Читать книгу Забаре миниатюраш (Вахит Умарсултанович Хаджимурадов) онлайн бесплатно на Bookz (2-ая страница книги)
bannerbanner
Забаре миниатюраш
Забаре миниатюраш
Оценить:

0

Полная версия:

Забаре миниатюраш

– Ванах, шина меттигах билет эца, бохуш хьийзайо-кх со х1окзу наха! – ша автобусан салонан чохь мел болучу нахана а, шоп1арна а, кондухторна а, кхин а мел к1еззига а ах дуьненна реза ца хилар схьакъадийра зудчо, стоммачу озаца мераха шок а олуш.

– Ой, и бохург х1ун ду? Шина меттигах мах боьху цара хьоьга? – цецвелира сонехь 1аш волу цхьа воккха стаг.

– Дера боху оцу кондухтор аьлча а, оцу саьрмико-м и ц1ерца цхьана д1овш а детташ.

– Эх1, деллахьа ма харцо ю цара хьоьга юьйцург! Цара х1унда боху хьоьга шина меттигех ахча ло? Ахьа-м цхьаъ-ах билет эцча а тоьур ма ду! – цецваьллера воккха стаг кондукторша лелончу харцонех.

31. Аьрха пассажираш.

– Д1ахьовзае! Хьан да хьаькха юуш валларг!

– Схьахьовзае, хьан да налла юуш валларг!

– Поворотник латае, дундук!

– Ахьа х1ун до, светофораш ягаръеш, жима бер санна? Яг1ийта хецций д1а, ва стаг ца хуьлу! – ша-шай бен ца олу моьттуш, шоп1арна т1ечехаш, т1е1аткъамаш беш, наг-наггахь уккална чу х1ума а тухуш, чуьра бевллера «Соьлжа-г1ала – Катар-Юрт» маршрутан микроавтобусан салон чура пассажираш. Корта белшашна чохь д1а а лачкъийна, вухахьажа ца кхуьуш, басех чу хаьхкина вирворда санна эккхийна, Гихта чукхаоьссира шоп1ара микроавтобус. Гиххой: «Центр! Центр! Центре яг1ийта автобус, ва тентаг!» бохуш т1ечехан бевлича, кхачийра шоп1аран собар. Цхьа буьрса ченан к1ура юккъехь тормоз тоьхна «Газел» сацийна, чура сиха охьаиккхина г1аш, вуха а ца хьожуш, Валарган аг1орхьа «юм» йеш, «т1ета1ийра» шоп1ара.

Шоп1аран сийдацаллах цецбевллачу пассажираша, кораха кортош ара а яьхна, т1ехьа мохь туьйхира:

– Ахьа х1ун до, ва тентаг?! Гихтан центр цигахь яц хьуна!

– Кхин оцу центре ког д1а-м боккхур бац! Шайна лаахь, шаьш яг1ийта автобус Гихтан центре а, т1урнене а! – олуш вирб1арзан боларехь Валарган аг1ора д1атилира шоп1ар.

32. Валаргхойн историк-Хьуьсенан забар.

– Ахьа х1ун леладо, 1алавди? Хьо ма г1ийла ву тахана? – хоьттура Хьуьсена, Валарган эвлаюккъехь дуьхьала нисвеллачу, шен хеннарчу воккхачу стаге.

– Ца го хьуна, коч-хечий леладо-кх, – резавоцуш жоп делира 1алавдис.

– Ой, хьо-м реза воцучух тера ма ду хьайн кучана а, хечийна а? – хоьттура Хьуьсенас.

– Х1ун дина аьлла хир ву кхарнна реза? Тиша ма ду х1орш!

– О1, уьш д1а а дахий кхиссий д1а а даг1ийтий лела т1аккха, – хоьхура Хьуьсенас.

33. Ши к1ант-дешархо.

Ишколан шуьйрачу, ехачу уьйченаш екош, маьхьарий Хьоькхуш, ловзуш, 1ункар-берташ кхийсалуш, кхоалг1ачу г1ате хьаьвзина хьалабоьдучу ламин аг1онна т1ехула чухехкалуш, каде хьийзара ши дешархо.

– Шу цирке х1унда ца доьлху, кхузахь харцхьа а ца лелаш? – хаьттира эццахь гучуваьллачу хьехархочо-воккхачу стага.

– Ваша, тхоьгахь ахча дац цирке даг1ан! Ахьа лохьа тхуна «шай-кай», тхойшиъ-м хаза а хеташ г1ур вара цирке, – дехарашка велира ши к1ант.

– Аса-м цирке балха х1унда ца воьду шу шиъ, боху, – ши к1ант кхетон г1оьртира хьехархо.

