Читать книгу Лаьмнаша ца дицдо (Магомет Абуевич Сулаев) онлайн бесплатно на Bookz (18-ая страница книги)
bannerbanner
Лаьмнаша ца дицдо
Лаьмнаша ца дицдоПолная версия
Оценить:
Лаьмнаша ца дицдо

4

Полная версия:

Лаьмнаша ца дицдо

Керима тIаьхьа мохь туьйхира:

– Алийша, талламчо со дIа маца кхойкхур ву?

– Шен йиш ма-хилли… Сатоха! – аьчган неI тIечIегIира…

Кеда чу Iайг хьовзийра Керима: чухула хахкайелла цхьа картолан йуьхк а, буракан кийсиг а йара, тIехула лепаш даьттан ши-кхо тIадам а гора, схьайетталуш чоме Iаь а йара. Керимна дагадеара ша хIума яанза xIapa кхозлагIа де хилар.

– «Ца йиъча а вер вац… Ца вала гIорта веза. ХIун хаьа, тIаьххьар цхьа дикадерг хуьлий а… Сайн доьзална эххар йуха тIекхочий а»…

Чомехь йолуш санна, бепигца дIакхачайаллалц йиира чам боцу чорпа. Талламчо дIа ца кхойкхуш, масех де а делира. Лаамазчу ойланаша, жIуганашца коьрте хьийзаш, хьераваккха санна, готте хIиттавора Керим. Йуьхь а йаьллера – маж йашаза маса де дIадахнера!.. Шен сибат а дицделла догIура. Баккъал а ша хьераваларна а кхоьрура… Хьера ца вала а, ницкъ а кхочуш ца вала а сацийра Керима. Денна а ша–шеца сема къамел дора цо масех минотехь леррина нохчийн маттахь. Iуьйранна а, делкъехь а, дIасауьдура чухула, итт–итт го боккхуш, денна а пхиппа минотехь гергга шена хуу гимнастика а йора. «Ленина а йеш хилла и, бах, ша лаьцначохь», – дагадеъна, муьста велакъежира Керим. Нагахь, талламчо барт хатта ша дIавигчахь, цо шега хотту долчуьнан хьалххехь дуьхье кхиа гIерташ бес-бесара ойланаш а йора цо: «Цкъа-делахь, цара суна дуьхьалтоха тарлучех доккхаха дерг ас станцехь дежурничунна тохар ду. Амма лоьрана ма гира цо сан дестийна лерг а. Ша хIетахь и дIа ца йаздинехь а, лоьро, шега хаьттичахь, хIинца даредан ма мега иза… Важа сан бехк – бакъо а йоцуш гIала вар… Иза а даккхийчех ма дац: со суо, коменданто хIоттийна, староста а ма ву тхешан кIоштахь»… – бохура Керима ша-шега. Амма Керимна талламхоша кечдинарг цунна данне а дагахь доццург дара.

«Цара суна кхин цкъа а йеттахь, хIун дийр ду-те ас?» – хоьттура цо ша–шега. «Со къарван гIерташ… харц тоьшаллина со тIеверзо дагахь, пхьола ду цара суна тIехь динарг… Амма суо вехь а, харц тоьшалла тIе а лоцур дац ас, сайн доьзалан дуьхьа аьлла а, цхьа а цара сайга кховдийнчу осалдолчу хIуманна тIе а товр вац со… Суо вехь а!.. Сан доьзална а ца оьшу кIилло!.. Валар тоьлу, кIилло а хилла бухавуьсачул», – тIаьххьара и сацам шен даг чохь чIагIбелла баьлча, сапаргIат делира Кериман. Цунна хIинца дIатевжинчохь наб а кхийтира, кху кIирнах а ца кхетча кепара кIорге. Кхин цхьа кIира а даьлча, шина гIароло Керим, цкъа хьалха дегIах а хьаьвсина, талламчин кабинет чу вигира барт хатта.


* * *

ШолгIачу этаж тIехь йолу талламчин кабинет сирла а, лекха а йара. Чу ма-велли, дуьхьаларчу пенах кхозура – аьрру aгIop «Правда» доьшучу Ленинан сурт; аьтту aгIop – генералиссимусан хормехь волчу Сталинан портрет. Йуккъехь, сийна исхар тIе а тесна, йеакIов йоккха стол йара. Стоьла тIехь – папканаш, авторучканаш… Стоьла тIехьа, вуса а велла хиъна Iapa, горга цIен йуьхь йолу НКВД–н майор. НеIарехь гIароле дIахIоьттира xIapa схьавалийна ши салти.

