Читать книгу Лаьмнаша ца дицдо (Магомет Абуевич Сулаев) онлайн бесплатно на Bookz (33-ая страница книги)
bannerbanner
Лаьмнаша ца дицдо
Лаьмнаша ца дицдоПолная версия
Оценить:
Лаьмнаша ца дицдо

4

Полная версия:

Лаьмнаша ца дицдо

Увайс Тавсолтина дуьхьалхIоьттира, цуьнан цIа а вахна.

– Марша-могуш хуьлда хьо, Тавсолта. Со Увайс ву…

– ЭлхьамдуьлиллахI! Марша вогIийла хьо, Увайс! – Тавсолтина а хезнера и цIавеъна бохург. – Далла хастам бу хьо цIа веъна! – воккхачу стага маравоьллира иза, тIаккха вист ца хуьлуш лаьттира ший а. Тавсолта лаьттан бIаьра хьоьжура: цунна дагавеара Дауд: «Делахь а, дан хIума дац-кх Делан кхелана», – гора Увайсана цуьнан йуьхьа тIехь.

Тийна хьоьжура Увайс, дагахь цунах эхь а хеташ: «Со вийна а волуш, хьан кIант велара цIа веъна», – хийтира Увайсана.

Увайсана дика гора Тавсолтин къанвалар: маж-мекх кIайделлера, логан шина а агIорхула охьадогIура хебарийн кIорггера хершнаш. Къежделла цIоцкъамаш, къухах тера схьагIоьртинера кIайчу хьаьжа тIера. Амма царна кIелхьара хьоьжу бIаьргаш, тIехула тесначу овкъарх чекх суйнаш а туьйсуш, йогу цIе санна, хIинца а нуьцкъала лепара.

– Дика ду цIа веъна… ТIаккхахула а гур… Вало, хьайн гIуллакхашка хьажа, – аьлла, Увайс дIавахийтира Тавсолтас, цхьацца хеттарш ша дина ваьлча.


ТАВСОЛТА ДIАВОЬДУ…


ШозлагIчу Iуьйранна Тавсолта волчу чухIоьттира Нурседа. И шиъ вовшашка дист хуьлуш дара хIинца.

– Дада! Вайн йуккъе лела сов нах а бац. Ваьш дисина вай. Ахь бехк ма билла. Вешан гIуллакх вай къасточохь, схьагарехь, оьшуш а бац хийра нах. Цундела, ахь пурба лахь, хьох дагайала цхьа гIуллакх дара-кх сан хIинца, – шен коьртара йовлакх кхин а тодира Нурседас.

– ТIаккха!

– Тхуна ма-хаъара, xIapa йерриг йурт а теш йолуш, беран хенахь дуьйна вовшашка хьежна, вовшашна хан а йуьллуш, къаьстина ду Селитий, Увайссий. ХIинца Увайсан тамаше цIавар хилла. Селита цуьнга йаха реза йу. Увайсана а и лаьа… Хьоь пурба доьху! – тIетуьйхира Нурседас, ма-хуьллу деца дерг маслаIате чекхдолийла лууш.

Вуьшта заманчохь Тавсолтина гергахь оьзда дацара йоI лулахошка, йа вешин накъосте маре йалар!

Бакъдолуш, хьалха Тавсолтас и аьттехьа а дуьтур дацара. Амма хIинца, массарна а хууш, цара мел лайначо а и захало маьрша доккхура. Массара а бехк а буьллур бара хIинца Тавсолта дуьхьалваьлча, иза адамалла ца хетта. Цхьана йукъана корта оллийна, бIаьргнегIарш дийшийна, ойла йеш а Iийна, кIедо хьалахьаьжира и Нурседега:

– Дика ду. Пурба ло ас.

Нурседас меллаша доккха садаьккхира: «Цхьаъ-м чекхделира».

ТIаккха, оцунах догйовха хиллачу Нурседас, кIеззиг хан а йалийтина, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, шех тера доцчу, эхь хетарца ийзалуш, къадийра дега:

– Дада, кхин а ду къасто дезаш цхьа гIуллакх: и ловзар… комсомольски куьцехь дан лууш ду тхо…

Тавсолта ша лаьттачохь вогIавелира, цIоцкъамаш хьалатосуш.

– Иза мегар дац! – дагарца санна, хадийра цо. – Со велчхьана лелар ду шу… и шайн жIаьлийн ловзарш а хIиттош… ХIун тоьла и вайн нохчийн ловзарал!.. Эзар шерашкахь дуьйна схьадогIу шен къоман Iадаташ ца дохош ша валийтар тоьлу! Вахарал а, дуьненал а деза ду эхь-бехккий, оьздангаллий!..

