
Полная версия:
Забаре миниатюраш

Вахит Хаджимурадов
Забаре миниатюраш
1. 1ашхой-мартанхочун забар.
– Хьажахь, дукхавахарг, х1ара х1ун юрт ю? -хаттар дина катархочо валаргхочунга.
– Валарг ю-кх, – жоп делла валаргхочо.
– Валарг-м шаверг а вара шу, юьрта ц1е йийцахьа, – бегаш бина катархочо.
– Деллахь ца хаа, Валаргий, Катар-Юрт вовашахкхетталца-м иштта ц1е яра х1окху юьртан, – жоп делла валаргхочо.
– Эх1, ткъа х1инца тхан Катар-Юртах шун Валарг схьакхетта ма ели, х1инца х1ун ц1е туьллура ю аша шайн юртана? – хаьттина катархочо.
– Деллахьа ца хаьа. Катархо-Валарг ц1е туьллург хир ю-кх, – жоп делла валаргхочо.
2. Валаргхойн забар.
–Х1окху юьртан ц1е муха ю эр дарий ахьа, жима стаг, – хаьттира юьртара воцучу цхьана стага ца ваьлла х1окху юьрта нисвеллачу цхьана стага.
– Х1ара юрт Валарг ю, ткъа со валаргхо а ву! – жоп делира жимхас.
«Деллахь, х1окху юьртахь 1аш ма вара и сан цхьа хьаша, иза 1аш волу урам карор бацар тешна» – ойла еш юьртахула волавелира юьртара воцу стаг жимхана жимма гена ваьлча. Дуьхьала йог1у цхьа зуда саца а йина цуьнга а хаьттира цо:
– Хьажахь, яларгхо, иштта урам стенгахь бу хаьий хьуна?
– Ой, со х1унда ю яларг! – реза йоцуш яппарш йира зудчо.
– Ца хаьа делахь суна-м, и д1о воьдург валаргхо хилчи, хьо яларгхо ца хуьлу? – цецвелира юьртара воцу хьаша.
3. Пису-Мохьмадан жижиг-галнаш
Цхьамма-м пис-Мохьмад ца алархьама Пису-Мохьмад олуш керла ц1е кхьоьллина цхьана мартанхочунна.
Цхьана суьйрана лулхо чувог1уш хаавеллачу Пису-Мохьмадас, х1усамнанас х1инцца дина схьадаьхна жижг-галнаш, дехьачохь хьулдина. Хьулдар х1ун пайда бу, жижг-галнаш муха гена чомехь хьожакхеташ ду ма хаьий вайна-м. Лулахочунна хьалха-м Мохьмадан х1усамнанас стомарлера сискалан ах а, мустбелла шолг1а к1ира а долу морзберам а х1оттийна.
Жимма 1ийна лулахо д1авахан тохавелича Пису-Мохьмада бехказа-волун кеп х1оттийна:
– Деллахь, хьенех, бехк ма биллалахь хьо ледара т1еэцарна, юучух херделла тхо т1ехьарчу хенахь. И сискал, морзберам мерза хилла-м хира бац, – аьлла.
– Делахь, Пису-Мохьмад, дара уьш-м ша х1инцца схьадаьллачу жижг-галнийн хьожа а йог1уш! – жоп делла лулахочо.
4. Мумадан кибарчиг.
Пеш юттуш воллуш Махьмудан цхьа ц1ен кибарчиг т1е ца тоьина. Шен кертахь лахарх кхин ц1ен кибарчиг ца карийна цунна. Лулахь кестта ц1ен кибарчигах ц1а а доьттина 1аш волчу Мумадан керта кхайкхина Махьмуд
– Х1ун боху, – аьлла дуьхьала ц1ачура араваьлла Мумад.
– Деллахь, Мумад, цхьа еттана кибарчиг ма оьшура суна, пешана йилла ца тоьи сан, – дехар дина Махьмуда.
Дийнна кибарчиг кхоийна, шиъ ах а елла д1авахийтина Мумада лулахо.
Ши-кхо шо даьлча цхьа Делан аьтту хилла Махьмудас а долийна шена ц1ен кибарчигах дотта ц1а.
Лулахочо ц1а деш новкъадаьлла кет1аваьлла бухд1ахашкахула хьоьжуш лаьттачу Мумадига хаьттина т1ехволучо, салам-калам а кховдийна:
– Ма г1ийла 1аш-вехаш вара и Махьмуд. Ц1а дан ц1ен кибарчиг стенгара яьлла техьа цунна?
