
Полная версия:
Лаьмнаша ца дицдо
– Хьан чамда? – велакъежира Керим, цо иза цигахь йоьхкиний-те аьлла, дагадеъна. Наязбин йуьхь кхоьлира, бIаьргех, суй санна, сирла тIадам тесира. Керим цецваьлла висира, вист ца хилалуш. Ниязби а цхьана ханна иштта лаьттира, вист ца хуьлуш.
– Бехк ма биллалахь, Керим, – элира эххар Ниязбис. – Хьуна ма хезира сан комендантаца хилла къамел… Ас чамди чохь дIайаьхьнарг и сан йишех йисна йоIиг йара, цхьаьнцца а и кхузахь бухайита таро а ца хилла. Тхо цига дIакхаьчча, ас чамда схьайиллича, и чохь йелла карийра суна, чамдина ас Iуьргаш даьхннашехь… Цигахь и дIа а йоьллина, каш даьккхинчарна и чамда а йелла, кхин йала хIума ца хилла, вухавеа-кх со… Иштта ду-кх вайн гIуллакх хIинца, сан ваша фронтовик.
Комендант тIевеара:
– Накъост Узденов! Ахь цIахь йитина боху и йоIиг суна хаалуш ма йац. И суна схьагайта йеза ахь кхана. Кхочуш ца дахь, ас жоьпе озор ву хьо, – аьлла, комендант йуьстахвелира.
– Гуш ду-кх хьуна вайн гIуллакх, фронтовик! – Кериман Iодика а йина, дIавахара Ниязби.
* * *
Чувеъна, Керима шена дайнарг дийцира Кесире. ТIаккха, Каташе хьажа дагахь, Гродеково ваха аравелира. Жал-тюбех араволлуш гира кешнашкахьа барма эцна боьлху нах. ДIакхийтира царах – гIo дан. Нохчий бара. Веллачун гуш йуьхь йара: айрин басахь… KIopггe чуэгна хьабдина бIаьргаш… ТIейевлла беснийн даьIахкаш… Буц йиъна сийна, лилхина балдаш…
Хетта а ца оьшура стенах велла. ТIаьхьахIиттинарш а бацара дилхана дукха тоьлла. Жал-тюбена тIехьа, уйгурийн кешнашкахь дIавоьллира и. Къамелаш кIезга дора. Массо дог эшна а, дегI эшна а вара: мацалла массеран а неIаре схьахIоьттинера. Кхин цкъа а цаьрга кадам а бина, Гродековехьа дIаволавелира Керим.
Гродековона чувуллучохь некъаца лаьттачу, жимачу хьерана тIехилира, хи мала дагахь. Цунна тIехьа, уьшал чуьра цхьаьне бертахь хи муьйлуш кхокхий а, ши тиша бер а, кхо жIаьла а гира гергавахана хьаьжча. Кериман тидам хилира: уьшалахь дуккха а дуьйраш йара хьера чуьра хица схьайеъна. Шина берах цхьаъ Каташах тера хийтира. Болар сихдира Керима больницехьа. Дехьарчу некъан йистехула хьош кхин шиъ барма гира. Кхин а сихдира Керима больницехьа болар. Больницан учахь хьасене йелакъежна, дуьхьалйеара ши цIоцкъам шина басехь долу медсестра Юля:
– Дагар дац. Наб а дика йо. ГIоле хилла. Ловза а ваьлла.
– Баркалла. Гайтахьа.
– ХIинцц!.. – Каташ а валош схьайеара Юля.
Каташ маракхийтира дена.
Керима шиъ печени кховдийра: кхин йала хIума йацара. Каташа стоьл тIе охьайехкира уьш.
– Йуург хIинца а ледаро йоу. Делахь а, хала а, атта а кхача-м йойту оха.
– Воьлхий?
–ХIан-хIа: лоьро денна а гойту кхунна шен «пхьагал».
– Папа, хьуна хаьий тхан лоьрана санна, ши лерг ирахдахийта?
– Ца хаьа. И цунний бен цхьанна а ца хаьа, сан кIант… Мичахь ву лор?
– Кха тIехь воллу!.. Вало хIинца! – Юляс йуха палати чу вигира Каташ.
Керим больницан керта тIехьарчу кха тIе вахара. Лор тIетаьIIина латта самсадоккхуш воллура. Йуьхьа тIехь кIеззиг азвеллера. Керима маршалла а хаьттина, бел схьаозийра цуьнгара:
– Бехк ма биллалахь, жимма соьга а ахкийтахьа, лор.
– Баркалла. И-м мегар ду. Ас садоIур ду кIеззиг, – гуьйриг тIе охьахиира.
