
Полная версия:
Лаьмнаша ца дицдо
– ХIан-хIа, ишта ма аьллахь! Дерриге а дацара хьуна цуьнца иштта вон! Шен хеннахь цо партина дуьхьалйаьлла оппозици ца йохийнехьара, тIе, вайн махкахь хазанеха санна, вешан индустри кхоллар а, колхозаш йахкар а чекх ца даьккхинехьара, оцу хиллачу тIамехь вай, суна хетарехь, тоьлла а хир дацара! – элира Керима, амма Тавсолтас вон ладоьгIура цуьнга.
Сталин веллачул тIаьхьа сихонца баккхий хийцамаш буьйлабелира Советан махкахь. Цхьа кIира даьлча, Нурседе кехат деара районан спецкомендатуре кхойкхуш – «тешалла дан».
– ГIуо… ший а!.. – элира Тавсолтас, Селитехьа а корта ластош…
Бухахь Керим а вара оццу гIуллакхна дIакхайкхина. ХIинца, полковникан хорма охьа а йиллийтина, кителан хьалха йохку орденийн планкашший, меран кIел дохку шен тохарлерра даккхий Iаьржа мекхашший бен, кхин хIумма а хьалхалерачу куьцах бухайисна воцчу Идрисов Бакара, дай-й куьг ластийна, хьаькиман кабинета чухьажийра уьш, Селита буха а йитина.
Керла хьаькам – капитан Сериков Олег Миронович – гIиллакхе хьала а гIаьттина, некха тIехулий, букъаций дIасаоьху эпсаран хормица долу керла бахтарш, доьхкий а цIийзош, охьатаьIира, хIокхарна охьахаа гIанташ гойтуш, тIе пIелг а хьажош. TIe сийна исхар а тесна, йеакIов йехачу стоьла тIехьа Iаш, векъачу аматахь, чукхетто Iаьржа бIаьргаш а, тIейаьхкина беснин даьIахкаш а йолуш, кхин цхьа стаг а вара штатски хормехь, амма эпсаран куьцехь белш, букъ а нийса латтош.
«Гарехь, областера талламча хир ву», – дагатесира Керимна. Раз бIаьрг тоьхна, цунна хьалха, стоьла тIехь Iуьллучу папкин тIера йоза дийшира: «Халкъийн сийлахь-воккха тхьамда Сталин нахана йуккъехь Еланцевс Д. У. йемалваран хьокъехь долу гIуллакх».
Чу а валийна, сонехь, табуретки тIе охьахаийтира «Сталин нахана йуккъехь йемалвина» волу заьIапхо.
– ХIара вевзий шуна? – хаьттира. Шимма а тешалла дира цигахь хилларг и хилар, амма цо аьлларг шайна къаьсташ ца хезира аьлла, чIагIдира. Цигара йухадогIуш, Керима, чухIоьттина, Тавсолте и дийцира.
– Схьахетарехь, Сталин хIинца а верриг ца велла, – элира Тавсолтас.
– ХIунда бах ахь?
– Цунна тIоьхула хIинца а нах хьийзабо дела…
– И мила вара хиирий шуна? – хаьттира Селитас.
– Цхьаннах тера-м хийтира, – Нурседа ойлане соцунгIа хилира.
– Цуьнан бесни тIера мо ца гира хьуна?.. И тоххара Эскинойхь вайн школехь доклад йинарг ма вара… Сени чухула ша тIехвоккхуш, соьга лерина схьахьаьжира иза..
– ОстопируллахI! – цецвелира Тавсолта а.– Тохара ЧIап-ломахь тхоьца немцойн десант лаца веънарг!?
***
Кхин а цхьа бутт баьлча, Кериме а, Нурседе а тешалла дан суьде дIакхайкхира, – амма и суд, райцентрехь йоцуш, Джамбул-гIалара областан суд йара: «Гарехь, Еланцевн гIуллакх луьрачех лерина», – ойла хилира Кериман.
XIopш дIакхаьчча, суьдан зала чохь хоттуш, дIадоьдуш кхин цхьа дов а хилла, и чекхдаллалц собар дан дийзира. Iа-ш сагатделла Керим херайаьллачу неIарехула зала чу хьаьжира. ЛадуьйгIира:
– Со хIетахь кхеран коштIахь комендант вара… ХIетахь дукха лара спецпереселенцаш мацаллах а, тифах а… ДIабохка ца кхиабора… ТIаккха ас хIокхунна тIедиллира, кхунна кхин цхьаъ баьпган норма лург, шен виран-ворданахь вел-велларг хьуьлла йистерчу ор чу дIакхехьap, уьш бахьа кхин меттиг йоцу дела… Амма аса-м ца аьллера кхуьнга цига валаза верг а дIахьо…
– Ас вахьа а-м ца ваьхьна! – шa Iачуьра хьалакхоссавелира эттIачу шинелехь волу цхьаъ.