– А-а, иза-м аса еллера цунна, – жоп делла Мумадас.
5. Дог ц1ена Балавди.
Соьлж-г1алахь ПМК-н кертахь ха дан балха х1оьттина Балавди, кест-кестта гуш хилла лулахь 1енчу Салавдина цу кертара х1ума лачкъийна воьдуш. Эххар дуьхь-дуьхьал 1оттавелла х1ара шиъ. Лачкъийна уьн юьхьаг яхьаш вог1учу Балавдис, Салавди а гина воьхана ша х1ун эра ду а ца хууш аьлла:
– Деллахьа, Салавди, лачкъон а ца 1емина хала лачкъайо аса х1ара х1ума!
– Деллахьа, Балавди, х1окху г1алахь мел ериг лачкъийча а, 1емарг ца хилла-кх хьуна и х1ума лачкъон! – жоп делла Салав
6. Коьчал-нус.
Тхан вешин бераш дара цхьана малх хьаьжинчу дийнахь буйнахь бепиг юьхкаш а йолуш арадевлла.
– Ой, аша х1ун до? Бепиг бен кхин яа х1ума яц шун чохь? – хаьттира аса.
– Ду… ду тхоьгахь-м жижиг-галнаш а чохь! – яхье йолуш жоп делира жимачу вешин йо1а.
– Ткъа аша жижиг-галнаш х1унда ца дуу ткъа? – цецвелира со.
– Иза-м… иза жижиг-галнаш дууш-м тхан нана ю! – шен хьакха санна ерстинчу нанна т1ех1оьттира йо1.
7. Сан вешин йо1 Зарема
Со волчу хьошалг1а ялх шо долу вешин йо1 Зарема йеъна самукъадаьлла и хьовзийра аса:
– Зарема, аса багахь зурма а олуш, т1араш тухура ду, ткъа ахьа вашина гайтал хьо хелха муха йолу, – аьлла.
– Ваша, суна-м ца хаьа хелхаялан, ахьа гайтахь, – дийхира жимчу йо1а.
Со айса-сайна йиша а локхуш йо1ах хелха велира, Заремина муха ялан еза гойтуш. Йо1 ч1ог1а самукъадаьлла йоьлура.
– Кхин цкъа а гайтахь! – дийхира йо1а со сецча.
Аса кхин цкъа а ког шаршош уьйт1е ма-ю гуобаьккхира.
– Ваша, х1инца божарех валахь хелха! – дийхира йо1а.
Божарех хелха волуш Заремина хьалха бохь а боьг1на, йо1 хелха яккхан вуьйлира со багахь зурма а олуш, т1араш а тухуш. Амма Зарема букъберзийна д1айолаелира со тергал а ца веш.
– Ой! Хьо стенга йоьду? Вашина хелха ца йолу хьо, ва Зарема? – хаьттира аса жимчу йо1е.
– Х1ан-х1а, ваша, дог ца дог1у сан! – жоп делира жимчу Заремас.
8. Нисъелла нус.
Шен вешин х1усаме чувахана хилла воккхаха волу ваша. Воккхахчу вешина хьалха чайна стака х1оттийна несо. Такхор санна ерстина йолуш мел к1езига а кухни чохь ах меттиг д1алоцуш йолу нус, марвешига шен бала балхон йолаелла даима а санна, шен майра ц1ахь воццучура:
– Деллахьа, Ваша, алапа а к1езига доккху оцу шун вашас. Цо мел юуш йолу х1ума къаьхьа де ду-кх. Х1окху кухни чуьра ара волуш а вац дийнахь а, буса а.
«Даймохк» газета санна оза волуш мохо а техкош лелаш волу шен ваша дага а веъна:
– Деллахьа, юуш верг и тхан пекъар ваша велахь а, дег1ана т1е-м хьуна йолучух тера ду и юург, – аьлла марвашас.
9. Г1иллакхен нуц.
Хьайн стунда 1аш волчу урамехула, хьо говра хиъна воьдуш велахь а, лаьтта воьссина г1аш т1ех волуш г1иллакх х1оттон деза, хьо къонах велахь! – хьехар дина к1антана дас-нанас.
Керла машен эцна дукха хан ялале, цхьа г1уллакх хилла стунда 1аш волчу урамехула т1ехвалан дезаш нисделла к1ентан. Урам болалучохь шен машен д1а а яйъина и туьттуш вог1уш шайн урамехь нуц гина, стумцхой ара лилхина. Стунда хьалха а волуш т1ехьаьлхина машен тоттуш г1одан сихбелла уьш.
