banner banner banner
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

скачать книгу бесплатно

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута
Мурман Ратиани

Мзия Ратиани

«Горцы» – «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш – безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/

Кавказан баххьаш

ЧIинхойн Кута

Мзия Ратиани

Мурман Ратиани

Редактор ИсмаIал Акаев

Дизайнер обложки ИсмаIал Акаев

Иллюстратор Изнаур Акаев

Переводчик Янина Дикаева

Переводчик ИсмаIал Акаев

© Мзия Ратиани, 2022

© Мурман Ратиани, 2022

© ИсмаIал Акаев, дизайн обложки, 2022

© Изнаур Акаев, иллюстрации, 2022

© Янина Дикаева, перевод, 2022

© ИсмаIал Акаев, перевод, 2022

ISBN 978-5-0056-6100-5

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

«Кавказан баххьаш»

    Кавказан къаьмнийн Ассамблейн Президентана Кутаев Русланна лерина

«Горцы» цIе йолу роман,                      оьрсийн маттера гочйина:                     Акаев ИсмаIалс а,                               Дикаева Янинас а.

I—II ТОМ

Авторера

Йешархойн кхеле суна йилла лаьа ткъе итта шарахь сан дас Ратиани Мурмана къа хьегна йолу книга.

Советан Iедалан муьрехь цуьнга дукхозза дехара динера книга зорбане йаккха аьлла, амма йогIуш йолчу урхаллаша боххучу кепара иза хилийта цуьнан аьтто бацара. Теша лаьа дас шен ойланехь хIоттийна хилла сурт сан кху книги тIехь кхолла аьтто баьлла хиларах. Ас шеко йоцуш дIабоху, хIара болх бечу хенахь цо нийса тидам бора, цо къаьмнаш а, динан башхаллаш а ца къестош, лаккхара мах хадабора бакъ йолчу къонахаллин а, доьналлин а.

1962-чу шарахь Ратиани ГIебартойн-Балкхаре а, Къилбаседа ХIирийн Республике а командировке дIахьажийнера. Цигахь цунна шортта бевзира цу республикашкара похIма долу, Iилма долу нах. ЦIейаххана вевзаш волчу гIебартойн йаздархочо Шортанов Аскербис дерзийра Ратианин дахар кхоллараллин хорше. Йовр йоцу лар йитира цуьнан даг чохь Шортановн «Ламанхой» цIе йолчу романа. Цундела ларамза дацара цо шен говзарна ишта цIе тиллар. ХIирийчохь иза веза хьаша вара Чехоев Сарабин а, Царукаев Владимиран а хIусамашкахь.

Кавказан истори кIоргера йовза лууш волу иза шен корматаллехь тIаьхьа консультантан бен болх бина вацара. Цуьнан белхашкахь йоккха лар йитина нохчийн цIейаххана вевзаш волчу меттан Iилманчас, профессора Дешериев Юнуса. Иза сих-сиха тхо долчохь Гуьржийн махкахь хьошалгIахь хуьлура.

1968-73-гIа шерашкахь Ратиани Къилбаседа Кавказера ара волуш вацара, цигахь цунна кхоллараллин дуьненера шортта нах бовзийтира Ратианин нохчех схьаваьллачу махкахочо Дуашвили Мохьмада. Къилбаседа Кавказехь вевзира цунна лезгински йаздархо Лезгин Нямет а. Ратиани иза волчохь Кусарски кIоштахь хьошалгIахь а хуьлура. «Зеламха» цIе йолчу романан авторца, нохчийн йаздархочунца а, дессидентаца а Мамакаев Мохьмадаца дукха гергарло латтийна ву Ратиани. Иштта Ратианина схьабеллера кхарачойн йаздархочун, «Обарг» цIе йолчу повестан автор волчу Хубиев Османан дукха белхаш а, иштта йоккхачу Кавказера йаздархойн а, историкийн а зорба тоха магийна доцу кехаташ а. 2001-чу шарахь дуьйна Ратиани Мурмана ша биначу талламийн а, иштта Кавказера шен доттагIашкара кхаьчначу кехатийн а буха тIехь зорбане йаккха кечйеш йара шен роман, амма 2013-чу шарахь иза цIеххьана кхелхира. 2015-чу шарахь дуьйна ас дIаболийра дех биссина хилла болх.

