Читать книгу Лаьмнаша ца дицдо (Магомет Абуевич Сулаев) онлайн бесплатно на Bookz (12-ая страница книги)
bannerbanner
Лаьмнаша ца дицдо
Лаьмнаша ца дицдоПолная версия
Оценить:
Лаьмнаша ца дицдо

4

Полная версия:

Лаьмнаша ца дицдо

– Суо йисина… Делахь а, гергарнаш а, нах а дика бу, – чекхдаьккхира цо шен дийцар.

Тавсолта уьйтIахь лаьттара, лохачу дувалан шина маьIига тIехула, кевнан метта биллинчу гIуркха тIе а тевжина, кхаьргахьа букъ а берзийна. Шена хьалха генна дIахьоьжура иза. БIаьрг кхоче мел йу шуьйра дIасайаьржинера гарманан аре. Селита йолчуьра йуха шайн чуйоьдучу Джейрана, ша Тавсолтега нисйелча, гIиллакхна хаьттира:

– Муха хета хьуна тхан мохк, акхсакхал?6

– Вон бац… Хаза бу… дIа мел хьаьжа а, шера аренаш йу… делахь а… лаьмнаш дац кхузахь…

– ХIан-хIа! Лаьмнаш а ду… Хьуьлла, генахь… Тянь- Шань го…

Леррина хьаьжча, халла къасталора дуьненан йисттехь, марханийн IиндагIех тера, цхьа лекха гIаларташ.

– ДIора Iам «Казах-июль» бу… Цул тIехьа, генна дIавахча, йу Семипалатинск.

Малхехь таьIно лепаш, цхьа йехий аьлханаш санна, Iоман шина а йистера дIасайоьлхура кхин а хин асанаш.

– Иза Асса-хи ду… цу Iомах чекхдолу и. Цигахь йу тхан колхозан мазлагIанаш а… Тхан колхозан арыкаш а цигара даладо.

– Тхан цIахь а дара оцунах тера цIе йолуш хи! – элира Тавсолтас, малхбузехьа а хьоьжуш.

– Са ма гатде, акхсакхал… Кхузахь кхин а ду, шу санна схьадалийна, къаьмнаш: немцой… кхарачой… гIалмакхой… Немцоша тIом муха болийна а хаац суна-м: кхузарнаш-м сов эсала бу… тIе, кхарачойшна тхан мотт а хаьа шера… Уьш-м гуттар эсала бу… Шу кIеззиг аьрхо дуьйцу… Делахь а… Шу а дIанислур ду. Тхан колхоз йоккха йу. Тхан долахь йу и схьа мел гун аренаш! Даьхни, йалта, свеклаш – дерриг леладо!

– Бошмаш йуй шун?

– Йу… хьуьлла хин тогIехь… со ма йу бошмийн бригадехь… хидиллархо… мирабан гIоьнча… шортта Iежаш, хьорматаш, гIаммагIанаш… кемсаш а хуьлу йаккхий хорханашца.

– Со а ву бешлелорхо, – элира Тавсолтас.

– Ма дика ду и! Тхуна оьшу, хьуна, бешлелорхо! Ас кханнехь бригадире эр ду! – чуйахара Джейран.

Цуьнан шера когаш а, болар а, йоьIан санна, дайн дара. Шена хьалхахула доьдучу арыкан гIовгIане ладоьгIуш, ойлане лаьттара Тавсолта. Шена тIехьа йуха а Джейранан аз хезира:

– Акхсакхал, дуьло тхоьга…

Тавсолтега а, Селитега а чай мала чукхойкхура лулахоша. ЦIенкъа тесначу истанга тIехь йаржийнера клеенка. Цу тIехь самовар гора, самукъане гIap йеш, шена йуххехь, аттана уллохь эса санна, жима чайник а лаьтташ. Куьйга дохийна дуткъий хьокхамаш Iохкура хьалха. Цхьана бошхепахь гора кхерзина можачу хьаьжкIан буьртигаш: шекаран метта чай молуш багатосура уьш.

– ТIом дIабаьлчхьана, дахар а толур ду! – элира Джейрана, шун къен хиларна хьешашна хьалха бехказа йолуш.

Чохь цхьана пенаца лаьттара боккха аьчга-маьнга. Цу тIехь, сал йеш, хьаладоьттинера дерриг мотт-гIайбеш: къорза йургIанаш, гоьнаш, назбарш. Пенах цхьа куьзга кхозура. Чохь кхин мебель йацара. Сонехь цхьаъ вукхунна тIехь, бес-бесара аьчгаш летийна, къорза тIорказаш лаьттара жим-жиманиг тIехула а долуш. Царна буьххьехь йара, тIе киса а тесна, схьагарехь, дукха хенахь дуьйна хьайанза патефон. Цунна а тIехула пенах кхозура къоначу, хазачу лейтенантан сурт.