Тохара, кхунна йеттале цкъа карцера чу а хьаьжна, Керимна вела а къежна, дIавахана лейтенант а вара, майорна уллохь ирахь лаьтташ. Стаммийрачу пенийн лакхенгахь дохкучу шина корехула майоран стоьла тIе маьлхан зIаьнарийн цIов буьйжира, ангалин зоки чуьра хи къагош, мaйopaн мерабуьхьиг тIехула разбедда цIен пха а билгалбоккхуш.

– Хьо эццига охьахаа… Шу паргIатхила! – элира майора шина гIароле. И шиъ аравелира. Царна тIаьххье вахна лейтенант, неI дика тIе а чIаьгIна, вухавеара шен метте.

– Муха ду гIуллакхаш? – хаьттира майора Кериме.

– Муьлхарш? – йухахаьттира Керима.

– И хIун чаппагIнаш йу ахь йекораш? – стоьла тIе буй туьйхира майора. Уллохь лаьттачу лейтенанта дегI нисдира.

– Сан доллу гIуллакхаш а шун карахь ду. Шуна и диках хаа деза аьлла, хета-кх суна сайначул а.

– Хьан гIуллакхаш хIинца тхохчул а чIогIа хьох хьайх доьзна ду. Хьо хаьттинчунна нийса жоп а луш, догцIена хуьлий тхоьца, уьш диканехьа доьрзур ду. Ца хуьлий – тIаккха бехк хьайн ларалахь! – тIечевхира майор.

– Нийсадерг бен ца ала ас дош ло-кх хьуна, – элира Керима.

Майор, тидаме ши бIаьрг Керимна тIе а боьгIна, соцунгIа хилира, ойла йеш: иза кхийтира цо и муьлхачу aгIop боху.

– Делахь и дика ду… Жоп лол сан хьалхарчу хаттарна: Кхокха, лаца ца лоцуш, дIа хIунда йахийтира ахьа хьайна йуххера?

– Мила Кхокха? – ца кхийтира Керим.

– И хIун моттаргIанаш йу ахь лелораш? «Мила Кхокха?» Шу махках дохучу буса райцентрехь майданахь, хьуна йуххехь лаьттина йолу, цу буса тоьпаш тоьхна вийначу бандитан нана?.. ДагайогIий хьуна хIинца?.. и охьайуьйжира хьуна йуххе, тIаккха хьала а гIаьттина, дIайахара… Iедална дуьхьал йаппарш а йеш, хьан гIоьнца! – тIетуьйхира майора.

Керимна хIинца дагайеара иза:

– Суна и дIайоьдуш-м ца хиира! И ларйар суна цхьамма а тIедиллина а дацара. Суна цунах хууш хIума дац.

– «Хууш хIума дац»… И хIинца цигашхула… лаьмнашкахула, шен ардангаца цIечу эскархошна тIехьахула тешнабехкца тIейетташ, лела… Ткъа ахьа: «Суна хууш хIума дац». Хьуна ца хаьара, иза шен бандит волчу кIентан гIоьнча йуй? ДIа хIунда йахийтара ахь и? – йуха а хоьттура майора.

– И сацае бохург соьга цхьамма а аьлла а дацара… TIe суна и дIайоьдуш а ца хиира!..

– Ткъа хьан коммунистан декхар? Хьох цу буса Iедало гIоьнна араваьккхина вара? Массо хIума а ала дезаш дара хьоьга?

– Цунах лаьцна сан хьоьга ала кхин хIума дац! – чIагIвелира Керим.

– Хьай-й, йовсар йаI! И хир ду хьан «нийсадерг бен» айхьа кхин эр дац бохург! Ас вастор ву хьуна хьо-м, йамартхо!.. «Со айкх вац… Со… фронтовик ву»… – шена хьалхара папка хьала а айина, йуха стоьла тIе туьйхира майора, боьху «дений-нанний» а хьажош.

Керим кхийтира папкин йуккъехь шех лаьцна досье хиларх:

– Хьан бакъо йац оцу тайпана суна боьха тIечеха! Айхьа хаттахь, низамехь хатта ма-беззара, барт хатта!

– Ахь Iамо висна хир ву со, йовсар! Йамартхо! Цул а схьадийцал ма–дарра: мила вара Эскинойхь немцой десантхошна гIодийриг? Церан кеманна бухара хьала билгалонаш йинарг?.. Цунна а «ца хаьа» ала воллий хьо?

– И-м хаъане а ца хаьа. Хезна а дац!

– Сацийт! Йамартхо!

