош доьду Соьлжа а ган.

Мария Владимировна чоьнах мах луш Тагибат цIе йолу цхьа нохчийн зуда йолчохь Iаш йара цуьнца цхьаьна цу кхерчан йовхонах марзо а оьцуш. Тагибатаца Iаш цуьнан хIусамда а, иштта цу школехь доьшуш долу ши бер а дара. КIант шолгIачу классехь вара, йоI ворхIалгIачу классехь. Къоначу хьехархочун дахар шен хорше дирзинера. Нохчийн амалах а йоьллера йоI. Берийн а, белхан накъостийн а боккха ларам бара цуьнца. Иза ларамза а дацара. Мел кIоргера безамца довзуьйтура цо дешархошна литературин и чулацаме дуьне. Цуьнан корматалла а, шен балхе йолу шовкъ а бахьана долуш, генарчу Нохчийчуьра берашна мел шайна гергара хетара Вальтеран а, Дюман а, Достоевскин а, Толстойн а турпалхойн васташ. Хеталора цуьнан чаккхе йоцуш ду царех лаьцна дийца. Де дийне мел долу марзлора берашна литература. Царна билла бехк а бацара, хIунда аьлча книга йоьшуш а ца кхетара ишта дагах турпалхойн кхоллам, хьехархочо дуьйцуш санна. Вежарийн КарамазовгIеран боьхна барт, Чацкийн шатайпа амал, Безухов Пьеран васта романехь дIалоцу меттиг.

Литературин турпалхойн дахарехь тIеIиттаела киртигаш шайга хьехархочо йуьйцуш цецдевлла ладугIучу берийн ойла цигахь йара… генарчу геналлехь. Царех хIораммо а ойла йора цу турпалхочун метта хилча ша-ша хIун дийра дара те. ХIоранна а лаьара иза хьехархочунна довзийта. Цундела классачуьра тийналла наггахь йухура бераша деттачу маьхьаршна:

– Хьажахь, ма кIант хилла и! Ма нийса дина цо и! Ас дийр дара ишта! ХIан-хIан и харц ву!

И гIовгIанаш къоначу хьехархочунна ша бечу балхана уггаре а доккха совгIат хетара.

Кхин долчу берашна санна къаьсттина и Мария Владимировна бахьана долуш йезайелира ИбрахIимана а литература. Дуккха а книгаш йешар бахьана долуш кIентан оьрсийн мотт а шарбелира. Ала деза, нохчийн мотт а, литература а Iамор ишколехь тIедожийна хиллехь а, Теркал дехьа, дешаран программи йукъара нохчийн мотт дIабаьккхинера. Ламанца а, лаьмнийн кIажера а йарташкахь, цигахь дукха хьолахь бехаш нохчий хиларна факультативни Iамораш дIахьора.

ИбрахIиман йерриге а ойла дIалецира литературас. УьссолгIачу классе волуш цуьнан шен библиотека йара кхо бIе сов книга а йолуш. ИбрахIиман нанас Хедас башхачу дегайовхонца сих-сиха дуьйцура ша пхи шо кхаьчна волу ИбрахIим а эцна гIалитIа базара йахча, мороженое эца шега делла долу ахча а эцна ИбрахIима ведда вахана киоскехь шена берийн киншкнаш эцарах лаьцна.

«Дядя Степа» а, Чуковский Корнейн «Мойдодыр» а… уьш хIинца а йу кхеран киншкийн тарха тIехь, ИбрахIиман нанас безамца дола а деш.

Ишколехь хьехархоша ИбрахIим даима нийсархошна масалийна валавора. Уьш тешна бара кIанта лаккхарчу дешаран ирхенаш йохур хиларан. Ткъа уьш массо а цецвоккхуш, ИбрахиIма кхочуш до ша нийат дина тIелаьцнарг – институтан метта цо эскар хоржу.

