скачать книгу бесплатно
ЧIир. Роман
Хараев ИбрахIим
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.
ЧIир
Роман
Хараев ИбрахIим
Редактор ИсмаIал Акаев
Переводчик Янина Дикаева
Оформление обложки: ИсмаIал Акаев
Иллюстратор Изнаур Акаев
© Хараев ИбрахIим, 2022
© Янина Дикаева, перевод, 2022
© Изнаур Акаев, иллюстрации, 2022
ISBN 978-5-0056-9396-9
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
«ЧIИР»
роман I-ра том
гочйина Дикаева Янинас
редактор Акаев ИсмаIал
Перевод Комп*они «Перо – Дош ДикА»
chinhoisma@gmail.com
Авторан биографи
Хараев ИбрахIим вина 1967-чу шарахь Казахстанехь.
1998-чу шарахь дуьйна вехаш ву Вовшахтоьхначу Iамаьркан Штаташкахь – цкъа Нью-Йоркехь, ткъа цул тIаьхьа Лос-Анджелесехь. Хараев ИбрахIим спортан а, медицинин а, иштта кинематографан а гIуллакххо ву.
Дешхьалхе
БисмиллахIиррохьманниррохьим!
Беза бу чIиран мохь. Цуьнан йозаллин мах хадалур бац, чIиран дукъ шен белшаш тIе доьжна ца хиллачунга. Хараев ИбрахIима шен «ЧIир» цIе йолчу книги тIехь йаздо чIиран лазамех, чIиран гIиллакхех, чIир йекхарехь а, йитарехь а лардан дезаш долчу дозанех лаьцна а, иштта чIиран ламастан – маслаIатан сирла некъаш лардича хуьлучу диканех лаьцна а, ца лардича хуьлучу зуламах а лаьцна а. Йаздархочо исбаьхьаллин дашца кIоргера васташ кхуллуш довзийтина йешархочунна чIиран ламаст.
ХIара дешхьалхе йазйеш волчу суна къаьсттина лазаме бу «чIир» бохучу дешан чулацам, хIунда аьлча ткъе ворхI шеран йохаллехь сан дас дIакхехьна чIиран беза мохь. Со дуьненчу вала иттех шо хьалха девнехь стаг вер нисделла хилла сан ден. Со пхийттара валлалц леллера сан да чIирхочун цIе лелош, цу девнан кхин маслаIат дан аьтто ца болуш. Беха хилла тхан доьзалан чIиран некъ. Ма атта некъ бац иза. ХIора а дахаран мIьарго дIайоьду, ткъа рогIераниг шеца хIун дохьуш йогIу ца хаьа. Дерриге а дуьне мокхачу басахь ду чIиран новкъа ваьллачунна. Шен диканехь самукъадала а аьтто боцуш, нехан вуонехь дакъа лаца а йиш йоцуш дIаоьху цуьнан зама. Маржа-йаI! Дахаран хийла къаьхьа кад мийла дезна чIирхочун доьзална. ЧIирхочунна тIехь йоккха жоьпалла йу нохчийн къоман Iадатийн лехамашка хьаьжжина. Бехке нахана дика деъча, йа вуо а, цу диканехь-вуонехь латта чIирхочунна тIехь дац олуш ду нохчийн Iадатаца. Цунах а хаьа мегар ду мел ирча а, къаьхьа а хуьлу чIирхочун дахаран некъ.