Ас даггара баркалла боху шайгахь болу хаамаш бовзуьйтуш Ратиани Мурманна гIо мел диначу Кавказан историкашна а, йаздархошна а. Къаьсттина баркалла ала лаьа иза Къилбаседа Кавказе а вигна, оьшучу нахах дIатоьхна хиллачу Дуашвили Мохьмадана. Цхьаьна Нохч-ГIалгIайчохь даьккхинера Ратианис пхи-йалх шо.

Книга хIинца а чекхйаккхина йац, нагахь санна хIумма а дуьхьал ца далахь, 2020-гIа шо чекхдалале, ас йешархошна 3-гIа том йовзуьйтур йу. Йешархойн дехарца ас зорбане йоккху хьалхара ши том. Сайн дас вовшахтоьхна хиллачу балха тIехь со къахьега йолайелча, со дагахь йара нохчийн обарг Кута коьрта турпалхо а волуш повесть йазйан. Амма соьл дика литературех кхеташ болчу сан накъосташа суна хьехар дира роман йазйан, Дела реза а хуьлда царна.

Сайн болх дIаболош, сан шеко йоцуш, ойла йара хIара книга сайн дена лерина хилийта, амма цу тIехь къахьоьгуш со кхийтира иза нийса ца хиларах, хIунда аьлча кху исторически романан автор ву иза. Цундела романан автор Ратиани Мурман хилийта сацам ас шо хьалха бира, амма цул тIаьхьа сан йерриге а ойла дIалецира хьанна лерина хилийта мегар ду хIара книга, мила ву хьакъ Кавказан къонахийн масала хила? Кавказан исторехь къонахашна къоьлла хилла йац цкъа а: Шайх Мансур, Болотоко Джамбулат, Имам Шемал, обарг Кута, Гамсахурдия Звиад, Дудаев Жовхар – Кавказан истори луьстуш дIауьуду зама! Мила ву рогIерниг?

Тахана Кавказан къиссам гIелбелла бац, мелхо а Россин импери йу гIеллуш, амма цундела йу иза кхин а чIогIа дарйелла. Уллохь массо а оьгIазлоно лаьцна, кхерийна, вовшашна мотт тоха сиха, вовшашна йамарт хила сихлучу муьрехь, дин а, къаьмнаш а ца къестош, нийсоне кхача гIерташ, шен майра некъ беш адам ду тахана. Гамсахурдин а, Дудаевн а лехамашна йамарт воцуш, церан нийса накъост хилла, ша хаьржинчу некъа тIера йуха а ца вирзина. Цо шен ницкъ кхочург до лаьмнийн сирла Iадаташ дендарехь, Кавказан къаьмнийн вовшашка болу тешам а, уьйр а чIагIйарехь. Цуьнан амалехь гулделла сан романан турпалхойн васташ. Книга лерина йу Кавказан къаьмнийн Ассамблейн президентана Кутаев Русланна.

Авторийн биографи

Ратиани Мурман

Ратиани Мурман вина 1929-чу шеран бекарг беттан 21-чохь, Гуьржийн мехкан Абаша олучу жимачу гIалахь. Ишкол йаьккхинчул тIаьхьа иза Гуьржийн махкара политехнически институтан гIишлошйаран факультете деша хIоьттира. Дешар чекх даьккхинчул тIаьхьа, 1947-1950-чу шерашкахь цо Баку гIалахь эскарехь тIеман декхара дIакхехьнера. Цул тIаьхьа иза Батуми гIалара МКС-е дIахьажийнера. Цигахь цо тайп-тайпанчу даржашкахь болх а бинера. 1962-чу шарахь Ратиани Мурман ГIебартойн Балкхаре а, Къилбаседа ХIирийн Республике а кхаьчнера шен белхан гIуллакхашкахула. Цигахь цунна бевзира Къилбаседа Кавказан шортта цIе йаххана бевзаш болу йаздархой а, кхоллараллин интеллигенцин векалш а. ХIетахь дуьйна цо шен дерриге а дахар паччахьан Россин къизаллина дуьхьал къиссам латтош хиллачу Кавказан турпалхойн кхолламаш талларна а, царех лаьцна хаамаш гулбарна а лерира.