– Ахат. Сан кIант! ТIамехь ву, – элира Шакен-агIас цуьнгахьа дIахьаьжначу Тавсолтега.

Джейрана, талмажалла а деш, тадира:

– Зенитчик ву!

– Сайниг… вийна, – элира Тавсолтас.

– Вай-б-ой! – инзарвелира Шакен-агIа. Хьокхаман коржамаш хьешана хьалхахилийра цо. ХIинццалц цкъа а деца хIума йаа охьахиъна йоцу Селита, хIинца ша цуьнца хиъна Iаш, къийлалора. Кестта балхара чукхечира, йуьхьа тIехь буьрсо хета, свеклашлелорхо йолу Шакен-агIан йоккхаха йоI – Айгерим а, детъяслехь няня йолу, даима йекхна, йелакъажа кийча Кульджан а.

Цара оьзда маршаллаш хаьттира, цец а ца бовлуш: царна хезнера шайга биссийначу хьешийн хьокъехь… Ший а, маре ца йоьдуш, цIахь Iаш йара и шиъ, шайн да Iалашвеш, тIамера Ахат цIаваллалц. Нана тIом а болабалале кхелхинера. Шинне а оьрсийн мотт хаьара шера.

Айгерим шен дена улло хиира, цунна чай а дуттуш. Кульджан, шен кегий цIен доьлаш гучудохуш, дог цIена йелакъежна, Селитина йуххе охьалахйелира. Джейрана, йист ца хуьлуш, чай дуттура кхеран, сих-сиха дассалучу пиалаш чу. Селитас тидам бора: уьш цкъа а берттех ца дузура цо. Басар алсамо а тухуш, йуккъе кхоччуш цIийдина хи а дуттий, тIе кIеззиг шура а тухий, сих-сиха хьешана хьалха шаршабора пиала. Селитина эхь хетара дена хьалха иштта дукха чай мийла. ШозлагIниг меллачул тIаьхьа йухахилира иза. Амма Кульджана, йела а къежна:

– И хир дац! – аьлла, пхьарс а лаьцна, йуха тIеозийра хьаша. «Цкъа, мукъна, и буьззина доттахьара ахь», – дагатесира Селитина: иза иштта сих-сиха шел ца далийта дуттийла ца хаьара цунна.

– Даьхни дуй шун? – хаьттира Тавсолтас.

– Масех уьстагI а, ши йетт а бара… Ткъа тIом иккхичхьана, жим-жимма дIадоьхкина оха уьстагIий а, цхьа йетт а, кхин цхьацца совнаха партал а… ХIинца цхьа йетт бисина… И бохка йиш йац.

«Шайн махкахь болу xlopш а кху хьолехь хилча, тхуна ма хин дай кхузахь!» – дагатесира Тавсолтина. Делахь а, шаьшшиъ цаьргара чудеъча, Тавсолтас дог тешшош элира Селите:

– ЙоI, шек ма йаьллахь! Довр дац вай кхузахь! Дика долчух тера ду кхузара адамаш!

Учарчу гIанта охьалахвелира и малхе жимма дегI дохдайта. ДIахьаьжча мел гун и йист йоцу аре хIинца йерриг лепара малхехь. БIаьстенан дуьххьарлера денош кхузахь, Эскинойхьчух тера доцуш, малх дегIах булуш, хIинцале а дикка довха дара. Кхузара xIyo а аьхна хийтира Тавсолтина. Ойла йеш Iapa иза.

– ЙоI, – хаьттира цо, корта хьала а ца ойуш, – цIе хIун йу кху мехкан?

– Казахстан йу-кх!

– ХIан-хIа!.. и-м хаьий суна… и ца бах ас… И кху казахийн шайн мехкан цIе йу… Цхьа кхин цIе йоккху а хезнера-кх суна…

Селита ца кхетара.

– Ткъа кхузарчу берриге а махках хIун олу?.. Масала, вайн мохк – Кавказ бу.

– А-а, – кхийтира Селита: – Ази! ХIунда хоьттура ахь, дада?