– Дада! Шемалан заманахь а ма ца лийрина и хIуманаш хIинца ахь санна чIогIа.

– Сацийт!.. Соьца и дуьйцу а йацара хьо… Кхин зама йелахьара, со ладоьгIуш а Iийр вацара!.. Со цкъа нахала ваьккхира аш… Кхин ас могуьйтур дац!

Нурседа, ара а йаьлла, дIайахара…


* * *

ШозлагIчу майхь, Iуьйранна дуьйна, школин кертахь ловзарна кечам бара беш: гIанташ дIасанисдеш, стоьлаш хIиттош, уьйтIа нуй хьоькхуш, керта тIехула шина бIогIамах электролампанаш туьйсуш бохкура кегийрхой. Цхьаберш хIинцале пхьаьрсех цIен цуьргаш а дихкина бара. Долалушшехь, де довха, cирлa деанера. Тавсолта, шайн чуьра ара а ваьлла, тIоьрмиг цхьана белшах, шен цхьалго-топ вукху белшах а кхозуш, меллаша школин керта хьалхахула, кех чу а ца хьоьжуш, церан тидам ца хуьлуш, дIавахара арцехьа талла. ЦIа веачхьана наг-наггахь воьдура иза цигахьа: Борзиг кхин цкъа а дуьхьалкхетар дацара-техьа бохург а дара дагахь, хьесапо иза, дIайаьллачу хене хьаьжча, йуххе а ца дуьттушехь.

Тавсолтина, ша тIехволуш, гу тIехь школин керта а хьоьжуш, вовшашка луьйш лаьтташ ши йуьртахо хаавелира:

– Комсомольски ловзар ду моьтту суна… йуха а кечдеш, – эккхийтира цхьаммо.

– Амма и хIинца-м баккхийчарна кечдо ма боху, – элира вукхо. Тавсолта а гина, сецира ший а.

«Хир дац!.. Хир дац!» – шен дагахь аьлла, Тавсолта школехьа вухавирзира.

ХIинца, школин кетIа ша нисвелча, ца соцуш цкъа тIехвала ойла хилира цуьнан, и бакъ карадахь шега лалур дац аьлла. ТIаккха а, Iе ца велла, соцунгIа а хилла, керта хьаьжира иза: хезначул а сов карийра къаьхьачу бакъдолчун билгалонаш! Йерриг керт, кхунна ма-хаззара, тохара санна, ловзарна дика кечйинера, тIе, «Дада-бIара» кIел, хецца, цхьаннах а ца ийзалуш, коьрта-Iуьйра йух-йуххехь лаьттара Нурседий, Кериммий, гIанта тIехь дуьхь-дуьхьал Iара Увайссий, Селитий. Коьрта чу ов тоьхча санна, шен собар довш а хетта, шегара цхьаъ далале, уьш ца гинчуха дIаволавелира Тавсолта. Цу сохьта кхунна тIехволуш нисвеллачу кхуьнан йуьртахочо Ахьмас, салам а ца луш, цаьргахьа а хьаьжна, лаьтта туьйнаш туьйхира.

– Делан неIалт хуьлда шуна! Шайна могуьйту дела лела-кх шу, – аьлла.

Тавсолтин мочхалш ваьшта дахара, бIаьргашна дуьхьал бода хIоьттира, синкхетам кхолош. Ша волччохь вогIавелира и. Шен карара топ цкъа хьайира цо.

– ХIан-хIа… Харц ву хьо! Заманца вагIац хьо!.. Эхь дац ахь лелориг! Хьо-х цу берийн да ву! – элира цигахь тIехволуш нисвеллачу кхечу воккхачу стага.

– Хаьий хьуна, – кица а далийра цо. – Йуьртаца къийсинарг – йуьртах ваьлла, заманца къийсинарг – коьртах ваьлла…

Тавсолта, вист а ца хуьлуш, дIаволавелира. Школин кетIарчу бIогIамах кхозучу радио-кедо нохчийн маттахь схьахоуьйтура: «ТIаьххьарчу шарахь вайн йуьртахь хьаьжкIийн меттана томка деран гIуллакх йукъадаккхаро колхозхошна хуьлу са шозза совйаьккхина»… Корта а ластийна, лаьттах туьйнаш тухуш, ког сихбира Тавсолтас. И дIавоьдура йуьртах болучу новкъа… Шен дагахь вуха а ца ван… Грозный-гIалахьа… Цигара гIалмакхойн махка…

БIаьстенан цIенчу стиглара комаьршша чуIенара маьлхан зIаьнарш. Гонахара башлаьмнаш, массо а басаца шайн баххьаш догуш, синтеме схьахьоьжура.