– Муха ца ваьхьира?.. Со-м ваьхьира… Ас хьайга доьххушехь: «Со хIинца а дийна ву… Ца вала а магара… Витахьара», – боххушехь… Ахь элир-кха: «ХIан-хIа! Со вуха а кхуза эха мукъа вац… Хьо иpx-пурх а кхин цхьана сохьтехь бен вехар а вац…», – аьлла, айина хьайн вордана тIе а виллина, ваьхьна, цига беллачарна йуккъе охьатесир-кха со а… Валийта!.. – бохуш, дуьйцура, хьалха шен Iаьржа куьйгаш а туьйсуш, кIарул-Iаьржачу курдо.
– Ткъа муха висира хьо ца леш? – хаттар дира суьдехь. Жоп ца луш, курд дIасахьера.
– Дийцал!
– Ца вала… аса… йуххехь Iохкучу… беллачеран пхьаьрсах а, белшах а дилха диира… Ца леш висира… ГIаьттина, вахара… CaгIa а доьхуш, лийлира кхечухьахула… вехха. ХIинца, Сталин велча, кхуза вухавеъна, хIокхунна и ца дита!.. – элира курдо.
Керима доккха садаьккхира. Чоьхьара цхьамма-м залан неI, гIорттош, тIечIегIира… Кестта КеримгIаьрга чукхайкхира. XIopш чубевлча, дехачу гIанта тIехь, суьдана дуьхьал хиъна Iа, цIена маж а йаьшна, тIехь а цIена Еланцев вай-й велакъежира кхарна.
Суд йах ца йелира: Еланцевна йерриг а тоьхна хан «15 дей-буьйсий» йара, цо, нах а болчохь, пачхьалкхан меттехь маьттаза мотт лебарна. ЙухавогIуш, Керим хIинца а ТавсолтагIеран чу хIоьттира:
– ДIахаалда хьуна: Сталин велла, хьуна, верриг а, цинц буха ца вуьсуш! – элира Керима чуволлушехь Тавсолте…
Доцца дийцира суьдехь хилларг.
– Далла хастам бу!.. ХIинца-м кестта цIа дахийта а мега вай! – элира Тавсолтас.
* * *
Кхин а ши кIира сов хан йаьлча, ТавсолтагIеран неI туьйхира. Селитас, тIейахана, схьайиллира. Еланцев вара неIарехь лаьтташ: цIена дуьйхина, шляпа а коьртахь, галстук йихкина, карахь хаза Iaca а йолуш.
– Схьачувола! Марша вогIийла! Суна вевзира хьо, накъост Еланцев, – элира Селитас.
– Суна хьо а йевзира, Селита! – аьлла, куьг делира.
Нурседас а:
– ПаргIатваларца декъала хуьлда хьо! – аьлла, куьг лецира цуьнан. Кестта Керимца чувеанчу Тавсолтина а хазахийтира хьаша веъна. Селитас кечдина чай хьалха диллира…
– Шу махкахдаьхначу шолгIачу дийнахь со вахийтира отрядца ломан кIотаршкахула, цхьаццанхьа бухабисна нохчийн доьзалш вовшах а тухуш, охьабаха. Сан отряд дIатуьйхира, Грозный-гIалара ваийтинчу, ширчу чекистех волчу Коленкин ротех, и коьртехь а волуш… Бухабисна доьзалш-м наггахь а бацара… Тхан декхар хилира, дIабаха ца лууш, герз а карахь бевддачийн гIеранаш схьалецар, йа йайар. Масех кIиранах а лийлира тхо, уьш лоьхуш. Царех цхьаберш, къаьсттина майрабевлла, шаьш тIелетара тIехьашха эскархошна, бийшина Iохкурш а ца кхоош.
Къаьсттина багайахна йара Сату коьртехь волу гIepa… Цо, четарна чу а иккхина, бийшина Iохккушехь байинера салтий а, лоьраллин болх бен зударий а.
– Хьай, йовсар йаI!.. Зударий а байинера, тов! – элира Тавсолтас.