– Дукха зама хьалха, со жима волуш, дуьйцу хезнера суна: цхьанхьа-м, сов генахь, цхьа пана бовха мохк бу бохуш… И хир бу-кх xIapa, – элира Тавсолтас. – Боккха a xIapa бу, малх а кхузахь бовхха богу… Амма… цкъа а вайн къам иштта кхуза доуьйтур ду бохург-м ца хезнера суна… йа жайнашкахь а, йа Iеламнаха олуш а… ХIун ду-техьа xIapa? Цхьа Делан гIyда ду-те вайх хьаьрчина?.. Цкъа а, кхул хьалха, xIapa саннарг хилла а дуй-техьа кху дуьнен чохь? Книжканашна тIехь доьшуш а хааделлий хьуна а, йоI, xIapa санна дерг? – хаьттира цо Селите.

Селитас корта ластийра. ТIаккха, мелла а ден даг тIера бала байбархьама, элира:

– Дада! Хьажахьа, кху хIусамерчу оцу зудчо Джейрана лайнарг а ма доккха вон ду: дукха хан йоццуш фронтехь, цхьана баттахь, байинийца цуьнан майрий, кхо кIанттий!

Тавсолта цкъа вогIавелира ша волччохь, тIаккха схьахьаьжира:

– Доккха вон ду! Инзаре доккха!

Йуха а, соцунгIа а хилла, элира:

– ТIех доккха вон ду: доьзалера тIамехь цхьаьний виъ стаг дIавахьар! ТIех доккха! Амма, хIетте а и вайчул доккха ду ала а, йа и вайчуьнга нийсса ду ала а бакъо йац: виъ стаг цхьаьна доьзалера Даймахкехьа болчу тIамехь цхьаьний вер, мел боккха лазам и белахь а, – доккха сий а ду доьзална! Ткъа вайгара тахана дIадаьккхина вахарал а дезах дерг: сий! Вайн орамаш буххера схьадаьхна, вайн хиндолчух а цIенна дIахадош, дерриге вайн къоме доккха эхь доуьйтуш, дийна доллушехь хIаллакдина вай. Амма вай хIаллакьхир дац: халкъ хIаллакьхила йиш а йац. ХIан-хIа! Вайн доь дайалур дац цхьаьнгге а! Вай кхоьллинчу Дала ша а дуьтур дац вай, шен бераш, Шен орца доцуш. Сан йоI, йохий ма хилалахь: мел боккхачу баланах вай чекхдовла дезахь а, вай довр дац хьуна! – элира Тавсолтас.

Селитас, хих дуьзинчу бIаьргашца, тIе а йахана, йист ца хуьлуш, меллаша маракъевлира шен да.


***

Вукху дийнахь, колхозан правленера кхайкха стаг а веана, Тавсолта бешлелорхочун балха дIавахара. Селита а Кульджанан гIоьнца детъясле цIанончин балха дIанисйелира. ХIетте а, хала токхура xIapa бIаьсте: тIебазбеллера мацаллин мухь. Колхозо кIезиг гIo дора. Кхиберш а бацара токхо совйаьлла. Массо а санна, xIара шиъ а азлуш догIура.

– ХIуммаъ дац, могуш дисичхьана… Дилха-м йуха а тIедер дара!.. Барзо шен кIеза дуу бутт бу xIapa, – олура Тавсолтас. Набаран тар тесинчохь Тавсолтина цкъацца бIарлагIашца дуьхьалтуьйсура йуххехь а йоцурш: ов тIехь деттина жижиг, кIоберамца курзанаш, воьта, кхаьрзина хIоаш, йовхачу сискалца кIалдаьттий, гIалмакхан чай. Амма, сиха меттавогIий, шашех вела а лой, цо лохкура и эрна сатийсамаш. Йуха олура:

– Хьажахьа! Цхьаверг «со!» олий, курра дIахIуттийца цкъа вуьзча, ша цхьаъ ву моьттуш! Хуур дара-кх, цхьана кIиранах и мацвича, цуьнан «со» мича доьду… «Сой, сискал!» – ала деза-кх стага, ша нийса лехь… Сискал хаьдча, «со» а!.. дIадолу…

Мацаллел дазделлера Нурседех, Расулах дерг цахаар.

Селитега йаз а дайтина, коменданте дIаделира Нурседа схьалахар доьху кехат: и кехат новкъа а далале, Нурседера кехат кхечира:

«Сан хьоме дада а, Селита а!

ТIаьххьара а шун адрес карий суна. Ас хоуьйту тхо могуш-маьрша, Карагандана йуххехь – Шахтин поселкехь Iаш хилар. Тхо шул кIеззиг тIаьхьа дехира новкъа. Расул шахтехь вагонетчикан балхахь ву. Тхуна, ши цIа а долуш, дика хIусам йелла. Со шахтан подхозехь хьелий детташ йу. Тхуна са ма гатде. Сиха жоп даийта. Оьшург йазде. Шун Нурседа».

Тавсолтас шеха корта хьовзийра:

– ШайтIа йаI! Къарлур йоцуш йу!