Лаьттах бел а Iуьттуш, Керима дийцира лоьре шена тахана схьавогIуш мел дайнарг: Ниязбих лаьцна а, мацалла велла кхо стаг барамахь кешнашка вахьар а, уьшал чуьра цхьаний бертахь хи муьйлуш кхокхий, бераш, жIаьлеш гар а.
– Иза… йуьхьиг йу. Тахана кешнашка кхехьа а кхуьу… TIe хиндерг кхин а доккха ду.
– Къахета-кх царех…
– Суна-м дукхаха къахета, хьуна, оцу кхокхех, берех, жIаьлех. Адамийн-м шайн бехк бара.
– Вайшиннан-м ма бац.
– Вайшиннан а бу, кIорге хьаьжча: уггаре хьалха, вовшех цатешар, барт цахилар. ТIаккха – лакхарчех кхерар. И ши хIума адамашца дацахьара, массо оьздачара цхьа барт а бина, и зуламе болу лакхарнаш эшийна хир бара.
Керим цецвелира немцочо и аларах, и шега ала и вахьарх а, ша мила ву шена ца хуъушшехь.
– Суна нийса ца хета ахь бохург: цхьадерг вайн стешхаллица а доцуш, вай атта тешарца а, хьекъал цатоарца а ду.
– ХIан-хIа! Бакълец хьо, нохчо. Шен йина а ца Iаш, массеран а ойла йеш стаг хилча, мел жима хьекъал а лакхадолу. Ткъа хьекъалдоцу стаг хьакъ а вац ирсе хила.
Керим йуха а цецвелира цуьнан хьесапан шатайпаллех.
– Дика ду, делахь, оцу хьесапе диллича, бераш а ирсе хила хьакъ ма дац?
– ЭхIей! Делара вай хIетте а церан хьекъалехь! Мел доккхачу а Бисмаркан хьекъалал а тоьлу, нана гича, делакъежначу беран жима хьекъал: ас дуьйцург син хьекъал ду. Хаарш дац… Хаарш-м, ахча санна, гулдича, хуьлуш хIума йара… Гой хьуна, ас хIинца сайн доллУ хьекъал а, доллу хаарш а, ца кхоош, дIалур дара, жимачохь айса Волги йистехь дIакхехьначу денойх, хIетахь сайн коьртехь хиллачу ойланех…
– Хьо Волгин йистехь кхиъна? – къамелан апари хийцира Керима.
Эзаус дийцира шен къоналлех а, йуха, лоьрийн институт чекх а йаьккхина, ша сихха кандидат а, доктор а хиларх.
– Амма суна институтехь профессоран меттиг кховдийнчу муьрехь Волгин йистошкара немцой махкахбехира, хIинца шу санна. Сан ирс дуьйхира. Массо а, сайн мел хилларг, мацалла а велла, хIинца суо Iаш ву… Схьайа сан бел… Баркалла… – хьалагIаьттира лор.
Эзаун Iодика а йина, Керим йуха Жал-тюбехьа новкъа велира… Шайн чукхаьчча, неI йиллина карийра, кехат Iуьллура стоьла тIехь: «СелитагIаьрга йахана. ХIинцца йухайогIур йу. Кесира». ЦIенкъахь божарийн мачийн ларш гира. ДIасахьаьжира: шекар, даьттий чохь долу банканаш а, тIаьххьара йисна Iаьржачу баьпкан ах а, ахьаран тIоьрмиг а баьхьнера.
Кесира чуйелира:
– A-а!.. Дийцал: муха ву вайн Каташ?
Керима дийцира.
– Со Селита йолчу йаханера. Жимма цаьргахь хIума а кхаьллина йогIу… Хьо меца хир ву…
Йуха цIеххьашха:
– Xlapa хIун ларш йу? – цIенкъах бIаьрг кхийтира цуьнан.
– ХIумма а дацара и-м. Доьхна хир дац вай… Цхьа орца кхочур ду вайна, – элира Керима, и кхета а йина.
– Дика ду Каташ больницехь волуш!.. Кхана базарде ду. Вайна ца оьшу хIуманаш йохка Джамбул-гIала гlyp йу со, ахь бакъо йаккхахь… Сохьтехь дIакхочу бах…
– Мегар ду… Хьо цига йахханчуьра, лоьраш тIе а гIолахь: хьан йовхаршна реза вац со…
Вукху Iуьйранна, лоьрера направлени а, комендантера бакъо а карахь Кесира Джамбул-гIала йахара гIаш, базарахь йохка шен Iай йуху кофта а, Кериман Iай лелон эткаш а, кхин цхьацца кега-мерса хIума а эцна.
