banner banner banner
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

скачать книгу бесплатно

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том
ИсмаIал Акаев

Бенедетти Франческо

Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц.Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур.Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза.Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

Маршо йа Iожалла

Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Бенедетти Франческо

ИсмаIал Акаев

Переводчик Янина Дикаева

Переводчик ИсмаIал Акаев

Редактор ИсмаIал Акаев

Иллюстратор Изнаур Акаев

Фотограф Элеонора Бенедетти

© Бенедетти Франческо, 2022

© ИсмаIал Акаев, 2022

© Янина Дикаева, перевод, 2022

© ИсмаIал Акаев, перевод, 2022

© Элеонора Бенедетти, фотографии, 2022

ISBN 978-5-0056-7234-6 (т. 1)

ISBN 978-5-0056-7235-3

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

Маршо йа Iожалла

БЕНЕДЕТТИ ФРАНЧЕСКО

АКАЕВ ИСМАIАЛ

Нохчийн Республика Ичкерин истори

I ТОМ

Революцера Нохчийн Хьалхарчу тIаме кхаччалц

1991—1994

Нохчийн матте гочйина Акаев ИсмаIалс, Дикаева Янинас.

Библиографи а, кхин болу хаамаш а бовза аьтто бу www.ichkeria.net (https://ridero.ru/link/gZD1XABrNeUMci) сайта тIехь

ЗIе: libertaomortechri@gmail.com

ДIадолор

Нохчийн Республика Ичкерин историх лаьцна книга йазйан сан ойла кхоллайелира 2018-чу шеран бIаьста. ХIетахь цу гIуллакхо йерриге а ойла дIалаьцна хилла волу со кхийтира жимачу къоман историн и мехала агIо ма-йарра теллина ца хиларах.

Шеко йоцуш Нохчийчоьнах лаьцна книгаш шортта йолуш йу. Уьш итальянски маттахь а каро аьтто бу. Цу книгашкахь дуьйцу тероризм кхоллайаларах а, гуманитарни бохамех а, тIеман тактикех а лаьцна. Амма суна хаьа лууш дерг дара Нохчийн Республикин пачхьалкхаллин бух муха хилла. Цуьнан хьаьрмахь маьрша пачхьалкха кхуллуш иза Россех къастийначу социальни-политически цхьаьна а процессан бина нийса исторически таллам ца карийра суна.

Уггаре а чIогIа суна хаьа лууш дерг дара Нохчийчоьнан пачхьалкхаллин дIахIоттаман хийцамех а, цу хийцамашкахь дакъа лаьцначарех а. Амма хIете а билгалдаккха деза, и чулацам болу литература ингалс а, оьрсийн а меттанашкахь йолуш йу, цунах новкъарло йоцуш шуьйра пайда эца йиш йу интернет-майданашкахь. Цундела суна лиира и берриге а гIирс цхьаьна исторически говзарехь гулба а, оцу кепара къизачу шина тIаме йирзинчу нохчийн революцица доьзна хIинца а къастонза долчу хаттаршна жоьпаш дала а.

Цу тIехь беттанашца къа хьоьгуш со кхийтира хIинцалц цхьаммо а хIара болх болийна хIунда ца хилла. Массо а кехаташ оьрсийн маттахь хиларал совнаха, дукхох дерш шина тIамехь хIаллак а хилла, ткъа цхьадерш Россин къайлахь архивашкахь дIалачкъийна. Билгалдаккха деза, Советан Iедал дIахIуттучу муьрехь – ткъе уьттолгIачу а, шовзткъалгIачу а шерашкахь Советан Iедала инзаре дукха нохчийн Iилманчаш, Iеламнах махкаха баьхнера. Уьш Сибрехан набахтешкара кхин йуха ца бирзина, ткъа халкълахь уггаре а чIогIа лоруш хиллачарна Соьлжа-ГIалахь таIзарш дина, церан декъий Соьлжа хи йистера хьайрахь охьуш хилла. Цхьа берш-м цу къизачу хьайранан бага дийна боллушшехь а кхочуш хилла…

Ша нохчийн лаьтта дуьххьара ког баьккхинчу дийнахь дуьйна Россис шен ницкъ мел кхочург дина нохчийн къоман истори хIаллакйан.