Селита йоккхайера йиша, мукъна, дIанисйаларх.

– Дада, йазде ас, вай а цига дIадахийта алий?

– Ма йазде!.. Эшац!.. Вайн дай а ца лелла цкъа а невцана тIеоьхуш…


ЭЗАУ


Оццу Жал-тюбехь дIанисбелира Кериман доьзал а, (ТавсолтагIарна гена доцуш), цхьа куьг бен доцчу, тIеман заьIапхочун Жумсаитов Полатан хIусамашкахь. Полат колхозан бухгалтер вара. Цуьнан цIенош а, керт а дуккха а шорто йолуш дара Шакен-агачул. КеримгIарна ши цIа къастийра Полата, жима делахь а, аннийн цIенкъеш а, урамехьа неI а йолуш. Ишттанаш кхузахь спецпереселенцех цхьанна а кхаьчна дацара.

Кериман цу сохьтта Полатца дегайовхо кхоллайелира: ший а, фронтовикаш хилла ца Iаш, цхьаьна меттигашкахь, лулахь, тIемаш беш лелла а хиллера.

Кесирий, Каташший чохь а дитина, Керим йуьрте хьажа вахара – «рекогносцировка йаккха», цо шен дагахь забаре ма-аллара. Жал-тюба-Юрт йа хаза а, йа йоккха а йацара: эха сохьтехь цуьнан йохалла чекхвелира иза, дуьхьала кхеттачу цхьаццанга хеттарш а деш. ЖагIа боьхкинчу некъан йистехула нилха хьалаоьхура лекха йоцу гIаргIанаш. Бошмаш а, соьналла а кIезиг хаалора. ЦIенош а, чIапа тхевнаш а долуш, буьйдачу кибарчигех доьттина дара дукхахдерш. ХIинцца кхуза схьакхалхийначу нохчел совнаха, йуьртахь йукъ-кара хаалора, кхо бутт хьалха махкахбаьхна, балийна кхарачайш а, дуккха а хьалха схьакхалхийна Волгехьара немцой а. Кхин а хаьттина, хьаьжча, xIapa йурт, кхузахь даима а бехачу казахел совнаха, йерриге а йоьттинера спецпереселенцех, хьовха, нуьцкъаша кхуза схьакхалхийначу къаьмнех: кхузахь бара, дуккха а хьалха Дальний Востокера, Китайн дозанашкара схьакхалхийна, бусалбанех болу дунганаш а, уйгураш а, буддизман динехь болу корейцаш а. Цхьабакъду, уьш хIинца дIасалеларна паргIато йаьлла бара, амма Iен меттиг хийца бакъо церан а йацара.

Оьрсий а бара кхузахь, дукха хьолахь, кху йуьртан къилбседан маьIIехь, «райцентрехь» дIанисбелла, цхьацца пачхьалкхан маьхькамашкахь казахашца цхьаьна балхахь а болуш. Жал-тюбена къилбехьа, кхо километр гена, кхуьнца цхьана сельсоветехь а лоруш, оьрсийн йурт – Гредеково йу бохуш а, дуьйцура, кхузарчу Джамбулан цIарахчу колхозан дакъош цигахь а долуш. Керимна хууш, дуккха а нохчий цу йуьрта дIабигна а бара. Жал-тюбера къилбседехьа йалх километр гена, йерриге а кху Джамбулски областан а центр йолу – Джамбул-гIала а йу бохура, мел йуххехь и йелахь а – цига баха спецпереселенцийн бакъо а йоцуш.

Йуьртах бIаьргтоьхна а ваьлла, Керим йуха шен лулахо Полат волчу хIоьттира.

– Охьахаал. Чай а молуш дийцал, муха хийти хьуна йурт? – хаьттира Полата.

– Дика хийтира. Областан центр Джамбул а генахь йац, йуххехь Гродеково–Юрт а йу боху… Нах беха меттигаш иштта вовшашна гергахь хилар дика ду.

– Цу тIехь гIалатваьлла хьо: иштта кхузахь бен дац хьуна. Вай къилбехьа Iаш ду: кхузахьа латта комаьрша стоьмаш а, йалта а дика хуьлуш, Iа башха шийла а доцуш. Амма кхул дехьа, тхан гIамаран аренашкахь а, шийлачу къилбаседехьа а, йарташна а, шахьаршна а йуккъехь шовзткъа а сов чаккхармаш нисло. Тхан-м xIapa цхьа район а йу шун республикал а йоккха, ткъа область-м Францега а дIакхоччуш йу. Дика ду шу кхуза нисделла. Къаьсттина аьтто хилла гIалгIайн кхин а къилбехьа – Фрунзехьа, гIиргIизойн махка нисбеллачу. Амма шун дуккха а нохчий, Iа шийла хуьлучу, тхан къилбаседехьарчу генарчу областашка хьажийна: Аягуз, Актюбинск, Акмолинск, Лениногорск, Семипалатинск цIерш йолчу гIаланашкахьа. Царна къаьсттина хала хир ду цигахь.

