
Полная версия:
Лаьмнаша ца дицдо
– Де дика хуьлда шун! – тIевеара и, куьг луш. – КIай, муккхий-м сов дика хьийкъина!
Аскеров сихха Нурседехьа вирзира, и цунна а хозийла хьожуш.
– Дерриге а аш аьхна байлаттанаш хIорш ду?
– Ду-те, накъост Вильянов! Планаца деллачу дерриг а байлаттанаш тIехь кху бIаьста оханаш чекхдаха кхиира тхо, – гай тIехь ши куьг вовшахтесна, шен ма-хуьллу синтеме лоьра Аскеров.
– Дерригенна а тIе бохург санна, кIай, муккхий дийра оха! – тIетуьйхира баьхкинчаьрца тIевеанчу Истамбаровс.
– Ткъа хьаьжкIаш мел йийна аш?
Нурседа жимма схьахилира. Амма, шен шуьйрачу букъаца и дIахьулйеш, кхин а хьалха таьIира Аскеров:
– Ткъе пхиъ гектар.
– Кхин ца йийна?
– Тхан латтанаш тIехь муккхий, кIай дика хуьлура, накъост Вильянов, цундела, цкъачунна латта зуьйш, зенах ларлуш, кху шара хьаьжкIаш оццул бен ца йийра оха… ЧIогIа дикачу xIyx а ду оха дийна кIай, муккхий, – кIешкахьа вирзира Аскеров. И йоллу аре дIалаьцна, бIаьрг тIера ца баккхал, хаза техкара, кестта хьакханний бен ца деза кIай, муккхий.
– ХIетте а… Гой шуна, хьаьжкIаш а ма хьийкъи шун тIех дика. Ткъа мукх бийначу лаьттан эханна тIе, мукъна, уьш йийнехьара, мекхал шозза а сов хир йара… Цу тIе, гIодамаш а дуьсур дара докъарна! – элира Вильяновс.
Асарахь бохку колхозхой, метигаш, гаьмнаш карахь тIеоьхура, го беш. «Москвара ЦК-н векал кхаьчна!» – цу сохьта даьржинера. Шен метиг тIехьа а лаьцна, йистехьо лаьттара Селита. Гонах бара церан бригадера зударий, божарий: хIинцца схьакхаьчна тийна Джейран, йерстина Айгерим, мангалан куй тиллина Тавсолта, Керим, кхин нах а. Массо тата дайна лаьттара.
– Ткъа муьлш бу хIорш йийнарш? – хаьттира Вильяновс.
– Кхуьнан бригада ю! – Аскеровс, дIа а хилла, Нурседа гайтира.
– Сел кIезиг хIунда йийна ахь? – хьовзийра и Вильяновс, цуьнан карахь и дацар хуъушехь, цо а хIун олу хьажа. Аскеров, Истамбаров вулавелира.
Нурседа, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, IадIара.
– Муьлхарниг йу шун бригада?
– Докъар кечдан, зударийниг… уьш…
– Иштаниг а йу?
– Йу.
– Болх муха бо аш? – къамел самадаккха гIертара Вильянов.
– Божарийн бригадаца къуьйсу оха… Цкъа тола а тоьлла, – элира Нурседас.
– Болх-м дика бора кхуо, – забаре йукъаиккхира Аскеров. – Амал вон йу-кх… гуттар къийсалуш!
– ХIан-хIа! Ма алалахь! И вон амал йац! – элира Вильяновс. – Йукъараллин дуьхьа, шен синтем а ца кхоош, къийсавалар, мелхо а, вайн керлачу адаман гIиллакхехь ду… Партехь йу-й хьо?
Корта байн охьабахара Нурседин, йуьхь цIийелира. Вильяновн лере а таьIна, райкоман секретаро, кхечарна ца хозуьйтуш, цхьаъ-м элира.
Нах-м кхийтира цо аьллачух, ца хезнехь а.
– Хилча хIун ду… нохчех?! – массарна а хозуьйтуш, цецвелира Вильянов. – Вайн Конституцица массо а къаьмнийн бакъонаш цхьабосса йу! Иза дохо цхьанна а ца йелла бакъо! Советски адамийн башхалла церан къомаца ца къастайо, церан гIуллакхашца бен! Балхахь тоьлларг – тоьлла ву!.. ЦIе хIун йу хьан?
– Нурседа.
– Ден цIе?
– Оха ца лелайо… Доцца: Нурседа – олу-кх.
– Нурседа… хаза цIе йу. Шун маттахь маьIна дуй цуьнан?