– Амма тхан командир Коленкин ша а вацара «дидийчех»… Шара–Органехула тхо, цигахь бухабисанчех гулбина цхьа-ши доьзал, стерчийн вордана а хаийна, охьабалош догIуш, суна гира, тхо тIай тIе кхаьчча Коленкина, тIекхайкхина цхьана-шина салтичуьнга лере цхьаъ-м аьлла, цу-шимма вухавахана, хьалхара сту, тоьхна, тIай тIера чу а харцийна, цунна тIаьххье и ворда а кIоргге чуйахара, тIерачу берашца, зударшца, баккхийчу нахаца… Ас и дIадийца сайн дагахь дитира… Цул тIаьхьа, тхо чIожах чекхдовлуш, тхо чекх а довлийтина, тхуна тIехьашха тIелетира цхьа гIepa. Царна хьалха кIайчу говрахь, Iаьржа верта а кхоьллина, цIечу башлакхца, буйнахь маузер а лестош, цхьа зуда йара, омра деш:
– ТIетох!.. ТIетох!.. Ма кхоабе! – бохура.
– Кхокха йу!.. И Кхокха йу!.. – элира суна йуххерчу сержанта.
И цIе хIетале цигахула йекаш йара: Кхокха гIарайаьллера къиза а, майра йу бохуш. Дуьйцура, цо ша шен майра, шен буьйр кхочуш ца дича, гIерана хьалхха, тапча а тоьхна, вийра бохуш. Цигахь тхайх вийна масех бIаьхо а витина, Коленкинна а йай-й чов а хуьлуш, тхо халла кIелхьарадевлира. Цул тIаьхьа Коленкина, Галан-чIожахула тхо лелаш, цигахула цхьаццанхьара оха схьагулбина, бIе гергга зударий, бераш, баккхий нах, цхьана йесса йисинчу школа чу а лаьхкина, тIехула неIарш ондда тIе а чIаьгIна, цIетесна багийра дийна боллушехь!.. Маьхьарий!.. ЦIогIанаш!.. И суна дицлур дац цкъа а! Хьалха цо уьш цу чу гулбеш, «кханналц буьйсайаккха, шелонгахь ца бита» элира – суьйре йара. Чуьра пешаш лато, аьлла, амма цIейилла дагалаьцна йаго хIума а цаьрга шайга схьалахьайайтира цо гондIахьара… Виц ца ло суна цхьа бутIаз: «Хьажал! Ас дуккха а гулдина», – бохуш, марахь ча дахьаш вогIу… ХIинца а дуьхьал лаьтта… Сан собар кхачийра!.. Со ведда Грозный-гIaла а веъна, тхайн хьаькмашна тIе вахара… Дийцира… Йаздайтира! Таллам болийра… Амма Коленкина, вуно атта, тешаш а xIиттош, со кIелвитира: шина салтийчо тешалла дира, сту ког а тасабелла, ша чубахара аьлла… Школа чу гулбина нах а, шаьш пеш лар цайарна, шайн ледарлонна цIе а йаьлла, багар чIагIдеш а, масех теш кечвинера Коленкина. Со таIIийна чувоьллира: суна дуьхьал таллам болийра…
Грозный-гIалахь со набахтехь волуш, цигахь Сату а гира. Иза – шен йуьхьсибатца и хилар соьга чIагIдайта со чувигнера талламчо.
– ХIинца идда ваьллий хьо, стешха кIилло! – тIечевхира талламча, куьйгаш а дихкина, шена хьалха лаьттачу Сатуна…
– Со шух идда вац… Со шуна тIаьхьа идда… Сох стешха кIилло ма ала! – жоп делира Сатус.
– Ву хьо стешха кIилло!.. Бийшина Iохку тхан салтий а бойуш!..
– Ткъа дийна боллушехь аша багийна тхан зударий, бераш?!. И шайна иштта дуьсийла лаьара хьуна! – аьлла, Сатус талламчин йуьхь тIе шеташ туьйхира. Талламча ша лаьттачахь:
– ДIавига и карцер чу… Ас кхана Iуьйранна гойтур ду хьуна, кIиллo! –мохь белира талламче. HeIcaгIe дIакхоччуш, Сатус, вуха а вирзина, кхоьссира талламче:
– Иза а хаьа суна… Кхана аш со вуьйр вуй… Амма хьоьга сан цхьа дехар ду: со муха ле хьажа, кхана соьга хьажа, мукъна, волахьа!
– Къонаха! Сату – вуьззина къонаха!.. – цунах ша аьлла дош йуха хийцира хIинца Тавсолтас.