ИбрахIима ишкол чекх а йаьккхина аттестат схьаэцначул тIаьхьа, цуьнан доьзал шайн дай баьхначу лаьмнийн кIажехь Iуьллучу йуьрта дIабахара. КIант берхIиттара велира. Масех бутт биссинера иза эскаре ваха. Дас-м цуьнан ойла кхечу хорше йерзо сатуьйсуш, машен а ийцира. Амма ИбрахIим ша аьллачунна тIера вер волуш ца хиллера. Цо тIетаьIIина кечам бо эскарехь тIеман декхара дIакхехьа. Иза эрна а ца хиллера. Цигахь ма зийра и дахаро, шен йерриге а агIонаш цунна йовзуьйтуш….

Сий

Йийначу цхьаьна зудчун метта

ЧIирана нохчаша вуьйш хилла шиъ….

I

ХIора а къоман ду шайн цхьанхьа а йаздина доцу ламасташ а, йукъараллас тIеэцна дахаран кепаш а. Нохчаша цунах Iадат олу. Iадат иза – дахаран бакъенийн бух а, ламанхойн сий-оьздангаллин а, гIиллакхан а лард йу.

ИбрахIиман йишас Заргана дийхира вешига шеца луларчу йуьрта хьошалгIа вола аьлла. Цигахь Зарганан накъост йара маре йаха кечам беш. Зарганин хIусамден Мовсаран ша мокъа ца хилар бахьана долуш, аьтто ца белира иза эцна цига ваха, ткъа ИбрахIим хазахетарца реза хилира йишин дехара кхочуш дан. Цунна доккха совгIат хетара шен хьомечу йишина муьлххачу а агIор дог дика дан аьтто балар.

Уьш некъа йисте бевлира. ИбрахIиман хIинца а бакъонаш йацара шен машен лело. ХIара шиъ йукъараллин транспортан социйлахь лаьтташ дара машен кхетаре сатесна. Ткъа дукха латта ца дийзира. Сийначу басахь «Волга» сецира. Водителан уллохь Iаш схьахетарехь гIуллакхехь волу йуккъерчу шерашкахь стаг вара. Шен йиша цкъа хьалха охьа а хаийтина, ИбрахIим чухиира машенна. ХIетахь бен ца гира цунна дуьхал долу корайистехь Iаш кхин цхьаъ стаг хилар. Амма машен хIинцале дIайолайелира, цундела тIаьхьа дара йиша сехьа йаьккха. Цул совнаха, шайна гIуллакхна машен совцийначу нахана цатешам гайтина вас йан ца лууш, йитира ИбрахIима шен йиша шина боьршачу стагана йуккъахь. Ткъа Зарган-м уьйриг санна чIагъIйелла, шен ма-хуьллу кIезиг меттиг дIалаца гIерташ, вешина улло теIара.

ХIора а шен ойланан йийсарехь вара. Дуьткъа тай санна кхарна хьалха дIауьдура беха некъ. Амма машенчуьра тийналла дагахь доцучу кепара йуьйхира.

Хьалха Iаш волчу стаго цIеххьана схьа а вирзина, Зарганан вовшахдуйцина долчу шина куьйгах цхьа кIоршаме катуьйхира. ХIун бахьана долуш йоьссира цуьнан коьрте и тайпа ирча ойла? Йа йоI тIехэсала хеттера, йа цуьнан вешин доьналла кIезиг хеттера, йа муьлха а хIума шена бекхам боцуш дуьссуш хиларах воьллера? Даржо вахийнера, йа сов маларах кхеттера? Хийрачу стеган карара шен ши куьйг схьа а доккхуш, Заргане мохь белира…