– Ду, –эхь хетта, сецира Нурседа.
– ХIун ду, Ткъа дийцахьа.
– Богу седа… бохург санна ду-кх.
– Товш цIе йу… хьуна йогIуш!
Шегахь товчу сийначу косынкица Нурседа, наха эхь доцуш ду олу, шен сийна бIаьргаш хIинца эхье охьа а дахийтина, лаьттара Вильямовна хьалха, доцца жоьпаш луш, наг-наггахь цуьнга хьала а хьожуш.
– Маса класс чекхйаьккхина ахь?
– Итт.
– Кхин а деша деза ахь, Нурседа! – шен йоьIан санна, цIе йаьккхира хьешо.
– Баркалла! Доьшур ду ас! – элира Нурседас.
– Йовха йу! – шляпа дIа а баьккхина, хьацарна йовлакх хьаькхира Вильяновс. ТIаккха йуха а:
– Йовха йу! – аьлла, дIатиллира шляпа.
И бен а воцуш хиларх майрайаьлла Нурседа хIинца нисса дIахьоьжура цуьнга. И воккхо стаг воллушехь, цуьнан бIаьргаш, къоначеран санна, сирла, синкъераме хьуьйсура, лер а зевне декара. Амма и луьйчуьра сецча, цуьнан бIаьргаш чу дайн IиндагIа хIуттура. Цу сохьта и тарлора Нурседина цхьана Iалашонна тIекхача сихвеллачу, амма кIеззиг гIелвеллачу некъахочух. Церан къамел сецначу минотехь, Тавсолта тIехилира Нурседина:
– ЙоI, вайх хIума хаттахьа цуьнга: цIа ца дерзор-техьа вай?
Селита а, кхин нохчий а гергахилира. Вильянов Тавсолтехьа хьаьжира:
– ХIун боху цо?
– ХIара сан да ву… нохчех лаьцна хьоьга хоттийла лаьа кхунна: цIа дерзор дуй тхо? – хоьтту цо…
Вильяновс, куьг лоцуш, Тавсолте маршалла а хаьттина, массаьргахьа а вирзина, элира:
– Билггал ала хаац суна цу хьокъехь хIинца а. Амма и тайпа гIуллакхаш толлуш ЦК-н комисси йу. Бакъду, Сталинан гIалаташ партис хIинца нисдийриг хилар! Са ма гатде! ПарггIат шайн белхаш бе!
Асархойн йаххьаш серлайевлира. Шеца болчу накъосташкахьа а вирзина, Вильяновс тIетуьйхира:
– Граждански тIамехь а нохчий, гIалгIай майрра революцигахьа летта… Суна хаьа. Кировца, Орджоникидзеца со лелла хIетахь Кавказехула.
Нах дIасахуьлуш, самукъане гIовгIа йелира: отрядан кепахь, кIайн кучамаш, сийна хечеш йуьйхина, цIечу галстукашца богIура школера пионераш, шайца хьехархо а волуш. ТIекхоччушехь, отряд саца а йина, хьалха волчу пионервожатис, казахо, салют делира:
– Пионераш! Коммунизмехьа къийса кийча хила!
– Гуттара а кийча ду! – мохь туьйхира йерриг отрядо.
Пионервожатис тIоьрмиг чуьра схьайаьккхина тилийна йоккха хьаьжкIа а, керлачу кIенан кан а кховдийра Вильяновга:
– Хьоме ЦК-н векал, тхешан школьни кха тIехь оха тхаьш кхиийначех йолу хIорш безамана хьуна ло оха!
Вильяновс маравоьллира пионер. Уьш балош йеанчу, дIанехьуо лаьттачу, церан хьехархочо йуха грузовикахь дIабигира пионераш. Вильяновн йуьхь серлайаьллера:
– Гой хьуна, накъост Аскеров, шун латта хьаьжкIашна дика хилар пионерашна а хаьа!..
Кхеран Iодика а йина, уьш шайн машенашца дIабахара Казах-Кюлехьа…
Йижарийн белхан аьтто табелира. Цул тIаьхьа Нурседа парти а ийцира…
***
Гурахь колхозан собранехь жамI деш сацийра: тIедогIучу шарахь байлаттанаш кхин а алсам аха; хьаьжкIашна кхин а цхьа бIе гектар тIетоха. Аскеров, ша волчуьра йуха а хасстоьмашлелочу бригаде хьажийра. Цуьнан метта хаьржира Луценко.