– Кхана Iуьйранна, набахтин кертахь, цхьаболчу, кхозлагIчу этаж тIерачу лецначеран тидам а хуьлуш, гIовгIа йоккхуш латийна мотоцикл а йекаш, банин пенаца а хIоттийна, цунна тоьпаш туьйхира…
Со халла велира воь суд йечуьра: фронтовик хилла хиларна, ца вуьйш а витна, со йуха а фронте – амма гIудан-батальоне дIахьажийра.
Дуьненахь доллучу хIуманах а догдаьлла, сайн са ца кхоош, со вере сатуьйсуш, лар а ца луш, лийтира со фронтехь… Хьовсийша, тIом дIабаьллачул тIаьхьа, йуха а шортта орденш а йахьаш, цIавеъна волу со, тоххара дIадаьлларг цхьамма карла а даьккхина, итт шо хан а тоьхна, Сибрех ма хьажий!.. Йуха цигахь мала а Iеми, дечиг тIекхетта бойна ког а дIабаьккхи…
Массара a, гIap яйъина, ладоьгIура…
– И боьха хIума Берия хIинца а коьртехь ву-кх… Цуьнан хIуманаш ду уьш! – эккхийтира Керима.
– ХIан-хIа!.. Коьрта бехкеверг и вац – Сталин ву! – ша Iачуьра хьалаайвелира Еланцев. – Берия цуьнан хьанала лай ву!.. Коьрта бехкеверг а, чалтач а ша Сталин ву!.. Исторехь цуьнга а кхочуш боьха стаг хилла а вац: цо шегахь цхьаьнатоьхна Неронан маьттазалла, Иван Грозныйн къизалла, Азефан йамарталла! – элира, хIинца йуьхь цIиййеллачу Еланцевс.
Селита йай-й йелакъежира, тоххара Эскинойхь, школехь ша доклад йеш, Еланцевс Сталинах аьлла кхитайпа дешнаш дагадаьхкина.
Нурседас, неIаре а йахана, и дика тIечIегIира: Сталин веллехь а, Берия хIинца а дийна вара.
* * *
Кхин а масех бутт баьлча, цхьа гIуллакх хилла, правлене ваханчохь, Тавсолтина учахь, акъбевлла, радиога ладоьгIуш нах гира. Хьехориг Берия вара: халкъан а, партин а мостагI и хиларна, чувоьллинера хIинца Берия. «Хьай, делазхо йаI! И вара и, цкъа а вийна дIа а ца воккхуш, даим вен везарг!» – ойла хилира Тавсолтин. Сиха, гIанташ тIе а буьйлуш, сакъералуш, дIадохура цуьнан портреташ чуьрачара. «Хийцамаш буьйлабелла!» – дагатесира Тавсолтина: «Делан чIир кхочушхилаза ца йуьсу. КIелхьарчунна тIехула гIа а бехкамаза, церан меттигаш йуха ца хуьйцуш, дуьтур дац Ша, аьлла цу Дала», – шен ойла йора Тавсолтас…
…Кхин а цхьа хан йаьлча:
– ГIарчI-аьлла схьа а лецна, занкъаьлла чу а боьхкина, гарраст аьлла, тоьпаш тоьхна-кх вай махках даьхначарна! – аьлла, ТавсолтагIеран чувелира самукъадаьлла Керим, газета а карахь. Газето хоуьйтура: Берияна а, цуьнца цхьаьна хиллачу йамартхошна а тоьпаш тохар. Дерриг советски халкъо доккха садаьккхира, и даггара къобалдарца. Массарна а хиира 1937-чу шарахь берриг Советски махкахула чекхдевлла, хIинццалц жоп даланза дисина, инзаре зуламаш хьан дина. ХIинца партис бехкечарна хьакъдоллу таIзар а деш, иза Iорадаккхарна, адамашна хьаам белира. Къаьсттина хазахийтира и, бехк а боцуш, цу йамартхоша сийсаздина, шайн махках даьхначу къаьмнашна.
Керима шена газета доьшучу хенахь, Тавсолтас синкъераме корта хьийзабора:
– Хьажал, Церетели вуй царна йуккъехь?
– Ву, Къуръанора-кх, хIокху меттехь-м!
– Хьай, йовсар яI! – Тавсолтина дагадеара цуьнан Эскиной вар. – Ма дера дилли церан! – воккхавера Тавсолта:
– ХIуъа дийцича а, нийса ду вайн Советан Iедал! – тIетуьйхира Тавсолтас. – ХIинца вай цIа дахийтахьара!..