– Ой, цо х1ун дуьйцу? Оха х1ун болх бийра бу циркехь? – ца кхетара ши к1ант.

– Х1ун болх бийра бу бохург и х1ун ду? Маймалийн метта хир ву-кх шу шиъ! – кхетийра хьехархочо аьрха ши к1ант.

34. Кепка.

«Соьлжа-г1ала – Катар-Юрт» маршрутан микроавтобусан салона чу ваьлча, цец а деина висира со. Ессачу салона чохь цхьаъ ша жима стаг вара, ехачу къорзачу кепкин лабина к1елд1ашкахула «цкъа а дуьненчохь эхь хила а хиллий техьа?» – аьлла хоьтийтуш сийна ши б1аьрг а къерзош 1аш. Массо а есачу креслошна т1ехь хьаьрчина 1уьллу лаьхьанаш санна 1охкуш цхьацца къорза кепка яра.

– Ой, х1ара меттигаш шаерш а ахьа д1алаьцна-м яц? – цецвалар гайтира аса жимчу стагана.

– Яц дера-кх уьш-м «занятый», – кхоьссира сийначу б1аьргаша кхин а эхь доцуш къаьрзаш.

– Ткъа, х1ара «оьрсийн Рембон» кепкаш хьан ехкина г1анташна т1е, меттигаш д1алаьцна яцахь? – кхин а ч1ог1а цецвелира со.

– Аса ехкина-кх и супер-модни кепканаш оцу «креслошна» т1е, – со 1овдал, шен ма хуьлу кхетон г1ертара жима стаг.

– Стенна? – кхетан волуш вацара со 1овдал-м.

– Ой, дядька, хьо-м кхетан волуш а вац. И суппер-модни кепкаш юхкуш ву-кх со! – шен т1оьрмигна чура кхин а иттех къорза кепканаш схьаехира сийначу б1аьргаша.

35. «Маьрша г1ойла шу» – х1инцлерачу нохчийн маттахь.

– Давай, делахь! – курачу дагахь шен накъосте кхоьссира Валаргана эвлаюккхехь цхьана кхонахчо шен накъосташка.

Сайн г1уллакх доццург хийла леладо-кх аса. 1ен а ца велла т1евахана хаьттира аса нохчийн къонахчунга:

– Бехк ма биллалахь, ванах, оьрсийн маттахь «Давай!» олуш х1унда кхъаьста техьа вайн нах д1а, схьа?

– Ахьа х1ун дуьйцу, батя? «На, бери!» ала-м ца дезара аса оцу екхаргашга, д1а, схьа къаьсташ?!

36. Мерах хьокху йовлакх.

Ц1ера араволуш кисанахь йовлакх доцуш араваьлла, базарна юккъе хьаьвзинера цхьа воккха стаг, цигахь оьцур ду-кх ша и, аьлла.

– Оцу жимчу йовлакхах х1ун доьху ахьа? – хаьттира цо базаран мог1анехь йовлакхаш духкуш лаьттачу «новий чеченех» йолчу цхьана «бизнесмене».

– Дера ду и йовлакхаш, ваша, нехаш санна, ч1ог1а дораха д1адухкуш! Эцахь хьайна ши-кхоъ, – жоп делира зудчо.

– Дораха ду, бохург и мел ду, ахачанца дуьстича? – хаьттира воккхачу стага, нехаш таханлерачу дийнахь х1ун мехах ю ца кхеташ.

– Селхана-м «дивестинах» д1адоьхки аса уьш, х1ара ши-кхоъ бен ца дуьсуш. Тахана хьуна, хьо дика стаг хиларна, цхьана «истонах» д1алур ду-кх аса, – шен дагахь дерг хаийтира «новий чеченас».

– Деллахь, зуда, ша и говра мах болуш хилла-кх и хьан мерах хьокху йовлакхаш, – зудчунан нехийн мах хадийра воккхачу стага.

37. Некъахо-валаргхо.

Моллина йисарг, оцу «Соьлжа-г1ала – Катар-Юрт» микроавтобусна т1ехь ца хуьлуш а ца дуьсу х1ума. Г1алахь т1ехиира и жима стаг-валаргхо рейсан автобусна. Амма: «Булочкаш! Чипсаш! Напиткаш!» – ц1ог1 а хьокхуш тхан «Газелан» йиллинчу не1аре ах чоьхьа а йолуш д1ах1оьттира «цкъа а кочара ера яц-кх х1ара, и шегарчу лотокна чохь мел йолу булочкаш шиъ мах луш схьаэцча а!» – ойла дагайоийтуш цхьа «новый чеченех» йолу, «бизнес» лелош йолу зуда. Дерриг а дуьненахь «бизнес» бохург «г1уллакх дар» бохург ду, ткъа «новый чеченаша» шайн спекуляцех олу и деза «бизнес» боху дош.

