
Полная версия:
Забаре миниатюраш
– Чу муха яхан дезара кхуза? – бохуш.
– Батт хьалха! – кхетийра ши йо1 т1ехьавог1учу хьалхарчу классера дешархочо.
– Ирс-я1 хьан. Кхин 11 шарахь деша деза хьан ишколехь, – жимчу к1антах хьоьгуш хьаьжира ши йо1, шайга аьлларг а ца тергалдеш.
– И ирс шун делар-кх! Ч1ог1а-м дохку шу а, сан да-нана а сох парфессор ван г1ерташ, – реза вацара хьалхарчу классан дешархо.
56. Деза де.
«Т1аьххьара горгали» олу массо а ишколан деза де даздеш ч1ог1а къахьегна к1адъелла, шен кабинета чу еъна, шен г1анта т1е охьахиъна доккха садаьккхира ишколан завуча:
– Х1ара деза де-м чекхдели… Эх1, х1инца «Хьалхара сентябр» чекхдаьлла делахьара!
57. Юьртда.
– Х1ара тхан юьртда ву, физрук хилла а ву ша, – кхетийра валаргхоша шайн хьаша.
– Деллахь, шуна куьйгалла дан-м физрук бен мегар а вац, – жоп делира хьешо
– И х1унда элира ахьа? – реза ца хилира х1усамдай.
– Деллахь бу и ч1ог1а могшалла оьшуш болх, валаргхошна т1ехь куьйгалла дар, – элира хьешо.
58. «Газел».
Да висарг, дукха жима йина а хилла и нохчашна йина «Газелаш»! Автобус йоьттира! Кхин цкъа а йоьттира! Х1оранна карахь 1аш а цхьацца бер, стаг, йоккха стаг дара. Геннарчу сонехь 1ен йисира цхьа жима зуда, карахь стаг а воцуш. Автобус д1айолаелча доккха садаьккхира оцу зудчо-м. Амма жимма дехьаяьлча, автобус сацийна салон чу мохь элира шоп1ара:
– Х1ара новкъахь лаьттарг сан стунваша ву! Цхьа меттиг буй салон чохь?!
– Бу, – г1ийла къежира жима зуда.
– Мичхьа? – б1аьргаш къарзош салон чу вог1авелира шоп1ар.
– Х1оккхуза, – шен коьшкалахь меттиг гайтира жимчу зудчо. – Боьрша стаг керахаавойла а дац, – кхетийра цо реза боцу нах.
59. Физрук.
Шо чекхдолуш классаш а худалуш д1айоьлху, малхехь дохк санна. Амма физрук вухура волуш-м вацара. Классе чуволушшехь, дуьххьара шена дуьхьала кхеттачу дешархочунга хаьттира цо:
– Мас дешархо ву шун классехь тахана?
– Цхьаъ, – бехкалла вахара дешархо.
– Х1умма а дац! Виходи строится! – мохь туьйхира физрука.
60. «Некъахо».
Ишколана т1ехьа йоьхна лаьттачу ГАЗ-53 машенан кабинан чу а хиина, машен хохкуш ву шаьшиъ, бохуш ловзуш воллура жима ши дешархо. Кхоалг1а к1ант улло веъна, чу хаан дагадеъна, х1иллане велира:
– Х1ей! – мохь элира цо. – Шу стенга доьлху?
– Гихта! – ловзаре велира х1илланах ца кхетта кабинан чура ши к1ант.
– Со а вара Гихта воьдуш, д1авигийша, – дехаре велира к1ант.
– Ваша, ва ваша, тхо Катар-Юрта доьлхуш ду, д1авала новкъара, – жоп делира кабинан чохь 1аш волчу шимма.
61 . Хьалхара смена.
Шолг1а сменехь урокашна горгали бекан цхьа минот хан йисича, ишколан уьйча велира хьехархо. Девнечу завуча, оьг1азен б1аьргашна к1елд1ашкахула стелахаьштиган ц1ераш а тухуш, кхоьссира:
– Хьо хьалхарчу исменехь урокаш луш ву ца элира ахьа соь?!
– Хьалхарчу исменехь, – доцца жоп делира хьехархочо.
– Ткъа хьо, дела мостаг1, шолг1а исмена йолаяллалца а 1ийна стенна вог1уш ву ишколе?