Школин кертарчу бIогIамах боллучу радио-кедара хIинца схьайекара Арам Хачатурянан музыка: «Таррашца хелхавалар» йевзира и Нурседина. Иза цуьнга ладегIа йелира. Цуьнан мукъамца цунна гуттара а дуьхьалтосура цхьана аьрха дIауьдучу ирсана, йукъ тIеттIа йацйеш, синкъераме тIаьхьауьдучу беречун сурт…

КетIахь ловзарна кечамбечех волчу цхьана комсомольце тIекхайкхина хаьттира Нурседас:

– Муьлш бара кертал дехьа, лаьттина, дIабаханарш?..

– Цхьа ши стаг а вара, шун да а вара… Тавсолта… Керта чоьхьа а хьаьжжа, оьгIазвахна дIавахара… Хьуьлла воьду, тIаьхьа пIелг хьажийра цо.

Геннахь хIинца а дай телхара, тIаьхь-тIаьхьа жимлуш доьду Тавсолтин IиндагI. ТIаьххьара а, юьртах болу некъ гуна тIехьа боьрззучохь, къайлавелира Тавсолта.

– ВухавогIур вара и-м… Талла вахана хир ву, – элира Керима…

Йуьртал ара а ваьлла, ша хьуьнан йисте кхаьчча, цунна тIехула схьагучу, ЧIап-ломах бIаьрг туьйхира Тавсолтас, соцунгIа а хилла, шен дагахь цуьнан Iодика йечух тера. Ша кхузара даим а дIавоьдий-те аьлла, ойла хиллачу Тавсолтина шен беллачийн кешнашна тIе хIотта а лиира. Уьш хьуьнан дехьа йистехь дохкура. Аьрру агIор чувирзина, гIашлойн некъахула Тавсолта хьуьн чу тилира. Цигашхула раз дIасаоьхучу некъашлахь, тоххара шена дуьххьара Борзиг дуьхьалкхеттачу, ирзонехьа боьдучу новкъа велира Тавсолта: кешнаш а ирзона тIехьа дара. Ког сихбинна вогIура Тавсолта: малх дIабузале юха хьуьнхара аравала кхиан а везара. Хьун луьстта сенъеллера хIинцале а. Маьлхан зIаьнарш халла чекхйовлура дуькъачу гаьннашна юккъехула. Стохка гурахь дуьйна охьаэгна гIаш, хIинца а цхьаццанхьа, мохо дахьаза, Iохку, когашна кIел кIедо хаалора лаьтта чутаьIначохь. Олхазарш дека хезара маьI-маьIIера.

Тавсолта, хьуьнан некъахула хьийзаш схьавогIуш, малх а эххар дIабуза а керчина, хIинца хьуьн чохь кхоьлина хетара. Тавсолта кхин а ког сихбина вогIура. Эххар, охьаэгначу гIашна кIел хаалучу тIуьначохь Тавсолта, ког а шершина, горавуьйжира. Хьалхатесна ши куьг гIашна йуккъехула кIедачу тIуьначу хоттах дахара. Цхьана куьйга кIел цхьа шийла эчиг хаайелира Тавсолтина. Цигахьа эгна Iохку гIаш гIожаца дIаса а хилийна, хьаьжча, Тавсолтина гира: йахкайелла йистина цIока… Гаржделлачу мочхалшна тIехь лепа кIайн кIомсарш… Йоьза хIоз!..

Схьаэцна, гIаш тIехьаькхна, цIан а бина, караийцира цо иза – и бара! Дисина гIаш лерина гIажца дIахилийна йуха а цIокане хьаьжира: дуккханхьа а кенех йаьлла цIока, – Тавсолтин бIаьрг оцунах цу сохьта кхуьуш, – барзо шен кIомсаршца цистина, тIелхагйаьккхинера. Тавсолта кхийтира: хIоккхузахь берзан багахь далар хиллера къанделлачу Борзиган.

ДIасахьаьжира Тавсолта: гонаха гуш-хезаш кхин хIума доцуш, хIокхо ша меттахйаьккхина тIуналлин матаран хьожа йоцург, шина кога тIе лах а велла, йоьза хIоз а карахь, цуьнга а хьоьжуш, ойлане вахара Тавсолта: оцунах доьзна кху тIаьххьарчу ткъех шарахь мел хилларг а юха дагадеара: луларчу юьртара жима кIеза четахь ша схьадар а… Доккха хилча цо цIехьа лихкина шайн дирша етт а… Шайн керт а… Нурбика а… Дауд а… Дерриш а… кху таханлерчу дийне кхаччалц!..