– Делахь а… хIинца а… сатоха деза, – элира Керима. РаьгIнаш йу гIуллакхийн…
* * *
– Районан комендант чохь вацара. Хьалхарчу цIа чохь стоьла тIехьа, таьптар а даржийна, Iapa НКВД-н лейтенант, цунна хьалха, чоь йуьззина, ирахь лаьттара цхьа нах, цо цхьацца тIе а воьхуш, массо уьш дIа а йазбеш. Цхьаберш сонешкахь, дехачу гIенташ тIехь хевшина Iapa.
Керимна йуххехь ирахь лаьтта, дика тIедуьйхина, цхьа хьаьрса интеллигент вара, шена уллохь Iаьржа дуьйхина, корта а оллийна, Iачу зудчуьнга луьйш, гуьржийн акцентаца:
– Хьо хIунда хIоьттина сел холча? Хьуна-х и хIокху тIаьххьарчу дейтта шарахь цкъа бен гучуваьлла а вац… Цо-х хьоьга шеран коьртехь цкъа бен телефон а ца тухура!..
Зуда IадIара, корта а оллийна.
Лейтенанта и шиъ шена тIе дехча, хиира Керимна уьш муьлш бу: Iаьржа дуьйхина зуда Бериян йиша хиллера – Мария Павловна, важа – цуьнан майра. Чохь болу вуьйш а Берияца цхьаьна, дукха хан йоццуш, хIаллакбинчу цуьнан гIоьнчийн доьзалхой бара, хIинца шайх спецпереселенцаш а бина, махках а баьхна, кхузахьа схьалаьхкина. Кабуловн зудий, йоIIий, ший а, сирла-хьаьрса, стигалан басахь долу бIаьргаш а лепош, шекйоцуш, йела а къежна, Iapa сонерчу гIантахь, шайна хилларг хIумма а доцуш санна. Кхиберш-м маларан хьожа а йетталуш бара.
– Хьуна хIун оьшура? – лейтенантан Керимах бIаьрг кхийтира.
– Со-м Идрисовца гIуллакх долуш веънера.
– Иза, цомгуш а хилла, балхара а дIаваьлла хIинца… ЦIахь ву…
И волчу церан цIа ваха дагалецира Керима, хьалха ша цуьнан цIахь хилла вацахь а, хIинца цунна тIехIоттар шен декхар хетта: хIуъа дийцича а, цхьана къомах а, цхьана хьолехь а, вовшийн цIе йевзина а вара. Кериман дагахь даим а кхин xIума а дара: цуьнга 1937-чу шарах лаьцна хаттар дан. «Оцу муьрехь НКВД-хь доккхачу хьаькамаллехь а лелла, ша лацаза а висина, чекхваьлла ма ву иза… Ма дукха хаьа хир ду цунна… ХIинццалц и ца ваьхьнехь а дийца, хIинца таро а ма йара цуьнан», – бохура шен дагахь Керима. Керимна, коьрта долчунна, хьалхара хаа луург дара: «Цу къизачу муьрехь, эзарнашца бехк боцу нах а, шаьш вовшийн а цара хIаллакдечу деношкахь, НКВД-хой шайн ойла муха хилла-те, уьш тешаш а хиллий-те шаьш хIетахь лелочух?»…
ХIусамнанас Идрисов гIалитIе лоьрана тIе вахна ву а аьлла, вухавирзира Керим…
ЛАТТА
ДIауьдура денош… Iуьйрре, дена йуург а лой, ши йиша цхьаьний балха йоьдура, ши бер школе а кхетош. Йуха цхьаъ балхара а йолий, хан ма-кхеччи, уьш школера цIа даладора, дуза а дой, йа итт шо кхаьчначу Джамбулан Iуналлехь дуьтий, йа лулахойх тешадой, йухайогIура, вукхунна кхалла хIума а йахьаш. Цкъацца, йуург а йицлуш, маьркIаженга а болура болх. Йай хьегIара гIелйелла меженаш, амма, кIеззиг садоIIушехь, къоначу дегIо йуха а дIаозавора Iеминчу балха. Лаьттаца долу гергарло, цунах куьйгаш деттар доггах марзделлера йижаршна.
Цунах ойла а ца йеш, хIинццалц тидамза хьешна xIapa Iаьржа латта хIинца кхечу сибатехь хетара шинне а. Лаьтто латтош хиллера дуьнен чохь мел дерг, дуьненна мел оьшург. ТIаьхь-тIаьхьа тIеттIа гучудуьйлара йижаршна цуьнца дохку тамаше хIуманаш. Цуьнан Iаьржачу бага кхоьссина буьртиг лера, амма йухабоьрзура бIозза дебий. Шен хама бинчун пусар деш, дист хуьлуш дацахь а, шена дечух кхеташ, хьекъале хетара хIинца латта. Цуьнан бос а, хьалха санна, массанхьа а цхьана тайппана сингаттаме ца хеташ, мелхо а, шен-шен меттахь шатайпа хийцалуш, шеран xIopa муьрехь а кхечу куьцехь гора.