Колхозан председатель Истамбаров деша вахийтира, Довлетжановх «бастык»10 а вина. Коммунисташа парторг Керим хаьржира. Оцу собранехь дакъалаьцна Обкоман векал, гIуллакхашна резахилла, тIевеана, Нурседин а Iодика йина дIавахара…
ДАЙМЕХКАН ГIАЛАРТАШ
ТIанк-аьлла йуьзнера колхозан йоккха клуб. НеIарехь а, корашкахь а, вовшашна тIе а теIаш, лаьттара нах. ХIетте, йуххерчун садеIар а хезаш, тийна дара. Обкоман векало, чекхволуш, доггах ваьштатуьйхира трибуна тIехь шен таьптар. Москвахь чекхйаьллачу КПСС-н ХХ-чу съездах йара цо йина доклад.
– Декъалхуьлда Ленински ЦК!
– Дехийла Советан халкъ! – чуьра маьI-маьIIера кхайкхамаш хезара. Халкъо къобалдора цхьа стаг вазварх девлла зуламаш дIадахар а, Ленина хьехна Революцин бакъолла меттахIоттайар а. Кху тIаьххьарчу ткъе иттех шарахь советски адамийн дегнашкахь IаьIначу ойланашна, церан жоьпаза дисинчу хеттаршна, уьш Iаббош, жоп лора тахана съездан сацамаша. ТIараш тийча а, чуьра гIовгIа, пенех йетталуш, чу ца тарлуш, йехха цхьаьнахьахула дIаоьхура, бIаьстенан хиэ, вовшахбетташ, кег а беш, дIакхоьхьу буту ша санна.
Цигара цIа догIуш, Луценкос шеха бIаьрг таIийра Кериме:
– Шух кхаъ хьаьрча моьтту суна: шу Кавказе йухадерза мегачух тера ду.
– Ткъа шух? – нисса цуьнан йуьхьа тIе а хьожуш, йуха хаьттира Керима.
СоцунгIа а хилла, ший цIоцкъам оьгIазе ваьштадахийтира украинцо.
– И-м, дан ницкъ а ца кхаьчна, кIелдисина хилла «цуьнан», – элира Нурседас.
– ХIа.. Цхьаьний тхоьга даха деза вай xIapa де даздан, – элира Керима.
– Цул а – тхан цига гIo вай, – тIевирзира Довлетжанов. – Хьан кIант а цIа веъна… Кесирина даге лазар деана а бохура…
– ДIаделира и-м… кIант цIа ма-кхеччи, хьала а гIаьттина, лелаш йу. ДIадуьйла шу, хьиэ а ца луш!
Кериммий, цуьнца Нурседий дIакъаьстира. КеримгIаьргахь, Каташ цIа веанчу баьхкина, Тавсолта а, цуьнца Селитий, Джамбул, Замий а дара. Каташах воккха кIант хиллера. Алма-Атарчу йуьртбахаман институтехь доьшуш вара иза… Жима Заретта вешех хьерчара.
Хьеший схьагулбелира. Тхьамда винчу Тавсолтас хьалхара кад айбира:
– Сталина вайн Советан куьзгана тIе тоьхна боьха Iаь, шен пхьош хьаькхна дIахьаькхинчу ХХ-чу съездана тIера! – лимонадах дуьззина тоьхна стака хьалаайира Тавсолтас, Луценко велакъежира:
– Оццул безчу кеда чу чIогIо кочалла хIунда ца йоьттира ахьа?
– Вичахьана тIадам ца мелла, – Тавсолтас шен некха тIе куьг диллира.– Сайн дагахь кху кедан цхьаннен а, цкъа а ца дина сий до-кх ас!
– Бакъ боху! Бакъ боху! – мIера буьххьехь забаре наьрсан гижу кховдийра цуьнга тIекхалла Довлетжановс. Кегийчарна паргIато йитархьама, жимма а Iийна, Каташца къамел дина, Кесирин дехарца Селитий, Нурседий цаьргахь йитина, Тавсолта, хье ца луш, Джамбуллий, Замий а эцна, цIа вахара.
Довлетжанов Нурседегахьа вирзира:
– Балха тIехь сирла богучу вайн седанна тIера! – цунна а боьттира чагIаран кад. Нурседа йишига хьаьжира:
– Мегар дуй?
– Хетта а хоьттий ахь!.. Хьайн дас мелларг мала… хьо ца Iалахь!
Шиммо а лимонад мелира.
– Молодец! Молодец! Бакълоь! – Довлетжановн йуьхь йекхаелира. – Зударшна ца оьшу… Тхуна а шортта хир!.. Амма дезаш-м оха а ца муьйлу-кхи xIapa…
– Дицдаларна кхоьруш дохку-кх, – забаре тIетуьйхира Луценкос.