Iилманчашкахь дукха хьолахь публицистически гIирс бу, ткъа иза леррина талла безаш бу.

Цундела хIара болх беш со тIеIоттавелла уггаре а йоккха хало йоьзна йара сайна карийна хаамаш талларца, уьш ширачу историца бустарца. И бахьана долуш, ас www.ichkeria.net (https://ridero.ru/link/gZD1XABrNeUMci) сайт кхоьллира. Цу сайта тIехь со дукха хьолахь къасто а, талла а гIерта хIинца а жоьпаш каронза долу хаттарш.

ХIара книга хьалхара том йу кхи дIа маьрша Нохчийчоьнан исторех лаьцна хин йолчу книгаш йукъара. 2020-чу шеран чилланан баттахь зорба тоьхначу книгин нийса кеп йу хIара, амма хIара йешархочунна атта хир йолчу агIор зорбане йаьккхина йу, цул совнаха сайта тIехь болчу хаамех пайда а оьцуш, кху книгана кхачо йийр йу цхьацца чулацаме хаамашца а, хиламашца а.

    Бенедетти Франческо

Бенедетти Франческо

Авторан дош

Кху книга йукъахь Нохчийн Республика Ичкерих лаьцна журналистийн а, историкийн а тидам тIебоьрзур болу шортта хаамаш бу. Кху белхан коьрта Iалашо йу исторически бакъдерг лардеш, политически озабезам боцуш хилларг йукъараллина довзийтар. Кху книгас ца довзуьйту билггал цхьаьна вовшахкхетарийн хьашташ, йа конституцин а, террористически вовшахкхетаршна а пропаганда а ца йо. ХIара книга йазъйеш сан Iалашо ца хилла нийсонца ца догIуш дерг йа, муьлхха а пачхьалкхан законаш дохош дерг хестор а, айдар а.

Ас йемал до муьлхха а дов йа къаьмнашна йукъара дар-дацар тIамца, ницкъаца, герзаца къасторан. Ас йемал до политически а, а динан а, иштта экстремизман муьлхха а кепан.

    Бенедетти Франческо

Акаев ИсмаIал

Дешхьалхе

Тешо йолуш ала мегар ду тIаьхьарчу ткъе итта шарна йукъара хиламаша даг тIехь чов ца йеш ца витина цхьа а нохчо. 1944-чу шарахь махках дахаран лазам хIинца а кийрахь Iийжачу къомана рогIера къиза киртиг тIеIоттайелира.

ТкъолгIачу бIешарехь инзаре чолхе хиламаша дуьзна дара нохчийн къоман дахар. Церан ирча лар схьайогIура 17—19 бIешерашкара дуьйна. Иза ларамза а дац, Росси пачхьалкхица уьйр мел лаьтта. ТIаьхьарчу ткъе итта шарех дерг аьлча, къаьсттина Нохчийчоьхь хиллачу шина тIамах дерг, и хилам башха тергал ца бира йа Россин пачхьалкхахь а, йа дерриге а дуьненахь а.

Дуьненахь уггаре а ницкъ болчу Россин эскарна дуьхьал тийссадала ша диссира нохчийн жима къам. Нохчийчохь цIий Iанар бахьана долуш, хIаллак хилира бIе эзарнаш маьрша адамаш, ткъа дийна биссинарш пана махкашкахь дIасабаьржира.