Нохчочо дуьненчохь цкъа а дуьтур доцу хIума ду шен ненах, хIусамненах, йишех хийра стаго ларам боцуш куьйг Iоттар. Нохчий дуьненахь а гIарабевлла бу муьлхха а кхерамна дуьхьал кураллица корта ойуш хиларца. Нохчийн Iадат – иза къоман чоьхьара мах боцу хазна йу. И Iадат лардаро дозаллица ваха бакъо а ло, и Iадат дохийнарг йуьхьIаржонан новкъа а волу. Нохчий цкъа а ца хилла кураллина къен. Жималлехь дуьйна хIора а нохчочунна ша «нохчо» аьлла и сийлахь цIе дIакхехьа жоьпаллехь хетта. Иза йу и динан хьолаллаца нийсса, къоман кийрахь син-оьздангалла кхиош йолу исторически мехалла. И жоьпалла ларъйа оьшу и «нохчалла» – нохчийн маттахь бен маьIна дан йиш йоцу башха кхетам. Цкъа зовкхе олу вай мел сийлахь йу и Нохчочун цIе, ткъа йуха и цIе йицлой, хIумма а бехке ца хеташ, къинош летадо.

Шалхонаш лелайар иза Дела цхьаъ ца хетар санна ду. Иза догIуш дац бакъ волчу нохчийн къонахчун а, зудчун а вастаца. Дуккхозза йилбаз мох хилла дуьхьал даьллера хийла хIума нохчийн культурина, ламасташна, Iер-дахарна, динна. Тайп-тайпана ницкъаша тIеIаткъам беш, хийла дIасалестийна и нохчаллин гIортор хилла лаьттина дайн Iадаташ.

ХIора а къоман культурин шен башхалла йу. Кхи долчу къаьмнашна ца кхета а тарло и. Нохчийн къоман син-оьздангаллина, цуьнан Iадатана тIекхевдина долу куьйг таIзар доцуш дита мегар дац. Ткъа дикка хан йаьлла волчу стагера даьлларг вуно ирча а, цIармат а хIума дара. ЦIий Iанийча бен цIанлур доцу хIума дара цо динарг.

…Йуьхьанцара цу гIуллакхах ца кхетта, воьхна хилла ИбрахIим цIехххьана дера экха санна цергаш йухкуш тIекхийтира цу стеган боьхачу куьйгана, кхин дIа хила тарлучух йиша ларъеш, иза шен дерриге а дегIаца дIа а хьулъйеш. Цхьаьна куьйгаца цо киснахь лоьхура тиссало мIара хадо эшахь а аьлла, шеца даима лелош хилла скальпель. Амма иза карош йацара. Вешин хIуманашна иту кхьокхучу хенахь Заргана дIайаьккхина хила тарлора и, оцу кепара цо ларамза лардира шена халахетарг динчунан дахар.

Машен цIеххьашха сецира, вовшашца чуччавахана ши довхо дIа схьа а къастош. ИбрахIима цу мIаьргонехь машенан неI схьа а йоьллуш ара такхийра цу чуьра и стаг. ХIуммаъ бен ца хеташ цуьнан са даккха кийча вара ИбрахIим. Цунна шена а ца хаьара мичара баьлла шегахь адамехь хила йиш йоцу и хьере ницкъ. Хетарехь ИбрахIиман карара дийна а волуш маьршаволийла дацара цу стеган, амма Заргана новкъарло йира. Иза кхерайеллера, даима а эсала, комаьрша хиллачу вешин кийрахь бIешерашкахь дуьйна кхолламо зийначу нохчийн къоман амал самайаларна. Шен ховха, жимачу куьйгашца тиссалора Зарган вешех, иза сацо гIерташ. Машен чохь волчо йуханехьа чуийзавора шен накъост водителана тIе мохь а бетташ

– ДIайахийта сиха машен, сихо йе! Цо Ахьмад вуьйр ву хIинца!