Амма сан къамел оцу пекъаран «бизнесах» дац, амма даима а санна, сайн хьомен валаргхойх, гиххойх, катархойх а ду. Валаргхо-жимчу стага маса кховдийра шен ехачу вортана буьххьехь дохку меца б1аьргаш йиллинчу микроавтобусан не1арехьа. «Суна цхьа пакет… шиъ…кхоъ пакет чипсаш, булочкаш, пираьжкаш, мерза хи…» – дагардан вуьйлира и, «цкъа а вузар а вуй техьа х1ара?» – аьлла хоьтийтуш.

– Новкъахь ч1ог1а мацлуш ву со… – бехказа вуьйлура г1иллакхен жима стаг, ша цхьана дуьнен йистте воьдуш санна 1овшан г1ирс а эцна, ткъе пхиъ, ткъе итт километр бен гена шен вахан ца дезахь а.

Амма даима а санна уллохь нисвелла цхьа воккха стаг-м ца 1енвелира шена хетарг ца олуш:

– Деллахь, жима стаг, Хабаровскера вайн ц1а кхаччалц хьо схьаван дезаш хилахь-м хьо мацалла лийра ву! – кхоьссира цо.

38. Кхин цхьаъ а тхан нус.

Вежарий дукха хилчи, несарий а хуьлуш хилла-кх алссама. Со хьошалг1а вог1у аьлла, ша-ша дика хила г1ерташ тохабеллера сан несарий а. Суна ч1епалгаш дукха дезий хууш йолчу цхьана несо цхьа бога дуззина ч1епалгаш динера. Амма даима а ч1епалгашна чохь алссама хуьлуш йолчу к1алдана метта, и ч1епалгаш харцахьа дахан йоллуш санна, к1алд а ца къаьсташ, сийна хох боьллинера цо оцу шен хьокхамаш санна стомма долчу ч1епалгашна чу.

– Аса-м, со ч1епалгехь хьегна хиларе терра, цхьа ах бога дассийра. Амма ца аьлча 1енлой бакъдериг, вуьзина ваьлча:

– Деллахь, Малика, т1аккхахула айхьа и ч1епалгаш деш и сийна хох т1аьхьа т1екхалла а битий, алссама чу к1алд йоллалахь оцу ч1епалгашна! – элира аса ша-шаха олуш санна.

– Ой, и х1унда бахара ахьа, Дика к1ант, хох дика ца хийтира хьуна? – хаьттира несо.

– Х1ан-х1а, оцу ч1епалгашел а ч1ог1а хох безаш ву со, цундела кхоам хетта суна ахьа набахте чу санна оцу ч1епалгашна чубуллчу хохах, – жоп делира аса.

Амма х1инца со тхайн нус йолчу хьошалг1а г1ахь, беккъа ц1ена сийна хохаш а биина вог1ур моьттуш ву со. «Дика к1антана-м ч1епалгаш кхин дезаш а ца хилла. Цунна безарг-м сийна хох бу!» – сан «кулинаран безам» нахала ца баьккхича 1ийр ма яц тхан нус.

39. «Шовда»

Соьлжа-г1ала д1акхоччуш лаьттара тхан микроавтобус «Газель», 1алхан-юртахь гуттар а машенна хьалха охьайожа санна чуьра яьлла цхьа пассажир яра. Автобус сацийча а, естина халла бад санна техкаш хьалаяла г1ерташ йоллура и. Автобусна чура аралилхина наха г1о а деш халла буьххье елира, амма шена еллачу меттигна реза яцара и. Цунна хьалхха, масех стаг хьала а г1аьттина меттиг кечйира. Дела ц1е а йохуш, бисмиллаш а дохуш халла охьахиира зуда. Амма автобус кхин гена ялале зудчунна шовдана хи дагадеира.

– Со-ма яц и шовдана хи ца хилчи мегаш, сан давлении хьалаели-кх х1инца! – орца дохура зудчо массаьрга а.

«Шовда» – ц1е а йолуш жимчу шишнаш чура хи хиллера зудчо дуьйцург.

– Сацаелахь машен! – водителан т1е1аткъам бира зудчо. – Ялол, йо1, оцу некъайисттера базарара цхьа шиша «Шовда» дал суна! – шена уллохь нисъеллачу жима стаг йо1е омра дира цо, – цомгушчу стеган кепехь, дарбанан ц1а чохь ша 1уьллуш йолуш санна.