– Со йамартхо вац! Со, хьо санна, майор а, тIе, фронтовик а ву, тIамехь чевнаш а хилла, тIамехь орденаш а йаьхна! Хьан бакъо а йац со оцу тайпана сийсазван!

– «Со айкх вац… Суна хорма ло»… чекистийн хорма а йезара хьуна, бандитийн гIоьнча!

Майоран некхан хьалха йохкура орденийн планкаш а, фронтехь чов хиларан билгалонан цуьрг а.

Керим ойлане дIахьаьжира цуьнга: «И стаг, моттаргIа а йоцуш, баккъал а со йамартхо лоруш, цабезаме хьоьжу-кх соьга!.. Мичахь ду-те оцуьнан бахьана? Тхойшиъ-х, гарехь, цхьана тIамехь хилла ву!» – ца кхетара и, мел ойла йарх. Пенаца хьалахьаьжира: «Правда» доьшуш Iен Ленин а шек вацара, паччахьан хормица лаьтта Сталин а сапаргIата схьахьоьжура.

«ХIун ду-те оцу шинна йуккъехь а таханенгахь цхьатера, цхьаьнадогIуш диснарг?» – хаа лаьара, кхета гIертара и, амма кхетаман гIopa ца кхочура. ТIаккха Сталинна шенна тIехь бIаьрг сецира Кериман: «Ткъа оцунна а хIун хетар дара-те, шен дуьхьа, мурдаша устазан санна, шен цIе а йохуш, даймахкехьа атаке ихна со, хIинца кху чохь, сел бехк а боцуш, шен вукху мурдо кху тайпана хьийзош вайча?» – оцу хаттарна а дацара жоп.

– Ваьллий хьо ойла йина? Дуьйций ахь хIинца бакъдерг? – хаьттира майора.

– Сан хьоьга дийца кхин хIума дац… – хадийра Керима.

Майора стоьлан йистера кнопка а таIийна, ши гIарол чувеара:

– ДIавига! Спецкарцере!.. – элира майора оьгIазе.

«Иштаниг а йу-те кхеран? – дагатесира Керимна. – И муха йу а гур ду-кх хIинца»…

Ши гIарол, дехьий-сехьий йуххе а ваьлла, тIе, хьалхаваьлла, хIинццалц майорна уллохь вист а ца хуьлуш лаьттина лейтенант а волуш, боданечу учехула дIавигира Керим.

– Дийцинехь тоьллера хьуна! – элира лейтенанта.

– Сан дийца хIума дац, – йуха а дIахадийра Керима…

Спецкарцеран йаккхий аьчган неIарш а, стаммий чуччадахна гIopаш а, тIехула кхозу даккхий догIанаш а, инзаре хийтира. ГIовгIанца неIарш схьайиллира.

– ДIайаха… когара мачаш а, пазаташ а! – аьлла, когашIуьйра ваьккхира и. ТIаккха, букъ тIехьахула теттина иза чу а кхоьссина, дIабахара. Керим бертал вуьйжира. Цу сохьта куьйгех а, когех цхьа ира хIуманаш Iиттайелча санна хийтира, лазийра, цIийш гучудевлира. Ша Iуьллучохь дIасахьаьжира Керим: и готта, жима цIа сов лекха дара, хьалакхочур воцуш, тхевнах тесна, тIехула аьчган бой а лаьцна, тIех сирла электролампа а йогура. Цементан цIенкъа хьахаза, хьостамий санна ирахйерзийна, ира йаккхий зуьгалгаш а йохкура луьста. НеIарехь лаьттачу парашина уллохь цIенкъа хьаьхна а, шера а хийтира. Хала а атта а, вол–волуш, текхна, цигахьа а ваьлла, доккха са даьккхина, цкъа ирахIотта хьаьжира Керим, тIаккха гIорадайна дегI, даржош, йуха а цIенкъа охьадиллира. ЦIийш оьхура, ца соцуш, меллаша, хIинца гай тIера, гIогIашкара а… дуккха а меттигашкара. Соц–соцуш, цIийш оьхучуьра севцира эххар. Наб озийра: набарха дуьхьалхIоьттира Кесира… КIант… ЙоI.. ТIаккха… тIом… тIом: «Ура-а!.. Сталинехьа!.. Даймахкехьа чухахка!» – хезара лерехь… Йоккха ирча немцойн танк йара хIинца Керимна нисса тIейогIуш. Цунна граната кхуссучу кепехь набарха ластийна буй цементан цIенкъах а кхетта, цIеххьана йуха самаваьлла Керим дIасатохавелира ша волччохь. ГIовгIанца неI йиллина, чукъедира лейтенант:

– Майора хоьтту хьоьга: хIинца резахиллий хьо ма-дарра дийца?