Малх дIабуззуш йухакхечира Кесира.
ГIалахь эцна хIуманаш Керимна хьалха стоьла тIе а йохкуш, Кесирас каде, хIумма а ша гIел а ца йелча санна, дуьйцура:
– Вай деха хIинца: шина банки чохь даьтта, джем. XIapa йакъийна паста… туьркаш – кхо килограмм. XIapa Iаьржа бепиг – пхи «кибарчиг»… XIop а ах кийла узу. Кхарах кибарчигаш олу, хIорш баккъал а шайн кепаца кибарчигех тера хиларна. Ткъа туьканахь бепиг духкург мила йара хаьий хьуна? Махнон йоI йу бахара-кх! Тера-м яра: шуьйра бат а, йуькъа кхесс а, йаккхийра кIайн цергаш а йолуш… Ткъа хьан эткаш соьгара хьан ийцирий?.. Чубаран кIант ву ша бохура… Базарахь белшах тесначу жимачу боьчки чуьра мала шийла хи духкуш леларг мила вара? Нальчикера – гIебарто! Цо дуьйцура ша правительственни санаторехь хехо волчу хенахь, цига садаIа Сталин веъна волуш, цо ной чохь ца хууш ког багабар, хи тIех довха а хилла. Берияс цу дийнахь цигахь балхахь мел хилларг, лаца а лаьцна, вийнера: цара массара а дарий динера. Ткъа со, итт шо хан а тоьхна витира, цу дийнахь цомгуш сайн цIахь Iуьллуш а хилла, балхахь хилла цахиларна. Ткъа сан пехашка ладоьгIна лор мила йара?.. Ягода!.. ХIаъанний – «оцуьнан» йиша. Сан даге ладоьгIна къена лор? Антаки – ах грек, ах турок. Мел дика стаг вара хаьий хьуна, шурула кIайн цIена куьйгаш а долуш!.. Со шайн чохь йуза а йира… Мах боцуш, шен чоьтах молханаш а делира. I9I3-чу шарахь, ГIизларехь ша болх беш волуш, хIеттахь вийначу вайн гIараваьллачу обарган Зелимханан дакъа теллинарг ву ша бохура… Цхьанхьа – Троцкийн хилла секретарь… Вукхузхьа – Косиоран ваша… Цигахь воцуш стаг вацара. Массо а уьш спецпереселенцийн хьолехь а бара… И гIала йаьккхина-кх, хьуна, лецна хиллачу а, маьрша доцчу а адамех… Суна хетарехь, вайн Политбюрон членаш боцурш, Советан махкахь цхьа а вац-кх, хьуна, маьрша, кхерамехь воцуш…
Керим велакъежира:
– Делахь а… Политбюрон членаш а-м бу, хьуна… кест-кеста хийцалуш.
Кесира ца кхийтира.
– ХIа! БIаьрзе Рашид а вара базархула лелаш, жима кIант хьалха а ваьккхина. ЧIогIа хазахийтира со дуьхьалкхетта. Шайга йола а элира… Амма Эскинойра-м ца гира суна цхьа а.
– Дика ду… Ахь деънарг-м доккха беркат ду… Кхана Каташна тIаьхьа a гIyp ду вайша. Болх лаха а беза…
* * *
Амма и «беркат» кIиранга бен ца делира.
Шайна бегIийла хета болх кхин карориг а ца хилла, ший къар а делла, колхозе куьйгабечу балха дахара.
Каташ, ангинех жаннашна Iаткъам а хилла, кхин а больницехь висира.
Кесира кхин цкъа а йахара базара, шайн тIаьххьара, йохка мега хIуманаш а эцна. Царех хилла напгIа а кхин цхьа кIиранна бен ца тоьира. Мацаллин мур схьахIоьттира КеримгIеран чу а!
«Ма дика ду Каташ хIинца а больницехь Iуьллуш», – элира Кесирас. Иза йукъ-кара ТавсолтагIаьрга йоьдура: Селитас шайн йерг кхалла лора: церан ахьар хIинца а кхачоза дара, тIе, Шакен-агIара жим-тIам гIo а дора царна.
Ткъа Керим, цкъа ПолатагIаьргахь чай молуш, йуха Каташна тIаьхьаваханчохь Эзаус чорпин кад луш, кIелхьараволура. Оцу мецачу чоьнна тIе денна колхозан балха эха а дезара шиннен а. Цхьадика колхозан кхаш тIехь йукъ-кара стохкалера бухайисна картол йа бурак карайора.