– Суна-м ца хаьа и «Шовда» муьлханиг ду, хуура дац суна и эца, – шега схьакховдийна туьма схьа ца ийцира йо1а.

Цхьана секондана-м «цомгашчун» б1аьргаша стелахаьштиг туьйхира, амма шен спектаклан ролаш ца ловзийча ца йолура. Гуттар а узарш дан юьйлира зуда, къинхетамен д1а схьа а хьожуш. Некъайисттехь ц1еххьана машен сацийна шопар а араиккхира, масех жима стаг а араиккхира, базара хьаьвдира уьш спринтерш санна. Сихонца схьадеира «цомгушчунна» «Шовда» хи, шопар хьалха т1екхиира зудчунна. Шега д1акховдийна туьма ца тергалдеш, сиха шен метте хиина, машен д1айолаялийтира цо.

– Бис-мил-л-л-а-а! – суна цкъа а ца хезинчу кепехь деха бисмал а доккхуш «Шовда» шиша ах сов дасдира зудчо.

Г1ала д1акхаччалца узарш ца совцадора «цомгушчо» шиша сиха дасдинехь а. Эххар а г1ала чуюьйлира автобус, Буг1ан-юрта а кхечира. Узарш деш йолчо дийхира цигахь ша машенара йоссийтар. Масех стаг хьалаиккхина цхьамма не1 д1айиллира, масех стага онда зуда охьайоккхуш г1одира. Эххар а ша йоьссина яьлча, «Газелан» не1 д1акъовла кхиале, чу а хьаьжина, цамгаран аз хуьйцуш, кхоьссира цо шена уллохь 1ийначу йо1е:

– Деллахь, йо1 ма лаьхьа а бу-кх хьо!

40. Накъосташна бекхам.

Цхьа даима а ц1е латон карх ца долуш волу ишколан, ц1еягориг (кочегар) а, цхьа даима а вижина 1уьллуш волу хехо а вара шайн цхьана накъостана хьехархочун гуттар а чураваьлла шайн хьаьким-зуда хьехош:

– Ахьа и вайн хьаьким ца ялаяхь, охашимма дехьа-сехьа ши куьг а лаьцна и хьуна мара тухур ю, т1аккха мохь хьокхура бу: «Ва, хьенехка тхан хьаькимах куьйгаш тоьхна-кх!» – аьлла.

Амма накъостана к1ордийнера церан йист а, барам а боцу бегаш. Эххар а реза хилира и шина накъостаца:

– Дика ду делахь, шу 1ен а ца дохку, ялонза ца волу со и хьаьким-зуда. Амма хаалаш, и айса ялийначу буса аса шу шиъ цуьнга балхара д1авоккхийтур ву! Шу шиъ муха белхало ву-м шушинна шайна а ма хаьий!

Кхин цул т1ехьа иштта бегаш бан карх ца долура ц1еягориган а, хехочун а.

41. Хьаькиман чай.

Тхан хьаькимо алапа схьадеъна, белхалошна массарнна а д1адекъна а ши-кхоъ де даьллера. Амма нохчийн мотт хьоьхуш йолу Тумиша бохуш цхьа зуда йисинера и алапа д1адаланза.

Хьаькиман гуттар а самукъадаьллачу цхьана дийнахь т1ееира Тумиша цунна:

– Алпа ма оьшур суна…

– Ой, ахьа х1ун до алапах, хьо маре яхан дезаш а яц! – бегаш бира хьаькимо.

Шолг1ачу дийнахь а хьаькиман кабинета улло г1оьртира Тумиша.

– Сан йиш яц! Ком-м-мисси ю вайна порверка ян йог1уш! – Тумишин алапа хир доций хаийтира хьаькима цу дийнахь а.

Кхоалг1ачу дийнахь а яра хьаьким, «ком-м-мисси» кочура а яьлла, дикка самукъадаьлла. Тумишин алапа дагадог1учохь а яцара, схьахетарехь. Шен белхало а гина гуттар а г1иллакхе елира хьаьким малх бицбеш елакъежар а гойтуш:

– Ой, Тумиша, хьо я маьрша, могуш! Схьайола кабинета чу, чай молийтур ду аса хьоьга!

– Ца деза чай-й-й! Алапа-а-а! – шийла мохь бейкира Тумишин ишколан массо а г1атийн уьйченашкахула йилбазмохь хуьлуш.

42. «Газелан» салонна чохь телпон.

