
Полная версия:
Жима Дана

Вахит Хаджимурадов
Жима Дана
Бабин жима Дана.
Жима к1ант Дана цхьана к1ирана 1ен валавинера цуьнан нанас Бабий, Воккхададий долчу. Иза-м ч1ог1а хаза хан йара к1антана, кхузахь бабас куьйгаш т1е а вуьллий лелавора иза: даима хьоьстуш, мерза йаах1уманаш йеш. Мел мерза ч1епалгаш, хингалш дан хаьара бабина, мел мерза хуьлура х1инцца нохчийн пешара йеттина йаьккхина т1ера 1а а г1уьттуш сискал т1оберамца, сийначу хохашца, ц1ен хорсамашца. Ткъа уггаре а Данина кхузахь хазахетарг – иза суьйрана раг1у к1елахь нохчийн пешана ц1еран серлонна хьалхахь бабас дуьйцуш долу туьйранаш. 1аламат дукха а хаьара бабина и туьйранаш. Йалх шо долу Дана шена улло а хаавой, цуьна хьалха нийса хадийна сирла к1ужал болу месашна т1ехула куьйг а хьокхуш, хьостуш йолалора баба шен туьйранех цхьаъ дийца:
Цхьана ширчу заманчохь, ворх1ломал дехьахь
1аш-йехаш ма йара цу къенчу бабин
Малх санна ша хаза, бутт санна сирла,
Сил дукха бабина йезаш йолу Зезаг!
Оцу йоь1ан ма вара, дог майра долуш,
И къона иччархо, иэкханаш толлуш.
Хазахетара цу йо1на иччархо къона,
К1антана йо1 йезара шен сил а дукха.
Йо1на ма ца лаьара т1ехьийзачу к1анта
Иэкханаш дойийла шен ирчу пхашца.
Оцу бабин жима ц1ено хьуьнайисттехь дара,
Бовхачу цу малхах гаьннаша хьулдеш.
Куц хаза лу дара цу бабин йоь1ан
Хьуьнхара кест-кестта хьошалг1а дог1уш.
Оцу луна кечйина бабин цу уьйт1ахь
Хуьлура мерзачу цу хьаьжк1ийн буьртиг.
Шен нанас шен дена йина йиша санна,
Дезар-кха цу йо1на хьуьна хьаша и лу.
Йо1 ч1ог1а кхоьруш йара иччархон 1одах,
Шок йета ира пха шен луна кхетарх!
Кхийринарг кхочуш деш, ца лиънарг хуьлуш,
Цхьана хазчу суьйренца базбелла ког ойбуш,
Йо1 йолчу лу кхечи, къинхетам ша лоьхуш!
Т1иэхьара ког лоцуш, пха буог1абелла!
Куьгаха иэрча пха озийна баьккхуш,
Чов сиха йихкина садо1ан дити
Цу бабин ва йо1а и миска хьаша.
Цу сарахь суьйренца бузучу малхаца
И къона иччархо йо1 йолчу кхечи,
Оцу бабин хаза йо1 сатесна гаре.
Кертйистте йиэза йо1 схьакхайкха лиъна.
– Д1авала гучура! Дог къиза иччархо!
Кхин бабин кертйистте улло ма г1ерта! -
К1ант човхош элира оцу бабин йо1а,
Къахьвелла виэза к1ант уьйт1ара иэккхош.
– Ахьа х1унда, иччархо, ца туху ира пха
Исс ломана т1ехьарчу саьрмикан коьртех!
И шийтта шен корта болчу цу саьрмика
Хьийзош ду бехк боцуш, къинхетам боцуш,
Исс ломана т1ехьарчу йарташкахь адмаш! –
Аьлла ша витира йо1а и къона иччархо,
Оцу бабин цу йо1а, цу бабин кертйисттехь.
Х1ун хилла кхетаве! Бехк бу-те, бац техьа!
Сихалло кхоллуш бу шун хаза и безам!
Т1ехьийзачу к1ента 1ад куьгбехке дацара,
Йо1на-м и доцийла хууш ма дацара.
Йахьйолу иччархо йо1 кхетон ца г1оьрти,
Шен боцучу бехкана бехканза ца вели.
Дог майра иччархо некъана кийча ву,
Саьрмикца къовсалуш цо хьуьнар гойтур!
Буьйсана йохаллехь, геннарчу некъана
Кечам беш ма вара и къона иччархо.
1уьйренца г1оттучу цу дашон малхаца
Ша вахан велира и исс ломал дехьа,
Бехк боцу и йарташ саьрмико йагуочу,
Шен шийтта ва корта болчу цу мостаг1ца,
Ша ваьлла тасалуш майралла ва къовса!
Сатосуш 1уьйренца лам лекхачу волуш,
Х1инца а набарха балазчу цу малхе
Къона и иччархо хоттуш вара, мохь тухуш:
– Бос хаза дашо малх! Хьолла хаза х1ума дац
Доккхачу дуьненчохь, сийначу цу стиглахь!
Х1ай сийлахь, дашо малх! Ахьа суна гайтахьа
Исс ломана цу дехьа боьду и шира некъ!
Цу денна йохала ц1ен суьйре кхаччалца,
Дашон шен з1аьнаршца гойтура цу малхо
Исс ломал цу дехьа боьду и шира некъ.
Цу ц1ечу суьйренца и дашон малх буьзича,
И къона иччархо дехаре волура
Детица кхелинчу юьхьгоргачу цу батте:
– Х1ай, сийлахьа беттаса, бос сирла горга бутт!
Цу 1аьржачу буьйсанна буьззина да бу хьо!
Хьан лекхачу пурбанца догу цу буьйсанчохь,
Детин и бос лепа, йуьхь хаза седарчий.
Исс ломана цу дехьа гайтахьа шира некъ!
Цу буьйсана йохаллехь садаржа г1ортталца,
Шен детин з1аьнаршца цу батто гойтура
Исс ломал цу дехьа боьдуш болу шира некъ!
Ц1аьххьана стиглана гуолоцуш хьаьвдинчу
Цу мокха бос болчу мархашка доьхура
Къоначу иччархос некъ байна ша висича:
– Х1ай, масса ва мархаш, шун пурба ва доцуш
И сирла шайн йаххьаш ца гойту дуьненна
Цу дашон ва малхо, цу детин ва батто!
Аша суна гайталаш и б1аьхойн шира некъ!
Оцу пана ва махка, саьрмак д1атарбеллача.
Гуонахарчу йарташна т1ехьйоцу и йасакъ
Оцу 1аьржачу саьрмико йохучу йарташка
Эххар а кхечира и майра иччархо,
Ладуг1уш йоцу йурт кийрарчу алуца
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «Литрес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.
Вы ознакомились с фрагментом книги.
Для бесплатного чтения открыта только часть текста.
Приобретайте полный текст книги у нашего партнера:
Полная версия книги
Всего 10 форматов