Ратиани Мзия

Ратиани Мзия йина 1962-чу шеран кхолламан беттан 26-чохь Батуми гIалахь. 1979-чу шарахь цо чекхйаьккхина Тбилиси гIалара ишкол. Ратиани Мзияс болх бина заводера комсомолан райкомехь кадрови декъан куьйгалхочун даржехь. 1986-чу шарахь иза деша хIоьттира Рига гIалин 4-чу медицински колледже. Ратиани Мзияс болх бина ЛССР-ан Могашалла Iалашйаран министерствон 4-чу урхаллин 2-чу больницехь. 1989-чу шарахь дуьйна цо белхаш бина Гуьржийн мехкан медицински хьукматашкахь. Гуьржишна а, абхазашна а юкъахь тIом хиллачу хенахь цо болх бина Гори гIалара госпиталехь. 1996-2000-чу шерашкахь цо болх бина Тбилиси гIалара кардиологически клиникехь. 2001-чу шарахь дуьйна иза юкъараллин болх беш йу. 2015-чу шарахь дуьйна къахьоьгуш йу дас йолийна роман чекхйаккхарна тIехь.

ДIадолор

Ратиани Мурманан а, Ратиани Мзиян а «Кавказан баххьаш» цIе йолчу романах лаьцна

Вайн тидаме йалийна йу гуьржийн йаздархойн Ратиани Мурманан а, Ратиани Мзиян а хIинца а чекхйаккханза, оьрсийн маттера роман (Горцы) нохчийн матте гочйина йолу «Кавказан баххьаш» цIе тиллина йолу роман. Кху романехь дуьххьара нийса мах хадийна кхузахь йуьйцучу заманан хиламийн. Исбаьхьа хаза, цхьа шатайпа нийса довзийтина халкълахь обаргаш олуш хиллачу Кавказан турпалхойн васташ.

XX-чу бIешеран йуьххьехь Паччахьан Россехь обаргалла чIогIа даьржина дара, обаргех лаьцначу дийцарийн хьокъехь Россин интеллигенцина хетарг тайп-тайпана дара. Дукха хьолахь обаргаш Iедална дуьхьал бевлла зуламхой лорура, ткъа бахархошна уьш халкъан чIирхой хетара. Обаргех йуьзна йара йерриге а Кавказ. Уьш массанхьа а бара: Гуьржехь, Азербайджанехь, Дагестанехь, Нохчийчоьхь, ГIалгIайчохь, ХIирийчохь, ГIебартахь, Балкхарехь, Кхарачахь, Адыгеяхь. Паччахьан заманахь шен цIейаххана йевзаш йолчу «Кавказ а, Поволжье а» цIе йолчу книгахь Цаликов Ахьмада йаздо обаргех лаьцна.

Къардинчу къаьмнашца Паччахьан Iедалан йолу мостагIаллин йукъаметттигаша а, халкъашна тIехь цу Iедало латточу къизаллас а ца бевлла Iазапхошна дуьхьал гIиттабора обаргаш. Муха дагадогIур дац нохчийн халкъан турпалхочо Шерипов Асланбека Кавказан ламанхойн а, Паччахьан Iедалан а йукъаметтигийн хьокъехь аьлларг: «Iедало кхерийна къам, ткъа Iедал кхерийна обаргаша». ХIунда кхолладелла ишта хьал? Ма-дарра аьлча, Кавказехь Паччахьан администрацис кхоьллина йолчу урхаллин системас тидаме оьцура къарбала ца туьгучу ламанхойн ламасташ, Iадаташ, дин, ткъа церан дахаре болу хьежамаш къаьсташ хуьлура Iедалан хьежамашца.

Советан Iедалан муьрехь Кавказан обаргех лаьцна дукха йаздархоша йаздина. Иштта, 1930-чу шарахь хIирийчо Гатуев Дзахос зорбане йаьккхина «Зеламха» цIе йолу документальни повесть. Иза цо кхоьллинера Ленинградан, Москван, Соьлжа-ГIалин, архивашкара Iаламат дукха кехаташ толлуш, Зеламха вевзаш хиллачу нахаца цхьаьнакхетарш дIахьош. 1938-чу шарахь кхарачойн къомера волчу Хубиев Османа йазйина «Обарг» цIе йолу повесть, 1957-чу шарахь адыга Керашев Тембота зорбане йаьккхина иштта «Обарг» цIе йолу шен повесть», 1978-чу шарахь зорбане йаьлла гIебарточун Шортанов Аскербин «Ламанхой» цIе йолу роман, 198I-чу шарахь Мамакаев Мохьмада йазйина «Зеламха» цIе йолу роман.