Нахаро бал харцийначохь, аьлха санна, и къегаш дайча, схьа а эцна, керайуккъехь хьен дог догIура. Дерриг аьхна, дIадийна а даьлла, иза Iаь а гIуьттуш, малхехь, Iаьржо лепаш гича, йоккхачу садаIа дIатевжинчу, беркатечу гомашах тарлора Нурседина. Гурахь шен беркат адамашна дIа а доькъий, иза, дерриг дерзина а долий, эсала схьахьаьжча, Селитина тарлора цхьаволчу, йуьхьан бос Iаьржачу, амма, шех нахана даьллачу диканах воккхавеш, сирла велакъежинчу стагах. Iай и дерриг а лай кIел а дахана, гIap ийна дIатийча, чIогIа тарлора шинне а, кIайн юргIа тIе а тесна, садаIа дIатевжинчу, туьйранахь вуьйцучу цхьана воккхачу, дог дикачу нартах. Хьалха санна, мотт боцуш а ца хетара и хIинца: иза даима а саццанза луьйра шена тIехь болх бечаьрга аз доцчу, хезаш боцчу, амма церан дегнаш шех кхуьучу маттахь. Цунна оьшург, цуьнга ма-хьаьжжи, хаьара иза дезачарна, бIаьргашна а хезара, йаздинарг санна. Йешча а ца кхачало, дахаран бух боцу книжка хетара латта. Адамашна дика мел дерг Iамош, церан амал а собаре кхуьуьйтуш, нийсон чам а царна бовзуьйтуш, адамийн оьздангаллин Iу хиллера латта.
«Дуьнен тIехь мел долчун диканан нана – латта, да – болх бу», – бохучу, учебник тIерачу кицанах а хIинцца буххера кхеттера ший а йиша. ХIинца, дерриге кхин мел долчел а тамаше хетара шайн когашна кIелхьара шаьш бен доцуш хьоьшу Iаьржа нана-латта. Маьрша а, могуш а волуш, цуьнца вахар, цуьнца болх бар хиллера бакъдолу ирс. Цундела дог а догIуш бора цара шайн болх. Церан йаттайелла йаххьаш кхиинчу кIен басахь йогура малхехь. Шайн болх хала а бу, бах а ло, олий, цкъа а ца Iаьткъара царна…
Тавсолтин болх-м, иштта бах а ца лора. Тахана а хьалххе ваьлла парггIатчу боларехь вухавогIура иза. Гуьйренан де мело деанера. Колхозан правленига нисвелча, гIовгIa хезира. Чувирзира.
– И хIун ду? – хаьттира цо неIаре гIертачу къеначу казахе.
– Лулара «Интымак» колхоз вайчух туху. Цигарнаш а бу баьхкина.
– A-а… – кхийтира Тавсолта, – и дийр ду бохуш, хезнера.
Ший а, чу ца волуш, сени чохь ладоьгIуш лаьттара. Цхьанакхеттачу правленис сацийра: вовшахтоьхна йоккхайинчу колхозан цIе «Джамбул» йитар. ТIаккха дийцира тIейогIучу бIаьста кхин ши бIе гектар байлаттанаш ахарх лаьцна.
Ирахь латта кIордийна, Тавсолта неIарх чухьаьжира. Къамел дан хьалагIаьттира Нурседа. Да неIарал арахьа сецира, йоI къамелах ца йохо.
– ХIинца ши колхоз вовшахтоьхча, вайн декхарш кхузза совдовлу. Шиннах цхьаъ йан а ца оьшура, цунах пайда шозза бен ца балахьара. Вайн даьхни дебор кхузза алсамдаккха деза. Докъар кечдаран план дикка лакхайала декхар ду. Ас цхьа гIуллакх тадо вайна, докъар кечдаран бригада стам а йина, цуьнан план кхузза сов йаккхар а, тIе, цу бригадина и докъаран йалташ дер тIедиллар а. Газеташа а тадо, Украинехь, Кавказехь санна, алссам хьаьжкIаш йер. Уьш докъарна а тоьлу. Оцу байн латтанех, мекхана хьажийнчун эха тIехь а, мекхан меттана, хьаьжкIаш йен йеза!