Дукха хан йоцуш, интернет сурсаташкахь со ларамза тIеIоттавелира Бенедетти Франческос йеллачу интервьюна. Журналистаца дечу къамелехь цо дуьйцура нохчийн къоман историх лаьцна ша йазйиначу книгах лаьцна. Цуьнан къамелан кIоргIечу чулацама, нохчийн къоман баланех лаьцна цуьнан дог дуьзна болчу лазамо со а, сан кхетам а бакъ долуш Iадийнера. Мацах шираллехь йухаметтахIотторан муьрехь Европана культуран серло гайтиначу генарчу Италин Флоренци гIалахь веха жима стаг дуьненан бIаьргаш делла гIертара, жимачу къомо лайначу балина, цуьнан тидам тIеберзош. Цуьнан къамелах бIаьрг буьзначу сан ойла кхоллайеллира цо бина болх кIоргера талла. Итальянски мотт сайна ца хуушшехь, сан аьтто белира и книга йеша а, цул совнаха оьрсийн матте гочйан а, хIинцалц нохчийн баланашна къора а, бIаьрзе а хилла юкъаралла, интеллигенци, журналисташ, историкаш самабаха Iалашонца. Айса тIелаьцнарг хала а, атта кхочуш а дина ас, цул совнаха авторан пурбанца цхьацца хийцамаш а бина. Со тешна ву, йешархочунна атта а, кхетар а волчу а, маттахь йазйина хIара книга историкашна хилла ца Iаш, муьлха а стагана пайдехь хир йу аьлла. ХIара хьалхара гIулч бен йац нохчийн тIамах лаьцна Бенедетти Франческос йухьаралаьцначу некъан. Со тешна а ву кху книгас эзарнаш йешархойн кхетамехь боккха а, чулацаме а некъ беш, дуьненна бицбелла нохчийн балане церан болу хьежамаш хуьйцуш, кху заманан литературни а, исторически а майданехь йоккха меттиг дIалоцур хиларах.

Акаев ИсмаIал – журналист, йаздархо, Лондонера Евразийски кхоллараллин гильдин декъашхо.

I КОРТА

Нохчо

«Нохчо хила хала ду. Иза хьан синан шатайпа хьал ду. Нохчо даима а къиссамехь ву. Амма цо цкъа а йа тIом а, йа къиссам а ца латтийна шен лулахошца. Исторехь цкъа а хилла дац нохчийн къомо цкъа мукъне а шайн лулахошна тIелатар дина аьлла, амма нохчийн даима а дезна шайн Даймохк, шайн культура, шайн Iадаташ, шайн дин бахьнехь къиссам латто. Нохчо даима а шен кхолламан лехамашкахь ву. Иза цкъа а ца веха шена. Цуьнан дахаран маьIна – цуьнан тIаьхье йу. Муьлхха а нохчочунна сийлахь декхара хетта шен берашна цIенош дар, церан дахар дIанисдар а, йаьхь йолу тIаьхье кхиор а.

Нохчо дика доттагIа а ву, амма иштта вуно кхераме мостагIа а ву. Иза атта ца теша. Цо ца белхабо шен эшамаш, мелхо а царех воьлу иза. Нохчочо шен зудчун цIе ца йоккху, нахана хьалха цкъа а шен бер а ца хьосту. Шен дена-нанна хьалха а хьостур дац нохчочо цкъа а шен бер.

Нохчочунна ша веха хIусам даима а хетта йухур йоцу гIап, цундела цо шен цIенна йисте леккха керт хIоттайо. Нохчаша даима лерина терго йо шайн ков-кертан, шайн хIусамехь долчу хьолан, даккхий хилла аренца лелачу шайн берийн цIа дерза лаам хилийта.

    «Хала ду нохчо хила» Чеснов Ян.

Хьост

Мацах дуьйна нохчийн Даймохк Кавказ хилла – Iаьржа а, Таркхойн а шина хIордана юккъахь Iуьллу и исбаьхьа латта. Иза декъалуш ду шина ламанан даккъашца: мелла а лекханиг Къилбаседа агIор долу дукъ ду, цунах Сийлахь Кавказ олу, мелла а лоханиг Къилбера Жима Кавказ олуш дерг ду.

Цу лаьмнийн даккъашкахула чекхвала хала ду. Ламанан басешца йуьткъа тогIеш йу, ткъа цу тогIешкахь охьаоьхуш ду эзар шерийн йохаллера дуьйна шайн некъ баьккхина хилла ламанан татолш.