– Белзин кхачийна хьан? – хаьттина стундас эххар а шен невце.
– Х1ан-х1а, шун урамехь г1иллакх лаьцна динара воьссинера со-м! – жоп делла г1иллакхен невцо.
10. Жима к1ант Сайхан.
Цхьа а уллохь воцуш балл диттан буьххье ваьлла 3-4 шо долу жима к1ант Сайхан. Ког а шершина чухецавелла вог1уш, цхьа аьтту а хилла дуткъа гаьннах тасавелла и шина а куьйга къевлина 1ункар чукхозуш хилла, ерриг юкъ 1адош хьоькхуш мохь а болуш.
Мохь хезна, ведда т1евеъначу воккхахволчу вашас Халидас, чукхозуш волу жима воша хьалакхевдина схьалоцуш, аьлла Сайхане:
– Д1ахеца баллан га! Ас схьалаьцна хьо!
– Ма хецийта-а-а! – бохуш воьлхуш хилла Сайхан.
– Х1унда?! – цецваьлла хаьттина Халидас.
– Ас д1ахецахь, дитт охьадужуш ду! – жоп делла дериг дуьне бертал даьлла моьттуш кхеравеллачу жимчу к1анта.
11. Селимин хьалхарчу классехь хьалхара де.
Дуьххьара ишколе яг1на ц1а кхечира жима йо1 Селима.
– Нана! Ва, нана! – уьйт1а кхоччушехь ц1ог1 туьйхира цо.
– Х1ун боху ахь, сан дашониг! – олуш дуьхьала хьадира нана, цунна т1еххье баба а, воккха дада а.
– Ахь соьга урок пхиъ хуьлу х1унда ца элира хьалххе!? Суна-м цхьаъ бен ца хуьлу моьттура! – т1ечевхира йо1 массарна а.
– Ой, сан дашониг, ишколан директоро иштта нисдина-кх и, – бехказа елира нана.
– Оцу директорца-м ас кхана къастор ду и. Ткъа ишколе х1оа дийнахь эхан деза х1унда ца элира ахьа? Со-м цхьана дийнахь яг1ча йолу моьттуш ма яра?! – елха уозош шен т1оьрмиг нанна хьалха кхоьссира Селимас.
12. Исрапилов Хож-Бауддина.
– Схьахьажахьа, и Ц1уц1а бохуш верг хьо вуй? – хаьттира урамехь саца а вина Хож-Бауддига цхьана къонахчо.
Д1а-схьа а хьаьжина билггал шега луьйш вуй а кхетта:
– Х1инццалца схьа-м вара со Ц1уц1а, – жоп делла Х1ожа-Бауддис.
– Ой, ткъа х1инца дуьйна д1а Муц1а хила дагахь-м вац хьо? – цецваьлла къонах.
13. Г1иллакхен жима стаг.
Аьрзун з1акарца къовсавелча санна хьаьвзина маара а болуш, ира, сиха уьдуш 1аьржа ши б1аьрг болуш жима стаг автобусна чоьхьа а волуш, сонехь д1атарвеллачу воккхачу стагна улло охьахиира, спортан говрана т1екхоссалуш санна.
Воккха стаг шен цхьаъ бен йоцу церг туьйсуш морожница къовсавелла воллура. Морожни ч1ог1а г1орийначух тера дара.
Аьрзух тера жима стаг къаьрззина хьаьжира воккхачу стеган цхьаъ бе йоцчу церге.
Цкъа а шозза а жима стаг шена къаьрзича:
– Х1а! – олуш, д1акховдийра воккхачу стага морожни.
Шен ира цергаш къарзош схьаэцна цкъа-шозза кхаьллина д1аяг1ийтира морожни жимчу стага. Жимма 1ийна, шен куьг готтачу джинсин кисна даг1ийтина «Суппер стиморол» сег1аз схьадаьккхира жимчу стага. Шиъ буьртиг геннара чуластийна шен бага яг1ийтира цо.
Воккха стаг шен цхьаъ церг гойтуш бага г1аттийна хьаьжничохь висира.
– Х1а, батя! – олуш воккхачу стагана кховдийра г1иллакхен жимчу стага т1улг санна ч1ог1а долчу сег1азан буьртиг. 17 08 08 шо.
14. Гиххойн кура зуда.
Вайна массарна а евзаш йолчу Гихтан эвлайисттерчу биънекъ къаьсттачу меттиге «Соьлж-Г1ала – Катар-Г1урт» микроавтобус схьакхаьчча шоп1ара мохь туьйхира салон чу:
– Гихта центре д1авиган везаш стагга а вуй?