«Соьлжа-г1ала – Катар-Юрт» микроавтобусан салона чохь тийна дара, г1ийла мох лоцуш д1аг1ертара «Газел» Катар-Юртан аг1ора. Х1инццалца шайн багош ца совцош эладиташ дуьйцуш болу зударий а бара тахана-м цхьана х1умана д1атийна, магнитофонан кедашна чухула уг1уш йолчу эшарга ладуг1уш. Ц1еххьана и ерриг а салон 1адош мохь олуш бийкира цхьана жимчу зудчун телефонан горгали. Горгали-м олучохь а дацара и ша «т1анк!» аьлла дуьзина долу вир а хелха дер долуш хелхаран эшар яр-кха сацан а ца туьгуш. Стенна делахь а жимчу зудчо схьаоьцуш яцара телпон. Масана хуьлу и бахьанаш, майрчо алапа схьаецча и дерриг а шега схьа ца делча а доккха дов ма дуй х1инцлерачу зударийн-м кичча.

– Хьажахьа, йо1, – ца 1енвелира салонан т1еххьа д1атарвелла волу цхьа воккха стаг, – телпон я схьаэца, я суна х1окху чохь жимма меттиг баккха. Кхин и хьан эшар яхлахь, цхьа хелхаран бал ца баккхахь минга дер долуш ву-кх со!

43. Дегабааман бина ц1еягориг (кочегар).

Шийлачу, мох хьийзочу дехачу 1ано ишколехь коран шалхачу шина б1аьргана юккъехь бисина моза шелонна дог г1елделла охьабоьжча хаара массарнна а таханлерчу дийнахь, буса ц1еягориг мила ву. Шолг1ачу ц1еягориган исмена йолуш бевзира х1окху дерриг а дуьненан чам кора юккъехь бисинчу мозийна а, шаволчу дешархочунна а, хьехархошна а. Уш дукха ч1ог1а бохлой кор-не1 схьайоьллий охьаховшара. И деха 1а а чекхадалан тохаделира иштта хьал ишколехь лаьтташ. Массеран а багаваг1ана, Гливудан сирла седа санна, вуьйцуш вара массара а ц1еягораца гергало к1езига долуш волу ц1еягориг. Эххар а б1аьсте а елира, ло дешина, малх а хьаьжина цхьа дуьне а долуш санна д1ах1оьттира ерриге а юрт а. Цхьана дийнахь «хьуьхь» а воьлла хьехархойн чоьнна чутилира оха дийнна 1ай Чак Норис санна, багара охьа ца вуьллуш вийцина ц1еягориг:

– Ой, шу х1окху чу а хевшина сой, сан кочегаркий бен кхин дуьйцуш х1ума а доцуш 1аш ду ма боху! Аса х1ун дина шуна? Аса мила вийна шун а, шун варх1ий а ден а? Аша х1унда вуьйцу со?!

– Хьалха-м вуьйцура оха хьо де юккъе бен ца дулийтуш… Х1инца-м дитина оха и хьо вийцар, – кхоьссира цхьана воккхачу стага-хьехархочо.

– И бохург х1ун ду? Аша х1унда ца вуьйцуш вара со? – кхин а ч1ог1а оьг1аза вахара ц1еягориг.

– Вайна арахь б1аьсте яьлла, ишколана чохь ц1еягоран сезон а чекхъяьлла. Оха стенна вуьйцур вара хьо х1инца? – къежира воккха стаг.

44. Автобусна чохь жима йо1.

Арахь тов хьийзош йовха яра. Нохчийн пешана чохь чулла жимма бен шийла йоцучу «Газелан» салона чу елира цхьа зуда х1инцца кога яг1ана хир йолуш жима йоь1ан куьг а лаьцна. Йо1-м воккха стаг санна шен, сирлачу б1аьргашца чохь 1аш болучу нахе а хьаьжина десса лаьттачу г1анта т1еяг1ана д1ах1оьттира. Г1антана т1ехаа хьалаялан х1инца а жима яра и. Т1ехьайог1учу нанас, ша хьалха охьа а хууш, шен кера хаийра керахь хаза буьрка а йолуш йолу йо1 а. Хьацаран т1адамаш дара йоь1ан хьаьжт1ехь тоьхна, зезагана 1уьйренца т1едиллина долу тхи санна. Нанас-м киснара жима йовлакх схьадаьккхина, цу т1ера берийн суьрташ а гойтуш даржийна йоь1ан хьаьжт1е хьаькхира и. Йо1 цецъяьлча санна шега хьаьжича, нанас элира:

– Хьуна хьацар даьлла, сан йо1. Вайшимма иштта жима йовлакх а хьаькхина д1адоккхур ду иза.

– На-н, соьга ло зим йовлак, – дийхира йо1а нене.

– Хьо х1ун да йоллу цунах? Аса хьокхур ду хьуна, – элира нанас.