Къилбехь, Жимачу Кавказана дехьа, Эрмалойн акъари йу – хьекъаш доцучу баьрзнийн и йоккха шорте, ткъа Къилбаседахь, Сийлахь Кавказан когашкахь Iуьллу тайп-тайпанчу къаьмнех йуьзна, йист йоцу шера аре.

Цкъа а ца дешачу лайша хьулдинчу цу ламанийн даккъаша луьстачу хьаннашна тIе кIайн хIоз буьллуш санна сурт хIоттадо. БIаьрг тохийша цу Шат Ломе, цуьнан сийлалле, цуьнан лекхалле. Толкиенан кхоллараллина хьакъ долчу хьолах эцийша марзо.

Ларамза дац, къаьсттина кхузахь кхолладелла хилар Пхьарматах а, Нох Пайхамарах а (Дела реза хуьлда цунна) лаьцна аларш, дийцарш.

Дуьненан йуккъе, Европа а, Ази а, Малхбале а цхьаьнакхеташ йолу шатайпа меттигехь Кавказехь даима гола тухуш хилла дуьненан историн сийлахь йаккхийчу цивилизациша.

Кавказана тIехь олалла дан бакъо къийссина ширачу цивилизациша, царех хIораммо цу исбаьхьа лаьттахь шен лар а йитина – динахь, архитектурехь, топонимикехь.

Дуьненан маьI-маьIIера схьаоьхучу мостагIаша деш долу тIелатарш бахьана долуш, Кавказан къаьмнаш доьлла хилла дуьнен чохь даха даима шайн бакъо къийсса йезаш хиларца.

Цу халачу хьолехь даха Iамарал совнаха, уьш Iеминера доьналлица мостагIашна дуьхьало йан а.

Шайн паргIато а, Даймехкан маршо а бахьанехь даима латто безаш хиллачу къийссамо цхьа шатайпа чIогIа тIера хилийтина уьш Даймахкана, шаьш схьадевллачу меттигашна. Билгал Францойн махкал хир йолчу цу хьаьрмахь маьрша а, бертахь а деха ткъа къам а, ткъаессана мотт а, вуьрхIитта пачхьалкха а, кхоъ дин а.

Цу къаьмнийн къорзачу куза юкъахь Нохчийчоьно дIалоцуш йу вуьрхIитта эзар квадратни чаккхарма. Оццул хила тарло Галлес а. Нохчийчоь иза бIе кхузткъа чаккхарма йохалла а, бIе чаккхарма шуьйралла а йолу нийсасаберг йу. Нохчийчоьно милла а цецвоккхур ву шен Iаламан шатайпаллица.

Къилбаседара Къилбе кхаччалц некъ беш, вайн бIаьргашна йелалло йист йоцу шуьйра аре, ткъа йуха и буц-аре хийцало аьхначу аренашна, цигара гучуйовлу Теркан – нохчийн уггаре а доккхачу ахканан хин йистош. Терк Нохчийчухула тIехдолу Малхбузера Малхбале кхаччалц, ткъа цул тIаьхьа иза Таркхойн (Каспийское) хIордах дIакхета.

Теркана тIехдевлча, вай кхочу аллювиальни аренашка, цигара Теркан дукъ олучу баьрзнаш тIехьара йолалло кхин цхьа шуьйра тогIе. Цунна тIехдолу Соьлжа цIе йолу нохчийн кхин цхьа ахка. Иза Теркал дуккха а жима ду, амма нохчашна чIогIа мехала а, деза а хеташ ду.

Соьлжа йерриге а Нохчийчухула тIехдолу малхбузера малхбале кхаччалц, эзар шерийн йохаллехь Нохчийн аре кхоьллинчу, сиз хьаькхча санна богIучу некъаца. Кхузахь йу республикера уггаре а йаьккхий йарташ, иштта Нохчийчоьнан коьрта шахьар Соьлжа-ГIала а.