– Со т1ай доллучохь охьайоссийталахь, стаг, – кхоьссира цхьана курочу зудчо, водителе аг1ора д1ахьажа а ца ешаш.
Шоп1ара-м шен автобус Валаргхьа аг1ора ерзийра, кхин цкъа а ч1аг1алона мохь а олуш:
– Гихта центре воьдуш стаг вуй?
– Со-м ю, – кхин цкъа а кхоьссира курачу зудчо.
– Ой, аса хатта-м ма хаьттира, – реза воцуш яппарш йира шоп1аро.
– И бохург х1ун ду? Аса т1ай доллучохь со охьайоссийта ца элира хьоь? – т1ечевхира кура зуда, Гихта эвлаюккъехь бен х1окху доккхачу дуьненчохь а кхин цхьа а т1ай доцуш санна.
15. Соьлж-Г1алахь.
Катар-Юрта йоьду автобус «т1анк!» – аьлла хьалайотталца новкъайолуш яц, бехачу новкъахь лаьттарш белла 1оьхкуш белахь а, оцу автобусе хьоьжуш. Эххар а автобус йоьттина яьлча, т1ееира сан дахар санна цхьа ирча зуда:
– Ахча схьакховдадел! – аьлла омра а деш.
Массара а чехкка, ша-шан сиха дала а г1ерташ, д1акховдийра ахча, «и ахча д1аделча а и зуда кочар ер яцара техьа» – аьлча санна.
Цхьана зудчо-м шина меттигна а ахча делира, цхьа ондуо мел к1еззиг а шиъ-ах меттиг д1аолоцура йолуш зуда шена уллора д1аериг.
– Цхьаммо ахча схьа ца делла-кх! – кхайкхира «кассира», «х1инца-м кочар яьллера х1ара» – аьлла хеттачу хенахь.
Массарна а гуш дара чохь мел волучо ахча д1аделла хилар. Амма «кассир» 1ен а ца 1ийна цхьана жимчу стага делира цунна пхи туьма.
Автобус йолаелча, «кассир» геннахь йисича, салон чура зударша г1овг1а эккхийтира: «Оцу, кассир аьлча а, оцу лаьхьано пхи туьма совнаха даьккхира!» – аьлла.
Дов ца соцуш гена даьлча цхьана воккхача стага элира:
– И зуда-«кассир» вайца схьаялон езаш хиллера вай.
– И ма яра хьуна х1окху чохь оьшуш! И х1унда элира ахьа? – воккхачу стагана т1ебирзира зударий.
– Цунна т1ера Карат-Юрта кхаччалца вай ахча д1аделла, цунна дов деш-а-а схьадог1ур дар-кха, – жоп делира воккхачу стага. (март 2009 шо)
16. Валаргхойн жима стаг.
Массарна а бале даьлла хир ду, Соьлж-Г1алара схьайог1у микроавтобус Гихта схьакхаьчча х1утту хьал. Цхьаъ бен гиххо оцу автобусна чохь вацахь а, и оьций Гихта юьрта юккъе йоьду и, асфальтан зуьбалгех буьззина болчу некъахула. И некъ Гихтан эвлайистехь автобус юьртаюккъе д1ахьаьвзичура Валаргт1е схьабог1учул а дуккха а хала бан дезаш бу, делахь а гиххоша диъ туьмий бен ца ло, валаргхойн пхиъ туьма охьакхоссан дезаш хуьлу автобусан шоп1арна.
Цхьана дийнахь Гихта эвлайистте кхоччушехь, ша х1инццалца ма аллара:
– Гихта центре виган везаш стагга а вуй?! – аьлла хаьттира шоп1аро.
– Со ву! – д1аса а хьаьжна, цхьа а вист ца хилчи, оьг1азен жоп делира цхьана жимчу стага.
Реза воцуш оцу жимчу стаге а хьаьжина, шоп1аро-м шен машен ерзийра эвлаюккъе. Цхьа хан яьлча, асфальтан гушна т1ехула гуттар лахъеш йог1ийтуш, д1акхечира автобус Гихта центре. Амма автобусна т1ера охьавуссуш стагга а вацара.
– Ванах, ахьа хьо Гихта центре ван лууш ву ца элира? – т1евог1авелира жимчу стагана шоп1ар.
– Сан г1уллакх-м чекхдели, – дуьхьала реза вацар гайтира жимчу стага а.
– Ой, и х1ун г1уллакх дара? – кхин а ч1ог1а цецвелира шоп1ар.