Шина а агIор беснешна тIехула охьабеъна хин ши тIадам мекхашлахь байра… «ХIинца малх бузуш а лаьтта, сихо йан йеза», – аьлла, дагатесна Тавсолта хьалаайалушшехь цуьнан белшаш тIе, кхоссайелла, цхьа хIума хиира: «Борз!».. – цу сохьта дог кхиира Тавсолтин. Шен гIори-гIоддаха иза охьакхоьссина, борз йухаэккхашехь цунна топ йалийта кхиира иза, тоьпан тата генна хьуьнчухула дIадоьдуш. Амма хIокхо топ йуха йулале, иза хьакхалуш кхетта, борз кхин а чIогIа дарйелла, шен кIомсарш а лепош, йуха а чухьаьдира Тавсолтина. Кхин дан хIума а ца хилла, Тавсолтас доггах ластийна тоьпан бух туьйхира барзана, цуьнан букъах а кхеташ. Борз дIаиккхира. Тоьпан бух кагбелла генна дIабахара. Борз йуха а чухьаьдира. Таллархочун мокха баттара а даьккхина, Тавсолта барзах тасавелира.

Хьалакхоссайеллачу барзо, Тавсолтин некха тIе кхетта, аркъал туьйхира и, шен кIомсарш, бедарех чекх цуьнан дегIах йохуьйтуш. Тавсолтас, бухара хьала лесто урс, цкъа берзан гIoгIax, тIаккха гех дахара. ТIаккха а, дIайала ца туьгуш, борз Тавсолтин белшах тасайелира ирачу кIомсаршца. ХIинца карара урс а охьадоьжначу Тавсолтас, кхин дан хIума шен ца диснийла хууш, берриг а шен бисинчу тIаьххьарчу ницкъаца, схьалаьцна, берзан лаг Iаьвдира. Карара дIа а ца хоьцуш, иштта дехха, ша Iаьвддинчохь латтийра цо иза, верриг а цунна тIевазвелла берзан дегI малделлачул тIаьхьа а…

Эххар а, ша а гIелвелла, и дIахийцира цо. Йелла борз йуххехь а Iуьллуш, Тавсолта хIинца ша а, гIорасиз хилла, ша волччохь лаьттахь аркъал ваьржира, шен дегIах цхьаццанхьахула цIийш охьаоьху а хаалуш. Цкъа охьахаа гIоьртира Тавсолта, шен чевнаш дIайехка дагахь. Охьа ца хаавелира –гIopa дацара. Йуха а аркъалваьржира: «Хьажахь.., – цIеххьана дагатесира цунна, – таханалера xIapa де сан хан кхаьчна, сан ле де хилла-кх… Кхузахь йаздина хилла-кх сан валар…» Цунах кхетта, къера хилла, амма ца вухуш, цец а ца волуш, шен ойланехь Iожаллина кIелсецира Тавсолта: «Йо, Дела! Гечде ахь суна, хьайн дуьнен чохь со вахарна! Ахь кхоьллина дела, ахь йеллачу бакъонца ваьхна-кх со!.. Амма со ледара хиларна – гечде ахь, йо Дела!» – ша-шена доIа дира Тавсолтас. ТIаккха дагахь йеса дийшира… ЦIий меллаша дIаоьхура, цунна хаалуш, оцуьнца цхьаний дегIepa тIаьххьара гIора а лекъаш лаьттара. ДегI тIеттIа маллуш догIура, амма кхетаман хьесапо, мелхо а, цIена а, кхин а сиха а дуьхьалтуьйсура Тавсолтина дIадаханчу, хIинца чекхдолуш лаьттачу дахарехь мел хилла дерш.