Соьлжа-ГIала нийсса республикин йуккъехь йу. Цигахь веха кхо бIе эзар сов стаг. Аренан къилбехьара дIа чIожашна тIехдовлу ламанан гIовгIане Iовраш. Цигара нийсса ирхнехьа хьаладевлча, вай кхочу Нохчийчоьнан Къилбе – луьстачу хьаннийн цу буьрсачу махка. Цигахь ду Кавказан лаьмнаш а, Нохчийчоьнан уггаре а коьрта Тебулос-Мта (Дакох Корта) лам а. Цуьнан лекхалла йу 4493 метр.

Нохчийн къоман истори дIайолало 6000 гергга шо хьалха, хIетахь церан дай Месопатамера кхуза схьабаьхкинчу хенахь дуьйна. Цхьа мотт буьйцучу шортта тукхамех лаьтташ хилла и къам. Царех олуш хилла Нах. Цу дашца кхоллайелла йу цу къоман цIе – НАХИ, НОХЧИ – Нохан къам.

Ткъа йуха, Советан Iедалан муьрехь керла дош кхолладелла – Вайнах – нохчашна гергара къаьмнаш гIалгIай а, бацой а билгалдеш долу.

Нохчий хIетахь Iеса ца хилла. Цара коьрта Iамал йеш хиллачух Дела олуш хилла – дерриге а дуьне кхоьллинарг. АллахIах хIинца а олу нохчаша Дела.

Вайнехан пантеон кхин долчу Iеса къаьмнийн пантеонах тера хилла. Масала, желтойн мифологера Прометейх нохчаша Пхьармат олуш хилла. Иштта церан мифологехь хилла инзаре даккхий адамаш – Нарташ. Ламанца баха хевшича, нохчийн тукхамаш гергара тейпанашна, гаранашна декъаделла, шаьш бехачу меттигийн йа, шаьш схьадевллачу дайн цIерш а оьцуш. Царех цхьадолу тейпанаш аренца Теркан а, Соьлжанан а йистошкахь даха хевшина, шайн дахар йуртбахамца доьзна а долуш. Цара кемсийн а, кхин долчу стоьмийн а бошмаш а лелош хилла, иштта даьхний а, латта а лелош хилла. Цу нахах нохчаша теркхой олуш хилла, йа охьара нах.

Ткъа кхин берш ламанца биссина. Цигахь дахаран хьелаш мел хала делахь а даьхний а лелош, Iаш хилла уьш. Царех ламарой олуш хилла.

ХIора аьхка ломара нохчий тогIенашка охьабуьссуш хилла охьара нахера кIа эца а, иштта цхьацца сурсаташца цаьрца хийцамаш бан а.

Нохчийн маьрша дахар тIекIалдаьлла вайн эрал хьалха хиллачу 6-чу бIешарехь. ХIетахь царна тIелетта киммерийцаш а, скифаш а, иштта ГIажарера къаьмнаш а. Цара чубеъна тIом бахьана долуш, аренца болу нохчийн шайн ломара вежарий болчохь кIелхьарабовла дезна.

Цхьажимма шайна чу са деъча, нохчаша шайн махкара скифаш дIалаьхкина, амма уьш дIабахана дукха хан йалале, царел ницкъ болу а, хьекъале а мостагIий баьхкина нохчийн махка – сарматаш.

Церан ардангаша дIалаьцна йерриге а нохчийн аренаш. Соьлжа хих кхеташ долу Марта ахканан цIе а сарматийн «беллачийн ахка» олучу дашах кхоллайелла йу олуш ду.

Итта шарешца цаьрца къиссам а латтийна, нохчаша толам баьккхина. Ткъа Кавказехь йиссинчу сарматийн жимачу тобанах кхолладелла ду олуш ду хIирийн къам.

Масех бIешарахь нохчий маьрша Iаш хилла, ткъа Сийлахь Кавказан къилбехь византийцаш а, гIажарий а хилла тIемаш беш, Кавказана тIехь олалла дан бакъо къуьйссуш. Вайн эран 7-чу бIешарехь и ши пачхьалкха Iаьрбойн тIелатара дIахьаькхна, ткъа хIетахь Кавказехь а хилла баккхий хийцамаш. Дуьххьара цуьнан къаьмнаша долийна маьрша пачхьалкхаш кхоллар.