Массо бара сакъералуш…
Кестта йижарий дIабахара.
Шийтта долуш, дIабуьйхира хьеший…
* * *
Iуьйранна Тавсолтега а, кхечу мухIажаршка а комендатуре кхайкхира. Чохь вара тохарлерра коменданттий, цуьнан керла гIоьнчий. Ший а цхьана басахь – хьаьрса, цIоцкъамаш а кIайн, ший а ченан басахь хорма йуьйхина, ший а, ченаша буьзнарш санна, цхьатера.
– ХIоккхуза куьг таIаде… тIаьххьара! – цIаза-пIелган йахйинчу мIераца кехата тIехь сиз даьхьира коменданта. – Комендатура кхин хир йац!
– ХIокху кхойтта шарахь хIинца дуьххьара дог а догIуш таIадо-кх ас куьг! – къоламан йуьхьиг кагйира Тавсолтас.
Гонахарнаш бийлабелира.
–Ткъа цIа маца дохуьйту тхо? – коменданте хьаьжира Тавсолта.
– И суна хаац. И билгал дац хIинца а… Ма сиха ву хьо, воккха стаг… Нисдан а, кечдан а дезарш дукха хир ду, хьуна, хIинца а, – шен хьаьрса цIоцкъамаш хьалатесара коменданта. – ПаргIат а даьхна, кхузахь дита а там бу, – тIетуьйхира цо.
– ХIинца кхузахь со сецо-м хала, хьаха, хир вара шуна, – корта ластийра Тавсолтас…
Шайн цIенна гергакхаьчча, кхин а сихло говр санна, комендатураш дIайаьхначул тIаьхьа кхин а чIогIа карзахйевлира Тавсолтин ойланаш – цIехьа! Цу ойланаша дIалаьцна меллаша воьдура иза тахана колхозан бешехьа. Беша дIакхачале, некъа тIера а ваьлла, нисса малхбузехьа ша-шах дIаоьхуш карийра цунна ша, цхьа жимо гу Iалашо а лаьцна. ТIекхечира. Раздаьллачу чуртах тера, шен астагIчу кога тIе а таьIна, гу тIехь лаьттира иза, малхбузехьа вогIавелла, меттах ца хьовш. Винчу мехкан сибаташ ма-хуьллу нуьцкъаша шен ойлана хьалха тIеуьйзуш, дагалоьцура цо. Кхин а… Кхин а… Кхин а…
ЦIеххьана цIера сурташ, xIapa цига дIакхаьчча санна, ма-дарра цIена гуш дуьхьалхIиттира цунна ойланийн ницкъаца. И ца кхеравелира: мелхо а цо кхин а нуьцкъаша сецадора уьш шен бIаьра хьалха, уьш йуха дIадарна кхоьруш. Цунна хIинца цIена гора лаьмнийн даккъаш тIехула ша жеца лелаш… ТIаккха шайн колхоз… Ма хала вовшахтуьйхира… Беш… Ма хаза хуьлура… ГIовгIане Яьсси… Лекха ЦIен берд… ТIаккха роггIана дуьхьалтийсира: йуьртан кешнаш, Даудан хIоллам… Нурбикин кошан барз… Шайн керт…
Тавсолтас шен ойланийн ницкъаца кхин а тIеттIа тIеуьйзура и бIарлагIаш, уьш дIаян ца юьтуш, хIинца уьш дIаяхь Баккъал а ша цIа а ца верзарна кхоьруш санна…
ХIинца дIо генна хьалха, вукху агIорхьа, малхбалехьа, кхин цхьа сурт а, цIена, дуьхьалхIоьттира цунна: хьуьлла дитташна дехьахь дIасахьера, кхунна хIун йу а ца хуу, цхьа Iаьржа тоба. Кхеравелира Тавсолта: «Хьера-х ца ваьлли- те со? Дала а магийтац, бах, шен дозанал тIехваьлча… Хьекъалх а воккхий кIелвуьту, бах, дуьненан дезаршка шегачул тIех сатийсинарг»… «ОстопираллахI!» – дийшира Тавсолтас шабарца.