* * *
Тахана Iуьйранна дуьйна а, йуучух кхеттане а кхетаза, колхозан кхаш тIехь доллура Кесирий, Кериммий, вовшашна гена доцуш, шайн-шайн дакъош тIехь.
– Хьажал! – цхьа гIорза хьалаайира Кесирас, йуьхь серлайаьлла. ТIевахара Керим:
– Ах йахкаелла-м йу… Делахь а, и ах дIа а йаьккхина, кхехкийча мегар йу.
Шимма а леррина кхин а аьхкира циггахь: кхин ши картол а карийра, вукхунах тера. ТIетаьIIина саьнгаран йистера латта а аьхкира: халла кхин цхьа бурак а карийра, жимо йелахь а, йахкайалаза.
Цхьа картол, цIан а йина, буьйда йоллушехь йиира шимма а кхуззахь.
– Тоьар ду цкъачунна… Чу гIой xIopш кхехка а йеш, жимма садаIа. Со а, хьан латта, ах мукъна, чекх а даьккхина, дIавогIy, хье ца луш.
Кесира чуйахара, куча йисте хьарчийна и рицкъа а эцна. ДIайоьдуш и, мохехь маргIал санна, йай лесташ гинчу Кериман дог Iовжийра…
Малх гIушлакхе белира. Цо дохдора белшаш а, букъ а. Делахь а корта хьийзара: хьалха – жимма, тIаьхь-тIаьхьа алсамо. Ге чохь саццанза гIyp дора. КIеззиг лазайевллера настарш а. Вортанах, йуьхьах дуьйлучу хьацарна йовлакх а хьокхуш, са а доIий, йуха а дIаволалора иза бел Iитта. Болх хIинца а дуккха а биснера: вукху саьнгарна тIекхача ткъех сов гIулч йара. Малх нийсса коьрта тIе хьоьжура. Де дохделира. Хотторашкахь а, пхьаьрсашкахь а, цхьа тамашена тамехь йолу малолла йаьржира. Долла дегI а тамашена дайделира, пелаг санна. Кериман ойла а, ша а цецволуш, цIеххьана дуьненан массо гIайгIанех цIанйелла, шен гурара цIеххьана хецаделла олхазар санна, аре ма-ййу, тIомайаьлла дIахьаьдира, цхьанххьа а шена дуьхьало йоцуш.
Кериман лергаш чохь цаьпцалгийн цхьа зов делира. Бага йакъайелира. Вахана, йуххерчу арык чуьра хи мелира канахь. Жимма чу са а деана, йуха а шен балха дIахIоьттира, малхехьа букъ берзош.
Ге чохь ден гIyp, хIинца кхин а совдаьлла, лергашна а схьахезира цIенна.
Ге мацалло Iийжадора. «Делхьа, наха а ма йоура и… ХIун дара-те со а хьаьжча… Ахка а ца дезара»… – дагадеъна, волавелла, йуун буц-татиш лехира Керима гонах. Карийра. Iаьвшира. Чаьмза йара. Делахь а, Iаьвшина-Iаьвшина, чуйахийтира. Ге лозачуьра тийра. Йуха а дIаболийра болх. Болх меллаша боьдура дIа. Лергашкара зов совдуьйлура. ЦIеххьана ге чохь лазар иккхира: «Схьагарехь, татиш ца тайна суна», – Iетто гIоьртира. Ге чуьра гIyp карладелира, хьалха а ца хиллачу кепара чIогIа. ЦIеххьана чоьно хьовзийна дIахьаьдира Керим арыкехьа, аккаци кIел. ДIакхоччуш охьавуьйжира арык чу, кхетамчуьра а ваьлла. Делахь а, шийлачу хино меттавалийна, сихха, хьала- айавелира. Ма-хуьллу тIе хи а муьйлуш, Iеттийна, цIанвелира иза йиинчу бецах. Жимма Iийна, йуьхь-куьг а дилина, тIера бедар а цIанйина, йуха а малхе дIахIоьттира: дуьнен тIехь цхьанхьа а цхьа а бала боцуш санна, самукъане чу хьоьжура малх. Лергаш чуьра зов а, дегIера малолла а дIа ца йолуш, лаьттара. Тамаш бора: хIумма а мацалла ца хаалора, йа йуург йелара аьлла а ца хетара хIинца. ДегI а, чуьра са дIадоьдуш санна, тIеттIа дайлуш, догIура. «Леш воллу-кх со кхузахь хIинца!» – цIеххьашха дагатесира Керимна. ДIасахьаьжира шена гонаха дуьненан Iодика йечух, а цхьаьнга-м орца доьхучух тера. ДIо, геннахь, урамехь меллаша дIатекхаш гира, месала куйнаш коьртахь, адамийн жIуга – дехийра бармашца «цхьаъ… шиъ… кхоъ»… – дагахь багарбора Керима: «Со а… кестта»… – ойла хилира. Вукху aгIop тIехь цхьанхьа