banner banner banner
1ибадат
1ибадат
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

1ибадат

скачать книгу бесплатно

1ибадат
Хьусайн Шовхалов

Жайни чулацам:– 1ибадат х1у ду?– 1ибадато х1у чу лоцу?– 1ибадатах нийса кхетам муха бу?– Дериг дахар 1ибадат муха хира ду?– Дуьненахь нийса вахар муха ду?– Ислам динах нийса кхетар муха ду?– Делан дуьхьа муха вехара ву (ю)?

1ибадат

Хьусайн Шовхалов

© Хьусайн Шовхалов, 2023

ISBN 978-5-0056-9400-3

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

1ИБАДАТ

ДЕШХЬАЛХЕ

А1у?зубилла?х1иминашшайт1о?ниррожийм. Бисмилла?х1иррохьма?ниррохьийм.

Берриге хастам Аллах1ана бу, 1алам кхиош-кхобуш Волчу. Салават а, салам а хуьлда Аллах1ан Элчанна Мухьаммадана а, цуьнан ох1ланна а, асхьабашна а, церан некъа т1ехь царна т1аьхьа мел ваьзначунна а, къемат де даллац.

Лараме бусалба нах! Адам Дала цкъа бен дуьнен чу кхуллуш дац. Цхьаъ бен дахар ца делла Дала адмана. Д1адаьлча кхин юха дог1ур дац и дахар, амма цунах жоп дала дезар ду цуьнан Далла хьалха. Дахар нийса д1адахьа нийса кхетам хила беза цуьнгахь. Дахар д1адахьа диэза дуьненахь а, эхартахь а шена цунах пайда хир болчу кепара. Цунах доьзна ду эхартан а, дуьненан а ирс.

Дахарах лаьцна нийса кхетам вайна карабо Дала вайна делчу шарий1атехь. Х1унда аьлча, шарий1ат нийса некъ болун дела, Дала массо 1аламна билгал бина болу. Цу т1ехь верг гал вера вац, цу т1ехь воцург нийсонна т1ехь а хира вац.

Цундела, вешан дахарах ма-хуьллу дукха пайда муха эца йиш ю билгалдоккху кху жайни т1ехь. Даима вешан дахарех вайна Делера ял муха хира ю билгалдоккху кху жайни т1ехь. Вешан дахар Аллах1 реза волчу кепара муха нисдан йиш ю билгалдоккху кху т1ехь. Цу 1илманца вешан дахар эрна ца хилийта, вай дуьненахь лелош дерг эрна ца хилийта, даима Делан къинхетам вайца хилийтархьама.

Дала Шен къинхетамах ма дохийла вай! Дала Ша реза волчу кепара нисдойла вайн дахар!

Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн

21 зуль-къа1да 1443

19.06.2022

НИЙСА КХЕТАМ

Муьлххачу а х1уманан шен довзийтар хуьлу. Шен маь1ница хьуна иза девзича, цунах кхетар ч1ог1а хуьлу хьан, иза даг чохь сацар дика хуьлу, цунах кхоччуш нийса кхетам а хуьлу хьоьгахь. Цундела, хьалха х1уманан маь1нех кхетар коьрта ду, т1аккха цунна т1едоьг1начух кхета атта хуьлу хьуна.

Тахана вай бусалба ду. Ислам дин лелош схьадог1уш ду вай. Делахь а, массо цхьабосса вац цу динна т1ехь. Дукхахдолу уммат г1ийла ду шен Ислам- динна т1ехь. Бусалба нах бусалба бу шайн ц1арца, амма шайн куьцаца бац. Дин леладо цара 1адат санна, х1ора дийнахь беш болу болх санна. Ламазаш до, мархийн беттан хан т1ееача марханаш кхобу, хьадж дан хан т1ееача хьадж до, воккха хилча зуда ялайо, мац велча юух1ума юу, наб еача д1авуьжу, п1ераскан дийнахь рузбане воьду, саг1а ло, иштта д1а кхидолу динан белхаш а до, кхин церан ойла а ца еш, церан хан т1екхаьчча дег1о ша-ша ала мегар долуш, д1а а хуттий, кхочуш до уьш. Цхьа чохь са а доцуш, делахь а далаза долчу адамех тера ву иштта бусалба стаг. Х1унда аьлча, ша дечу 1ибадатан маь1на девзаш вац иза. 1ибадатах кхеташ вац иза. 1ибадат х1ун ду хууш вац иза. Ша деш долу 1ибадаташ робото санна деш, д1алела иза. Цундела ду уммат г1ийла 1ибадатна т1ехь, цунах кхета ма-деззара ша кхеташ доцу дела. Иза довзар а, цунах кхетар а ч1ог1а коьрта ду Далла герга вахар т1ехь.