ЦIейаххана вевзаш хилла волу обарг Зеламха цо шен романехь гайтина социальни нийсо къуьссуш волу халкъан чIирхо санна. Обарган доьналла мах хадийна ца валлал лаккхара ду, амма цо тейпанийн йукъаметтигашна а, иштта Паччахьан Iедална а тоссуш бу и кхерам, ткъа и Iедал шайгахь мел лаккхара доьналла а, майралла а хиллехь, обаргийн хийца ницкъ бацара.

Социальни революцишкахула и Iедал хийцича бен аьтто бер бацара Iазапхоша дуьне гатдиначу къоман дахар хийца. Ишта йаздора историкаша а шайн Iилманан белхашкахь.

Амма билгал ца даккха йиш йац, тайп-тайпанчу регионашкахь карарчу хенахь социальни-экономически лард билгалйеш йолу йохка-эцаран йукъаметтигаша цкъачуна нах социальни нийсоне кхачийна бац, мелхо а цара адам декъна, харцонан керла кепаш кхоьллина, адамна тIехь къайлахь латточу Iазапан кепаш билгалйевлла, къоьлла гучуйаьлла. Социальни даI даларо керла обаргалла гучуйалийта мел оьшу хьелаш ду кхуллуш.

Заманан йохалла Кавказан йаздархошна дицделла халкъана тIехь лаьтта социальни даI. Ткъа 2019-чу шарахь, цIеххьана вайн тиламе йолу дас а, йоьIа а Ратиани Мурмана а, Ратиани Мзияс йазйина «Горцы», ткъа карарчу хенахь нохчийн матте «Кавказан баххьаш» – аьлла цIе туьллуш, гочйина, зорбане йаьлла хIара роман.

Ала деза, кху романа суна боккха тIеIаткъам барал совнаха, оьрсийн маттахь ас хIара йешча, со инзаре воккхавера вайн меттан хазаллех, кIоргаллех. Нохчийн маттахь кхин тайпа хIутту кхузахь хIора а сурт, кийрахь цIе латош, дог-ойла ша аьрзу санна тIема йоккхий, ира-кара хIоттош, Орга санна пхенашкахь цIий кхехка. Маржа йаI нохчийн мотт! Моз санна мерза бу хьо, шаьлта санна ира бу хьо, хIорд санна кIоргера бу хьо.

Кху романа сан берриге а кхетам дIалаьцнера цуьнан агIонашкахь йовзийтинчу исторически факташа, адамийн шатайпа васташа. И роман бахьана долуш со кхечу агIор хьоьжура Россис къардинчул тIаьхьа, шайн маршонах, нийсонах девллачу Кавказан къаьмнийн а, Iедалан а йукъаметтигашка. Цу хенахь Россин империс къардинчу къаьмнашна кочайуллуш хиллачу социальни а, бакъонийн а система вуно чIогIа къаьсташ йара ламанхойн ламасташца, Iадаташца, церан вежараллин йукъаметтигашца, цундела царна тIеIоттайелларг йоккха къизалла йара.

«Кавказан баххьаш» говзар – атта йешалуш, йешархочун берриге а кхетам дIалоцуш, литературни исбаьхьалла ца кхоош йазйина роман йу. Цу говзарехь исторически нийсонца довзийтина ламанхойн ламасташ, Iадаташ, церан кхача, уьш бехачу меттигийн цIерш, церан вежараллин баххаш, чIир эцаран мехаллаш а, дахаран чолхе киртиг тIехIоьттича, цара вовшашка кховдош хилла доттагIалла а.

И роман йоьшуш, берриге а тидам тIебоьрзу авторан кIоргечу ойланна.