Йуха а малхбузехьа дIахьаьжира: дIайайра хьалхара бIарлагIаш, генна дIа ма-йарра гора шера аре. ТIаккха, сиха, йуха а малхбалехьа вирзира иза: хьалха санна, хIинца а, хьуьлла дитташна дехьа, йуха а дIасахьера и Iаьржа тоба. Тамаше хийтира, амма, кхерам дIа а теттина, хьаьккхина цигахьа вахара Тавсолта…
Цигахь хиллера гIаларчу вайнаха шайн белларш дIабухку кешнаш. Тавсолтина, тIекхаьчча, цу сохьта вевзира, тохара дуьйна а гина воцу, тобанна йуккъехь, корта а оллийна, керлачу кошан борза йуххе лаьтта Рашид. Цуьнан хазачу, са ца гучу бIаьргаш чуьра меллаша хин тIадамаш ледара. ДIавоьллинарг цуьнан шийтта шо кхаьчна кIант хиллера.
– Хьо ву и, Тавсолта! Марша вогIийла! – элира цо, цуьнан куьг шен кара кхоччушехь. – Бехк ма биллалахь, и жима велахь а, цхьаъ бен вацара сан! – бехказвуьйлура Рашид.
– Дала гечдойла! Бисинчарна собар лойла! ХIун ду и жима хилча? Жимачух ма хуьлу воккханиг а! И, гIа санна, жима хиллехь а, амма и гIа вайн гаьн тIера доьжна! Вайна хилла эшам. Хьан дог лазарх бехк буьллийла йац… И-м кхиъна кIант хилла. ЦIе хIун йара цуьнан?
– Iалсолта.
Тоххара, Граждански тIамехь вийначу, шен цхьаъ бен ца хиллачу вешин, дукха хенахь дуьйна хазаза йолу, и цIе хезна Тавсолта ойлане вахара. Цунна дагавеара хIинца, къона волуш дIаваьлла, шен ваша, цуьнан иллеш а…
Массо а дитташ кIел охьахевшира. Цу сохьта йукъадевлира цIа дахийтарах лаьцна къамелаш:
– Ac xIopа ламаз тIехь а Деле денна а воьху-кх и Хрущев: и карий-кх дуьххьара вайна орцахвала. Дала ларвойла иза!
– Хьовсийша, шаьш шира ленинхой бу боху – Молотов а, Каганович а хиллийца вай йуха цIа дерзадарна дуьхьал…
– И-м хIун дара, нохчийн лаьтта тIехь ша буьйсанаш а йаьхна, вайн сискалх а кхетта волу, вай веза лору Ворошилов а-м хилла, боху, йуьхьанца дуьхьал…
– Бакъду. Иштта хезна суна а. Ширачу хьаькамех Хрущевца цхьаьна вайгахьа уггаре хьалха куьг айинарг Микоян ву а, боху.
– Буденный?
– И-м цара ишттачохь лоруш а вац… Говрийн верас, – гонахарнаш бийлабелира.
– Калинин а ма вара вайн махка веъна лелла… цо хIун дина-те?
– Хьанна хаьа?.. Шега аьллачунна тIе куьг а теIош, Iийна хир ву-кх…
– Аш хIун дуьйцу? И-х велла дукха хан йу, – гонахарнаш йуха а бийлабелира.
– Миска йаI! Вехаш а, ву-вац ца хаьара, хIинца велча а ца хаьа…
– Цуьнан цахилар, дера, дара иза-м… Сталина шен зуда чуйоьллича а, вистхила ца ваьхьна…
– Делахь а, цо вайн къомана тIе цкъа а нехаш-м ца хьаькхира, Ждановс санна.
– Цул а, Гамзатовс санна, алахь! – йукъагIоьртира, хIинццалц ойлане Iийна, бIаьргех пенснэ-куьзганаш дохку, Фрунзера кхузахьа хьошалгIа веъна, историн хьехархо Тухан Фаргизов.
– И мила ву?.. – корта хьалаайира цхьамма.
Массо а цецхилира.
– Вайн дIегIастанхо ву-кх… Вайца вошалла догIучу суьйлин къомах…
– ХIетте а Москвахь ша арахецначу книжки тIехь цо йаздина имам Шемал «нохчийн борз», «гIалгIайн лаьхьа» хилла бохуш, цуьнца цхьаьна вайн къам а бехдеш, – дуьйцура Тухана.
– И ма тамаше хIума ду…
– Дан-м ду… Делахь а, кху тIехь инштта-м йаздо цо, – шен кисанара схьайаьккхина, жима книжка схьауьйхьира Тухана… – Имам Шемал шайн суьйлех хиллашехь, иза вайн къомах волу сурт a xIoттош.
– Вайна схьалуш ву-кх хIинца!.. – эккхийтира цхьамма.