Ойла йеш соцунгIа а хилла, Полата тIетуьйхира:

– Амма суна хезна… цига хьажийнарш, дукхахберш, Советан Iедална дуьхьал гIаттамаш бинчу, шун ломан районашкарнаш бу бохуш.

– Баккъаллий? Амма, хьуна хаан лаахь, тхан цхьана а районехь Советан Iедална дуьхьал цхьа а гIаттам ца хилла цкъа а!

– Хьажахь!.. Тхуна-м дийцира, шу схьа а даладале, шун къомахоша Советан Iедална дуьхьал дуккха а гIаттамаш бина, кху тIамехь ЦIечу эскарна букъа тIехьахула йамартлонаш а йина 6oxyш.

– Бакъ-м дац и цхьа-а! Со гой хьуна!

– Ой-й?.. Ткъа шун наха Гитлерна совгIатна, дешица а кхелина, дин бахьийтар!

– Тхан мохк гитлерхойн карахь а ца хилла, тхан наха Гитлерна цхьа а совгIат а ца дина!

– Ой-й!.. И ма тамаш бу сел бакъдоцург, сел чIогIа бакъдина, тхуна дийцар! – лаьттах туйнаш туьйхира Полата.

– Бакъ ас хьоьга аьлларг ду-кх! – Керим нийсса цуьнан бIаьра хьаьжира.

– Делахь-хIета, сан кхин цхьа хаттар а ду: цхьа а шена гергахь бехк а боцу къаьмнаш пачхьалкхо, махках а дохуш, сел къиза хIунда дохийна? Мича хьесапца? Бехк бацахь а – цхьа хьесап, мукъна, хила ма деза?

– И ца хаьа суна а! Оцунах кхиа гIерташ, бехачу новкъа ойланаш йеш, схьакхаьчна со а.

Кесира неIаре хIоьттира:

– Чуволахь. Каташна дагар ду…


* * *

Каташан хьаж догура. Воьлхура.

– Меца-х ваций-те?

Кесирас, сихха кечдина, хи тIехь дина, Iайг даьтта а тоьхна, жоржа хударрий, довха чай делира кIантана.

Каташа кхаьллинарг а схьатесира. Воьлхура, логах ка а йетташ.

– Йало! Со кхуьнца Iа. Лор валаве. Поликлиника кхуза йуххехь йу, – йиш йоьхна, хьаьвзира Керим: дагадеара вагон тIера делла бер.

Кесира поликлинике кхаьчча, лор неIарехь лаьттара, аравала дагахь.

– Доктор! Бехк ма биллалахь, суна хьан цIе а ца хаьа… Сан бер цомгуш хилла. Волахь хьажа.

– Бехке дац… Сан цIе Лиепа Неухович Нидерз йу, – велакъежира иза, шен и цIе мел оцу зудчунна чолхе хета йеза бохург дагатесна. – Амма, и цIе йаккха хьайна чолхе хетахь, сох оьрсийн хотIехь – «Лев Наумович» аьлча а, мегар ду… Иза а дицлахь , «доктор» алий IадIе, – велакъежира лор, дашо цергаш а лепош, боьмаша бIаьргашкара сирла суйнаш тосуш. – Йало. Со вогIу хьоьца.

Шаьшшиъ новкъа догIуш, лоьро элира:

– Суна хезна шух лаьцна. Шу хIинцца далийна ду, боху… Бакъду, тхо схьалаьхкина-м дикка хан йаьлла…

– Хьо хIунда кхалхийна кхуза? – хаьттира Кесирас.

– Гой хьуна, со Польшера жуьгти ву. Шун Сталина тхан Польша, Гитлерца барт бина, пирог санна йекъча, цигара жуьгтий а реза бацара. Сталина тхо кхуза лаьхкира. Бакъду, Гитлера шен агIорхьа биснарш хIаллакбира. Тхан-м мелла а аьтту хилла Сталинан карадахна.

– Ткъа оьрсийн мотт ма цIена буьйцу ахь?