Нохчийн къоман къаьсттина дукха ду ваIташ. Пхийттара ваьллачу жимачу стага йукъ йоьхку, тIаккха магийна ду чIир оьцуш, цуьнан цIий Iано. Пхийттара ваьлчхьана дуьйна даккхий декхараш оьгу нохчийн жимхан белшаш тIе. Шен доьзалехь цIенна тIедеанчу муьлххачу а вуонан буьззинчу барамехь дакъа кхочуш ву иза. ХIетахь дуьйна иза жоьпаллехь ву ша дIабоккхучу хIора а когана, дIаолучу хIора а дашна. Оьздангалла, ларам, эхь-бехк, йаьхь – цу кхетамашца дустина хила деза цо дахарехь ша шелош дерг. Цунна тIехь ду бусулба умматана тIедожийна долу парзаш – ламаз, марха, закат, хьаж, иштта Iийдан а, докъан а ламазашкахь дакъа лацар. Нохчийн гIиллаккхийн лард, уггаре а лаккхарчу мехалашах цхьаъ ду – воккханиг ларар. Кхузткъе кхаа шарна тIехваьллачул тIаьхьа гIодайукъ йостуш йу къонахчо. Цул тIаьхьа иза воккха стаг лору. Кегирхой цуьнца ларам лело декхарийлахь бу, ткъа иштта воккха стаг чIирана кIелхьара а волу, амма чIир цуьнан доьзалшна тIехь йуьссу. Нохчийн Iадате хьаьжжина, нагахь санна куьйг-бехкениг дийна а волуш, цуьнан доьзалера куьйг-бехке боцурш чIирана кIелхьара боху. Пхьа эца бехк боцуш вийначунах, амма цуьнан кхел Делан кара дIа а йелла, Делан доьхьа стаг витинчунна, Дала ша йоле дуьллур ду Къемата дийнахь. Стаг витина, маслаIат хилла, дов дIадирзиначул тIаьхьа, витина стаг вийначунна Дала шегара кхел кховдор йу аьлла, дуьнен чохь а, Къемата дийнахь а. Цуьнан къеггина масала ду кху романан турпалхочо Даргов Адамс динарг, шен дедас биъна дуй къарбеш, цо йитина чIир карлайоккхуш, цо делла дош дохош, цIий Iанийна цо, оцу кепара шен доьзал бIешерийн йохаллехь ирсах, синтемах, паргIатонах боккхуш. Цуьнан масаллица гуш ду вайна мел чIогIа а, кIоргера а хуьлу Делан оьгIазло. Къаьсттина билгалдаккха деза кху романан турпалхоша – вовшашца чIир йолчу шина доьзала нохчийн Iадат дохош, чIирах шайн дахаран маьIна дина. Йуьхьанцара делла дош дохийна, биъна дуй къарбина и ши доьзал Делан неIалте бирзина хилар гуш ду вайна, цундела ца болу и ши доьзал шина бIешерахь чIиран мохьах паргIат. Нохчий цкъа а ца хилла цIий Iано хьаьгна. ЧIиран ламаст нохчийн йукъараллехь дийнна институт хилла, шен бакъонашца а, культурин лехамашца а. Шортта масалш диссина къоман иэсехь чIираца доьзна.
Ширачу заманехь цхьа къонаха хилла бохуш дуьйцу шен божалин кертахь гIуллакх деш. ЦIеххьана цунна хезна йуьрта йуккъехь йаьлла гIовгIа. Божалин кертара араваьлла ладугIуш лаьттачу цунна гина шортта жIаьлеш цхьаьна а долуш борз эккхийна йогIу адамийн тоба. И борз йедда йоггIушшехь кхо йиллина йитинчу неIарехула божал чу иккхина, шена тIаьхьа бевллачарех кIелхьарайалархьама. Божалин кертан зайл дIачIагIбеш, къонаха тобанна хьалха дIахIоьттина. Шайн жа йукъа иккхина, уьстагI бахьа гIерташ, шайна зен дина, шайн мостагIа йу иза, шаьш йен йезаш аьлла – адамийн тобано.
– ХIан-хIан! Цо мел даккхий зенаш дина хиллехь а, тахана иза сан хьаша йу, сан тховкIел йеана, цундела со цунах жоьпаллехь а ву нохчийн Iадате хьаьжжина – аьлла къонахчо. Ткъа цул тIаьхьа шен кара топ оьцуш, шен са даьккхина бен цу барзана тIекховдар дац шу – аьлла бохуш дуьйцу цу стага. Ишта ду нохчийн кIоргера, сирла гIиллакхаш.
Хараев ИбрахIиман хIара книга йоьшуш, сайн дахарера цхьа масала дало луур дара суна. Сан дас Наурдина ишта бовзийтира соьга шен дахарера цхьа башха хилам:
– «Цхьаьна шарахь Олхазар-КIотаран орцана тIехьара Суорат олучу цхьаьна меттиге мангал хьакха дагахь араваьллера со. Цу хенахь хьан диъ шо дара, ткъа со нехан стеган цIий Iанийна, чIирхо вара. Сайца кхин накъост воцуш, со ирзошкахула дукъаца хьалавоьдуш вара. Суна дуьхьал кхийтира Имам Шемалан наиб хиллачу Дубин тIаьхьенах волу Дуда. Дудас, салам а делла, хаьттира соьга:
– Ва Наурдин, хьо стенга воьду хьуо пIелг санна цхьалха?
– Суоратахь жимма мангал тоха меттиг йара сан билгалйина, цига ваха араваьллера со… – жоп делира аса.