а цхьа бала боцуш санна, ша цкъа а духур доцуш санна, къегина лепара дуьне. Генна Iаьршашкахула ловзуш дIаоьхура, маьлхан зIаьнаршлахь дешин баса йахна, пелагех тера йай мархаш. Стигалан сийналла, беран ойланел цIена, детин суйнашца къегара. Малхбузехьарчу анайистехь, хIурдан кеманаш санна, кIайн мархаш лаьттара, меттах ца хьовш, вовшашна тIе а таьIна, вовшашца цхьа къамел дан шаьш севцича санна. И сурт а шена тIаьххьара гуш санна хетта, цу хазаллина тIера бIаьрг ца баккхалуш, цигахьа леррина хьоьжура Керим: «Со-м велча а хIума дацара… Хьо хазалла мича гIyp йу-те тIаьххьара?» – ойла хилира. – Оцу хазаллин кхоам бу-кх… Массо адамаш даларх а, дуьсур ду-кх латта а, и стигал а… Амма и хазалла, шега хьежа, шех цецдийла уллохь адамаш ца хилахь, иза а дIайовр йу-кх дуьнен чуьра… Цуьнан бу-кх кхоам!.. Адамийн чул а чIогIа!.. Иза кхин гур йац-кха суна а кестта. Делахь а хIун до кху дуьненах а, адам ца хилча?..»
ДегIера ницкъ тIеттIа бешаш лаьттара, бIагор оьхура, лергашкахь зов совделира.
Йуххехь йекаш кхин цхьа керла хIума тIекхетча санна хийтира. Лергаш чу пIелгаш дехкича, лахлора и, амма дIа ца йовра. Керим шена хьалха охьахьаьжира: йуткъачу лекхачу хелига тIехь, цуьнан буьххье а хиъна, шен чекх са гун дуткъий, дехий тIемаш а даржийна, йайн дIасатехкара цаьпцалг. Хаза йара.
«Меца хир йац… Цунна йуург массанхьа а йу»… – ойла хилира Кериман.
ТIаккха: «Со тахана лахь а, и-м лелар йу кхана а, лама а… ХIумма а дац! лелийта!»… – элира цо дагахь ша-шега. ХIинца цунна инзаре а ца хетара, сахьт хьалха дIадаьхьначу барамех шен бIаьрг кхетча санна, кху минотехь шена гергадеъна валар. Кериман ойла хIинца, дуьненан гIайгIанех буххец цIанйелла, хецна дIаоьхура гуш доцчу тIемаш тIехь, дуьне ма-дду, цхьанхьа а шена доза доцуш. Цунна дагатесира: «ХIун бен ду и?… ХIинца йа тIаккха… Ирх-пурх а лийр ма ду вай кестта… Дерриш а… хIун йу бIе шо?.. Ткъа… Кесира?.. Иза а лийр йу… Каташ а вехар вац ур-атталла бIе шарахь а… Ткъа бIе шо хIун йу абаденна гергахь?.. Массо а адам лийр ду, цхьа а буха ца дуьсуш… И латтий, и стигал доцург… И дIора хазалла а лийр йу… – йуха а стигалехьа хьалахьаьжира иза. Цуьнан ойла эццигахь кхечу агIорхьа хьаьвзира: «Делахь а, сайл хьалха, со валале…Кесира йолуьйтур йара аса: Каташ леш цунна ца гайта… Суна а ца йелхийта… ТIаккха – Каташ а… Иза ша балехь ца висийта… Цара ловр йац сан Iожалла… Амма аса… Амма аса… Амма аса»… Кериман ойланийн зIе, эццигахь, дуткъа тай санна, хиэдира. Керимна хьалхара хелига тIера цаьпцалг цIеххьашха тамашен сиха йоккха хуьлура тIеттIа: Хьозанал!.. Алкханчал!.. Лечанал!.. ЦIарула-цIиэн цуьнан чекх сагун тIемаш, самолетан тIемаш санна, инзаре даккхий, йерриг арена тIоьхула дIасадаьржира… Лергашкара зов дайра. ДегI лестира. Ша йуха а кхетамчуьра волуш хиларх кхетта Керим, шен дегIан а, синан а тIаьххьара ницкъ гулбина, ша волччохь, охьа ца кхета гIерташ, меллаша охьавахара аккацина кIел. Бацала охьахиира иза, шина куьйга шен хьийза корта а лаьцна, меттах ца хьовш. ДегIера гIopa меллаша дIаоьхура. БIаьргашна хьалха дуькъа дохк хIоьттира. Кхетамчуьра ца вала гIерташ халла Iapa иза. КIорггера садеIа вуьйлира. БIаьргашна тIехула, таIош куьг хьаькхира. СадеIа вуьйлира кIоргга, сихха. Жимма гIopa духадогIуш санна хийтира. Амма бIаьргашна дуьхьалахь дохк хIинца а лаьттара.