ИбрахIим цу минотехь къора а, бIаьрзе а вара. Цунна гуш а хезаш а шен боьха мостагIа бен кхин хIумма а дацара. Маьхьарца тIейетталу йиша дIа а теттина, иза йуха а тIекхийтира, нохчалла охьайиллиначунна, цуьнан дахар ши капек мах доцийла хууш. Цхьаьна куьйга и машеначуьра ара а текхавеш, важа куьйгаца цунна йуьхьа тIе саццанза буйнаш доьттура ИбрахIима. Шен ма-хуьллу тиссавелира иза, амма йуха ницкъ кхачийна, машен буха ваханза волуш, гIора дIадаьлла некъа тIе охьавуьйжира. Ша корта хьалаойбуш, цуьнан бIаьрг кхийтира сихъйелла дIайоьдучу машенан пачхьалкхан регистрационни лоьмарашах. 90—44 ЧИС – шеко йацара машен пачхьалкхан гIуллакххойн хиларан.

Дог Iийжара, лозура, доьлхура. Лан ницкъ боцуш халахетара и сийдоцу хIума бекхам боцуш дIайахийтарна. Муха хьажа веза хIинца ден а, ненан а бIаьра? ХIун ала деза йишин хIусамдега, вежаршка, кхи болчу гергара нахе? Сингаттаме ойланаша борзморзахан багахь болуш санна къуьйлура корта. Де доьхна лаьттачу ИбрахIимана ца хезира шайна уллохь киранан йоккха машен соцуш. Машенан шофер хетарехь цхьа пхи шо валахь кхин воккха вацара ИбрахIимал.

– Сиха чуховша! – мохь туьйхира цо, неI схьа а йоьллуш.

Новкъахь цо дийцира шена кхузахь дукха хан йоцуш хьалха хIоьттина сурт гинера, шуна гIо оьший кхетта, цундела сецнера ша аьлла. ИбрахIима иза шена нисвелла хазахетар къайла ца деш, ма-дарра ша дерриге а дIадийцира.

Цуьнга леррина ла а доьгIна, жима стага доггах элира:

– Геннара гира суна машенчуьра цхьаъ охьаваккха гIерташ тийссалуш волу хьо а, хьуна улло де доьхна уьду жима зуда а. Кху минотехь дуьйна хьуна вошалла дан кийча ву-кх со! Шек ма вала хьо! Вай сиха тIаьхьакхочур ду царна.

ИбрахIимна-м хIара накъост шена Дала цIеххьана доссийна гIо хетара, амма хIете а ца лаьара нехан стаг доккхачу девне йукъаийзо. Цо дийхира цуьнга машенна тIаьхьакхиъначул тIаьхьа шайн гIуллакхна йукъа ца гIертаре. Некъ беха хиллера. Жима стаг къамеле велира ИбрахIимца. ИбрахIиман а, Зарганан а да-нана девзаш хилла цунна. Цаьрга болчу ларамо кхин а чIогIа марсайохура жима стеган ойла. Шен ма-хуьллу тIетаIайора цо машен, цуьнан берриге а ницкъаш схьаIовда гIерташ санна. Сийна машен а дукха ца Iаш гучуелира. Уьш цхьаьна йуьрта чукхечира.

Цу хьалха Iуьллура аьчка некъ. Семафоран цIен стогар схьалалетира. ИбрахIимна орцанна санна, геннара схьахезачу гIовгIанца хьаьдда йогIура цIерпошт. «Волга» ца ларийра цул хьалха аьчка некъал дехьаэккха. «Волганца» цхьаьнаэшшара сецира киранан машен а. Зарган маьхаьраца йуха а тиссалора шен вешех и сацо гIерташ, амма ИбрахIим «Волгина» тIекхаьчна ваьллера, цунна тIаьхье монтировка а карахь ведда вогIура цIеххьана ИбрахIимна нисвелла накъост а. ИбрахIима машенан хьалхара неI схьа а йиллина, Ахьмадан йуьхьтIе ластийна буй туьйхира, ткъа цул тIаьхьа иза машенчуьра ара а такхийра. Ахьмадан схьахетарехь 40—45 шо хир дара. Деза духарах а, леррина йихкиначу галстуках а гуш дара иза Iедалан лаккхара даржехь хилар. Шен некъахочун гIо даккха машенчуьра цхьа стаг охьаиккхира. Шен цIе Рахьим йу аьлла ша вовзуьйтуш, цо дийхира ИбрахIиме зулам ма дахьара ахь аьлла, хIунда аьлча цуьнан тIаьхьало кIантана ирча хир йуй хууш.