– Со а ма вара жимма волавала дагахь. Со схьавогIу хьуна, дукха ца Iаш. Кхузара меттах ма валалахь! – дийхира соьга Дудас.
Иза Дуби йуккъе шен цIа а вахана, топ а, мангал а бохьуш схьавеара, тIаккха тхойшиъ цхьаьна Суорате вахара. Со кхийтира Дудас лелочунах. Иза суна накъосталла, Iуьналла дан хIоьттинера, со чIирхо хилар шена хууш долу дела. Сарралц соьца мангал хьокхуш хан йаьккхина, тIаккха со сайн цIа а кхетийна дIавахара Дуда. Ма хаза гIиллакх дара цо соьца хIоттийнарг – дерзийра шен къамел сан дас.»
Цо соьга иза дуьйцучу хенахь сан кхойтта-дейтта шо бен хан йацара. Дукха зама дIаэхна цул тIаьхьа. И Дуда суна дагавогIу. Хьуьнан хехочун болх беш вара иза. Тахана Дудин кIант Бадрудди сайна схьагича, сайн да а, цуьнан да Дуда а дагаоьху суна. Дала царна геч дойла. Уьш дийна болуш санна самукъадолу сан иза гича. Ма йаьхь йолуш, доьналла долуш къонахий хилла уьш. Билгалдаккха деза, цу дагалецамашкахь, тахана ишта волу чIирхо ша воьдуш шена гича, цхьацца берш айкх эцна бовдур бара цу чIирхочун мостагIашка. Кху дешхьалхенехь аса йаздеш долу хIара масалш, къаьстина вайн тIаьхьено тидам баре сатуьйсуш йаздо аса, сайна къинтIера довларе доьхуш.
Йешархо, хIара книга йеша волалуш, собаре хила хьо. Сих ма ло мах хадо, леррина ойла йеш хила хIора а вастана тIехь. Заманан йохалла ша дерриге а хийцалуш хуьлу хьуна. ХIора стеган дахарехь хIун нисло ца хаьа АллахI Дела ша воцучунна.
Лаьара суна сайн дас дийцина чIирах лаьцна кхин цхьа масала дало. Дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь Iуьллучу ЧIиннахахь цIий Iанар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина кIотарна – Боки-дукъархошна а, уьшкхалхошна а йукъахь заманан йохалла дIадоьдуш дов дара. И шайна йукъара чIир кар-кара а оьцуш дIакхоьхьуш дара цара и мостагIалла. ТIекхечира тIеман и къиза шераш. Паччахьан Iедало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса гIевттина мур бара и. Цу тIамехь майраллица летара Боки-Дукъара ТIас а, цуьнан ваша Арсгири а. ХIетахь церан чIир йитаза йара, хIунда аьлча кхара уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворхI стаге даьллера, ткъа Боки-дукъархойн дуьхьал винарг йалх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъйан, уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн чIир эца. Амма тIеман кIурлахь-м церан мостагIа цхьаъ хилира, хIунда аьлча къуьйссуш йерг Даймехкан маршо йара. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша ТIас цхьаьна а волуш тIекхечира мостагIчун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа дIадахьа аьтто ца болуш дIабахнера. Йуьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан чIирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи дIа хIун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена тIера верта схьа а даьккхина, Делан цIе а йоккхуш, дакъа цу йукъа а хьарчийна, иза веллачун говра тIе а диллина, шен ваша ТIас тIаьхьа а хIоттийна новкъавелира Арсгири.
Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, дIахийцира говр. Iуьйранна и говр шайн керта еъча, цу тIера шен кIентан цхьаммо леррина гIайгIа беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира:
– Суна хаьа хIара тайпа хIума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Йуха Боки-Дукъа агIоне дIа а хьаьжна, цо и йуьрт йекош мохь туьйхира:
– Арсгири! Хьо тоьлла хьуна тахана!
Маржа-йаI, мел деза лоруш хилла нохчийн лаьмнашкахь адаман дахар а, Iожалла а. Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира, Арсгиран хабар дохьуш:
– Шуьца долу мостагIалла тховса чекхдаьлла, уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган – аьлла.
Оцу кепара Боки-дукъархоша гайтина йаьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостагIалла хадош, тIаьххьара шайн вийна стаг витира царна уьшкхалахоша. Шайн мостагIаша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, гIиллакх а гойтуш…
Уьшкхалахой кхетара Арсгирина хIуммаъ атта ца хиллий тIеман кIурлара шен мостагIчун дакъа схьаэца. Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган тIехIотта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостагIий уьш боллушшехь, вийна Iуьллучун доьзалан ойла йинера Арсгирис а, цуьнан вашас – ТIасас а.