Чохь гIовгIа йелира. Нурседа охьахиира. Аскеровс дуьхьало йира:
– Мукх хьалххе дуьйна карабирзина… и тхан латтанаш тIехь зеделла йалта ду. Дика хьекъа иза xIop шарахь а. Дохнана дика докъар а долу цунах. ХьаьжкIаш кхузахь муха хир хаац. Мелхо а, вай декхарийлахь ду мукх буьйн меттигаш кхин а шорйан. Оцо бен вайн докъаран бух кхачамболлуш чIагIбийр бац…
– Ткъа хьуна хаьий, иза-х радиос а дуьйцу! Цхьана гектара тIера хьаьжкIаш буьртигахь оьзча, мекхал шозза а, цкъацца кхузза а сов хуьлийла? – ша Iаччуьра йукъакхоьссира Нурседас.
Хьажайуккъе шад а хIоттийна, Аскеров чугIоьртира:
– Тхан латтанаш тIехь ца хуьлу иштта… xIapa Украина а, йа…, хьуна ма-хаъара, Кавказ а йац!
Нурседина хаьара, ша хIинца йистхилахь, дов хир дуйла. Цо собаре элира:
– Докъарх жоп лучу хьуна-х хаа ма дезара и.
– Хьо йара тхуна хьехаза йиснарг!.. «Радиос дуьйцу»… Латта довза деза цкъа хьалха!.. Лакхайала гIерта хир йу хьо… «Новатор»!
– Вайн колхозан гIуллакх лакхадалийта-м гIерта… цхьаболчу «лакхарчийн» хIуьттаренна! – ца Iиелира Нурседа.
– ТIехйаьлла хьо хIинца!
– ХIинца бен тIе а ца кхаьчна… коьрта долчунна! Правленис къастор ду! – Нурседа тешна йара ша бохург нийса хиларх.
– ЧIогIа хьаьжкIаш дагайоьхна-кх хIокхунна! – эккхийтира цхьамма.
– Ца кхета хьо? Ша гайта гIертий и-м, хIинца хьаьжкIийн «мода» йолу дела, – бIаьца йира Аскеровс накъосте.
Нурседа IадIийра. Колхозан агрономо Лутценкоссий, парторго Довлетжановссий, кхин шиммой къобалдира Нурседас аьлларг, амма колхозан хьалхенча Истамбаров Уали а, правленин кхин ши член а, тIе Албастов Керим а царах кхетта, уьш совбевлира.
– Нийса-м дац сацийнехь а! – элира Нурседас.
– Ахь хIун дей, хьайна лаахь: шун звенона йеллачу ткъе пхеа гектара тIе хьаьжкIаш йе, – ца вешаш велакъежира Аскеров. – Гайта тхуна, шайн уьш муха хуьлу!
– Йе-те! – тIетайра Истамбаров а.
– Йуьйр а йу, гойтур а ду! – уллорчу Кериме дIа а ца хьожуш, арайелира Нурседа. Тавсолта, схьа а кхетта, йоIаца цIа вогIура. ТIаьхьакхиира Керим а.
– Хьо, мукъна, хIунда велира цаьргахьа… хьаьжкIаш толар хьайна хуъушехь?
– Нурседа! Кхузарчу лаьттан хьал вайна, баккъал а, ца хаьа! ХьаьжкIаш кхузахь лелийна а ма йац. ЦIеххьана уьш ца хилахь? Бехке вай дийр ду…
–ТIех ларвелларг – тIаьхьависина… Ас гойтур ду шуна и-м, бIаьста ма-йелли!
– Гайта ахь! И бакъо йели хьуна, – Керим дIакъаьстира.
– ЙоI, хьайн бала боцчу ма кхийда!.. Хьайн декъа тIехь дика болх а беш, IадIе. Сих ма ло… Ойланза динарг пайденза дуьсу!.. Ма къийсало! – луьйра Тавсолта.
– ХIунда ца къийсало, дада? Вайна а бай колхозан бала-м! Нийсаниг къовса деза!.. Ца къевсича, гIуллакх дIа ца доьду, дада! – кIедо тIетуьйхира йоIа…
И гуьйре а, Iа а дIаделира…
Байлаттанаш карадерзоран гIуллакх бIаьста кхин а айдира. Казах–Кюльна тIехьа Iохку байлаттанаш карадерзо Россера а, Украинера а, Закавказера а сов дукха кегийрхой кхечира. Сиха дебара ханнийн цIенош, четарш, гIишлош: «Абайн» цIарах йоккха совхоз йиллира, йалтий, даьхни лелор а, чIерий дахар а тIехь долуш. Комаьршша схьахийцира пачхьалкхо киралелон машинаш, тракторш, йуьртбахаман техника, кхиболу гIирсаш.