– Оьрсийн мотт-м суна кхузахь Iемина. Суна-м вуьшта полякийн а, немцойн а, французийн а, ингалсан а меттанаш хаьа. Аса лоьрийн институт Францехь, Нанси-гIалахь, чекхйаьккхина… Болх Индехь а, дукхахберг Польшехь а бина. Тхо йуха Польше дIадаха мегаш ду хIинца. Полякийн, СССР-н хIинца бартхилла Гитлерна дуьхьал: Гитлер эшна вогIу.

– Советан махкахь хIунда ца Iа хьо, Польше йуха дIа а ца воьдуш? Хьо-х кхузахь а лор ву. Вон ду хьуна кхузахь?.. – хаьттира Кесирас.

– Ахь хIун дуьйцу! Со, жуьгти велахь а, со Польшин патриот ву, тхо, жуьгтий, цигахь а, бакъду, башха дезаш дацахь а, ас цкъа а дIатосур йац тхайн Польша…

Лор тидаме хьаьжира Каташе.

– ХIума дац! Ангина йу!.. Бакъду, йаьржина шина a aгIop. Больнице охьавиллича тоьлу. Бакъду, больница луларчу Гродеково-Юьртахь йу. Амма йурт гена йац. Ши-кхо километр.

Йазйина направлени йелира:

– Цигара лор – Эзау Рудольф Рудольфович – немец ву, амма немец велахь а, дог дика стаг ву шуна! – велакъежира Нидерз, ша араволуш…


* * *

РогI-рогIана Каташ кара а оьцуш, доьдура Керим, Кесирий. ХIорш Жал-тюбена гена а бовлале, Керима тамаш а беш, лаьттан бос сихха хийцабелира: мокхачу гIамарийн метта луьстта йаьлла сийна буц а, гонаха тайна лекха акхтаргаш а алсам гора: эцца йуххехь догIура сирла шуьйра Талас. Гродеково чукхаьчча, Керим кхин а цецвелира йух-йуххехь Iуьллучу шина йуьртан башхаллех – Гродеково йерриг а дитташа хьулйина, бошмийн марахь йара. Кхузахь кхин а йуххехула догIура Талас. ХIаваъ а кхузахь цIенахо дара. Йуьртана йуккъехь айбеллачу сенчу бай тIехь гучуйелира кIайн больница, сийна раманаш а, сийна басар тоьхна, эчиган тхов а болуш…

Больницин учахь кхарна тIейеара кIайн халат йуьйхина, коьртахь а кIайн йовлакх а долуш, аьрру бIаьштига тIехь жима мо а болуш, цIоцкъамаш тамашена бес-бесара – цхьаъ доIахан басахь, важа сирлачу аматехь долу медсестра:

– Охьаховша. Лор хIинцца схьавогIу. Эцца кертахь ву, шен огород охкуш.

Цо, Каташан пульс а лерина, цуьнан пхьаьрса кIел градусник йоьллира.

Лор чувелира, йуьхь цIийелла, вехьаш, чIениган кIорггехь кIаг а болуш, шуьйрачу меран буьхьиг тIехь а, и шина декъе боькъуш, харш а гуш. Хьаьрсачу цIоцкъамашна кIелдIахула чордо схьахьаьжира. Медсестрас, градуснике а хьаьжна, элира:

– Рудольф Рудольфович! Дагар – «шовзткъа». Пульс – «бIе». Сонехь кхозучу умывальникана кIел ши куьг а дилина, Керимера схьаэцна, направлени а йешна, лор лерина хьаьжира Каташе: бага, лергашка, бIаьргашка, чкъуре, пехашка а, даге а ладуьйгIира.

– Дика ду… Юля! ЙоьалгIачу вилла!.. TIe шиъ шаршу таса.

Кесирехьа вирзира иза:

– Шу паргIатхила. ЦIа гlo. Дедда-йукъа дуьйла. Цхьацца, – аьлла, велакъежира и: нохчийн амалш хуучух тера дара цунна. – Сагатдан а ца оьшу: ангина бен кхин хIума дац. Кестта талур ву.

Кериммий, Кесирий дIадаха хьалагIаьттича, Каташ велха волавелира. Лоьро тIаккха Каташехьа а вирзина, сирла велакъежна, забаре маIаш гайтира цунна. Каташ, цецваьлла, сецира, амма хIинца а чIинкъаш дора. Лоьро тIаккха, шен куьйгийн дехий пIелгаш леккха хIаваэхь сеттош, йедда йоьдучу пхьагалан сурт хIоттийра Каташна. Йуха, Керим а, Кесира а цецдоккхуш, шен даккхий лергаш ша-шах дикка ирахдахийтира, мера тIе охьадаьхкина куьзганаш а хьаладодуш. Каташ шуьйрра велакъежира, велхар а дайна.