– Сан шуьга дийца кхин хIума дац!..

НеI тIе а чIаьгIна, лейтенант дIавахара. ЦIийш хIинца йуха а охьаоьхура ца соцуш, уьш сацо гIерташ, Керима цхьаццанхьа тIе пIелгаш Iуьттура, амма пIелгаш йуха а дIадоххушехь, цIийш йуха а охьаоьхура. «Велча хIун дара-те, сецо а ца гIерташ, xIapa бала ловчул?»… – дагадеара цунна, амма йуха а цу сохьта Кесирий, берашший, доьлхуш, дуьхьалтесна: «ХIан-хIа!.. Ма-хуьллу ца вала хьажа веза!» – сацийра Керима. Йуха а пIелгаш, багарчу туьйнаца даша а деш, чевнашна тIеIитта вуьйлира и. ТIаьххьара а цIийш оьхучуьра севцира.

ХIинца дагадеара цунна, тоххара дуьйцуш хезна долу I937–38–чу шерашкахь бериянцаша лецначу коммунисташна кху тайпана ницкъ беш хилла бохург, тIаккха царех цхьаболчара, боцу бехкаш а шайна тIе а лоьцуш, тIе, шайн накъосташна а харц тешалла деш. Керим кхаьрдира хIетахь ишттачарех: «Ас хIинца-м дийр дац харц даре, амма царех башха кхаьрдийла-м ца хилла» – хийтира цунна: «Цул тIаьхьа царех цхьаберш шайн коммунисталлин ойланах йухабовлар а, церан шайн ледарлонна хилла ца Iаш, xIapa санначийн бехкболуш-м ду», – сацийра цо ойланехь.

Корта хьийза буьйлура, чуьра пенаш а хьийза моттуьйтуш. Тохара ша колхозан арахь мацалла охьавожар дагадеъна: «ХIинца… шолгIа а…»,– аьлла, ша-шех велакъежира Керим. Кортахьийзар совдуьйлуш догIура. Лерехь зов гIаьттира.

Керим хIинца ша, кхетамчуьра а ваьлла, охьавожале аьлла, ша волччохь агIорвелира, коьрта кIел куьг а диллина. Набаран тар тесча санна, иза цу секундехь кхетамчуьра велира…

…Самаваьлча, Керимна ша набахтин больницехь Iуьллуш карийра, дегIан массо а маьIIехь хьаькхна йодан а, синькин а тIадамаш а долуш. Дагар хаалора. Хьацар деттара сих-сиха хьаьж тIе а, дегIах а. Лор тIевеара:

– Муха хета хьуна дегI? – эсала бIаьра хьаьжира лор – иза а лаьцначех вара.

– Тоьур ду… ГIоле хета…

– Са ма гатде. Талур ву, – дIавахара и…

Талламчийн кабинете а вигна, Кериме дIахаийтира: цунна НКВД-хойн сацамца итт шо хан тохар, «бандашца уьйр хиларна, дежурничух латарна»…

Керима доккха са даьккхира, дог паргIатдолуш:

«ХIуъа хилла а, цхьаъ хилла чекхдалар тоьлу-кх, гуттар а Iазапехь воллучул» – аьлла. Цу дийннахь иза набахтин камере ваьккхира.

Набахтин камерехь староста волчу гIирм-гIезалочо Гумера элира:

– Хьо-м дика а витна, итт шо бен хан ца тухуш, иза-м цхьа а бехк боцчунна а туху цара.

– Ткъа ас хIун динера? – вухахьаьжира Керим.

– Кхин хIумма а ца хилча а, цу дежурничуьнан шайн кабинетехь бат-х йохийнерий ахь?.. Дика а йохош, – тIетуьйхира Гумера. – Суна-м, иза а ца диннеашехь, Сталине, тхан бехк бацара-кх, тхо паргIатдахахь аьлла, кехат йаздарна тIе ма йуьсти цара пхийтта шо!..

– И хIунда витна хаьий хьуна иштта? – йукъагIоьртира кхаьрца камерехь волу уголовник «Рыжий».

– ХIунда? Дийцал, Рыжий, – элира Гумера, вела а къежна.

– XIoкxo хIуманна а даре ца дина дела!.. Хуур дара даре динехь! Лягавишца гIуллакх тасаделчахь, уггаре а коьртаниг хIун ду хаьий шуна? Цхьана а хIуманна тIехь даре цадар! – куьг хьалатесира Рыжис.

– Рыжийна дерриг а хаьа, – велавелира Гумер.