– Валийта! – элира Тавсолтас. – Вайна къонахий оьшу! Тохара цара и цкъа охьатесча а, вай схьаийцира. ХIинца а вай схьаоьцур ву. Кхин дIалур а вац! –шен дош тIечIагIдира цо.
– Мила ву и ван, цу тайпана йаздийриг? – хаьттира Тавсолтас.
– Шайн –суьйлех… ЖIай ву…
– Эхь а ца хетий хIетте а, имам Шемал а ма хилла жIай! Хьаьж-Мурд а ма хилла жIай! ЖIай вайн ДегIастахь лоруш къонахий ма бу… Эхь ма ду и… Баккъал а вуй-те и йаздийриг жIай? – йуха а хаьттира Тавсолтас.
– Ву… ГIараваьлла жIайн йозанча ву…
– Ма тамашена ду и, жIайн амалехь хIинццалц ду олуш а ма ца хезнера ор чу воьжначунна тIе тIулгаш кхуьйсуш…, мелхо а чу лами кховдош дара-кх ламанхойн Iедал… Ма эхь ду иза! – корта ластийра Тавсолтас.
– Делахь а, цо бехказвуьйлуш, эхь хета шена, бохуш, жоп а даийтина, вайн йаздархоша, Базоркин Идриса, Яндиев Джамалдас, Муталиев Хьаж-Бекара шега, бехк боккхуш, дахьийтинчу кехатна дуьхьал… Цхьадолчу aгIop иза цуьнгара йаьлла къонахалла а, дера, лору аса-м, – элира Тухана.
– Атта лору!.. – корта ластийра Тавсолтас. – Гой хьуна, цо вайна ша аьлларг дуьненна а хозуьйтуш, мохь тоьхнна аьлла, ткъа ша бехказа волуш аьлларг цо, нахана ца хозуьйтуш, вайн лере а таьIна, шабарца вайгга аьлла, мацах: «Диг хьенан дайна шун?» –аьлла, кхайкхийначу моллас санна, –тIетуьйхира Тавсолтас.
ГондIарнаш тIетайра.
– Бакълоь Тавсолта! Бакълоь! – тIечIагIдира Рашида, хIинца иза собаре а, синтеме а вара, амма йуьхьа тIехь ойлане хетара. Эххар белшаш тIехь корта, меттах ца хьовш, богIабелира цуьнан, бIаьргнегIарш охьадийшийра цо, ткъа гоьлана тIедиллинчу цуьнан аьрру куьйган пIелгаш дайн дIасхьа дуьйлира: иза иштта хуьлура, цуьнан дага чохь цхьа мукъам айбелча.
Массарна а лаьара цо цхьа илли олийла, амма и цуьнга хьахор кху сохьта хотIехь ца хетара.
ЦIеххьана Рашида, шен аьрру куьг лере а даьхьна, ша элира:
– Ас цхьа илли алий шуна? Бехк ма биллалаш… Iожаллина дуьхьал…
Массо дIатийра. Рашида дегийра дитташ тIера гаьннаш а, ладоьгIучийн дегнаш а, дукха хенахь дуьйна а хезна доцчу вайнехан иллица:
ХIай, шийла Iожалла, хьо стенна хьоьжу соь,
Iуьйкъенах терачу хьайн бесчу бIаьргашца?
Вуьшта а хаьа суна сол тулур йуйла хьо,
ХIетте а ас хьуна ца туху корта!
Хьо йацара жимачохь сан йалхо хилла,
МостагIий эгабеш, сан луур кхочушдеш,
Сан тоьпан йуьхьиго царна тIе хихкинарг,
Со гахь а йегаеш, хьуо суна йаьцнариг?
ХIай, шийла ва латта, соь буьрса ма хьежа,
Буьйсанах терачу Iаьржачу бIаьргашца!
Хаьа суна, маццаъ цкъа хьайн йист ахь гIаттор йуй,
Со дIа а хьулвина, йуха ваьштатоха.
Амма со цуьрриг а вегавац хьох а:
Хьо дац ас жимачохь, пурхенаш хедош,
Цу бергийн татанца сайн динца хьешнарг,
И лаьмнаш ас идош, цецдаьлла хьежнарг?
ХIай, маса ва зама, ма йетта сох шело!
Хаьа суна, ахь со а халкъалахь вицвийр вуй,
Iаламал тIехйуьйлу, лаьмнаш а дIашарде,
Массарел тоьлла хьо, сол а хьо тулур йуй!
ХIетте а со хьох а ца кхоьру, хIай зама!
Со вацара, ойланийн нуьцкъалчу тIемаш тIехь
Хийлазза жимачохь хьол хьалхавийлинарг?