– Хьо мила ву кхуьнан? Жоп ло? Мила ву? Гергара вуй? Вацахь дIавала сунна новкъара. ХIара стаг ша диначунна жоп дала дезаш ву.

– ХIан-хIан! Гергара вац. Тхойшиъ цхьаьна болх беш ву. КъинтIера валалахь. Жимма маларах кхеттера иза, цундела даьллера цуьнгара иза. Йуха дистхила мегаш ма ду вай. Ас адрес дуьйцур ду хьоьга…

– ХIун адрес? Ас йустах вала боху хьоьга, хьайна бала а ца беш, – тIе мохь туьйхира цунна ИбрахIима. Цу мIаьргонехь цIеххьана кIентан бIаьрг кхийтира дагахь доцучу кепара гучуваьллачу мостагIчунна тIехьашха тебаш волу киранан машентIера шен накъост. Цу минотехь некъайисте сецначу машенчуьра охьаиккхира ИбрахIимца цхьаьна классехь дешна волу, цуьнан лулара Iела. Гонахара хьал кIеж туьйссуш догIу ламанан ахка санна кхехкаш дара. ИбрахIимана гуш дара шен доьзална тIедеанчу вуоне ша ларамза йукъаийзош нехан нах хилар, ткъа цо кхин а чIогIа йохайора цуьнан иштаъ панаевлла ойланаш. Коьрте тессира дас дина хьехар: «Даима дагахь латтаде! Хьо дера волчу минотехь йеана оьгIазло цкъа а йуьссур йац тIаьхьало йоцуш. Цуо маца ваьккхина а дохко воккхур ву хьо. Хьан деган а, кхетаман а баьллачу къиссамехь толам собаре баккхийта хьажалахь».

ИбрахIимна ша жоьпалле хийтира киранан машен лелош волчу жима стагах а, шена ваша хилла улло хIоьттиначу Iелах а. Луьралла дIайелира, цуьнан метта кхолладеллачу хьолан кхетам беара. Терзан тIе диллинарг йишин а, цуьнан хIусамден а, ИбрахIиман берриге а доьзалан а, тайпанан а, тукхуман а сий ду. Цу сийнна тIекхевдинарг бекхам боцуш вита йиш йац. Амма нехан нах бехке бац, уьш чот йоцучу зуламан бисте бига хьашт дац. Дас диначу хьехаре хьаьжжина, кху къиссамехь собаро баьккхира толам. ТIаьххьара шеконан чан шена тIера охьаэгош санна, ИбрахIима йухь-дуьххьал шен мостагIчуьнга а хьаьжна элира:

– Нагахь санна хьоьх жимма а боьршалла йиссинехь, хьо кхета веза айхьа диначун барамах! Мичахь хир ву хьо? Мичахь лаха ас хьо? ХIетахь, вайшиъ цхьанакхеттачу дийнахь кхолламо къастор ду сий дайна дуьненчохь мила вехар ву, йа ваххане а вехар вац. Суна ца лаьа тхайна хийра болу нах вайшиннах бен хьакхалуш доцучу гIуллакхна йукъаийзо. Амма хьуна дIахаийла! Хьо милла а валахь а, хьо миччахь а валахь суна – Тасуев Заурбекан кIантанан карор ду хьо сий доцу жIаьла! Сан кхиэлах, сан бекхамах хьо кху дуьненчохь кIелхьара а вер вац.

Дегочу моччахалца, цIийлуш, кIайлуш лаьттара Ахьмад. Ткъа йуьхьатIехь ИбрахIима диттинчу буйнашах йиссина таммагIаш йара гучуйуьйлуш.

Йуха а къамелана йукъаиккхира Ахьмадан некъахо.