«Рыжий» нохчо вара, шен бакъйолу цIе Хасболат а йолуш. И цуьнан цIе цхьамма а ца йоккхура – баккъал а тIех хьаьрса а вара иза, цундела и цIе тIехь йиснера цунна, цо ша и тIе а лаьцна. Шен шийтта шо кхаьчначахьана, да-нана доцуш а висна, Грозный-гIалахь дуьйна, къу лелаш, схьавогIуш вара xIapa, шен ткъе итт шо кхачале доьазза лаьцна чохь а ваьллина, лагершкахула а лелла, Сибирехь а шозза хан а йаьккхина, даим оьрсашна йуккъехь леларна, оьрсийн мотт нохчийн маттал шера а буьйцуш. Нохчий махках а бахале лаьцна хилла xIapa, муха кхочу а ца хууш, кхеран камере нисвеллера. Самукъане а, каде а, гIуллакхдан кийча а хиларна, кхуьнан амална резахилла, тIеэцнера иза камерехь, амма делахь a, xIapa къу вуйла хууш, къайллах лар а лора хIокхунах чохь берш.

Керимна тIехилира иза:

– Ловзий хьо? – хаьттира цо.

Керим ца кхийтира:

– Стенах?

«Рыжийс» сонехьа дIаозийра Керим. Сонехь йолу шера цIенкъа, киран йуьхьиг хьекхна, шахматийн уьн хормехь кечйина йара. Кхуззахь шахматийн кепаш а Iохкура.

– Ас уьш айса баьпкан буьйдигах йо…

– Со вон ловзу.

– ХIума дац. Кхин дика со а ца ловзу. Ший а Iемар ву.

Чуьрнаш, цуьнга а хьоьжуш, буьйлура.

«Рыжийс» кхузза а эшийра Керим.

– ХIинца хьоьгара суна хьан баьпкан пай йогIу.

– ХIунда?.. Вайша дийцина-м ма дацара? – цецвелира Керим.

– ХIан–хIа!.. Ишта Iедал ду!.. Массарна а хаьа! – элира Рыжийс.

Чуьрнаш гIадбахна бийлабелира:

– «Рыжийс» шен «ваша» Iехий! – элира камерехь цхьамма, Керим а хьаьрса хилар гина.

– Ахь хIун до оццул баьпках?

– ХIун до?.. Шахматаш йо-кх! Чкъуьйриг йоу. ХIорш йеха ма ца лаьтта. Йакъа а лой, кегло… ТIаккха xIopш а йоу.

Керим а гIадвахна велавелира:

– Дика ду. Хьо тоьлла. ДIалур йу хьуна, – резахилира иза.

Оццу сарахь Керима, Москва, Генеральни прокуроре дахьийта кехат йаздира, шена тIехь лелийна харцо йуьйцуш.

– Xlapa йаз-м динера ас. ХIинца новкъа муха доккхур ду xlapa? – хаьттира цо Гумере.

– XIapa почтан яьшки чутаса-м цхьаъ тIехьожург кхузарчех ву, мелла а вайх къахеташ… Шена кIеззиг совгIат дахь… Амма дIакхочурий-те? ДIакхаьчча, а жоп а хирий-те? Оцуьнан теш-м вац! Ас дукха кхехьийтина… Схьада. Кхана новкъа доккхур ду… – кехат дIаийцира Гумера.


* * *

Iуьйранна кхеран камера чуваьккхира тIехьожурго цхьа керла лаьцна верг:

– Лазаретера ву. ХIинца а дикка тавалаза, – элира цо. Гумера шега делла кехат чета а таIийна, тIехьожург дIавахара. Соне тебначу керлачу накъостана тIевахара Рыжий.

– Ловза вайшиъ?

Важа кхоьлинчу бIаьргашца, вист ца хуьлуш, гIийла схьахьаьжира. Йалхийтта шо бен хир доцуш, жима кIант вара.

Рыжийс кхин цкъа а хаьттира. И вист ца хуьлура.

Рыжийс нохчийн маттахь хаьттира цуьнга:

– ХIун хилла хьуна? Нохчо вуй хьо?

– Ву, – элира гIийла. Шина а бIаьргех хи делира.

«Рыжийс» а, вукхара а ша волччохь, шен сонехь витира и, кхин хье ца веш, мелла а иза хьекъална телхинчух тера хетта. Иштта масех де а даьккхира жимачу кIанта, схьа ца уьйш, йелла йуург халла йууш, шен соне а тебна. Камера чохь цхьа «Рыжий» вара къаьсттина цунах къахеташ, цуьнан тидам беш, йуххе а воьдий, цуьнца дехха цхьацца шабарш деш. Эххар а «Рыжийна» хиънарг дара жима кIант цу лазартне кхарна дехьарчу, урканаш чохь бохкучу камерера дIавигна хилар.