Хьан а ницкъ хир ма бац со сихха вайа!
ТIехула йаьржина – бохь боцу и стигал,
КIелхула даьржина – бух боцу латта.
ХIетте а лаьтта уьш адам мел деха:
Уьш лаьтта, уьш лаьтта адамийн дегнаш тIехь!
Ша ваьлча, жимма ладоьгIуш а Iийна, Рашида дийцира:
– Цунах Iалсолтин илли олу. Амма сан кIентан цIарах дац и. Тоххара, Граждански тIом болчу хенахь, Нохчийчуьра тхан ГIалгIайчу веанера, Гикалогара цхьа пакет Орджоникидзега дIакхето, цхьа къона нохчо-партизан Iалсолта. Тхан йуьртахь, тхан хIусамехь Iийра иза, кIира доккхуш. Цул тIаьхьа кхин цкъа а дуьхьал а ца кхийтира и. Схьагарехь, и вара бакъволу илланча. И илли элира хIетахь цо тхоьгахь. Со хIетахь иттара ваьлла, амма, иллеш дезаделла, уьш Iамош вогIура. Цуьнгара Iамийра ас и. ХIетахь дуьйна диц а ца ло, амма наггахь бен-м ца олу – сов хала ду и…
Вовшийн Iодика а йина, массо a, гIap йайина, дIасакъаьстира. Тавсолта, вухавогIуш, корта оллийна вара, иллино чахчийна, цуьнан ира йу кIорггера шен дагах Iоттаелла: «Тахана гу тIехь суна дага ца догIуш хIун диси? Массо а дагадеара суна… сайн ваша воцург! Телхина-те со?» – ша-шена реза вацара Тавсолта…
Беша тIе кхаьчча, цига а ца воьрзуш, тIехваьлла, шен новкъа вогIура и: болх балучохь вацара и тахана. МаьркIажан хан йулуш, чукхечира Тавсолта. ГIелвелла, нара тIе агIорвелира:
«Валале цкъа дIа, мукъна, кхачахьара цига… ХIумма а дацара-кх цигахь цхьа а кхин бакъо ца лахь а, дуьххьалдIа, са а доьIуш, вист ца хуьлуш, цигахь дIасахьежа витчахьана», – дагатесира Тавсолтина.
ЦIеххьана чувелира сакъераделла Керим.
– Гой хьуна, – элира цо, – вайн гIуллакх котдаьлла догIу. Вай оччадийла эшац! – стоьла тIехь даржийра цо газета: «Къинхьегаман байракх». – Нохчийн маттахь Алма-Атахь арахеца долийна хилла xIapa… Хьажал!
ШолгIачу агIон тIехь очерк йара, «Йахь йолу йижарий» аьлла, лакхахь Селитин, Нурседин сурт а долуш. Можах кахьаькхира Тавсолтас, Керима дийцира цунна, хIинца Алм-Атахь нохчех цхьацца накъостий ЦК-хь балха хIиттор а, вайнехан маттахь радиопередачаш йолор а.
– Вайнехан гIуллакх талуш догIу. ДIахоьцуш бу, тохара эрна лецна, вайн шира партийцаш а. Белхаш а лур бу, маьрша дIаса а лоьлуьйтур ду, боху, кестта! – воккхавера Керим.
– ЦIа маца дохуьйту? – цхьаъ дара Тавсолтин дагахь даим.
– Хаац… Кхузахь… цхьанхьа меттиг а къастийна, автономи йала а мега… йерриге бакъонаш йуха а йерзош… Иштаниг а дуьйцу…
– ХIан-хIа! – нара тIера хьалаиккхира Тавсолта. – Кавказехь бен эшац суна цхьа дахар а, йа бакъонаш а!.. Лаахь, бакъонаш а ма ло. Амма дай баьхна меттигаш схьайа!.. Сайн дайн кешнаш долччохь лаьа суна вала а!.. Ала а делирий и хьоьга?! Ца моьттура суна ахь и эр ду а!
Шеконе хьаьжира и газете а.
Селитас нохчийн маттахь газета тIехь зорбатоьхна цхьа илли дийшира дена:
ЦIеххьанчу орцано сихонца айвина,
Кхочучу ницкъаца накъостал дан лиъна,
Даймехкан декхаро гIаттийна вогIу со,
Шен дикчу кIенташка дIаала боху цо:
Де доьхна, Iаьржачу халоно хьовзийча,
Мацалло бIарздина, гIелонна кIелдисча,
Бохамна, харцонна йуьхь-дуьхьал хIоьттинчохь,
Собарах, стогаллех ма довла боху цо11.