– Нахана шолг1а исмена елахь а, суна-м хьалхара ю х1ара… Сан кху исменехь бен урокаш яц, – хаьхкина йоьду вир санна уроке д1атилира хьехархо.
62 . ТОП-П-П-П-П…
ОБЖ-н хьехархо вара, даима а санна, бегаш беш, урокехь цхьацца забарен дийцарш дуьйцуш, берийн самукъадоккхуш:
– Шуна хаьий ткъа, сан хьоменаш, «топ» дашехь масс элп «П» яздо? – хаьттира цо.
– Ахьа х1ун дуьйцу, хьера ваьлла хьо? Вайн ОБЖ урок ма ю, нохчийн меттан урок ма яц! – цецвелира, иттех шарахь ша доьшучу хенахь шиъанал лакхара оценка ца яьккхина дешархо, даима а санна, шега хоьтту аьлла тарделла.
– Ма кхера шиъ х1оттор дац хьуна, – сапарг1атдаьккхира дешархочун ОБЖ-н хьехархочо.
– Суна схьахетарехь-м, «топ» дашехь цхьа элп «п» хуьлу, – шен дахарехь дуьххьара нийса жоп делира дешархочо, нохчийн меттан урок хиллехь-м, ца нисдала а мегара цуьнан иштта.
– Х1ан-х1а, нийса жоп ца дели ахьа, – дог дохийра дешархочун ОБЖ-н хьехархочо. – Цкъа йолуш топ и елахь, цхьа элп «п» хила деза оцу дашехь, амма и топ шозза йолург елахь, ши элп «пп» дилла а деза оцу дешахь.
– 1алелай, «Красавчик» пулеметана (масатоьпана) чаккхенехь-м масийтта б1е «п» яздан дезара ду т1аккха! – цецвелира даима а шиъаш дохуш волу дешархо.
63. «Газелан» т1ехь цхьа меттиг.
– Цхьа меттиг буй Валаргт1е кхаччалц? – хаьттира аса, шен сох пхи туьма декхар доллуш санна соьга хьоьжучу кондухторе.
– Бу! Ч1ог1а а болуш бу! Цхьа меттиг, хьуна битича санна, хьоьга хьоьжуш лаьтташ! – со дагазавоккхуш хабарен елира кондухтор-м.
Некъана дог1у пхи туьма д1а а делла, со салон чуг1оьртира, амма гуш цхьа а беса меттиг бацара «Газел» чохь. Хаттаран хьаьрк а хилла, хьаьжира со кондухторе.
– Бу хьуна! Лаха ахьа! – т1ечевхира суна кондухтор.
Ас кхин цкъа а лехира меттиг, амма меттигах тера хеташ йолу хералла а ца хааелира суна хевшина 1енчарна юккъехь. Айдаран хьаьрк хилла хьаьжира со кондухторе! Амма кондухтор-м шен къамелана чаккхенехь «ц1оьмалг» хьаьрк х1оттийна лаьттш яра, цаешаш суна а, шайолчу «Газелана» а «т1ехула» а хьоьжуш.
– Схьабелла хьайн ши б1аьрг, ва тентаг! Кхин цхьаанаш а куьзганаш эца хьайна! Хьажал д1о! – т1еххьа хебина 1енчу шина зудчунна юккъе шен оьг1азен п1елг хьажийра кондухтора.
Плюс пхиъ-ах куьзгашна чухула дикка хьаьжира со кондухтора гойтучу метте. Шолг1адиллина «Даймохк» газета юкъадаххал меттиг бара, и ша газетан цхьа аг1о санна, озачу шина зудчунна юккъехь. Со зударшна улло г1оьртира:
– Со охьахаа мегар дарий? Оцу ешапа-кондухтора-м цхьа меттиг бу боху, ах меттиг мукъна а лойша суна, – олуш.
Шина зудчо-м шайна ца хеза кеп х1оттийра «кочара вер вац техьа» – ойла хир яра церан декъазчу кортошкахь. Оцу хенахь, ц1унна чуг1уртуш йолу тарахтор-булдозар санна, салонна чуг1оьртира кондухтор. Шина зудчунна т1ейог1аелира и:
– Д1асахила, лаьхьарчий! – т1ечевхира и шина зудчунна.
64. Мечикшана реза йоцу йо1
– Оцу бахкбеллачу мечикийн хьожа ч1ог1а ца еза-кх суна! – ас чура араволуш «юьхь ц1анйина», ца кхоош сайна тоьхначу одеколонна реза яцара «Газел» чохь суна уллохь нисъелла цхьа йо1.