Уьш болу камера йара, набахтехь а цIейахна, вон йуьйцуш: цу чохь бохкурш урканаш хилла ца Iаш, къиза рецедивисташ бара. Цара тIехьожурго аьлларг а ца дора, шайна ца лиъча. Шайх воцург, хьовха, къуйх воцург, шаьш долчу нисвелча, цунна тIехь луьра таIзар а латтадора.

ТIехьожургаша а кхечу камершкара шаьш реза цахилларг, цхьана-шина денна, олий, таIзарна церан камери чукхуссура. Иштта чукхоьссинчех хилла и кIант а. ТIаьххьара цуьнан цIе а хиира «Рыжийна» – Цатаури Валет, Гуьржехь кхиинчу нохчех схьаваьлла. «Валет» боху цуьнан цIе а, «Валид» бохучух, гIалат а бевлла, йазйина йара. ТIаьххьар Валета дийцира «Рыжийна» дерриг а ма-дарра: ша урканаш болчу камерера мича бахьаница, хIун «цамгарца» лазартне ваьккхинера. Цо и шега дийцинчул тIаьхьа «Рыжий» а вара хIинца кхоьлина, камера чухула, вусавелла, ойлане дIасалелаш, цхьаьнгге вист ца хуьлуш. Массара а тамаш бора, хилларг хIун ду а ца хууш, иштта и хийцаваларх. HeIape веъначу тIехьожургна а, цхьа а бахьна а доцуш, йуьхь тIе туйнаш туьйхира «Рыжийс», чуьрнаш а цецбохуш.

– И хIунда дира ахьа? – хаьттира Гумера.

– И боьха хIума йолу дела.

– Йовссар! Ас гойтур ду хьуна! – аьлла, давахара тIехьожург.

Оццу сарахь шеца гIоьнчий а балош, вухавеанчу тIехьожурго хIинца, ваьхьна, Рыжий кхоьссира урканаш чохь болчу камере. Iуьйранна урканаш чохь болчу камера чуьра, такхийна, диъ дакъа арадоккхуш гира, балхана уьйтIа вуьгучу Гумерна. Царна йуккъехь «Рыжий-м» вацара цхьадика. Балхара, суьйренгахьа шен камеран чу вуха схьавалийначу Гумерна чохь самукъане велакъежна «Рыжий» гира. Хазахийтира и дийна висна:

– Дийцал хIинца ма-дарра ахь лелориг! – тIетаьIира цунна Гумер а, Керим а. Валет а вара, хIинца дуьххьара векхавелла, шен сонехь Iаш.

«Рыжийс», и шиъ йуьстаха ваьккхина, кхечарна ца хозуьйтуш, дийцира:

– Оцу веаммо Валетана ницкъ бина, лелийна цара иза. Оцу гIуллакхах цомгаш а хилла, виллина хилла иза лазарете а. И сайна цуьнгара хиъначул тIаьхьа, суо оцу камера чу ваккхийтаран дуьхьа, туьйхира ас тIехьожургана туйнаш. Со церан камера чуволлушехь, урканех воккхахверг цецвелира: со вевзара царна. Виъ бен вацара чохь. Ас барт хаьттира: кIантана ницкъбинарг мил-мила ву шух аьлла. Шай-шай вац бохуш, вовшашна тIетуьттура. Амма кIанта бийцарехь а, уьш бара уьш. Ас веа вийра! ХIокху хьостамца! – беха ира шелокан хьостам дIагайтира Рыжийс

– Чекх муха баьккхира ахь? Мичара баьлла?

– И-м даима а сайца лелош бара сан… цхьана меттехь… – тIетуьйхира цо. – Бехчалгана йуккъехь.

Кхин дIа и ца хиттира Гумера: цунна хезнера хьалха дуьйна а къуша и тайпа хьостам дегIаца мичахь лелабо. Шен сонера, кхарна тIе а веъна, Валета маравоьллира Рыжий.

– Дика дина и ахь! – къобалдира Гумера. – Делахь а, кхана дуьйна вай киэга-м дийр ду цара и гIуллакх толлуш, – тIетуьйхира Гумера.