ЦIеххьана дагадеара Казахстанехь, ша барзана таллар, ша иза къиза йер: «Дала чIир йоцуш хIумма а ша дуьтур дац аьлла», – дагатесира цунна. Йха а: «Цунах яхнарг-м Делан чIир ма яра: цо говра ма цистира къиза»… «ХIа-а!» – юха дагатесира цунна ша хIетахь берзан тоьли чу кховдийначу шен куьйгана берзан кIезано, сакъерделла, бовха мотт хьакхар… «Уьш-м… эрна яйира… И дан-м ца оьшура», – дагатесира цунна. «Ткъа со-м сайн йоIана а топ тоха дагахь а вара… ХIунда?..» – дуьхьалтесира цунна школин кертахь, шайн ловзарна кечам беш, коьртаIуьйра, дела а къежаш, Керимца лаьтта Селитий, Нурседий… «Иза а Делан кхел йу… Со нийса вац… Амма»… – цуьнан лерехь йуха дийкира радиокедара дешнаш: «…Вайн йуьртахь, хьаьжкIийн меттана томка деро колхозхошна хIор шарахь хуьлу са шозза а сов йаьккхина»… –Тавсолтин йуьхь хебаршка йахара, цхьа боьха хьожа мере кхаьчча санна… «ХIан-хIа! Дин дехкар дика дац: дин доцчохь эхь-бехк а хир дац», – сацийра цо шен йовш лаьттачу тIаьххьарчу ойланехь. ДегIера са меллаша дIадоьдуш лаьттара, цунна шена а хаалуш.

Малх дIа а буьзна, маьркIаже хилира, хьуьн чохь бода хIоьттира. ХIинца цхьацца бIарлагIаш дуьхьалтийса йуьйлира Тавсолтина: хин йистехь кIудал карахь лаьтташ къона Нурбика йайра… Йуха – ша кхиийна бIаьстенан беш… ТIаккха, тIаме воьдучу дийнахь, шена хьалха лаьтта Дауд… Тавсолтина хаьара уьш бIарлагIаш юйла, амма хIетте а уьш яхлахьара аьлла хетара цунна шен даг чохь.

Эххар хьуьнан бодашкахь цхьа къора yгIap хезира. Тавсолтин кхетам йуха а самабелира:

– Борз!.. Йеллачуьнан накъост! Схьакхечи хIинца сан Iожалла!.. Сан тIаьххьара сахьт! – цо шен логах дохку ветанаш дIадехира, лаг дерзина доккхуш: дуьхьало ян ницкъ хир боций хаьара – сихха валар гIоле хетара. Борз гена йоццуш yгIyра – къорра, аз дахдина. ТIе ца йогIура… «ХIунда хьело-те?» – сагатдора Тавсолтас, гIуллакх сихха чекхдолийла лууш. Амма борз угIура – дIа а ца йоьдура, тIе а ца йогIура:

– Сихха тIееъна йалахьара! – аьлла, хийтира гIелвеллачу, сагатдан а кIордийначу Тавсолтина. Бода букъбелира. БIаьргашна хьалха, кхин а буькъа бода хIуьттура Тавсолтина: кхетам бовш лаьттара, бIарлагIаш севцира, эххар борз а сецира угIучуьра. ТIаьххьара цуьнан кхетам бовш, цо бIаьргаш хьабдале, цхьа тамаше адамийн гIовгIанаш хезира лерехь, йуххехь, тIеттIа алсамйуьйлуш: «Йуха а бIарлагIаш»… – дагатесира Тавсолтина: бIаьргашна хьалхха къегира цIеххьана, малх санна, цхьа серло… Панар карахь Керим… Йоьлху Селита… йоьхна Нурседа… Увайс… Кхин а нах… Увайсана тIехь сецира Тавсолтин бIаьрг:

– Дауд вуй шуьца?.. – дара тIаьххьара цуьнан хаттар…


САН ДОIАНАШ


Сайн сица, йуьхьанца

Хьоьгахьа вирзина,

Йерриге ойланца

Хьуна тӀевирзина, (*)

Меттан ницкъ берриг а

Сайн дагца гулбина,

Йо, Дела, со Хьоьга

Доьхуш ву тахана:

Дикачу ойланех

Бузалахь сан корта,

Уьш толош, аьтто а

Ахь белахь сан шорта.

Адам хьайн серлоне

Дуьгучу цу новкъахь

Оьшучохь хьайн гӀоьнча,

Доьху, сох Ахь велахь!

Гайталахь сан дика

Адамийн долахь,

Адамийн дика дерг а

Ган таро лолахь.

Хьекъал а, дог а сан

Хьайца дай бертахь,

Йо, Дела, вигалахь

Хьайн дикачу новкъа со.


2

Йо, Дела! Бакъ воцчохь

Бакъ ву а моьттуш,

Харц луьйш а хуьлу стаг,

Тола а гӀерташ,

Цундела, йо, Дела,

Ас доьху хьоьга,

Нийсонца бакъдолчух

Со кхетавелахь,

Ткъа кхета ца лучохь

Со сацавелахь!