Цхьамма-м шен белша тIе довха куьг диллича санна хийтира Керимна:
– ХьалагIатта. Хьо хIун деш Iа кхузахь, – ца девза аз хезира. «Мацаллина хIуьтту гIаларташ хир ду-кх», – аьлла, Керим хьалахьаьжира: Полат вара.
– Ой-й… ХьалагIатта! Хьоь ца луьй со! – тIечевхира иза. БIаьргашна хьалхара пардо дайра. Полат велакъежира:
– Вало, больнице воьду вайша!
– «A-а… со больнице охьавилла воллу… И-м дика ду»…
Хьала а гIаьттина, Керим, вист ца хуьлуш, дIаволавелира Полатца меллаша, Полатан цхьаъ бен доцу куьг а лаьцна.
– Хьан гIуллакх ледара дац: Эзаус больнице завхозан балха дIакхойкху хьоьга! – кхаъ баьккхира Полата.
Керим цIеххьана меттавеара:
– Баккъал?
– Баккъал! Цуьнан хилла волу завхоз, поляк, дагахь а доцуш дIаволуш ву: цуьнга Польски эскаре дIакхойкху. Эзаус хьо лаха ваийтина со…
«Лечуьра диса а ма мега тхо хIинца?» – дагатесира, цунна, кийра нур латош. КIеззиг хан хьалха валарна кIелсецна волу Керим хIинца, дуьнене безам буха самабаьлла, ойланехь тохавелира: «Кошан йисттера вухавирзи-кх со!» – ойла хилира.
Xlapa Эзаус лоьху аьлла хезна, Кесира а йара дуьхьал йеъна. Керима доцца дийцира цуьнга хилларг. Кесирас, доьлхучу 6Iаьргашца маравоьллира и, эхь ца хеташ, йуххехь Полат а воллушехь. Кесирас, банки чохь схьайеъна йовха картолийн чорпа малийра Керимна, жимачу берана санна, иза ирахь а лаьтташ. Полата хьалххехь йехна колхозан шарабан схьахIоьттира. Кесира чу а хьажийна, Полатна йуххе шарабан тIе а хиъна, больнице вахара Керим завхозан болх схьаэца.
МАРИГIАЗ
Завхозан болх Кериме дIабелла ша ваьлча, лекхочу дегIахь волчу къоначу поляко Эзаун кабинета чохь, стоьла хьалха а хиъна, актана тIе, цхьа сакъералуш хаьхкина куьг а таIийна, йуха цунна улло, къовларшна йуккъехь къастош, йехха охьайазйира шен цIе а, фамили а: «Казимир Койшефский». ТIаккха ши куьг забаре стигала хьалатесира: «Аве, Мария!» – аьлла, доккха са а даьккхина, коре озийра цо Керим:
– Сан квартира а паргIатйаьлла, хьуна, хIинца: хьуьлларчу цIеношкахь… ЦIена ши цIа, – пIелг хьажош, гайтира цо ураман дехьахь лаьтта, Iаьржа толь тIетесна, лохо дина, дехо цIенош.
– Дукха а ца доьху… ХIусамда – Антон Федорович Репалко – осала воцуш къонах ву… Фронтовик! – тIетуьйхира Койшефскийс, Керим а фронтовик хилар хезна.
Къоначу полякан белшах белш а тоьхна, жимма цуьнгахьа aгIop корта а таIийна, ирсе йелакъежна лаьттара таьIначу аматехь хаза медсестра Вера Репалко, ден-ненан бертаза цуьнга дукха хан йоцуш маре а йахана, хIинца цуьнца геннарчу махка дIайаха кечйелла.
Цуьнгара актаца ша схьаэцначу хIумнашлахь Кериман дог къаьсттина доккхадедийриг йара огороддий, (ах гектар ца кхоччуш, больницаний, белхалошний йелла), жимочу хIургонца цхьа каде говррий.