Амма кху книгин турпалхойн амалан йоккха башхалла йу ас масалийна йалийначу кийсаган турпалхойн амалца. Генарчу махкара вешин дакъа дохьуш вогIуш верг шен чIирхо вуй хиъча, иза вуьйр ву ша олу романан турпалхочо. Оцу кепара вайна гуш ду цкъа мацах биъна дуй къарбар бахьана долуш, Делан оьгIазло шина бIешарехь тIера ца йаьллачу шина доьзална йукъахь йолу чIир нохчийн ламастех йоьхна хилар.
Сайн дешхьалхе йерзош, кхин масала дало лаьара суна:
– Ши доттагIа хилла бохуш дуьйцу, цхьаьна заманехь чIогIа дегайовхонца гергарло лелош, нехан бIаьрг хIуттуш цу шиннан гергарлонах и шиъ масалийна валош. Цу накъосташах цхьанна йуьртахь хазаллина цIе йаьккхина йолу цхьа йоI хилла йезаш, иза цуьнга вистхуьлуш хилла, амма доттагIчунна цунах лаьцна хууш ца хилла хьуммаъ. Цкъа цхьаьна дийнахь синкъераме вовшахкхеттачохь, шолгIачу накъоста хабар тIедахьийтина хилла йоьIана, ткъа цуьнан доттагIа оьгIазвахана и йоI шена йезаш ма йу – аьлла. И бахьана долуш доккха дов даьлла хилла накъостийн. Цара сацам бина и дов шаьлтанашца къасто. ШолгIачу дийнахь йоI йезаш хиллачуьнан доттагI йуьрта йистехь охьахиъна Iаш хилла шаьлта а кечйина, накъост схьакхачаре хьоьжуш. Иза ца вогIуш хан йаьлла хилла, тIаккха цо бажа лаьллина воьду жима кIант вахийтина цуьнга схьавола ала. Дукха хан йалале кIант схьавеъна цу накъосте хабар дохьуш, хьоьга хьан доттагIчо бабас бовха хьокхам а, тIо-берам а бина, и баа схьавола боху – аьлла. ХIара цецваьлла, тIаккха дукха хан йалале церан керта а ваьлла шен накъосте мохь тоьхна:
– Баби тIо-берам безара суна, амма иза баа со къонаха вац хьуна! – йуха а вирзина дIа вахара иза гIийла ойланашкахь…. Оцу кепара, Хараев ИбрахIиман книгин турпалхойн васташа а гойту бабин тIо-берам мел доккхачу а девнал мерзох а, безох а хилар.
Журналист,
йаздархо,
Евразийски кхолларалин Гильдин
декъашхо Акаев ИсмаIал.
2022 шо.
«Шаьлта»
…МостагIчун са айдеш, хьо хийла цIевзина,
ДоттагIчун сий айдеш, харцонца къевсина.
Къонахийн буйнахь хьо ткъес хилла лаьттина,
КIиллочо хьан ховха мехкан сий дайина.
Акхачу ойланца хьо пхьеро ирйина,
ЧIирхочо бодашкахь хьо шеца текхийна.