Бакъдериг къастадан

БӀаьргийн нур лолахь,

Харцдериг эшадан

Куьйга тур лолахь!

Уьш вовшах летачохь,

Харцдерг а эшош

Сан кайалийталахь,

Толамах тешош.

(1942 – 26 октябрь, Итон-Кхаьлла)


3

Хилла а доццушехь

Дуьнен чу тхо даьккхинарг,

Паналлин боданехь

Маьлхан нур латийнарг,

Стигланаш шорйина

Латтанаш гатдина,

Дуьне ахь кхолларна тхуна!

Хастам бо ас хьуна

Дика ахь кхолларна,

И къасто ахь тхуна

Вондерг а гайтарна,

Ӏожалла дахаран

Дуьхьа ахь йаларна,

Дахар а хьайх ойла

Йайта ахь даларна,

Хьайн дуьне гайтарна тхуна,

Хастам бо, хастам бо Хьуна!

Хьайн нуьран неӀарш

Ахь тхуна йелларна,

Хьайна тӀе боьду некъ

Тхан дагна белларна –

Хастам бо, йо, Дела, Хьуна!

Хьайн йухь ган йиш йоцург,

Цхьанххьа а йист йоцург

Къайленех Хьайн кхиа

Адамийн ницкъ боцург,

Хастам бо, йо, Дела, Хьуна,

Тхо бӀаьрзе ца дуьтуш,

Бода тхох дӀатоттуш,

Хьайн ойла йаларна тхуна!

Даима вехаш верг,

Дуьне хьайн карахь дерг,

Йо, Дела, Хьоь дехац тахна:

Ӏожалла цайовзар,

Баланаш цабовзар –

Ахь сайна лахьара аьлла.

Лехац ас, дехац ас

Даима вахийтар,

Йа дахар нехачул

Сайн деха хилийтар,

Дехац ас къахьонаш

Цагайтар сайна:

Луо Ахьа халонаш

Ма-оьшшу Хьайна!

Амма со, йо, Дела,

Хьастало Хьуна:

Иманца уьш лан а

Ницкъ лолахь суна!

Ткъа Айхьа со зуьйш а

Ӏазапан хьолахь,

И Ӏазап со динехь

ТӀечӀагӀвеш лолахь!

Лаахь со, йо, Дела,

Хеназа виэлахь,

Амма сан цхьа дехар,

Доьху ас, делахь:

Йо, Дела, хьайн декхарш

Ас кхочушдаллалц,

Сан вахар дуьнен чохь

Ма хададелахь –

Ахь суна, вешшехь тӀе –

Дехкина декхарш –

Сан даг чохь даима

Седанех сиэгарш!

Паналлин шораллехь

Хьайн доза доцург!

Ӏаламан кӀоргаллехь

Хьайн бух а боцург!

Стигланехь тхов боцург,

Заманехь йист йоцург,

Дерриге дуьненан

Хьуо цхьа бен да воцург,

Хьуо векъа цхьаннен а

Ницкъ хир боцург!

Дуьнен чохь дерриг

Хьайна чулоцург!

Чот йоцу кескаш йеш

Ахь дуьне декъна,

Адамийн ницкъаш а

Бес-бесар бекъна.

Уьш вовшех летабеш,

Царах цхьа уьйриг беш,

Ахь дуьне хьийзадо,

Кхехкадеш йайха,

Цу тӀамах дахаран

Кхерч бина Айхьа.

Дехац ас цу тӀамах

Суо ваккха аьлла,

Йа хьалххехь – тоьллачех

Вахьара аьлла!

Йо, Дела! Со эшахь,

Кхоа ма велахь,

Цу тӀеман кӀуркӀмане

ДӀахӀоттавелахь!

Амма сан цхьа дехар

Ахь кхочушделахь:

Сан валар цу тӀамехь,

Цу къизчу къовсамехь,

Ахь къобалбиначийн

МогӀарехь делахь!

(1948 – 2 июль, Гродеково, Каз. ССР)


4

ЦӀеналлехь син куьзга лардар

Йо, Дела, Ахь тхуна хьоьху. (*)

Делахь а дахаран ворда

Тхан къинойн чкъурган тӀехь йогӀу…

Йо, Дела, ас хьоьга доьху:

Къа доцуш вахар ца тарлахь,

Хьайна тӀе ца кхачош боьха,

Къа такха йиш, мукъна, лолахь.

(1965 – 9 июль)

(*) «Орга» журнала тӀехь «тхоьга доьху» ду. Вайн кхетамца иза гIалат ду. Цундела, редактора нисйеш, «тхуна хьоьху» йаздина. И.М.)