Шеко йац, хIара роман бакъ болчу хиламийн, дагалецамийн халкъан лийр доцучу иэсан буха тIехь кхоьллина хилар. Романан коьрта турпалхо ву XIX-чу бIешеран цIейаххана вевзаш хилла, Довта-МартантIера нохчийн обарг Кута. Шен йозанашкахь Ермоловс и йурт «Доун-Мартан» цIарца билгалйоккху. Цо йаздо и йурт даима гIебартойн обаргашна кIелхьарадовлийла карош болу лаьхьанан бен бу бохуш. Цундела ламанхойн чалтача чим бина йагийнера и йурт. Халкълахь и йурт йевзаш йара Шайх Мансура дешна йолу, Кавказехь цIейаххана евзаш йолу хьуьжар къаьсттина кхузахь кхоллаелла хиларца, ткъа Шайх Мансуран нана Ану а Довта-МартантIера хилла.

Цу хьуьжарехь нохчий хилла ца Iара доьшуш – ногIий, адыгаш, гIебартой, балкхархой. Цундела заманан йохалла ца хедаш долу вежаралла кхоллалора берийн цу хьуьжарехь.

Романан турпалхой бу Кавказан обаргаш: нохчо Кута, гIалгIа Сулумбек, харачо Зеламха, кхарачо Канамат, хевсур Циклаури Давид, табасаранец Аллахверди, лезгин Кири-Буба, балкхархо Джангуразов Ахия, гуьржи Шеварнадзе Дато, гIебарто Клишбиев Аслан, адыг Тхогазитов Илес. Уьш Кавказехь цIейаххана бевзаш болу халкъан чIирхой бу. Церан вовшашка болу тешам лаккхара бара, муьлхха а чолхе киртиг тIенисйелча, уьш дукха ойла ца йеш, шайн ницкъаш ца кхоош, вовшашна тIекхача хьовсура.

XIX-чу бIешеран чаккхенехь а, XX-чу бIешеран йуьххьехь а Имам Шемала ткъе пхеа шарахь бина тIом чекх ца баьлла, цо халкъан, обаргаллин болам эцна. Романехь бовзийтина болу Кавказан обаргийн болам иза Россин империн эскарна дуьхьало йан аьтто болу боккъалла а боккха ницкъ бу. Адамаша даима а гIо дар а, шайн вовшашца барт хилар а бахьана долуш, обаргийн аьтто болура эшам боцуш кIелхьарабовла.

Романан хьалхарчу декъехь вайна бовзуьйту нохчийн жимачу кIентан къиза кхоллам. Иза гуьржийн къеначу эланан йийсарехь вуьссу. Паччахьан къона эпсар, Гелованин кIант Хонкар мехкан дозанехь лаьттачу ярмаркана пайтонца тIехволучу хенахь, дог Iабош шед йетташ вара мискачу нахана. Цуьнан шед кхийтира базара веана хиллачу нохчочунна а, ткъа цо хье ца луш дуьхьал жоп а делира. Эпсара шаьлта тоьхна, чевнаш йо нохчочунна, ткъа нохчо а лараво шаьлтанца цунна дуьхьало йан. Къона эпсар цигахь дIаволу, ткъа чевнаш йина нохчо а, цуьнан зуда а, бер а Геловани эланан хIусаме дIакхачадо. Гелованис зудчунна а, берана а хьалха тур тохий и нохчо вийна дIавоккху.

Романан хьалхара дакъа чекхдолу Гелованин куьйгара нохчийн кIант маьрша ваккхарца. Кхузахь дуьйцу Довта-МартантIера нохчийн обарган Кутин Кавказера накъостий шайн ницкъаш ца кхоош, нохчийн берана орцах муха бевллера.

Кутас цIа верзаво кIант, Гелованига шен мекара Iалашо кхочуш ца йойтуш. Ткъа Кутина цу тIехь доккха гIо дира гуьржийн а, хевсурийн а, сванийн а, балкхархойн а обаргаша. Ратиани Мурманан а, Ратиани Мзиян а романан шолгIачу декъехь дуьйцуш ду Бакура мехкдаьттанан промыслийн белхалошна декхара йуха дерзорехь Кавказан обаргаша кхочуш йиначу шатайпа операцих лаьцна.

Мехкдаьттан промыслашкахь къахьоьгуш хиллачу тайп-тайпана къаьмнашкара болчу белхалошна догIу алапа дIа ца деллера. Мархи бутт бара чекхболуш, бусулба динехь болчу белхалошна лаьара шайн доьзалийн гуонехь хила дезчу дийнахь. Цара Кавказан обаргашка гIо доьху. Кутас мехала дакъа а лоцуш, обаргаша тIедожадо капиталисташна Нобелана а, Нагиевна а, Тагаевна а белхалошна царна догIу алапа дIадалар.