Киснара кехатан кийсиг схьа а йаьккхина, цу тIе цхьаъ дIа а йаздина, иза ИбрахIиме дIа а кховдош, меллаша вистхилира иза

– ХIара дар-дацар дIадоьрзур ду… хIуммаъ дац…

– Хьо-м вац соьца и дIадерзо лууш, хIан? – цуьнан къамелана йукъаиккхира ИбрахIим. – Нагахь санна валахь йуьстахвала, ас гойтур ду хьуна дар-дацар дIа муха дерзадо. Нагахь санна вацахь, йахийта кхузара массара а, со дохко валале! Мацца карийна а, шу массо а каронза Iийр вац со!

Чубуза кечбелла малхо шен зIаьнарш йаржийра сийначу стиглахь. Шаьш йуьхьарлаьцна некъ-м Зарганна а, ИбрахIимна а бицбеллера. Киранан машентIехь хиллачунна баркалла а аьлла уьш дIасакъаьстира. Iелас цIа кхетийра Зарган а, ИбрахIим а.

Синтем бойна буьйса тIекхечира. ТасуевгIеран хIутIера гIаж таккхол мел верг гIаьттинера.

Сатассале арабевллера сийна «Волга» а, цу чохь хилларш а лаха. ИбрахIим воккхах волчу вешица СаьIидца республикин центральни ГАИ вахара, амма цигахь хIорш цецбохуш элира 90—44 ЧИС лоьмараш йолу машен а, кхи йолу техника а республикехь регистрации йина йац аьлла. Зуламхоша шайн лораш лечкъош дика къахьегначух тера ду. Адрес а ца хиллера нийса.

ДоьалгIа де дара ТасуевгIара уьш лоьху. ДоьалгIачу дийнахь СаьIидан бIаьрг кхийтира Соьлжа-ГIалин цхьаьна урамехь некъо гола туххучохь, дIаиккхина йоьду «Волга». СаьIида сихонца тIаьхьахехкира цунна машен. Лоьмараш цхьаьна терахьца бен къаьсташ йацара: 90—45 ЧИС.

Нагахь санна 90—45 хилча, ткъа 44 а хила йеза-кх, республикин центральни ГАИ-н инспектора харц тоьшалла динехь а – дагатессира СаьIидана. Цо машенна тIаьхьа а кхиъна, иза фараш сегна, сацийра. ИбрахIимца цхьаьна иза машенчуьра охьа а воьссина «Волги» тIехь волчуьнга вистхилира:

– ДоттагIа! Цхьа хIума хатта мегар дарий хьоьга?

90—44 ЧИС лоьмараш хьенан йу-м ца хаьа хьуна? Оцу накъоста шен тишъелла аккумулятор лур йу аьллера соьга, тхойшиъ машен йуьлучохь вевзинчу хенахь.

– Вай хаьа дера! Оцу машенаца дIасалелаш сан доттагIа Виталик ву. Оха шиммо цхьаьна Горьковски автозаводера йалийна а йара и машен, цхьаьна гаражехь болх беш а ву тхойшиъ, Райкомера белхалойн хьашташ кхочуш деш. Цо Ахьмад ву дIасалелош – райком-партин шолгIа секретарь. Тхан «Автокомбинат» цIе йолу гараж Заводски кIоштахь йу, ша Виталик Ленински кIоштахь вехаш ву – Ливандовски урам, цIено 29.

ТасуевгIеран дагахь доцучу кепара аьтто белира. Суьйре тIе а кхачале карийра Виталик. Вежарша схьаалийтира цуьнга шен куьйгалхо мичахь Iаш ву. Ахьмад Соьлжа-ГIалин центрехь вехаш хиллера. Туьйсина дина лекхачу кевнаш тIехьара гуш дара ши гIатт йолу доккха цIено. ИбрахIима ков туьйхира. Дуьхьал буьрса летира жIаьла. Кевнан херонашна йукъахула ИбрахIимана гира корах арахьоьжу, берхIиттарайаьлла хила тарло, тайначу аматехь цхьа йоI.