5

Дуьненан жовхӀаршлахь –

Массарел дезаниг,

Дахаран тамашлахь –

Уггара боккханиг,

Дела, Ахь ма кхоьлли хьекъал!

Хьайн некъах кхиарна

И гӀо деш дацахь,

Цуьнан гӀоьнца иманехь

Со чӀагӀлуш вацахь –

И жимдай, со велахь декъал!

(1965 – 3 август)


6

Гуш воцург – массо гург,

Хьайх тешча – синтем лург,

Дуьненан серлонан эла –

Хастам бо ас хьуна, Дела!

Хьайх тешарш кхоьлли ахь –

Хьайн ирсах уьш Ӏабо,

Цатешарш кхоьлли Ахь –

Тешачийн мах хадо,

Буьйса а ма йели

Де хазахетийта,

Хаза де ма дели

Бакъдериг къастийта!

Цундела, ца вуьтуш

Боданийн долахь,

Йо, Дела, доьху ас,

Де сирла лолахь!

Амма и сирла де

Со Ӏехош дагӀахь,

Серлонгахь сайн сица

Со бӀаьрзе вагӀахь,

ТӀаккха ас сайн дахар хуьйцу:

Ахь лолахь сагойту буьйса!

(1965 – 3 август)


7

Йо, Дела! Цхьа шеко

Сан дагах лета:

Ӏожаллех цакхерар –

Цакхерар Хьох хета!

Ӏожаллех тӀех кхерар –

Цатешар Хьох хета!

Нисвехьа нийссачу

Барамехь, Дела:

Ийманехь чӀагӀваллалц

Ӏожаллех ларвай,

Ӏожалла тӀекхаччалц

Стогаллехь чӀагӀвай,

Кхачаве Ахь тӀаккха

Хьайн дикчу кхиэле.

(1965 – 3 август)


8

Йо, Дела, Ӏожаллин махкахь

Со, тасий, ма витлахь байлахь.

Валар геннахь дара алий,

И дицдарх Ахь со ларвелахь,

Амма герга и кхаьчча,

Со цунах кхера ма велахь!

(1967 – 4 июль)


9

Сан дегӀ, са вовшашца

Барт байна догӀу:

ГӀерта уьш дӀаскъаста,

Витина со:

Стиглах схьадаьлла са

Стигла дӀагӀерта,

Лаьтто а шен чкъуьйриг

ДӀаийзайо!..

Йо, Дела, сан дегӀ ахь

ДӀалахь а лаьтте,

Сан са ахь дӀахьолахь

Хьайн цӀенчу хьаьтте!

(1967 – 2 октябрь)


10

КЪАЙЛАХАРА АЗ

Хьо вицлой ма Ӏелахь –

Со вицлуш вац хьуна.

Кхера а ма лолахь –

Со сихлуш вац хьуна!

Хьо кийча хилалахь,

Мел веха дуьненахь:

Ас кхойкхур ву хьоьга

Йиш йоцчу ва хенахь!

Вохий ма хьовзалахь –

Виэн вуьгур вац, хьуна,

Воккха а ма велахь –

Вухавоьрзур вац хьуна!

Цхьа лерг хьайн дӀакъовлий –

Белхарш ца хазийта,

Важа лерг а дӀакъовлий –

Беларш ца хазийта,

Кхин вуха ца хьоьжуш,

Хьо новкъа валалахь!

Вигарна баркалла

Хьайн даг чохь алалахь!

Тиша духий ма хилалахь –

Ма воьхна аьр хьуна!

ТӀех кеч а ма лолахь –

Сонта ву аьр хьуна!

Хьан дика дерш дагардан,

Хьан вонаш дагардан

Хьо вуьгуш ву хьуна!..

Вохий, ма хьовзалахь;

Хьан дика дерш совдалахь,

Хьо вогур вац хьуна!

Къинхетам хилар гой

ТӀех воккха ма велахь,

Кхел чӀогӀа хилар гой

Вохий, а ма хилалахь:

Сайн хьоме бер санна

Ма веза хьо суна.

Делахь а хьол чӀогӀа,

Сайл а тӀех йезариг

Сайн нийсо йу суна!

(1969 – 9 март – 03.00 гӀенах).


ВОЬЛХУ САЛТИ

(баллада)


ЦIий Iенош, бомбанаш лелхар

Дуьнен чохь соцуш а дац.

Берийн а, нанойн а белхар

ХIинца а датуьйш ма дац.