ИСЛАМ ДИНАХ КХЕТАР

Ислам-дин адаман дахар нисдеш, тадеш, хаздеш низам ду. Ислам бохург – стаг Далла муьт1ахь хилар ду. Ткъа бусалба стаг Делан лай хилча, 1адатехь ду лайно шен элано шена т1едиллинарг дан дезаш хилар. Лайна т1ехь дац ойланаш еш корта лазабахар. Шен элас шега де аьлларг дича волуш ву иза. Иштта бусалба дин Дала Шен лайшна даийтина низам ду, уьш Шена герга балор болуш, церан дахар дуьненахь ирсе дийр долуш, уьш дуьненахь а, эхартахь а декъал бийр болуш, жоьжахатех уьш к1елхьара баьхна, царна ялсамана хуьлуьйтур йолуш.

Амма Ислам-динан к1орге маь1на ду, иза Аллах1ана муьт1ахь хилар, Цуьнца накъост ца веш, Цо де аьлла 1ибадаташ кхочуш деш, Аллах1аца накъост варх а, Цуьнца накъост веш болчу нахах а гена ваьлла, царах ц1ена хилар ду. Ткъа цу дерригенан чулацам – 1ибадат ду. Х1унда аьлча Далла муьт1ах хилар – 1ибадат ду. 1ибадат ду Аллах1 цхьаъ вар, Цуьнца накъост ца веш. 1ибадат ду Цунна муьт1ахь хилар, Цо т1едиллинарг деш хилар, Цо хьарам динарг дита а дуьтуш, Цуьнца накъост ца вар, иза Цуьнца веш болучарех ц1ена хилар.

Цундела, 1ибадат х1ун ду хаар хьуна уггар коьрта г1о деш х1ума ду, хьо бусалба хиларна т1ехь. Цунах хьо кхеташ велахь, динца болу кхетам а нийса хир бу хьан. Х1инццалц айхьа ма-леладарра а доцуш, кхечу тамашийна-хазачу кепара дин леладан волалур ву хьо.

Ткъа х1ун ду те 1ибадат?

Х1ун лоцу 1ибадато шена чу?

1ИБАДАТ

Дала аьлла Къуръан чохь:

<<Аш 1ибадат де Аллах1ана, Цуьнца цхьанне х1уманах накъост а ма ве>>.

Дала 1ибат де боху вайга, Шеца накъост а ма лаца. И бохург – Шеца кхи цхьа дела ма ве, Ша цхьаъ бен дела вац шуна, адамо Шена 1ибадат дан хьакъ волуш.

1ибадат деш волу стаг Далла герга воьдуш ву. Далла герга воьдуш волу стаг къинойх ц1анлуш, шен дахарна т1ехь нислуш, дикачу х1уманна т1ехь са вала г1ерташ, хьарамчух ларвала г1ерташ хила веза. Амма вай иштта дац, 1ибадат деш вай доллушехь.

Х1унда дац? Х1у бахьана ду вай иштта ца хиларан?

Бусалба стага дечу 1ибадато и стаг дикачу аг1ор хийцо веза. Ткъа вай х1унда ца хуьйцу цо? Вай ма дац вовшашца тарлуш, вовшашца барт болуш. Ткъа вай ма ду хьарамлонех дуьзна, царех лар ца луш. Вай х1унда ца хуьйцу вешан 1ибадато? Дера ца хуьйцу, вай цунах нийсачу кепара кхета ма-деззара кхеташ ца хиларо. И ду вайн галдаьлларг, вай кху жайница нисдан г1ерташ дерг а иза ду, Делан пурбанца.

1ИБАДАТ: Иза Аллах1ана дезаш, Иза реза волу х1ума ду, олуш долу дош хуьлийла иза, я меженийн 1амал хуьлийла иза, и дерриге къайлаха делахь а, я гучудаьккхина делахь а.

И ду-кх 1ибадат, х1ай бусалба стаг! Дела реза волу, Далла дезаш долу массо х1ума 1ибадат ду хьуна, иза маттаца делахь а, я дег1аца делахь а, къайлах деш делахь а, я гучудаьккхина деш делахь а.

Цо х1ун гойту? Цо гойту, 1ибадат дерриг хьан дахар хилар. Х1унда аьлча, хьан дахар Дела реза волчу кепара хила дезаш ду, ткъа иза иштта хилча, Далла 1ибадат деш хуьлу хьо даим. Гой хьуна, ма доккха совг1ат дина хьуна Дала, хьайн дерриг хьолашкахь Далла 1ибадатехь хила йиш хиларца? Нагахь санна цу хьелашкахь айхьа деш долу х1ума ахь ц1енна Делан дуьхьа деш делахь.

Гой хьуна, вайна ма-моттара цхьа ламаз, марха, хьадж, саг1а ца хилла 1ибадат. 1ибадат дерриг хьан дахар хилла-кх, юух1ума яар, д1авижар, зуда ялор, маре яхар, рицкъа даккхар, Далла т1е болх биллар, Делан дуьхьа лелар, чохь-кертахь г1уллакх дар, ишколехь дешар, берашна хьехар, доьзал кхиор, накъосталла дар, ялта лелор, иштта д1а кхидолу хьан дахарера тайпа-тайпана хьелаш а.


Вы ознакомились с фрагментом книги.
Для бесплатного чтения открыта только часть текста.
Приобретайте полный текст книги у нашего партнера:
Полная версия книги
(всего 10 форматов)