– Буьркана хьакха йоллу со. Цунна а даьлла хьацар, – кхетийра йо1а шен нана.

45. Дорраха киса.

Соьлж-г1алахь Валаргт1е йоьдучу автобусан салона чу хевшина 1ара тхо, и «хьалайуьзина яллалца» бохуш. Суна хьалхха дуьхьала нисдиначу шина г1анта т1е охьахиира шиъ жима стаг. Салон-м сиха хьалайуьзира, амма даима а санна, автобус меттаха ялан а ца йуьтуш шайн «бизнес» массарнна а бале яьккхина лелара «лотокашна» т1ера х1ума йухкурш.

– Бананаш, мерза хи!

– Чипсаш, мерза хи!

– Пираьжкаш, мерза хи! – гуттар а салона чубовла а г1ерташ мехьарий хьокхура цара.

– Къор1ана т1ера схьаяздина деза дешнаш! Дорраха! – чуг1оьртира цхьа суркуй тиллина стаг а.

Эххар а уьш массо а пассажирийн кочара бохуш, аг1онца йолу не1 т1екъевлира кондухтора:

– Некъ дика… – олуш.

Амма «Газел» д1айолаелла ялален, кондухтор уллора д1айоллушехь чухьаьдда не1 йиллира кхин цхьана а «бизнес-вумена»:

– Киса! Киса! Дорраха киса! Распордажа! Дорраха киса! – чу ц1ог1элира зудчо, массо а кхераван йоллуш санна ши б1аьрг а къарзийна.

– Дорраха…, – ойлане элира суна хьалха 1аш волчу цхьана жимчу стага, иштта д1а алархьама.

– Вайна дуьненюкъара кризис а ю арахь, эцахьа, Мохьмад, дорраха долучура хьайна марчонна киса, – кхоьссира цуьнга накъоста.

46. ОБЖ-н хьехархо.

ОБЖ-н хьехархо веънера цхьана дийнахь ишколе балха, ша и аьнгли санна ц1ена маж-мекх дошуш юьхь а ц1анъйина.

– Хьо-м тахана иттех шарна жимвелла, – комплимент олуш вистхилира ишколан хьаьким.

– Къечу стеган кечвалар – маж яшар ду, – шен алапа к1езига хиларан т1е тидам бохийтуш, жоп делира ОБЖ-н хьехархочо.

– Ткъа, маж яьшча ахьа тоьхна 1ат1ар-м дезачех ду «къен стаг»! – алапа лакхадера доций а, ша тидам болуш хилар а гайтира хьаькима.

– Со, къечу нахана юккъехь хилла а, хьал долуш хилар гойтуш вара со-м, – ца вухуш жоп делира ОБЖ-н хьехархочо.

47. Хьаькимна ша йовзар.

Поэзийца шен гергалло дуй хаийта г1ерташ цхьана декъазчу байтахочо 8 Мартехь шайца болх бенчу хьехархошна зударшна язъйинера байташ. Амма и байташ дуьхьала д1аязйина яцара, шалхачу маттаца язъйинера уьш. Баснеш санна чулацам болуш йолу байташ йоьшуш, зударшна шаьш девзира. Шайн хьекъале хьаьжжина нислора церан шаьш довзар а. Литература хьоьшуш йолчу хьехархочунна ша евзира, географии хьохуш йолчу хьехархочунна а евзира ша шолг1ачу дийнахь. Кхоалг1ачу дийнахь а байташна т1ехь шайн аматаш карош, буьйлуш самукъадолуш бара зударий.

Зударийн де даздаран ажиотаж а д1аелира, цхьа ши к1ира хан а елира д1а. Цхьана дийнахь ишколан хьаькима а кхоьссира т1ехволучу байтахочунга:

– Ахьа язъйина байташ йийшира оха-м. Суна-м со а карийра царнна юккъехь. Ярий со а царнна юккъехь?

48. Къоначу валаргхоша захалу дийцар.

Х1инцца кхиъна йог1ун керта буьххье а яьлла кхайкхан тохаелла борг1алан к1орнеш санна курочу дог ойланца кхиъна вог1уш шиъ к1ант вара Валаргт1ерчу цхьана ишколан аг1ора д1аг1ерташ. Цаьршинга хьоьжуш лаьттачух тера дара шина к1антал цхьа ах шо жима жир йолуш х1инцца меъ хилан тохаелла йолу шиъ йо1.

Шина йо1ана Улле г1оьртинчу к1енташа бегаш бира:

– Д1адовла, шуьца захлу муха дуьйцур ду? Шу шиъ-м х1инца а берийн беша оьхучийн хан йолуш ма ю! Тхойшинна дукха жима ю шу шиъ! Шу даккхий хилича д1адог1ур ду тхо!