Царех уггаре а коьртаниг хилла Гуьржийн элалла. Цо шен тергоне лаьцна Сийлахь а, Жима а Кавказан йукъахь мел йолу хьаьрма. Iаьрбойх а, иштта аренца даьлла лелачу къаьмнех а шаьш ларба Iалашонца гуьржиша гIо деш хилла кегийчу къаьмнашна а шайн пачхьалкхаш кхолла.

Иштта кхоллайелла кху заманан Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанашна тIехь Iиллина Дзурдзухети а, иштта, Нохчийчоьнан къилба-малхбузехь хилла Симсир элалла а.

Ила цIе йолчу паччахьа куьйгалла а деш элийн тобано (Узден) феодализман кепехь латтанийн дола деш хилла. Халкъхой олучу маьрша нехан аьтто хилла герз лело, ткъа йалхой а, леш а церан куьйг кIелахь хилла. Пачхьалкхан иерархин лардехь хилла йийсарш а, леш а.

Цу муьрехь нохчаша бакски а, шотландски а, иштта ширачу Германин а кепехь шайн социальни система кхоьллина.

Доьзала коьрта меттиг дIалоцуш хилла социальни дахарехь. Доьзалшах кхоллалуш хилла некъий, ткъа церан декъашхоша цхьаьна къахьоьгуш хилла даьхний лелорехь а, латта ахарехь а.

Амма социальни структура йоттарехь коьрта цIурко тIулг буьллург тейп хилла. И дош Iаьрбойн «Тайфа» олучу дашах схьадаьлла ду олу. Тейп кхоллалуш хилла итт эзар а, кхин а сов адамех. Тейпанаш гаранашна декъало, ткъа гараш некъашна.

Церан куьйгалла деш хилла Мехк-Кхела – иза къанойх а, иштта махкахь уггаре а дика цIе йоккхучу а адамех лаьтта, къоман шатайпа гулам бу. Цо оьшучохь нийса кхел а йеш хилла, иштта аха латта а билгалдеш хилла, тIом болуш киртиг тIенисйеллехь, бIаьхой а вовшахтухуш хилла.

ХIора а тайпанан шен цIейаххана да а хилла а, иштта шен лам а хилла. Цу ломахь цхьаъ йа, масех бIов хилла. Цу бIевнашкахь нохчий бехаш а хилла, иштта цу бIевнаша йоккха меттиг дIалоцуш хилла мостагIийн бIо йухатохарехь.

Карарчу хенахь Нохчийчоьнан лаьмнаш дуьзна ду и тайпа бIевнех. Царех цхьайолчарех йиссинарш херцарш бен йац, ткъа цхьа йерш хIинца а дика лаьтташ йу.

Нохчийн лаьмнашкахь хIинца а лаьтта эзар шо хьалха йоьттина хилла и тIулгийн инзаре лекха гIаланаш.

Къаноша нохчийн къоман истори Iаьрбойн маттахь йазъйина ларйина тептаршкахь. Цу тептаршкахь, исторически хиламех лаьцна долчу дийцарел совнаха, нохчийн бакъонан – Iадатан лехамаш а хилла дIайазбина. Иза ма-дарра аьлча хIора а нохчо тIетовжа декхарийлахь йолу син-оьздангаллин а, бакъонан а граждански кодекс хилла.

Тейпанаша наггахь шайн конфедерациш кхуллуш хилла цхьацца Iалашонца, масала мостагIашна дуьхьало йан, чIир йита, ши тейп берта дало а, кхин дIа а.

Цу цхьаьнакхетараллех Тукхум олуш хилла. Карарчу хенахь уьш исс ду, царна йукъа догIуш ду ши бIе гергга тейп.

Дахаран тайп-тайпанчу политически а, кхин долчу а хьелашкахь коьрта меттиг дIалуш хилла къаношна. Цо кхоьллина нохчийн къоман бух. И тайпа шайн ламастийн чIогIачу буха тIехь кхоьллина йолчу йукъараллас тамаша бара арара пачхьалкхин Iедал.

Империца дуьхьал Iоттадалар