– Оццул сайна бале яьлла х1ара гиххойн центр х1инца а лаьтташ юй хьажа дагадеинера суна-м, – шек воцуш жоп делира Валаргт1ерчу жимчу стага.
17. Педсоветехь.
Гуттар а сихвелла хьехархошна т1е1аткъам беш дош олуш воллура ишколан директор. Ц1еххьана хьехархошна юкъкъехь, хан иккхина волчу ОБЖ-н хьехархочун телефонан горгли бийкира саца а ца туьгуш.
– Ой, и телефон педсоветехь д1аяйан мегаш ма яра! – резавоцуш хьаьжаюккъе шед бира директора.
– Ц1ийнан… нана!.. Ц1ера етташ ю! – классан чуьра аратилира ОБЖ-н хьехархо, телефон цхьана минотана а лергара д1аяккха ца ваьхьаш.
– А-а-а, ц1ера етташ елахь-м ц1е яьлла г1уллакх ду иза, – шен хьехархочух дика кхеташ корта ластийра директора.
18. 1абазан рицкъа.
– Хьо х1ун деш 1уьллу кху чохь вижина, боьрша цициг санна! – т1ех1оьттира хьаьрччина вижина 1уьллучу 1аббазана, балхара вог1уш чух1оьттина лулахо.
– Д1авала, ма г1ерта сунна новкъа. Сайна Дала делачу рицкъане хьоьжуш 1уьллу со, – жоп делира 1абаза.
– И х1ун рицкъа ду? Болх ца бича х1ун рицкъане сатуьйсу ахьа? – хаьттира лулахочо.
– Болх беш волчунна шена карор ду рицкъа, вижина 1уьллучунна лур ду ша рицкъа, аьлла боху Дала, – жоп делира 1абаза.
– Вижина 1уьллучун х1ун рицкъа хьажийна хаьий хьуна Дала? – хаьттира лулахочо.
– Х1ун? – хаттарна дуьхьала хаттарца жоп делира 1абазас.
– Дера делла стаг ца валлал – «Пособи по безработице» – элира лулахочо.
19. Г1иллакхен йоккха стаг-катархо.
Валагт1ера юьртара араяьлла а ялале, Катар-Юрта чоьхьа йолаелира микроавтобус. Амма Валаргт1ехь автобусна т1ехиина цхьа йоккха стаг не1арна уллохь г1антах таса а елла 1аш яра, ткъа автобусан аг1онца йолу йоккха не1 схьайиллина яра, и мохе а т1е ца къовлийтуш йоккха стага сеца а йора.
– Йоккха стаг, и не1 т1екъовлахьара ахьа, чу южура ю хьо х1инцца! – дехар дира шоп1ара.
– Х1умма а дац, со х1инцца Катар-Юрта эвлаюккъехь охьайосса езаш ю, йита ахьа йиллина, – хаза г1иллакх х1оттийра йоккхачу стага.
20. «Кортира»
Валаргт1ерчу цхьана йоккхачу ишколан директора «кортира» хуьлийтур ю ша аьлла, цхьа хьехархо балха д1аэцнера. Амма «кортира» ца луш ишколехь цхьа исклад хилла лаьттинчу чохь маьнга а х1оттийна, цу чохь 1енвеш хилла и хьехархо. Ишколехь а, юьртахь а вала вуьтуш ца хилла зуда ялийна воцу хьехархо, «оха зуда хьахайе хьуна?» – бохуш.
Иштта цхьана дийнахь туьканчу вахар нисделира хьехархочун. Туьканан дас а къадийра:
– Цхьа тайна зуда яра сан хьуна хьахон, – олуш.
– Зуда-м цхьаъ елахь а, шиъ елахь а новкъа хир яцара суна, цхьаъ мукъна а «кортира» хьахаяйша суна, – дехар дира хьехархочо. (24 март 2009 шо)
21. «Тюбетейка»
Жимма шех моллала а доллуш волу цхьа хан иккхина стаг вара маьлхан тевнехь хиъна 1аш волу узбек санна тюбетейка а тиллина кечвелла. Ишколан учитал ву ша бохуш мелла а инталгентал а йолуш шеца, ишляпа лелон даго а ца вуьтуш, хурашка лелош вара кхин цхьа к1унзалан да а. Б1аьргашна т1ета11ийна курочу дагахь коьрта тиллина хурашка а йолуш вог1у инталгент а гина, 1оттар йира шех моллал доллучо:
– И аьттан ч1епалг санна йолу хурашка а ца лелош, сайниг санна хаза товш коьрта пес тилла, – аьлла.