– Тхо даккхий хилчи тхо тхаьш дог1ур ду д1а! К1ентий маре боьлхуш ма ца хуьлу, – д1абинчух терра дуьхьал бегаш бира мехкарша. 26.04. 2009шо

49. КПСС-н ХХ – чу съездехь.

КПСС-н ХХ-чу партсъезде кхайкхина ваг1на вара нохчо а, г1алг1ай а. Гуттар а ч1ог1а беза хьеший бина т1еийцира вайнехан къонахий. Съездехь дукха нах гулбеллера.

– Сталин ж1аьла хилла, Берия ингалсийн шпион хилла! – трибунан буьххье ваьллачо ц1ог1 туьйхира.

– Актови залана чохь 1аш болучара цхьа безамехьа «гап, гап!» – аьлла т1араш туьйхира. Нохчийн къонах хьалаг1аьттина д1а, схьа а хьажира.

– Ай, 1а фу до, нохчолаг? – цецвелира г1алг1айн ма1астаг.

– Хелха вала волу-кх! – жоп делира нохчочо.

– Ай, эг1аваь хьо? Хьо х1ана вуол халха? – ца кхийтира г1алг1айн ма1астаг.

– И бохург х1ун ду? Х1окху кхойтта шарахь дуьххьара тухуш ду-кх х1окху 1едало вайшинна иштта безамехьа т1араш! Уьш эрна дойийла-м ма дац! – элира нохчийн къонахчо, хелхаран бохь а буг1уш.

50. Молла пхеаза кхойкху дийнахь-бусий.

Цхьа хан т1ехъиккхина стаг вара цкъа а ламаз дина воцуш, и дан кхин стогалла а ца тоьуш лелаш. Цуьнга «ламаз дан 1амаде хьайна», – бохуш цуьнан да а кхелхинера, вевза-везарг а шавериг а к1елависинера.

Иштта цхьана суьйрана нах гулбеллачу меттиге т1евеира х1ара. Гена доцучу, маьждиган момсарна т1ера молла кхайкхира. Ша ламаз деш воций хаийта а эхь хеташ волчу къонахчо, ша муха олу а ца кхеташ, элира:

– Ой, дийнахь пхоьаза бен кхойкхуш ма ца хуьлура молла!

– Кхин сов кхойкхуш ца хуьлу, – т1етайра адамаш.

– Ой, минот хьалха со чура араволуш радиочухула пхеалг1а ма кхайкхира цхьа молла, т1къа х1окха маьждига буьххье ваьллачо х1ун до кхин цкъа а кхойкхуш…

51. Нускал-лор.

Сан цхьа Аюб бохуш хьаша вара кест-кестта дарбанц1ахь бутт, ах бутт а боккхий вог1уш. «Шена зуда ялон лууш вериг дарбана ц1а охьавижан веза-кх» – олура цо кест-кестта. Иштта цхьана дийнахь схьакхечира и дарбана ц1ахь шен рог1ера ши-кхо к1ира а даьккхина. Жимма х1усамненах кхеравелла а вара и, больницехь ч1ог1а «лубов» хилла шена бохуш. Амма шен кхеравалар а дицделлера цунна цхьана цомгушчунах лаьцна ша дуьйцуш:

Жимма букъ т1ебаьлла а волуш вара цигахь, ломара охьабиссина цхьа б1е шо бен доцуш болчу ламаройх цхьа жима стаг. Цхьана буьйсана саде1ан х1аваэ араваьллачохь вон а хилла 1аш карийра суна и. Аса-м сихха ваг1ана лор кхайкхира. Ткъа лор а хиллера и жима стаг санна букъ т1ебаьлла. Ламаро жимма метта веъча бегаш бира аса:

– Муха хийтира хьуна, аса хьайна маха тоха далийна нускал?

– Дайли къор1анора, Шали базара ваг1ана харжайна ялайча санна ма яра иза. Муха карайна хьуна и? – цецваьллера ламаро.

52. Папуас-нохчо.