Алахьа, моссаза хьо цIийца йилхина,
Хьайга сатуьйсучохь ботт цхьалха йитина,
Тешаме хилла хьо дог стешха воцчунна,
Кхераме хилла хьо тешнабехк болчунна,
Маьлхан нур хилла хьо йаьхь йолчу кIенташна,
Iаьржа дIовш хилла хьо цу кIентийн наношна…
Малаков Ваха
Корта I
Дадиев Руслан (20I4)
I
Нийсса йалхийтта шо даьллера Руслан дахаро шатайпа къизаллица зийна. Тверской урамехь йолчу шен офисан корехула вехха хьоьжура иза дуьненан гIуллакхаша дIасхьаидочу адамашка. ХIорд санна йоккха а, йистйоцуш а йолчу кху гIалин стигла кхийда и леккха гIишлош бен доцуш хьоьжура адаман гIайгIанашка. Масех шо дара Руслан кхузахь веха. ХIора а дийнахь цхьа хаттар хьийзара цуьнан замано хьере биначу коьртехь – хIун бахьана долуш лачкъийна кхуьнан цхьаъ бен воцу кIант? Муьлхачу бекхаман гураша лаьцна цуьнан жима дахар? Цу ойланаша къийзош мIараш туьссура Русланан догах, ткъа хIора а буса гIенашкахь дуьхьалтуьссура кIентан и хьоме сибат. Буьйсане сатуьйсура Руслана. Иза хьаьгна хуьлура набарна товжа. ХIора а буса гIенашкахь вогIура, дукха жима волуш, кхуьнан дахарера тIепаза вайна волу цхьаъ бен воцу кIант. Сийсара берхIиттара ваьлла гира цунна иза гIенах. Хазачу аматехь жима стаг кхиънера кIантах. Иза безамца велакъежара шен дена, ткъа бIаьргийн хьежар кIоргера а, кхетаме а дара. Руслан гIенах цхьа хьехар деш вара кIантана, цуьнгара гIалат даларна кхоьруш, ткъа Микаил леррина шен дега ладугIуш вара. Эххар а, самаваьлла Руслан кхийтира иза гIан хилар. Мохь-цIогIа тоххал балано буьзнера кийра. Ма мекара хиллера кхоллам – цхьаъ бен воцучу кIантах хIара ваккхарал совнаха, хIинца цо хIора а буса хьегош ву иза цу кIентан марзонах… Руслан кхоьрура ша тIаьххьаре а галваларна, цундела цо сацам бира психолог волчу ваха.
НеI тоьхна, чоьхьаваьлча, цунна гира хетарехь кхузткъа шо хир долу, тайна аматехь цхьа зуда. Цунах бIаьрг кхетташшехь хах-аьлла дог паргIатделира Русланан.
– Жима стаг, со ладугIуш йу хьоьга – йистхилира иза.
– Доктор, боккха бала бу сан кийрахь беза мохь хилла – тийссалуш, долийра шен къамел Руслана.
– Дер цхьа бала ца хиллехь, хьо со йолчу а вогIур ма вацара – йелакъежира иза. Муха йу хьан цIе?
– Руслан.
– Дика ду, Руслан. Ма-дарра ша дерриге а дийца соьга, цхьа а хIума къайла ца деш.
Руслана дийцира. Церан къамел шина сахьте дахделира. Дуккха а дуккха а шерашкахь Руслана кийрахь мел къийлинарг тховса, зайл дIабаьккхича санна дешнашца охьахецаделира. Эххар а шен къамел дерзош Руслана довзийтира шен коьрта дехара:
– Доктор, хIун де ас и гIенаш совцо? Со гIелвина цара…
Лор йистхилар доцуш, леррина Русланан бIаьра хьоьжура. Кху йоцачу ханна йукъахь цуьнан догах чекх ма делира Руслана мел лайнарг. Цуьнца нийсса и некъ бича санна гIелйеллера иза, ткъа йуха дегочу озаца, меллаша жоп делира цо Русланан хаттарна:
– Ма ирсе ву хьо. Ас дукха хIума дIалур дара цу гIенийн йийсарехь со тахана а хилийта.
Руслан цецвелира…
– Суна бевза къастаран и къаьхьа чам. Сан а вара хьан санна цхьаъ бен воцуш, сайн сил дукха везаш кхиийна кIант. Некъан бохамехь велла иза, мотоцикл тIехь хехкина вогIуш. Масех шарахь хьуна санна гIенашкахь оьхура иза суна. Аса а ахь санна сатуьйсура буьйсанан бодане. ГIенахь иза мел го, сан са паргIат дара, сайн хьоме кIант дийна волуш санна, амма цIеххьана и гIенаш севцира. ХIетахь кхийтира со мел кIоргера, мел йистйоцуш бу сан кийрахь IаьIна бала. Цу гIенашца цхьаьна дIабайра кIант дийна хиларан сан тIаьххьара сатийсам. Ма дукха хIума дIалур дара ас, цкъа мукъне а гIенах цуьнан гIалартах бIаьрг тоха. Амма иза цкъа а хир дац. КIант йа дуьнен чохь а, йа сан гIенашкахь а вац. Нагахь санна хьо со йолчу и гIенаш йухадерзо дехарца веанехь, со кхетар йара хьоьх, цхьа гIо дан хьожур а йара, амма хIинца со тешна йу хьан кIант дийна хиларах. ГIенах санна, самах а хьуна гур ву иза.