Иштта, йешархочун тидам тIеберзош ду Теркал дехьа вехаш хиллачу нохчочун Шоптакхан гIалгIазкхиша кхо бIе говр лачкъорах лаьцна дийцар а. ГIалгIазкхиша, ламанхошна даккхий зенаш деш, шайн доьналла гойтуш, сих-сиха лачкъош хилла говраш а, кхин долу даьхний а.

Шоптакха оьрсийн правительствон омранца говраш эскарна кечйеш йара.

Говраш йухайерзор шена тIелецира Довта МартантIера обарга Кутас. Цу хаттарехь а ламанхоша гайтира шайн ира хьекъал а, кхетам а, йист йоцу доьналла а. Говраш шайн дена йухайерзийра, оцу кепара ларйира Паччахьан эскарна говраш кхиош волчу нохчочун цIе. Цунах лаьцна дуьйцуш, РатианигIара исбаьхьа говзаллица довзуьйту йешархошна чергизойн йоьIан Тимазин шен махкахочуьнга хиллачу безамах а, цуьнан ирча чаккхенах а лаьцна.

Иштта дагах кхеташ йолу кийсагаш шортта йу романна йукъахь. Маршо, йахь, сий боху дешнаш дахарал а деза хеташ хиллачу замане йухаверзаво цара йешархо.

Шеко йоцуш книгас гойту ламанхойн чолхе дахар, цара лайна халонаш, социальни харцо, цара шайн ницкъ мел бу нийсо бахьанехь латтийна къиссам.

Романан коьрта турпалхочун Довта МартантIера обарг Кутин дахар кхерамах дуьзна ду. Даима Iедало лар толлуш хилла иза дукхозза йамартлонна а тIенисло, амма хIете а иза цкъа а ца воьхна шен доьналлех, цо цкъа а дахаран диканех ца хийцина шен лаккхара мехалаш.

Цуьнан син-оьздангаллин тIегIа инзаре лекха дара. Тахана кху шалхонан, харцонан тойнехь цуьнан сирла васт масала хила хьакъ ду. Олуш ду, къонахийн зама дIайаьлла, амма хIара роман йешча хийла  стеган кийрахь доьналлин суй летар бу, и зама дIайалла ца хилар дагадоуьйтуш.

Со теша, баланаша зийначу, цIий хьуьйдина Кавказан лаьттахь къонахийн хIу хедар ца хиларах.

    Акаев Вахьит, философин Iилманан доктор, профессор

Сурт диллинарг Айтек Дуг

Обарган новкъахь

Шийла буьйса —
Меца кийра.
Дайна гIора,
ГIийла говр а.
Тоьпан гIап а,
Шаьлтан ботт а.
Буьйса Iаьржа
Стиглахь седа…
Дуьне-эхарт,
Упханан тхов а,
Кошан барз а,
КIайн марчо а.
Шийла тIулг а,
Iаьржа верта.
Йоьду зама —
Дог ду цхьалха.
Ненан бIаьргаш —
Шийла шовда.
Деле воьхуш —
Йиша йоьлхуш.
Буьйса Iаьржа,
Борз а угIу…
Шена кIант а
Дена оьшу.
Буйнахь шаьлта,
Топ а, тапча…
Дехен лазам —
Деган чов.
Боьхна новкъахь
Обарг лела —
Цхьалха тIулг а
Хилла шийла.
Йилла къоман
Лекха, чIогIа —
Дехе сийлахь
Лекха бIов…
Ирс а доьхна
КIант а лела,
Шовдан йистехь
КIудал йеса…