– Мегар ду делахь, аса чу ма вахханехь тукарца хьаьккхина лаба д1айоккхур ю х1окху сайн кепкин, т1аккха и хьайниг санна тюбетейка хир ю-кх сан коьртахь а, – жоп делира инталгента.
24 март 2009 шо.
22. Валаргхойн Дон-Жуан.
Соьлж-г1ала- Катар-Юрт микроавтобус Валаргт1е схьакхачан гергга яра, катархой, валаргхой бара цу чохь бисинарш. Т1еххьа 1аш волу цхьа жимхас шен мобилан з1е туьйхира.
– Со схьакхочуш ву-кх. Сихха хинйистте схьайолахь! – дийхира цо мохь тоьхина мобилан аппарата чу.
Ерриг а автобус цуьнга д1ахьаьжира, амма жима стаг-м вацара уьш гучохь. Иза мобилан аппаратан керахь вара, аьлчи а з1ена дехьахь шега ладуг1уш йолучунга.
– И бохург х1ун ду? Ламаз а дай т1аккха араялахь шовдана йистте! Со а ламаз а дина д1авог1ура ву! – телпона чу мохь беттара жимчу стага. – Со х1инца юьрта чукхочуш ву, сихо елахь Мадина! Со хьо сихха ца гича мегар волуш вац хьуна! – гуттар а чура ваьллера жимха.
Жима стаг автобус саццалц собар доцуш не1арехьа д1аг1оьртира. Катархой, валаргхой-м цецдеина къайлаха цуьнга хьовсуш бара. Эххар а Валаргана юртаюккъехь биъ некъ къаьсттичохь сиха сацаяйтира цо автобус. Амма иза араэккха кхиале, автобусна чохь 1аш волчу цхьана воккхачу стага жима стаг сацош элира:
– Массо а катархошкара, валаргхошкара маршалла д1алолахь Мадинега!
23. Тамашена хьаша.
Валаргт1ехь хьошалг1ахь хьевелла хилла цхьа хьаша. Наггахь де а, ши де а юкъадолуш хилла хьаша шена нисъйинчу котаман бун санна жимчу чура ара ца волуш.
– Ванах, хьо ма ч1ог1а чувоьлла? Хьо чура ара ца волуш масех де а ма даьлла? – цецбевлла хаьттина хьешах ца кхетачу юртахоша.
– Шу шадерш а валаргхой делхьара-м вер вара со х1ора дийнахь а чура ара, – аьлла хьешо.
– Ой, и бохург х1ун ду? Муьлш бу х1окху юьртахь хьо реза воцуш хьуна ган ца луурш? – хаьттина цецбевллачу валаргхоша.
– Дера бу баларгхой, – жоп делла хьешо.
24. Ца вевзаш волу накъост.
Дикка хан д1атекхинера ЧИГУ олуш йолу университетехь цхьана дешна волу ши накъост вовшен ганза. Мел к1езига дуьстича а, цхьа ткъе пхиъ шо-м хир дара. Цхьана хьаькамийн йоккхачу г1ишлон онддачу вестибюлехь бобера санна сонехь лаьтташ вара хено дикка 1ийшина ша а, ша санна хено дикка нох даьккхина шена т1едуьйхина долу барзакъ а долуш иншарахь дуьйна ишколехь хьоьхуш волу цхьа хьехархо. Хьаьким волчу чу ваг1ан ца х1уттуш лаьтташ волчу хьехархочуннах б1аьрг кхетта улло г1оьртира цхьа хено ден-ненан цхьаъ бен воцуш санна кхаьбна кхин цхьа хан декхина къонах. Дехьа волуш хьожуш, сехьаволуш хьожуш, дикка гуо тийсира къонахчо шена гуонаха цхьа а ца гуш лаьттачу хьехархочунна. Эххар а кхин собар ца тоьина хьехархочунна хьалхха вог1алуш хаьттира къонахчо:
– Ванах, суна вевзаш волу 1аббаз вац хьо?
– Ву… ву дера-кх, – б1аьргех стомма линзанаш долу куьзганаш а духкуш г1ийла хьаьжира хьехархо шена хьалха вог1авеллачунга.
– Ткъа, со ца вевза хьуна?! Со-м Гарун ма ву! К1отарахь 1аш вара-кх со, вай универехь доьшуш долуш. Х1инца-м, бакъ дериг дийцича, жимма хьаькималла а кхаьчна, кхузахь столицехь ву со, – ша жима стаг волуш санна сиха луьйш, шен кхиамаш бовзийтуш, вист хилира Гарун.