– Мила ву цигахь? – хаьттира цо.

– Тасуев ИбрахIим ву! Деа когахь долу хIара жIаьла саца а дай, Ахьмад цIе йолу шина кога тIехь долу шайн жIаьла арахеца.

– ДIадовла дIагIо! ЦIахь цхьа а вац. Ас хIинца милици телефон тухур йу!

– Шайн жIаьлига дIаалалахь ас шен цIогантIе ког баькхиний…

Вежаршна шайн цIахь гулделла ТасуевгIеран тайпанера дукха адам гира, иштта Зарганан марзхой а баьхкинера.

Заурбек волчура схьахезара дехха къамелаш. Массара а дийцаре деш дара кхи дIа Ахьмадана хIун дан деза а, муха кхиэл йан йеза цо динчунна а.

ЙоьIаца, зудчуьнца и тайпа сийсаза хIума дарна Iадато ма-бохху хила еза кхиэл – бехке волчунна тIера нуьцкъара хеча йоккху, йа цо ша шен бехк тIелоцуш массарна а хьалха шен хеча охьайоккху, оцу кепара ша велла дIаваллалц шен а, шен тукхуман а сий дайар билгалдоккхуш, йа цо диначунан бараме хьаьжжина и тайпа зулам цуьнан йишина йа, йоьIана, йа кхин гергара зудчунна до. Амма Зарганан марзхой реза бацара, тIеIоттаделларг къастор шайна тIехь ду, цундела йукъа ма гIерта бохуш. Ткъа ИбрахIима жоп делира:

– Хилларг сунна хьалха хилла ду, со цунах жоьпалле волчу хенахь. Шу цунах жоьпаллехь иза шайн доьзалан гуонехь, шун чохь йолчу хенахь ду. Шун доьналла, шун йаьхь охьатаIо ца гIерта со, амма хиллачунах бекхам эцар шуна тIедожо ца лаьа суна и бакъо тхан доьзалан санна шун а йоллушшехь. Коьртаниг ду вайна бехкениг карор, вайна иза мила ву а, мичахь Iаш ву а хууш хилар. Нагахь санна советан Iедалан законашца и кIелхьара вала дагахь валахь, цуьнан аьтто бер бац. ЙоI шен цIахь Iийр йу, сан доьзала и гIуллакх къастолц. Оцу тайпа сацамца сан да реза а ву. Нагахь санна шуна и тайпа эхь тIедеана аьлла тхан йиша шайн хIусамехь ган ца лаахь, шух кхетта оха и тIе а лоцур йу.

Зарганан марзхой реза хилира цу къамелана. Заурбека массарна а баркалла а аьлла дIасабаха пурба делира, Iуьйренца ван аьтто болуш верг, вовшахкхетар ву аьлла.

Зарган шен нана йолчура ара йолуш а йацара. Масех де дара иза йуучух ца кхеташ, гIайгIане йоьжна йолу. ГIайгIанан йийсарехь церан нана Хеда а йара. Ненан дог барам боцуш лозура берех, хIусамдех, кханенах.

КIоргерчу буса дIадайра Заурбекан хIусамехь чиркхаш, амма вижанза шиъ вара.

II

Дукха Iуьйрре ИбрахIим самаваьккхира шайн кертара схьахезачу шатайпа гIовгIано. Корахула арахьаьжча цунна гира кхуьнан деца а, СаьIидаца а, кхин болчу гергара нахаца а, аз айдина къамел деш, хан йаьлла масех стаг. ИбрахIим сиха аравелира, амма хIара ара воллушшехь хьеший Заурбекаца а, СаьIидаца а цхьаьна кхеран кертахь долчу шолгIачу цIеночу бахара. Цаьрца цхьаьна чоьхьавелира ТасуевгIеран тайпанара масех къано а. ИбрахIиме дийцира баьхкинарш Ахьмадан гергара нах бу аьлла.