Нана йоцуш кхиъначу Русланан дог кIаддинера зудчун цу лазаме къамела. Меллаша цунна хьалха охьалахвелла, иза маракъевлира Руслана. Цунна бен дацара иза муьлхачу къомах йа, динах йу, карарчу хенахь иза нана йара, Руслан санна шен сих даьллачу берах къаьстина нана. ЦIеххьана шена ца хаалуш, цунах нана элира Руслана. Маржа-йаI, кхоллам! Ма кIоргера, ма шатайпа йу хьан къайленаш. Дуьнен чохь вехаш стагана гонаха шортта адам хуьлу – гергара нах, накъостий, доттагIий, амма заманан йохалла, кхолламо цацан чухула санна луьсту уьш, цундела хьуна ца хаьа дахаран чолхе киртиг тIеIоттайеллачу муьрехь хьуна уллохь мила хир ву. Хьо уггаре а тешначо тешнабехк беш а нисло, хьуна уггаре а хийра хеташ хилларг хьан дагна гергара а нисло. Хийла замано зийначу Русланна а ма ца хаьара эххар а заманан майданехь кху оьрсийн зудчух ша нана эр дуй, цо шен дахарехь маьIне меттиг дIалоцур йуй а. Дала йаздина хиллера кийрахь мел IаьIнарг Руслана къаьсттина цуьнга дуьйцур хилар. Шатайпа ойланаш хьийзара Лидия Андреевни коьртехь а. Шен корматаллин башхалле хьаьжжина, хийла стеган гIайгIанашка, баланашка ладийгIина йара иза, амма тахана санна царех цхьа а цуьнан дагна ишта уллора ца хеттера, хIунда аьлча Русланан а, цуьнан а дегнаш цхьатерра лозура, уьш лаьцна йолу аьчка мIаранаш цхьатерра шийла а, къиза а йара. Лидия Андреевнин кийрахь цхьа шатайпа синхаам, цхьа шатайпа йовхо йаьржира. Шен цхьаъ бен воцу кIант дийна волуш санна, дахар йуха а деса ца хийтира зудчунна, лозучу дагчохь йуха а сирлачу кханенга сатийсам баьржира. Амма Руслан дIавахча, иза кхийтира гIенашкара шен кIант дIавахча санна ша йуха а цхьалха йиссина хиларах.
ШолгIачу дийнахь Руслана телефон туьйхира цуьнга:
– Бехк ма биллалахь суна. Сийсара дукха ойланаш йинера ас… хIусамехь соьгара гIо оьшуш хIумма а дуй хьан? Масане хуьлу… Хьоьх айса нана аьлла и мIаьрго йиц ца ло суна. И синхаам мелла а бахбан лаьара суна.
Лидия Андреевна йоьхнера. Ишта дехара йукъа ца догIура кхо кхочуш деш долчу лоьрийн декхаршна.
– Амма со хьан нана ма йац! – йоьхна жоп делира цо.
– Сан доккха цIено ду. Чохь со воцург кхин стаг вац. Хьуна лаахь ас дIайуьгур йу хьо со волчу.
– Амма со хьан нана ма йац! – йуха а дийкира цуьнан диканах дог диллина, гIийла аз.
– Йац. Хьо бакъ лоь. Бехк ма биллалахь со ишта хьайн коча варна. – Жоп делира Руслана. Цхьаьна мIаьргонна хIоьттина тийналла йохош, йистхилира Лидия Андреевна.
– Собар дехьа – цIеххьана цхьаъ дагадеача санна тохайелира иза…
Ишта тассаделира церан гергарло. Жимма хан йаьлча, Руслан кхетар ву ша кхолламо эрна валийна ца хилар Лидия Андреевнин неIаре.
Руслан балхахь волчу хенахь, цо наггахь бен ца тухура телефон. Цкъаццкъа СМС хаам йазбора:
– Муха ву хьо, сан кIант олий? Цо хазахетарца Русланна пхьор кечдора. Дагара дуьйцуш, деха къамелаш деш, дIаоьхура церан синтеме суьйренаш.
Цхьаьна дийнахь Русланан чIогIа мехала цхьанакхетар дара Сибрехара мехкдаьттанан компанин куьйгаллица, цундела шен гIоьнчига ша тIедогIучу кхаа сахьтехь хье ма ве аьлла дийхира цо. Амма цхьаьанакхетар доладеллачу хьалхара миноташкахь, Лидия Андреевнигара смс-хаам кхечира: «Руслан, сихонца соьга телефон тоха». Руслан кхийтира цхьа сингаттам ца хиллехь, Лидия Андреевнас и тайпа хаам йазбийр бацара.
Цо сихонца телефон туьйхира цуьнга:
– Нана, хIун хилла?