* * *

Кхана дагахь а доццург хилира: набахтин хьаькмаша акт хIоттийра, и йиъ урка, вовшах а летта, цара вовшийн байина хилар чIагIдеш, и гIуллакх талламе даьккхича, шайх а тасалуш, генна даларна кхоьруш: «Рыжий» церан камере ваккхар дIайаздан кхиаза а хиллера уьш. TIe, лар а буха ца йита, цу дийннахь цара, шаьш шекболу Рыжий а, цуьнца и Валет а кхечухьа ваьккхира ший а. Церан камера чуьра биснарш а, Гумер а, Керим а тIехь, тайп-тайпанчу, вовшашна ген-геннахь йолчу лагершка дIасахьовсийра.


* * *

Керим дIакхаьчна лагерь Караганда-гIалина гена йоцуш йара. Ло дара… Мох хьоькхура… КхойтталгIачу бараке нисвира Керим. Нохчех, гIалгIайх йаьккхинера барак. Йукъ–кара кхарачай а, балкхарцаш а нислора. Наггахь гIалмакхо а, немцо а хаалора. Массо а, наггахь воцург, цхьаъ санна, «Iедало шайна хIоттийна низаман раж цалардарна» лецна бара. Керим санна, шайн цIерачу бандашца уьйр хилла аьлла, тIекхоьллинчу бехкаца лецнарш а, мацалла ца бала, хIума лачкъийнарш а нислора. Пеш ледара йелахь а, чохь дуькъа хиларна башха шийла ца хетара.

Керима шозлагIчу дийнахь кхузара а дахьийтира кехаташ Москва, генеральни прокуроре а, тIаккха шен Гродековохь бисинчу доьзале а: «ДIакхачахь а, ца кхачахь а», – аьлла! ЧIогIa сагатдора, КесирагIар муха Iа ца хууш а, шегара хаам цаьрга дIа ца кхочуш а…

Кху лагерехь лецначийн хьал набахтехьчул кхин а эшна гира: йуучун кхачам бацара, шелонгахь бойту белхаш а нуьцкъала бара… Тахана Iуьйранна дуьйна а Кериман бригада, шайн баланда а йиъна, Керим а коьртехь, йуха а аьчган некъан станце йеара, тIаьхьабаьхна каной а болуш.

КIоранах йуьззина вагонаш йара кхаьрга хьоьжуш, I9-чу шахтера схьакхаьчна. Воккхахволчу канос, хIорш могIарехь нисбеш, дIа а хIиттийна, кхайкхира:

– ХIоранна а, садале шишша вагонетка план йу. Сов кхочушйинчунна делкъехь совнах баьпкан йуьхк лур йу. План кхочуш ца йинчунна ахбарам бен йууург лур йац…

Куьйгаш дахьадора, уьш дахьа ца дайта, болх сиха а, тIетаьIIина а бора зекаша. Кериман куьйгаш а, пIелгаш а, кIоран ира чан чуьйоьлла, лозура. Болх бечуьра минотна а соццушехь, уьш тIе дахьа а дора, тIаккха йуха а балхана тIетаьIира иза. Кхарна генабоцуш, кхечу канойн гIаролехь, шаьш къастийна балийна, болх беш дIо урканаш а бохкура.

Царах, дегIана жимо волчу цхьамма, кхаьргахьа схьа тIе а вирзина, мохь туьйхира:

–ХIей, изменникаш! Тоьур ду шуна! Охьатаса белаш! Шу бахьанехь тхо а латтадо кху шелехь! Садовш лаьтта!

«Царна а хаьа-кха хIинца тхо изменникаш дуйла», – велакъежира ша–шена Керим. Оцу жимачу уркано кхин тIе а хилла, йуха а мохь туьйхира, Керим цецвоккхуш, цIенчу нохчийн маттахь:

– ХIей, чангIалкхаш! Шуьга ца лоь тхо! Охьатаса и белаш.

– Ой–й! Хьо-х нохчо ву! ХIетте а тхуна иштта муха алало хьоьга?.. Мичара, мила ву хьо? Дийцахьа! – цуьнга йуха мохь туьйхира Керима.

– Кхин хIумма а оьший хьуна?! – аьлла, вела а велла, иза, ведда, шен тобанах дIакхийтира.

«Миска вай йаI!.. Миска вай йаI!.. Ма доьхна ду-кх вайн гIуллакх кху дуьнен чохь!», – гIийла ойла йира Керима. Мацалла корта хьийзара, цхьаберш шаьш лаьттачохь дIасалестара, нийсса латта де доцуш. Хьуьллахь цхьаъ охьавуьйжира, тIебахна, хьевсичахь – веллера.

Кхин ши дакъа а дитна, белхан де чекх а даьлла, шайн баракашкахьа бухабирзира КеримгIар а, дIо шаьш къастийна балош, урканаш болуш. Иштта, xIopa денна бохург санна, шайх цхьацца–шишша цигахь лей, йухабоьрзура цигара бараке.