Амма цаьрга а хьажале Керим цу сохьта Репалкон xIycaме вахара, сихха квартирах барт бан. ХIусамда а, цуьнан йоккха стаг а, цхьаъ бен воцу кIант фронтехь а вайна, хIинца йоIах а девлла, шаьшшиъ дисина, кертарчу, тIединчу тишачу цIа чохь Iаш дара. НеI тоьхна, Керим чуваьлча, ший а стоьла уллохь хIума кхоллуш Iapa. Стоьл тIехь гора бошхепашкахь бепиг, салат, селедка, кхехкийна картолаш, юккъе хIоттийна къаьркъанан шиша. Керима ша деъна гIуллакх хьахошшехь, хIинцале а гIеххьа кеп хилла волчу Репалкос, хьала а гIаьттина, пхьарс лаьцна, шеца стоьлана йуххе табуретки тIе охьахаийра Керим:
– И тIаьхьа дуьйцур ду вай. ХIинца… цхьацца дIабаккха беза… Хьо вайх волчух тера ву!.. – элира цо Кериман некха хьалха а хьаьжна. Кериман кара, цуьнга хаттаза, дуьззина стака а делла, цуьначух шениг туьйхира цо, ондда зов доккхуш. Цу сохьтта Репалкон, хьех санна, боданечу йоккхачу багахь тIепаза йайра и кIайн лепа тIуналла. Керима шениг, кIеззиг дIа а мелла, охьадиллира шишана тIехьа – ца гайта.
– Э-э!.. И мегар дац, сан ваша. Вайшиъ дуьххьара гуш ву, дIаэцал и! – аьлла, стака Кериман кара а делла, дIамалийтира, чекхдаллалц. Йуха а дуьзира ший а. Йоккхачу стага маллане а ца молура: иза, реза йоцчу йуьхьца шен майрачуьнга а хьоьжуш, тийна Iapa: тера дара, шена хетарг цуьнга баха кIорда а дина, хIинца, дог а диллина, иза IадIачух:
– Венгрехь… Го лаьцна висинчохь, Iемина цунна иза, – бехказа вохура йоккхачу стага шен майра, Керим шена ца молуш гича, цунах эхь а хетта.
– ХIа!.. Дахара вай!.. – аьлла, Репалкос йуха а дIамелира шениг Керимачух а тоьхна, амма цуьнга кхин мала а ца олуш. Репалкос хIоразза а, кад дIа моссаза молу, йуьхь кIон хебаршка йохуьйтора, бIаьргаш мерза хьабдора. Керимна хетарехь, и цуьнан дегIана марзделларг цуьнан кхетамо къобал ца дора.
– Дийцал хIинца, сан доттагI, бераш дуй хьан?
– КIант ву.
– И дика ду. Зудабераш оьшуш дац: хьан де эшначу муьрехь, хьо а тесна, дIагIур бу, хьуна, уьш, – Репалкон бIаьргех суй белира…
Цо Iийна, тIетуьйхира:
– КIентий а ца оьшу: уьш… уьш а тIам тIехь ле! – меллаша, бер санна, вилхира и, бIаьргех буй хьоькхуш. – Хаалахь, бераш хиллане а цахилар тоьлу, хьуна, кху дуьненахь!..
Керимна кIорггера къахийтира цунах. ЦIеххьашха бIаьргех йовлакх хьаькхна, Кериман бIаьргаш чу хьаьжира Репалко. Цуьнан йуьхь а хийцайелира, забаре йоцчу аматехь: Керимна гира цуьнан бIаьргийн кIоргаллехь догу, цо Берлинах латийначу цIеран можа суйнаш. Репалко хьалагIаьттира:
– Ахь хIун дей? Иштанехьа Iийр ву хьо!.. Мах боцуш!.. Суна хIинца кепек а ца оьшу!.. Хьенан дуьхьа?.. Хьуна лулахь, дехьа чохь, Iаш кхин цхьа фронтовик – кхарачай а ву, хьуна. Кханнехь, хьайн хIуманаш а йахьаш, доьзалца схьакхалха.
Вукху дийннахь Керим больницин хIургонахь Жал-тюбера шайн хIумнашца, Кесира а йалош, шина цIа чу схьакхелхира. Кериман лулахь, эскарехь политрук а лелла, капитанан чинехь цIавеъна кхарачай Азрет Шихангиреевич Шаманов, зуда а йалоза, ша Iаш вара, Гродековора денна Жал-тюбе балха а оьхуш. Иза цигахь, райцентрехь, райпотребсоюзан председателан заместитель вара, спецпереселенцашлахь, кхин лакхара хила йиш а йоцуш, уггаре а лакхарчу гIуллакхехь.
Кериман дахар цIеххьана диканехьа дирзира: Каташ, та а велла, цIа валийра. Кесира а Эзаус поваран гIоьнчин балха ийцира. TIe, цо кхарна кха тIера дакъа а дира.
