скачать книгу бесплатно
[43] Вай хьалха ма-аллара, Горбачевн перестройкан коьрта Iалашо йара СССР-ах маьрша а, суверенни а республикех лаьтта керла конфедеративни сойуз кхоллар йара. Иза хIора а йозуш йоцучу а, автономни а республикас куьйг йаздинчу федеральни барта тIечIагIдина хила дезаш дара.
И гIуллакх шуьйра дийцаре деш дара, хIунда аьлча нагахь санна цхьа республика а куьйг йазда реза ца хилахь, и ерриге а бIов йухуш йара.
ТIаьхьа вайна гур ду хIетахь цу бартана куьйг йазда Нохчийчоь реза ца хилар, Нохчийн хьалхара тIом болабаларан бахьана хуьлуш. Список йовза мегар ду сайта тIера «Нохчийн къоман конгресс» декъехь.
Коьрта хаттар Нохчийчоь суверенни республика хила йезий дацара, цо цу суверенитетах муха пайда эца беза дара. ГIехь хьежамаш болчарна иза дика аьтто бара Нохчийчоьне Россица нийсса бакъо йолу керла федеративни пакт хIотто.
Ткъа радикалашна суверенитет дика таро йар республика йозуш ца хилар кхайкхо а, кхин йолчу республикашца нийсса Кавказан конфедераци кхолла а, гуттаренна Россин олаллах Нохчийчоь маьрша йакха а.
Конгресс
Вовшахтохаран комитетан болх кхехкаш бара. Гуламехь дакъа лецира 1000 делегата: царех 839 нохчаша кIошташкара хаьржина вара. Царна тIекхийтира дозанел дехьара диаспоран 55 векал. Политикин а, Iилманан а цIейаххана болу гIуллакхой ца биссира цу хиламна йуьстах.
Программа йерзо оьшург уггаре а кIезиг кхо де дара.
И тайпа доккха цхьаьнакхетарна ахчанца кхачо йан а, йуург латто а, хьеший дIатарбан а атта дацара.
Цу гIуллакхна йоккха харж оьшура, цундела Вовшахтохаран комитет финансисташ лаха йолайелира. Цара хьегна къа эрна а ца диссира: бахархоша а, тайп-тайпана хьукматаша а, кхечу пачьалкхашкара диаспораша а гIо дар бахьана долуш, Комитетан аьтто белира оьшуш хиллачул шозза алсам ахча гулда.
Массо а реза хуьлуш, сацам бинера нохчийн культура юхаметтахIотторан Фонд кхолла. Цу фонде дIахьажор долуш дара совдаьлла долу ахча. Фондан президент хIотиийнера къона йаздархо Ахмадов Муса.
И организаци вовшах а тоьхна, гулам дIабахьа аьтто баьлча, Вовшахтохаран комитета дIадолийра Конгрессан кхочушдаран органийн структура кхоллар, ма-дарра аьлча хIинца оьшуш йара Конгрессан политически программин чулацам кечбеш, и программа Лаккхарчу Совета кхочуш йар тергал дийр долу подразделениш.
Оцу кепара, Конгрессан Кхочушдаран комитет цуьнан правительство а, координационни центр а лара мегар дара.
Цу белхан терго Президента йийр йу, ткъа цуьнан метта шина вице-президента. Конгрессан куьйгалхой ассамблейа схьайиллинчу дийнахь дуьйна болх бан йолалур йолчу Кхочушдаран комитета хIиттор бу.
1990-чу шеран товбецан баттахь ша дерриге а кийча дара. Амма цхьаъ дара Вовшахтохаран комитетан сагатдийриг: Конгрессехь хила безаш болу лулара гIалгIай.
Ма-дарра аьлча, уьш нохчий бац, уьш нохчашца цхьаьна этнолингвистически доьзалера бу, ткъа и ши къам культурни декъехь вуно тера хиларна, цу шинна юкъахь къастам дIабаха хала дара.
Шина а къомера дукхох болу нах реза бара нохч-гIалгIайн пачхьалкхан цхьалла ларъйан, ткъа нагахь санна политически кхиар, хетарехь кхечу агIоне доьдуш делахь а, Вовшахтохаран комитетан дукхох болу декъашхой къаьмнаш къастийта лууш бацара.
ГIалгIай шайн рогIехь махкаха даьхначу къаьмнашна реабилитацийа йаран Закон къуьссуш бара хIинца а. Уьш тешара, цо шайна Пригородни кIошт йухайерзор хиларах.