Нохчийн маттахь суна 1оттар а йина, шен «подружкица» къамеле елира йо1. Цунна-м тарделла хиллера, со а ву оцу «бахбеллачу мечикийн» х1ух схьаваьлла. Шина «подружкийн» къамелехь наггахь охьадоьжна а дацара нохчийн дош, «базаран оьрсийн мотт» бара цу шимма буьйсург. Ца аьлча ца 1ен велира со:
– Бахкбеллачу мечикийн мотт-м бу мерза, – лерге элира аса йо1е.
Кхин д1а болчу некъан бохалла хилира: оцу йо1а нохчийн мотт буьйцуш, цуьнан «подружкас» дуьхьал шен базаран мотт буьйцуш.
«Подружкина-м» ца хезинера ас сайна уллорчунга лерге аьлларг.
65. Доттаг1чунна Шахабана.
– Ма ч1ог1а реза вац-кх со оцу Шахабна, вац дера! – сайна пекъар-Шахабах хетарг элира ас цуьнан доттаг1чунга Аюбе.
– Говра корта а болуш велар-кх и Шахаб, – доцца д1ахадийра Аюба.
– Говра корта-м сов хир бара цунна, – ца 1ебара со-м.
66. Айс-сайна.
– Ц1а а вахана шайн «куртой» бани чохь «парился» дин ахь, – хаттар дира соь Аюба.
– Деллахь, ша и к1ант-стаг санна жимвелла ара-м вели со оцу бани чура, – жоп делира аса.
67. Шахабан корта.
– Ой, телпо йицъелла ваханера со байна етт лаха! – шен накъост Аюб кхетон г1ертара пекъар Шахаб.
– И бохург х1ун ду? Телпо муха йицлура ю т1ехь корта болчунна? – кхетан ца туьгура Аюб.
– Ой, иштта йицъелла-кх! Ас-м леррина юкъах доьхка а дихкинера, телпо чуйуьллуш йолу ботт а т1ехь, ткъа цу чу телпо йилла корта ца хили-кх, – бехказа вуьйлура Шахаб.
– Набарна вуьжуш корта схьабаккха йиш елахьара, и корта а бицлура дера бара хьуна-м ц1ахь, – реза вацара Аюб.
68. Валаргхойн «Выпускникаш-2009» Закан-Юртахь.
Нохчийчохь а ц1еяххана йолчу Закан-Юртарчу хьоладайша хьошалг1а кхайкхинера районера ишколан «2009 шеран выпускникаш». Йоккхачу майданахь даар-малар х1оттийна, бевзиш болу а, бовзаза болу а артисташ кхайкхина, боккха синкъерам х1оттйинера заканюртхоша. Оцу синкъераме кхечира валаргхойн кура к1ентий «Выпускникаш-2009» а, шайна хьалха ваьлла ишколан дирехтор а волуш. Валаргхойн кегийн нах-м шайн дайшгара дисина хаза г1иллакх лелон г1ерташ дукха оьзда, тийна-таь11ина лелара оцу дуьненан синкъерамехь. Амма кегийчу нахана юккъахь волу шиъ жима стаг 1исай, Са1идий вацара, оьздангалех воьттина велахь а, шайна доьг1нарг а, лула-кула доьжнарг а ирс шайн каден куьйгак1елара долийтур долуш. Хелхаран го шорбеш, хелхаран чан уьйбуш, цхьаъ бен йо1 яцахь а, ший а цуьнца хелха вуьйлуш, чура ваьллера ши к1ант. Амма оцу дийнахь къаьсттина доца хилла де а суьйренга г1оьртира. Синкъерам а йистенга белира. Валаргхой а, заканюртхошна баркал аьлла шайн ц1ехьа бирзира. Ишколан кет1ахь сецинчу автобусна чура охьабиссира кегийн нах а, цаьрца цхьана дирехтор а. Кегийн нах мелла а догдоьхна хетабеллачу дирехтора, церан дог-ойла жимма айба дагахь элира:
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «Литрес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.
Вы ознакомились с фрагментом книги.
Для бесплатного чтения открыта только часть текста.
Приобретайте полный текст книги у нашего партнера:
Полная версия книги
Всего 10 форматов