– Х1аъ, х1инца вевзи суна-м хьо, – хан-замано артдинчу озаца, маб-бу шен хуьлчу ницкъаца шена хазахетаран кеп х1оттон г1уртуш жоп делира 1аббаза.
– Ой, старина, суна-м хьо вовза а ма ца вевзира юьхьанца! – т1ехтухуш санна кхоьссира Гарунас.
– Бехк а бац хьуна-м со ца вевзича а, суна-м сайна а ца вевза со наггахьа со куьзгана уллохула т1ехволуш со цу чохь гича, – цецвалан бахьана доцийла кхетийра 1аббазас шеца къоначу хенахь цхьана доьшуш хилла волу накъост.
25. Мерах даьлла долу хьошалла дар.
Кхин ваг1ан меттиг а боцуш, ишколан директора къинхетам беш хехочун болх а белла, ишколехь жима цхьана чоьнах чохь 1ен меттиг а нисбина, 1аш-вехаш хилла цхьа пекъар. Цхьаъ бен маьнга ца хилла цуьнан, котамийн бун санна жимачу чохь, кхоъ г1ат йолчу ишколехь. Т1ехула т1е, цхьана шийлачу 1ано и пекъар волчу а воссийна Дала хьаша. Ша нохчойх х1у хьакхалуш хиларе терра, оцу пекъара шен тароне хьаьжжина хьошалла деш, ша шийлачу лаьтта а вуьжуш, хьаша шен цхьаъ бен боцчу маьнги т1е охьавижош хилла буьйсана. Иттех де даьлча хьаша д1аваг1на, амма амма «х1усамдена» лаьттахь яьхна шийла буьйсанашш бале евлла. И цомгуш хилла.
– Хьаша шен цхьаъ бен боцчу маьнгина т1е а вижош, ша шийлачу лаьттахь вижина йиллина, цомгуш хилла-кх и хьенех, – дуьйцуш хилла хьехархоша вовшен юккъехь.
– Лаьттахь х1унда вуьжуш хилла и? – хаьттира Тамара бохуш йолчу хьехархочо.
– ой, чоь жима ма ю цуьнан, маьнга цхьаъ бен а бац, – Тамара кхетон г1оьртира коллегаш.
– Чоь жима елахь а, и чохь 1еш волу ишкола жима а йолуш-м ца 1иллина хьуна и лаьттахь. Эцца муьлххачу классе чу а ваг1на, ши парта ул-улло а хилийна, цу т1е охьавуьжур вар-кха, – кхетан дагахь яцара Тамара-м.
26. Къинхетаман жеро.
Дирехтора кортира хир ю а аьлла, кортиран метта ишколехь цхьа жима чохь маьнга а х1оттийна цу чохь 1аш, вехаш хилла цхьа хьехархо. Дешаран шо чекхдолуш хилла директора шен дош кхочуш ца деш. Цхьана дийнахь хьехархойн чоьнехь цхьана хьехархо-жерочо аьлла:
– Деллахь ма дика стаг ву хьо. Тхуна уллохь 1аш велар хьо. Ма дика лелор вара-кх аса хьо.
– Х1умма а дац, т1аккхахула вайн дирехтора суна кортира лохур ю ша аьлла дош лучу хенахь, аса шуна уллохь ло сайна и кортира, эр ду цуьнга, – жоп делла хьехархочо.
27. Леккхара колификаци йолу хьехархо.
Кхин лекхара хилан йиш йоцуш ч1ог1а леккхара колификаци йолуш йолу оьрсийн мотт хьоьхуш йолу цхьа хьехархо ишколан а, юьртан а, районан а юкъара бала хьалха баккха «районе» яхийтан кечйира ишколан хьаькимаша. Урокаш-м шолг1ачу исменехь хила езаш яра цуьнан. Амма оццул лекха а, еза а колификаци йолчу хьехархочунна метта урокаш яла-м хьалхарчу исменера масех хьехархо орцах ваьккхинера. Физкуьйгалхо, берийн балхе безам бахийта декхарехь волу хьехархо а, берашна адмийн даь1ахкаш муха ю, масса ю а 1амон хьехархо а, берашна йир 1амош волу пондаран мостаг1а хьехархо а схьагулвелира хьехархойн чоьне. Физрук, трудрук, музыкрук, биолог а къовсавелла воллура, ша-шай лур ма ю и урок, бохуш. Оцу хенахь «районе» яг1ан араяьлла хьехархо-м цига д1а а ца кхаьчна юхакхечира. Амма урок яларан сий шайн керара далийта реза бацара шолг1а сорт Хьехархой. Х1инца-м уьш массо а «районе» ца кхаьчначунца къовсалуш бара:
– Со хир ву!