Iуьйрре вахара Керим цунах бIаьрг тоха. Массерачул а тIехьа дара иза. Йуххе дIакхаьчча, ши жIаьла гира Керимна саьнгаран йистехь, цхьа даьIахк къуьйсуш, леташ. Цара къуьйсург, генара хьаьжча, котаман тIомах терахийтира. КхоалгIа жIаьла, йуьстахо, лерг таIIийна, цхьа горга йеха даьIахк йожуш доллура.
ГIорзалгаш тоьхна, дIалаьхкира уьш Керима. Дехьа а ваьлла, гергавахна хьаьжча: кхунна котаман тIомах терахеттарг адаман тIара дара. Горга даьIахк адаман бунастарх терахийтира. ДIасахьаьжира: гонаха кхин а адамийн даьIахкаш Iохкура, жIаьлеша йаьшна. ДIогахь, цара коган мIарашца аьхкина, схьадиллина ши-кхоъ адамийн каш а гора. Вагийча санна хьаьдда, больнице вухавеара Керим – Эзау чохь вацара. Юлега, гинарг а дийцина, хаьттира:
– И хIун ду?
– Дела ве и Дала хIаллак! Боьха хIума! Къаьркъанча! Мел бахарх а гIуллакх ца хуьлу-кх! Бехк ма биллалахь – хIун ду хаьий, хьуна?.. Кху больницехь – кхузткъаннал а сов лазархой Iохку, шовзткъа маьнгина бен xIapa лерина йоццушехь. Дукхахберш мацаллина кIелбиснарш бу. Денна а ле цхьацца-шишша. Йуьхьанца шайн наха дIабухкура уьш. ХIинца уьш дIабохка а стаг вац, дийна берш а мацаллина шайн цIахь боьжна Iохку. Эзаус вайн ворданчина Штольцана тIедиллина xIop велларг, хьуьлла дехьа а воккхуш, кIоргге, волла ма-веззара, дIаволлар. Хьалха а гучуваьлла Штольц, ор гомха а доккхий, дай-й тIе латта а тосий, дуьтуш. Цу тIехула Эзаус выговор а дина, бага а лейина цуьнга. ХIетте а, кхета ца туьгу и сий доцу хIума!
– Муьлш бу мацаллех лийраш?
– Спецпереселенцаш. Дукхахберш – нохчий.
«Чамм», – аьлла, бос баьхьира Кериман.
– Палаташ чу хьажа мегар дарий?
– Завхозан белхан хьашташна хьуо хьожучуха мегар ду.
Цунна тIе халат а кхоьллина, Юлияс палаташ чухула чекхваьккхира Керим. Керимна гира: балдаш а сийна, дистина, сийна геш а долуш, беснеш чу а кхетта, бIаьргаш кIоргга хьеле а дахана, Iохку нах а, бераш а. Керима цхьаьнге хаьттира:
– ГIоле йуй?.. – кхин ала хIума а ца хилла.
– Хир йу-кх гIоле а, Дала йоьгIнехь… Сатуху-ш ду хIинца-м хьал…
Цунна йуххерчу вукхо элира, ор чуьра схьахезачу озаца:
– Хьо-м нохчо ма хилла!.. Ма далийтахьа тхо… Даккхахьа орца! Тхан чохь биснарш а бу иштта бала эгна…
Берашка-м дIа а ца хьажалуш, сихха аравелира Керим. Шен чу а веъна, куьйга корта а лаьцна, ойлане вуьйжира
– «Баккъалла а кхин стаг вац-те со?.. Сан миска къомахой, мозий санна, мацалла леш лаьтта, ткъа со, сайн зудчуьнца, хаза йуучунна йуххе а нисвелла, паргIатваьлла»…
Колхозан председательна тIевахара маса.
Буьрканаш санна горгий, даккхий деза буйнаш оьгIазе стоьл тIе а дехкина, ойла йеш Iapa Федунько Петро Макарович. КIелдIахула Кериме хьалахьаьжира вон:
– Дийцал! – цабезаме хьалакхоьссира.
– Петр Макарович! Нах мацалла леш бу. Больницехь а Iохку, геш а дистина. Шайн хIусамашкахь Iохкуш бу а, боху, дуккха а, хьалагIатта де доцуш. Уьш спецпереселенцаш белахь а, хьан колхозана тIейазбина бара-кх! ГIодехьа! Ма балийтахьа уьш кхин мацаллех! ХIинцале а мацаллех беллачеран циггахь хIиттина кешнаш ду, жIаьлеша а охкуш. Ца тешахь, хьажа вола соьца! – дийхира Керима.