– Гой шуна, сагатдан ца оьшу, – элира лоьро, серлайаьллачу йуьхьца Кесирехьа вирзина. Кесирин дог тийшира лоьрах.

Цигара шаьш духадогIуш, сих ца луш, дуьхьала кхеттачуьнга Керима цхьацца хоьттуш, догIура xlapa шиъ, нохчий дуьхьалкхетаре сатуьйсуш.

Нохчо ву моьттуш, Керима новкъахь сацийначо, нохчий маттахь маршалла а хаьттина, элира:

– Со нохчо вац. Со ДегIастанера, Аксайра гIумки ву. I930-чу шарахь, кулакаш а бина, махках баьхначарех. Кхин а масех цIа ду кхузахь ишттачех. Со колхозехь бригадир ву. ДIораниг ду вайн цIа. ЧугIур ду вай, – куьг хьажийра цо аннийн керт а йина, гена доццуш, схьагучу лекхачу дикачу цIеношкахьа. Керимна безам хийтира шега цо шен цIийнах «вайн цIа» аьлча, дегIастахь нохчаша санна. Чудахара: керт а, чоь а цIена йара. ГIалмакх-чайнаца кIайн сискал, нехчий кхоллуш къамеле бевлча, Кесирас хаьттира:

– Кху йуьртахь бехарш дукхахберш казахаш хир бу?

– Дера, бац. Уьш-м кху йуьртахь массарел кIезиг бу. XIapa йурт, оьрсийн цIе а йолуш, оьрсийн йурт ма йу. Паччахьан заманахь, цхьацца бахьаница Iедало човхийна, схьакхелхинчу гIалагIазкхаший, украинцаший йиллина. Йуха, вайн заманахь, I930-чу шерашкахь, кулакаш бина Iедало бохийний, мацалло лаьхкиний, схьакхелхинчу украинцаша тIейуьзна а йу xIapa.

– Ойй!.. XIapa а йу-кх, делахь, йерриг а мухIажарийн йурт!

– Дера, йу. Делахь а, тIаьххьарчу шерашкахь тхоьга комендатурехь куьйгаш ца теIадойту. Тхан кIентий тIаме а бигна. Кестта тхаьш ДегIастана духа цIадахийтаре са а туьйсура оха. Амма хIинца шу а, дохийна, схьакхалхийча, дуьне а доьхча санна, массо хIуманах а дог диллина оха.

Баркалла а аьлла, хьалагIаьттина Керим, Кесирий новкъа даккха тIаьхьавелира хIусамда Насруддин:

– Хьуьлларнаш а, дIогарниг а ду, кулакаш а бина, бохийна, кхуза хIетахь лаьхкинчу шина аварцан, гIалагIазакхичуьнан цIенош, – гайтира цо, тIе пIелг хьажош.

Керима, и тидаме лоцуш, тамаш бира: уьш а дара, хIокхуьннаш санна, кхечарел дикка къаьсташ, товш а, бIаьрла а цIенош.

Цунах къаьстина, шаьшшиъ Жал-тюбехьа йуха схьадогIуш, Керима, соцунгIа а хилла, элира Кесире:

– Тидам бирий ахьа цо схьагайтинчу цIенойн? Кулакаш бу аьлла, бохийна бахкийтинчеран – уьш, йуха а, цIахь санна, кхузахь а, кхечерачул тоьлаш ду-кх. Кхузахь-м ма ца хилла уьш «кулакаш». ХIетте а!.. Схьагарехь, уьш «кулакаш» хиларца а доцуш, цара болх дикаха барца ду-кх, хьуна, церан цIахь а, кхузахь а бахамца толар…

Луьйш-олуш чукхечира. Каташ чохь воцуш десо хетара. Ойлане делира: йисна йуург, мел ларйеш хьаьжча а, кIиране йер йоцуш, кIезиг йара.

Вукху Iуьйранна Керим болх карабой хьажа райисполкоме вахара.

Райисполкомна хьалха шина грузовикна уллохь лаьттара цхьацца районан белхахой а, комендант а, шортта спецпереселенцаш а: нохчий, йукъ-кара кхарачайш, наггахь – немцой, кхиберш. Керима, тIевахана, хаьттира уггаре шена пекъар хетачуьнга:

– ХIун ду?

– Луург шаьш долчу балха бига баьхкина векалш бу. Чулактау бохучу меттера. Кхузара бIе километр сов… Фосфат йоккхучу заводе… Алапаш а, Iен йукъара хIусамаш а, столовеш а йу боху… Шайн машенашца дIа а буьгу… Спецпереселенцашна цига дIайазбалан бакъо а ло коменданта.

– Ткъа хьо?