Тавсолтин бIаьргаш цхьана метте догIаделира:
– Ишта йаздийраш а бу?
– Бу, – элира Керима. – Амма цу йуккъехула, къоман гIуллакхах хIинцале шайна хазна йаккха гIертарш а бу… Муьйлуш, сакъоьруш, эхь дайъина, чинашка кхийдаш… Дукха хан йоццуш цхьамма ЦК заявлени а йаздинера: ша хила хьакъ вара хIокху газетан редактор, важа дIа а ваьккхина, иза кулакех ву, аьлла.
–Тпуй! Делан неIалт кхунна! Декъаза къам хилла-кх вай! Декъаза! Сел кIезиг бен боцчу вайн дешначаралахь а оццул йовссарш хилча! Делахь а, газете а йазло, чу радио а йиллийта вайна, ши йоI! – омра дира цо мехкаршка.
* * *
1957-чу шеран июлан довхачу дийнахь колхозан контора йуьззина чугулбеллера правленин а, парторганизацин а жигархой. Райкоман векало хаам бира хIинцца Москвахь антипартийни группа йохийнчу ЦК-н июльски Пленумах лаьцна. Партин ХХ-чу съездан толам цо кхин цкъа а тIечIагIбинера.
Цул тIаьхьа кхин а чIогIа хийцаделира нохчийн а, гIалгIайн а, массеран а дахар: болх кхин а диках балора, синпаргIато алсамйелира.
Нурседий, Селитий чIогIа йоккхайера хиллачу хийцамех, амма массо хIуманахчул боккха тамаш бора цу шимма хIинца Тавсолтин хийцавелла варах.
ДегI айделла вогIура хIинца балхара цIа Тавсолта. Цуьнан аз, тохара цIахь санна, йуха а стамделлера, ондда догура, цIоцкъамаш кIелхьара, декъа лепачу бIаьргийн нур а. Са чу деана, бедарца а лерина лела велира и хIинца. Маж–мекх а йуьртан парикмахерскехь доцца лоргуш, басардайтира: «Шемала а дуьллура гIина», – шена бакъо карийра цунна. Оцу хийцамах къаьсттина цецйаьллера Селита: «ХIун хила гIерта техьа?» – ойла йора цо. XIopа сарахь, кечлой, араволура воккха стаг. Кхин а цхьа хан йаьлча, массо уьш чохь а болуш, дог ца догIучуха эккхийтира дас:
– Зуда ца йалийча а вер вац!
Селита цеце дIахьаьжира цуьнга:
– ХIунда?
– «Цхьаъ мегар а йац, цхьаъ йоцуш мегар а вац», – кица далийра цо.
– Зуда йало хан йу хьан, ва дада?
– ХIинцца бен ма ца ваьлла со кхузткъара а…
– Мила йу и, дада? – хаьттира Нурседас.
– Джейран, – хIинццалц къайлехь латтийнарг гоьделира. Ши йиша, йист ца хуьлуш, IадIийра. Цу шимма и дика тIе ца эцарна, дог эшна аравелира Тавсолта.
– Хьо хIунда йац реза, Селита? Йалайайтахьа. Ца го хьуна цуьнан тохавалар?.. Боьрша ма ву и. Джейран вон стаг а йац.
– Кху вай цIа гlyp ду боххучу муьрехь, сов йуккъехула хета-кх… Иза а эцна… ненан коша тIе а муха хIуьттур ду вай. Суна-м хьарамло хета и!
– ХIунда хета? Вайн нана йелла дейтта шо даьлла. Цхьаболчара-м зудчунна тIе а йалайо зуда… И йу-кх хьарамло!.. Йалайайтахьа! Дуьне дай xIapa-м!.. Цунна доттагI а, вайна нана а хир, сан бераш а Iалашдеш…
– Ша йаллалц вайна йаьцнарг кошахь Iуьллу, ткъа xIapa сакъера ваьлла!
Нара тIехь йелла Iиллинчу ненан берчаш йолу куьйгаш дагадаьхкина, къурдаш дан йелира Селита.
– Ма йелхал, ма йелхал, сан йиша! Даим белларш лоьруш, муха Iийр ву дийнаниг, шен гIуллакх а ца деш. Ма йелхал!
–Ткъа… эхь, оьздангалла, вовшашна хьанал хилар стенга даха деза кху дуьнен чуьра? Буха буьсучара а иштта сиха бицбеш хилча,… баха а хIунда баьхна-те вайн белларш?