«Ой-т-т, я1-кх! Ма к1ордийна-кх суна х1ара нохчий! Кхин нохчо 1аш-вехаш волчу меттехь 1ийра ма вац со!» – ша-шега аьлла, генавелира цхьа нохчо массо а нохчашна. Сибрехахь, Магаданехь, Цхьанавовшахтоьхначу штаташкахь, Китайхь, и д1акхаьчначу меттехь бухахь, пешан т1ехьа гулъелла тараканаш санна, 1аш нохчий карабора цунна. Эххар а кхечира и Африкан хьаннийн къухашна юккъе, джунглешкахь яйна 1аш йолчу цхьана адамийн тобана юккъе. Цигахь-м массо а папуасаш бара, и ша, нохчийн чохь бутт гучубала бицбеллачу хенахь хуьлуш йолу буьйса санна, 1аьржа а болуш. Нохчех ведда вахана нохчо а вацара кхин башха к1айн чкъурах схьаваьлла, цхьана лаьмнийн акхачу хотешкара вара и ша а. Буьйцуш нохчийн мотт бацара папуасашна юккъехь, вовшен кхайкхош не1алташ дацара. Ша и ялсамане санна меттиг яра-кх! Иштта самукъане цхьа к1ира хан текхира нохчех ведда веанчо. Амма и ирсен к1ира чекх даьлла ца даьллера, цхьана малх хьаьжина самукъанечу дийнахь, лаьмнашкахь ц1еххьана мархаш а хьаьдий тухуш долу дог1а санна, кхуьнан ялсамане кхувлуш. Х1окхунна т1ех1оьттира аг1ора ши ког а болуш, чоьшах ваьлла а волуш цхьа папуас:

– Нохчий вуй хьо?! – ша и валаргхойн, гиххойн, катархойн санна болчу, ц1енчу нохчийн маттахь вистхилира папуас.

– Вац! – дуьхьала велира нохчех ведда веинарг-м.

– Вуй? – вухавалан дагахь вацара папуас а.

– Вац!

– Вуй?

– Вац!

– Вуй?

– Ву! Ва-а, ву! Хьан да хьакха юуш валларг!

– Ой, х1инццалца иштта ца олуш х1ун деш 1ара хьо ткъа? Цхьа итт туьма ахча хир дацара хьоьгахь?.. Ас кхана д1алур ду хьуна, – дехарен велира папуас.

53. Асетан телпо.

Ширачу заманчохь баьхна нарт-эрстхой санна оьзда куц-кеп а долуш йолу хьехархо Асет яра цхьана дийнахь ишколан цхьана тайначу чохь компьютерца ловзаяьлла 1аш. Цу чу нисвелира катархошна а, валаргхошна а, гиххошна а шен мотт бахьана долуш бале ваьлла волу цхьа воккха стаг. Оьздачу Асета шен эсалчу аьттун куьйгаца ловзош болу компьютеран дахка-м гуш а бацара воккхачу стагана. Амма и ца 1енвелира Асетас шен курочу аьррун куьйгаца ловзош йолу, къегина хиларе хьаьжича, дикка мах хир болуш йолчу мобилан телпо-н мах ца хадийча:

– Деллахь, Асет, ма хаза телпо ю-кх хьан! Ма еза хир ю-кх и туьканахь юхкуш! – хастийра цо телпо.

Амма Асет-м яцара шен телпо а, хастийна 1ийра йолуш. Йо1ана-м шен мах а хадон лаьара иштта лаккхара.

– Болх дика хилчи, телпо а хуьлу-кх, воккха стаг, еззаниг! – т1етуьйхира Асета.

Воккха стаг цхьана х1умана-м ойлане велира. Жимма 1ийна, баттара шаьлта санна, яьккхира цо шен чухуларчу киснара истори кхуллучу хенахь дуьненчу яьлла хир йолуш йолу шен телпо. Д1ахьовзош, схьахьовзош хьаьжира и шен хан теккхина йолчу телпога. Эххар а, ца аьлча ца 1енвелира воккха стаг, аьттан ма1аш санна шен дагах г1оьртинарг.

– Деллахьа, Асет, ахьа дуьйцург бакъделахь, х1ара сан болх ма декъаза болх хилла-кх! – элира цо.

54. Харцо

– Харцо цхьана х1умана т1ехь бен йийца магош яц, – хьехар дора хан текхина волчу стага жимчу стагана.

– Ваша, муьлхачу х1умана т1ехь? – хоьттура жимхас.

– Зударий хастош!

55. «Т1аьххьара горгали»

«Т1аьххьара горгли» деза де хуьлучу дийнахь ишколан уьйт1ахь х1оттийначу доккхачу ловзаргахь дукха хелхайийлина корта хьаьвзинчух тера дара къоначу шина йоь1ан. Бехк а бацара оцу шимма-м «на отлично!» юкъара ишкола чекхъяьккхинера. Ишколан коьрта чувог1ийла масех не1 яра, амма царах юккъера цхьаъ бен еллалуш яцара. Цхьайтта шарахь х1ора дийнахь бохург санна шина йо1а йоьлуш хилла не1, ца карош д1асахьийзара мехкарий:

bannerbanner