ХIинца а и тIом дIабалац,

Хийламмо бо къаьхьа къурд.

Амма сан даг чуьра далац

Воьлхучу салтичун сурт…


Некъана йуьстах а ваьлла,

Накъостех къаьстина шен,

Воьлхуш Iа и, ша а ваьлла,

Лахвелла цу тIулга тIе.


Йерриг а ченаша йуьзна,

Iаьвжина и беран йуьхь,

Дерриг а берчаша дуьзна

Ду цуьнан топ лаьцна куьг…


Алахьа, хьо хIунда воьлху –

Оцунах со кхуьуш вац:

Хьо тIамтIехь тоьлла ма вoгly,

Чевнаш а хьуна тIехь гац?


Фашистийн ардангаш отуш,

Хедабеш дIаьндаргийн некъ,

Хьайн бIаьргех тадам ца болуш,

Хьо майрра ма ваьлла чекх?


Ткъа xIинцa хьо воьлху хIунда?

Хуьлий-те велхарх а йал?

Гин-техьа цIеххьана хьуна

Хьуо йoIцa лаьттина талл?


Ткъа талл и, мотт боцуш дийца,

Дагийна го бомбано.

Йезар а йац аьлла, хIинца

Хазарна воьлху-те хьо?


Йа йу-те и дIора школа,

Херцийна шен пенаш го,

Дуьххьара хьан динарг дола,

Куьг хьокхуш, кхиийнарг хьо?


Йуй-те и жимачохь дуьйна

Шена чохь, малх лепарехь,

Итт шарахь бакъдериг хьуна

Чухудуш деллариг эхь?


Дуьххьара абат ахь йешнарг,

Латийнарг кхетаман суй,

Дуьненах хьо дуьххьар тешнарг,

Хиънариг хьуо адам дуй?


Аьллариг: уггаре хазниг

Стигла кIел вайн дуьне ду,

Дуьненан йоккхаха хазна

Лаьттара адам а ду!..


Дийцахьа, хIун ла ца делла,

ЦIеххьана таьIина хьо?

Йа, хилларш карла а девлла,

Йуха а дог ийжадо?


Йа, толамца тIом чекх ма-белли,

Йуха а дагбаьхки-те

Цу тIамо дIабаьхьна безарш.

Хьан даг чохь шайн йитна цIе?

Йа вийна Киевна кIела

Дай, ваший дагавеа-те?

Фашистийн лагерехь йелла

Хьайн йиша дагайеа-те?


Йа сагатделла-те нанна,

Дагабеъна и мерза стом?

Йа хьаьхна, массарна санна,

Хьуна а и къиза тIом?


Алахьа, xIyн ла ца делла,

БIаьргара хиш ийдало?

Кийрахь ша тар а ца белла

ХIун бала схьагIертало?


Йа ахь а тIамехь ца ваьлла

Дайинчу адамийн бIо,

Шайн гIаларт карзахадаьлла.

Буьйсенца схьахIуьттуш го?


Аьттачу гIаланийн сарташ,

Лазартнех чекхъйуьйлу цIе.

Чим хуьлуш и йаьгна йарташ

Йуха а дагайаьхки-те?


ЦIе йайъа гIepтaш хьайн цIийца

ТIеман новкъа хийла ихи…

Цу йартийн кIур бу-те хIинца

Хьан бIаьргех Iуьйдуриг хи?…


XIaн-xIa! Вац иштта и хеташ!

Кху сохьта хаац, салти, со:

Ца воьлху йа хьайх къахеташ,

Йа хьайнаш дагалаьцна хьо!


Дуьненах долчух къахетта

Хьан баьргех Iийдало хи:

Берахь и хьайна ма-хеттар

Цахилар кху сохьта гин!


Ца лууш къастабан цхьаннах

Йа безнарш, йа бевзарш хьайн,

Хьо воьлху, гIийла бо санна,

Дерриг а дуьненах вайн!


Схьагарехь, ахь ма ца лайна

XIapa дуьне телхина гap,

ТIамехь а тоьллачу хьайгахь

И тадан ницкъ цахилар.


Толам а, тIом а цаэшар –

Баккхийнаш шаьш хиллехь деш,

Берашна шаьш хьоьххург бешахь,

Машарна уьш кхиадеш!


Воьлху хьо, хаахь а хьайна

ТIом вайна тIета а бар,

Ткъа тIамо толам а вайна

ТIаккха ша тIебожабар.


Ма велха: вац хьуна, салти,

Дуьххьара и хиънарг хьо.

bannerbanner