– Ойла йер-кха… Лама уьш кхин цкъа а богIур бу, боху. ХIинца дIайазбелларш, къона берш, цхьалханаш, шайн бераш доцуршший бу… Хьовсур-кха…

Комендантана хьалха, чIогIо луьйш, жимачу йоьIиган куьг а лаьцна, лаьттара, къолам санна дуТкъа тайна дегI долу къона кхарачай. Керим гергавахара.

– Кхетахь, накъост комендант: со хIинцца бен армера кхарна тIе а ца кхаьчна. Кху йоьIан нана – сан йиша йара. Иза а, цуьнан майра а – ший а мацалла делла, со тIе а кхачале. Хьажахь кху кехаташка: со Узденов Ниязби Наибович ву, Ткъа йоьIиган нана Наибовна, хьовха, сан йиша йу. XIapa бухайита кхуьнан сол гергара стаг вац. ДIайигийтахь xIapa соьца. Со-х тIеман летчик а ву! Тешахь сох. Ас доьху хьоьга! – бохура кхарачайс.

– ХIан-хIа! ЙоьIиг хьан фамилехь йац. И хьоьца дIаязйан бакъо йац. Хьайна лаахь, хьуо дIагIо, иза гергарчийн Iуналлехь йитий. Вало, сихха, xIapa чу а йигий, хьайн ларча а йахьаш, схьавола. Кхуьур ву хьо.

Ниязби, йоIиг а эцна, дIавахара. Керим лаьттара, наха лелочуьнга хьоьжуш.

Цхьа грузовик йоьттира. Важа а йотта йолийнера. Ниязби а сиха схьакхечира, шеца йоIиг йоцуш, кара чамда а лаьцна. Чамда йоккхо йара, шина a aгlop даьхна Iуьргаш а долуш: «Гарехь, чохь цхьа йуухIума хир йу цуьнан» тидам бира Керима. Коменданта шен кехат тIе хIинца куьг а таIийна, Ниязби а грузовика тIевелира, шен чамда а эцна. Керима, грузовикна тIе а хилла:

– Некъ дика хуьлда! – элира, шена и хIинца вевзаш а лерина. Грузовикаш дIайахара. Керим а вухавахара, райисполкома чу а ца воьдуш: эрна дара.

Вукху дийнахь колхозан правлени вахара Керим йуха а болх лаха. Полат а вара гIоьнна йуххеваьлла. Амма, Полата мел гloдарх а, кхуьнга кхийдориг колхозхочун болх бен, кхин болх бацара. Ткъа Керима оцунах дегабаам бойла а дацара: дукха бара кхузахь, Керимна а хууш, цIахь нефтяникаш, техникаш, юристаш, хьехархой лелла нах, хIинца колхозехь куьйгабечу белхашкахь.

Лама Iуьйранна Керим йуха а райцентре вахара, райисполкомехь болх беха. Йуха а гира цунна циггахь лаьтташ спецпереселенцийн пхьоьха а, комендант а, районан цхьацца белхахой а. Пхьоьханахь тохарлеррачуьнга, и йуха а кхузахь нисвелла, хаьттира Керима:

– ХIун ду?

– Чулактаура машен а, векалш а бу йуха а хIинцца схьакхача безаш… Кхин а белхалой бига: гой хьуна, мел гулбелла?..

Шаьш болччохь уьш а битна, Керим райисполкома чувахара. Председатело тIе а ца витира. Ответсекретаро элира:

– Шуна кхузахь белхаш бац… Лаахь, Чулактау гlyo.

Керим пхьоьханна йуха тIевеара. Кестта цхьа грузовик а, цуьнца шиъ векал а схьакхечира Чулактаун заводера, тIехь хьалха дIабаханчех, реза а ца хилла, вухавеана пхи-йалх стаг а волуш. Массо охьабиссира. Цаьрца охьавоьссина, йуьстах а ваьлла, ойлане лаьтта Ниязби а гина, цунна тIевахара Керим:

– Ассалам Iалайкум, Ниязби! Тохара вайша вистхила ца кхиънехь а, суна хьастагIа гира хьо кхузахь. Со а, хьо санна, фронтовик а, хIинца, хьо санна, спецпереселенец а ву. Нохчо. Сан цIе Керим ю.

– Алейкум салам, Керим. Со-м вухавеа: алапа а кIиранна тоъал дацара… Столовера йуург а, киса дассош, бошхепан бух гуш йара. Баракашна чухула хецца мох а, тIе сыпной тиф а лелара, мезашца цхьа барт бина. Цхьаберш-м севцира цигахь, кхин дан амал а ца хилла. Со схьавеа-кх.

bannerbanner