Тахана сарахь кхеран I3-чу баракехь башха шийла а дацара: цхьаццанхьа лехьийна кегийра дечигаш а, чIешалгаш а, чета а йоьхкина, чуеънера зекаша. Цхьацца дуьйцуш xIopш, шайн-шайн жIуганаш а йина, чохь Iаш, Керимна, корехула дIахьаьжча, тохарлера жима нохчо-урка тосавелира, кхаьргахьа схьа чу а хьоьжуш, меллаша тIехволуш. «Лаан ма дац иза!» – аьлла, Керим сихха неIаре вахара. Нохчо-урка схьатIехилира. Сиха, шабарца, кхечарна ша ца гайта гIерташ, ша волччохь тебаш, Кериме цо элира: «Тховса буса шуна цIеххьана тIелата кечлуш бу тхайнаш – шина тобанца: хьалхара тоба чуер йу, шуна ца хоуьйтуш, тебина, цхьацца чуволуш, шун тIехьарчу сенин неIарехула. Цара, шу дийшнна Iохкушшехь, шун чухлара гIopaш дIа а даьхна, важа тоба шун арахьарчу йоккхачу неIарехула чуйер йу, шу тIаккха дерриш а дойур ду… Шайн виъ накъост нохчаша цхьанхьа-м вийна бах…

– Хьо хир вуй цаьрца? – хатта кхиира Керим. «Хаац», – цу сохьта бодашкахь вайра иза.

Баракехь староста волчу Керима, хьем ца беш, цкъа хьалха лакхарчу тIехьожурге а, дежурничуьнга а и дийца вахийтира шайх цхьаъ. Цара и вухаваийтира, и эрна кхерамаш тIетуьйсуш, урканийн амал йу, царех кхеран эшац, делахь а ларлуш хила аьлла. Кхин цхьа а йа гIo а, йа хьехам а ца бира. «Церан хIун дов? ДIатоьхча, бойу берш урканаш бу; схьатоьхча, бойу берш политически зекаш бу», – аьлла, дагатесира Керимна. Цо шайх кхо-виъ накъост схьа а хаьржина, кхеташо а йина, катоьххна неIарш, кораш дика тIечIагIдира, чохь массаьрга хаам а бина, шайна карийна бел, гIуй, эчиг, хьокха, кхиерг а караэцийтира чохь болучаьрга. Шен бIобулучех цхьаберш дIахIиттийра сенин неIаре а, йоккхачу неIаре а, шина коре а.

– Делахь а кхерам боккха бу: вайн баракехь ши бIе сов бен вац, церан баракехь кхо бIе сов ву. Цара тIаьххьара а неI йохор йу. Амма вайна церан план хаьа, вай оцунах пайдаэца беза. Уьш хьалха бодашкахь тебина вайна а ца хоуьйтуш, цхьацца чу волуш, чубахка билгалйина неI тIехьарчу сенин неI йу.

Вай цкъа оцу неIарна хьалха доккха кIорга ор даккха деза хIинццехь, – бодашкахь царех чуваьл-ваьлларг цу ор чу вожийта… Эххар а царех цхьаъ кхетта вухавала кхиахь, шайн тешнабехк гучубаьллийла а хиъна, уьш берриш а бухабевр бу, йа бухур бу… Вайн аьтто сов бер бу… – хьехар дира жимчу дегIахь волчу, «бургат» цIе тиллинчу, нохчийн мотт а хууш волчу гIалмакххочо.

Белаш а карийра… Шина сохьтехь ах бIе стаг циггахь доккха ор даьккхина велира. Чохь серло ца латош, корехула сема арахьоьжура… Буьйса йуккъе йаьлча, лагерехь массо а барак дIатийначул тIаьхьа, йоккхачу неIарна аьтто aгIop долчу корехь терго йан хIоттийначо:

– Тсс!.. – аьлла, пIелг хьалаайира. ТIевахна хьаьжча, Керимна гира: урканийн барак йолчуьра дуьйна кIайчу лай тIехула схьатекха бодане Iаьржа оьла… Цунна тIаьххье кхин цхьаъ… Кестта кхин цхьаъ… «Берриш ара-х ца бевллий-те уьш?» – ша волччохь вулавелира Керим. Мел ойла йарх а, хIинцца хила кечбеллачу цу бохамах кIелхьарадовла, и ца хилийта некъ ца карабора: бухадиснарг цхьаъ дара –хIуъа а дина а, шаьш цаьрга ца дайийтар. Латар.

bannerbanner