«Джамбул» колхозана уллохула цига кхаччалц жагIанан некъ биллира чехка. Тохара буса бодане лаьттинчу Iоман агIонехь хIинца хин куьзга цIерашца лепадора электрически стогарша.
БIаьстенца чекхделира керлачу планехь оханаш дар а, йалта дер а… Аьхке кхехкачу хенахь хабар делира: байлаттанаш карадерзоран гIуллакх муха доьду толлуш, луларчу областашкахь лелаш ЦК-н комиссеш йу аьлла. «Хрущев а ву цаьрца!.. Кхуза а кхача мега!» – бохура. Цхьанна а ца хаьара и билггал, амма xIop бригада, колхозник тIетаьIира кечамна. Некъан йистошкара къух дIадаьккхира. Дитташна кир туьйхира. Дешархоша, арыкаш цIандеш, дIайехира массанхьара а йараш. Лурчах йан йоллийнчохь йисина зIакардаьхнилелон ферма хIинца катоьххана чекхйаьккхира; шайн-шайн керт а цIанйина, къагийра бахархоша йерриг йурт! Къаьсттина тIетаьIира колхозхой йалтийн аренашкахь. Аланза йохьебевлла, и аренаш цхьана кIиранах самсайехира цара.
Хаза лаьттара денош а. Нурседас, сарралц чу ца йоьрзуш, шен белхалошца тайира шайн аре. Тахана а Iуьйранна дуьйна йоллура и хьаьжкIашна йуккъехь, чу а йахаза, шен сийна косынка, лаба йеш, хьалха а оьзна, бухадисина асарш дIадохуш. Селитин звено а йуккъе оьзна, шорйинчу Нурседин бригадехь дукхахберш хьаьжкIаш дика йевза нохчий бара. Луценкос шайна ма-хьеххара, беакIов бенан хормехь йийнера цара хьаьжкIаш. Нурседа йоккхайеш аренга хьоьжура: лаккха хьалайахана хьаьжкIаш, мохехь сийна дехий лергаш а лестош, шабарш деш, вовшашна тIетеIара, луьйдиг йаьттIачохь, дашо церг санна болу, можа буьртиг а оьхьуш.
«Хьаьнгга а гайта мегар ду хIорш-м!» – бIаьрг буьзира бригадиран. Бакъду, церан майданна йисттера дуьйна, доза билгалдеш, йуккъехула бецан кес а даьккхина дIайоьду, мукх а, кIа а дийна аре-м йара бIаьрг Iабош: лакхадаьлла и йалта, йоллу аре дIалаьцна, мело хьоькхучу мохехь, хIорд санна, техкара, сийначу тулгIенийн моханаш а йетташ. Сехьарчу йистехь, шен белхалошца, малхехь верриг ватта а велла, кху кIиранах а чу ца воьрзуш, воллура Аскеров а.
Нурседина тIевеара иза.
– Эрна гIерта хьо, – забар йира цо. – Хьан «кукурузник»… хIа!.. Йуха а Сочехь ву хьуна… Итонца лаьтташ… кхуза вогIур а вац, – газета кховдийра Аскеровс.
Шайн йалтехьа корта ластийра:
– Муха хета хьуна?.. Хьо-х дуьхьал йара!
– Йацара те со-м царна дуьхьал… Ас мекхал хьаьжкIаш тоьлу бахара-кх… ХIинца а боху изза. Гой хьуна?!
– Гур ду-кх тIаьхьо: кIорнеш гурахь дагардо!
– Дика хьаьжча-м, уьш хIинццехь а го! – ца къарлора Нурседа.
Церан къовсар мел гена дер дара хаац, амма оцу сохьта, силам диллинчу боккхачу новкъахула схьайогIу кхоъ «победа», кхаьрга нислушшехь, асфальта тIера схьа а йирзина, шайн масалла ца лагIйеш, хецайелла кхарна тIейеара, ченан кIур оьккхуьйтуш. Охьабиссира кIайчу костюмашца, аьхкенан шляпанаш коьртахь, чено цIоцкъамаш а сирдина, районерий, областерий куьйгалхой.
Аскеровс, тIевахана куьг луш, маршалла хаьттира. Цаьрца обкоман хьалхара хьаькамаш а, лекхочу дегIахь, векъна, къено кхин цхьа стаг а вара.
– Накъост Вильянов – КПСС-н ЦК-н векал! – вовзийтира и райкоман секретаро. Вильяновс, коьртара схьабаьккхина, ченах цIанбира шен шляпа. Чан йиллича санна, сирбелла бара корта а.