– Х1ан-х1а, со ю и урок ялан декхарехь. Адмийн даь1ахкаш йагар ян бен суна кхин х1умма а ца хаьа моьттуш ду бераш!
– Сайн урок айса лур ю аса-а-а!
Оццул ч1ог1а кховсабелла бохкучу хьехархошка хьоьжуш лаьттачу ОБЖ-н хьехархочо б1арзвеллачу кеппара мохь туьйхира:
– Ой, иштта дукха шу дуй хианехьара, со-м вог1ура а ма вацара х1окху балха, моллина х1ара бисарг!
28. Йог1ура яц и соьга.
Тхан фирмера буьйсана волу хехо вара гуттар а суна захлу дуьйцуш. И захлу-м дара тхан дирехторан г1оьнча йолчу цхьа сан дахар санна ирча йолчу зудчунна дуьйцуш. Ж1ало ша х1инцца аьлла «г1алх!» дицлой кест-кестта юха а олуш долу и «г1алх!» санна, олура сан хьешо хехочо а:
– Ялон еза ахьа и вайн хьаьким, даьттана юккъе керча лаьтта н1аьна санна 1ийр ву хьо!
– Йог1ура яц и соьга! – жоп лора аса.
– Ой, и-м хьо дага а воьг1на яла йоллуш ма ю!
– Йог1ура яц! – кхетаван г1уртура со, шена оцу захлух а «х1ума кхочура яц техьа» бохуш ойла еш волу хехо.
– Х1унда? И-м шортта ахча докххуш ма ю! Дийнна х1ара вайн фирма «юуш» 1аш ма ю и-м! Ялсамане даг1ана шайт1а санна вехара ву хьо!
– И соь маре яг1ахь, аса фирма кхин юийтур яц цуьнга! Цундела йог1ур яц и соьга.
29. Ши зуда цхьана микроавтобусна чохь.
Дукха онда йолуш, не1арах аг1онца чоьхьайолуш, «Соьлж-г1ала – Катар-Юрт» микро-автобусна салона чуг1оьртира шиъ зуда. Салонан чохь халла д1атарбелла пекъарш-нах цхьаммо д1атуьйттуш, вукхо схьатуьйтуш, стоммачу, ч1ог1ачу озаца «тап!» аьлла 1аш болчу нахана т1ечехаш, ресорашна т1ехь автобус меттах йохуш, егош буьйлуш, шайна меттиг лахан чуг1ула буьйлабелира Зударий. Эххар а, цхьа миска оза зуда шен меттигера эккхийна, уллохь нисъелла кхин цхьаъ оза зуда соне 1аьвдина, д1ата1ийна ондачу шина зударех цхьаъ д1атаръелира. Шолг1аниг-м, ондачу б1аьрг т1ехь ца соцуш ц1ен басар хьаькхинчу, стоммачу балдашна бухахула, говрана хилан тарлучу яккхийнчу цергашна т1ехьара схьа буьрса «г1ун-г1ун» а деш, шина г1антах цхьанна йисттехь тасавелла 1аш волчу «Хьехархо» газета санна озалла вала воллучу цхьана боьршачу стагана улло г1оьртира.
Охьахиина, д1атаръеллачу ондачу зудчо «Газел» тасс санна екош, тохайолийтуш ела а луш мохь туьйхира шен накъосте:
– Варелахь, Курпату, хьажалахь и хьайна уллохь нисвелла «къонах» лаза ма велахь! Вайн х1у т1ехь цунна дуьхьала д1авалан боьрша стаг вац хьуна!
Салонна чохь т1ехьахь д1атарвеллачу цхьана воккхачу стага корта а ластийна элира:
– Деллахь, Зударий! Шун х1уна т1ехь-м боьрша стаг оьшу моьттуш а вац со, шун шаболу зударий шу шиъ санна белахьа-м х1етте а!
30. Цхьаъ-ах зуда.
Кхин цхьана «Соьлжа-г1ала – Катар-Юрт» «Газелана» а чуг1оьртира мел ч1ог1а озийна г1оьртича а уггар а к1езига «цхьаъ-ах!» меттиг д1алоцура йолуш цхьа зуда.
Дехахь а, сехьахь а 1аш болу г1ийла нах куьйган голашца д1а-схьа а теттина, «кхап-п!» аьлла чена к1ур г1аттош кхоьссина деъна муьшгали санна охьахиира и зуда.