    Акаев ИсмаIал

Дешхьалхе

Ассаламу Iалайкум, лараме йешархой. ХIара дешхьалхе дIайолош, уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, кху книгин коьрта турпалхо нохчийн бакъ волчу къонахчун вастехь доьналла а, майралла а, таханлерачу дийнахь бийца бух а болуш а, тIаьхье а йолуш, тIарикъатан новкъахь а хилла, бусулба динан кIоргера баххаш девзаш, ламаз-марха а долуш, луларчу къаьмнийн меттанаш а хууш, цаьрца доттагIаллин йукъаметтигаш а лелош, нохчийн къоман исторехь йовр йоцу лар йитина стаг хилар. Довта-МартантIера обарг Кутех лаьцна, цхьацца бахьанашца нохчийн йукъараллехь цкъа а шуьйра дуьйцуш хилла дац. Ткъа и бахьанаш вайна ма-хаьара оьрсийн Iедало даима кхуллуш хилла. Нохчийн иэс самадаларан кхерам гуттаренна а хилла оьрсийн Iедалехь. Масех шо бен дац, гуьржийн йаздархо Ратиани Мурман а, цуьнан йоI Ратиани Мзия а бахьана долуш, Кутин цIе Кавказан литературин а, историн а майданехь къеггина седа хилла гучуйаьлла. Цундела тIаьхьарчу хенахь, цхьаболчарна моьтту Кута иза литературехь кхоьллина исбаьхьаллин васт ду, амма иза ишта дац, хIунда аьлча нохчашна цкъа а хьашт хилла дац исбаьхьаллин васташ кхолла – церан историн муьлххачу а муьрехь даима а хилла дуьне цецдоккхуш къонахий. Кху книгин агIонашкахь ма-дарра бовзийтина бу Кутица нийсса, паччахьан Iедалца къиссам латтош хилла Кавказан халкъан чIирхой, цул совнаха, пачхьалкхан архивашкахь Кутин дахарах а, цунна тIехь Iедало латтийначу талламах а лаьцна мел оьшу кехаташ долуш ду.

Ширачу заманахь дуьйна нохчаша шайн лаьмнашкахь лекха бIевнаш йеш хилла. Цу бIевнашкахь уьш бехаш хилла, цу бIевнашкара мостагIийн бIо а йуха тухуш хилла цара. Заманан йохалла стигла кхийдаш хилла ирхечу тархаш тIехь тIулгах йоьттина нохчийн шира бIевнаш.

Хийла мостагIа вогIура уьш йохош, амма тIаьхьарчу тIаьхена йуха а буьллура тIулг, йуха а йуьллура бIов шайн дай баьхначу лаьмнашкахь. Нохчийн ломахь рогIера тIеман дарц даьлча, хеталора и бIевнаш йан кхин стаг хир вац, уьш кхин цкъа а гур йац цу лаьмнашкахь, амма цу бIевнийн херцаршна тIехь гучуйовлура керла гIаланаш. Даймахкана хьалха долу декхара сил а, дахарал а деза хетачу къоман ницкъ кхочура шайн маршонан билгалонан – керлачу бIевнан тIулг билла.

ХIоразза а летара нохчий мостагIех шайн маршо, паргIато, синтем къуьссуш. МостагIийн терахь алсам мел долу, гIора дайна къам кхин а лекха лаьмнашка хьалагIертара. Лакха хьала мел довлу, цаьргара ницкъаш кхууьра, уьш и лаьмнаш санна онда а, зоьртала а хуьлура, цундела мостагIчо ца боккхура толам, иза иэшамца лаьмнашкара йухавоьрзура.

Цигара охьабиссича, шайн хIусамех йиссина херцарш бен ца карайора царна, амма дахаре болчу безамо, цу дахарца йолчу шовкъа гIо дора царна и хIусамаш тайеш, цу чохь керла дахар кхолла, доьзалаш кхио. Ишта дIаоьхура бIешераш. Карарчу хенахь, 21-чу бIешарехь а дерриге а дуьне теш хилира нохчийн къомана тIебеанчу баланан – йохийна, йаьржийна йарташ, гIаланаш, амма цара шайн дайша санна йухаметтахIоттийра шайн дахар, царна йуха а карийра шайгахь доьналла а, ницкъ а. ХIора а нохчочо шен бIов йуьллуш, лерина тIулгана тIе тIулг буьллу, и тIулг цуьнан къоман историн лард йу. ХIора а тIулг нохчийн Iадат ду – къоман син-оьздангаллин лийр йоцу гIап, и хIора а бIов – къоман тIум йу, цуьнан иэс дийна хиларан билгало йу. Нохчийн лаьмнашкахь лаьтташ йолу бIевнаш шатайпа архитектура хилла ца Iа, иза – нохчалла кхоллалуш йолу пхьаьлгIа йу.