banner banner banner
Лаьмнашкахь ткъес
Лаьмнашкахь ткъес
Оценить:
Рейтинг: 0

Полная версия:

Лаьмнашкахь ткъес

скачать книгу бесплатно


– Хьо цa оьшу цигахь.

– Ой, хIинца цкъа хIокху Ножин-Юьртан участкан пурстоп ма ву со. Сан бакъо ма йац, иштта киртиг тIехIоьттича, зуда санна, кху чу а хиъна Іен.

Шахьболата, доккха са a дaьккхина, куьг ластийра.

– Уьш дуьтур вай, Павел. Даим ца хуьлу декхарш кхочушдан aьтто. XIинца цкъа коьртаниг хьан корта кIелхьарбаккхар ду. Вайшинга кхузахь Iедал латталур ду бохург хьехочуьра дIадаьлла.

– Сан бакъо ма йац…

– Йац, дера, вайшиннен а йац. Цул а, пурба лохьа суна, Павел, хIусамден декхарш кхочушдан. Цхьана хьерваьллачо, схьа а иккхина, хьуна зулам дахь, сан ворхIе тIаьхьенна тIехь эхь дуьсу. Iедална хьалхара сан жоьпалла-м хьехор а дацара ас.

Капитан воьхна хьаьвзира. Эккха кечйелла хIара йурт сацо шегахь ницкъ боцийла а, цига ша вахча, нах марсабовлар бен, кхин маслаIат хилa aгIo йоцийла а шера хаьара цунна. Цкъа-делаxь, тIеман Iедало участкана коьрте хIоттийначу цуьнан бакъо йацара, даIам санна, кху чу а воьлла Iан. ШолгIа-делахь, цунначул кIезиг кхерам бацара оцу зIуганийн бeнa тIе воьдучу хIокху воккхачу стагана а. Амма иза а бакълоьра. Нохчийн гIиллакхехь цо жоп лора хьешан коьртах. Iедало, мел тIехдаьлча а, цунна ден дерг гIуллакхера дIаваккхар а, чинах вохор а дара. XIусамдас ма-аллара, кхерамениг кхин дара – цIенна тIехь эхь дар. Цундела ца лаьара капитанна хIусамдас хьаькхначу сизал тIехвала.

– Амма ахь са ма гaтделахь, – элира Шахьболата, неIаран тIам схьа а лаьцна. – Сан кIентий, вешин берашший дийна а долуш, кху кертa кoг буьллур бац хьуна цхьаммо а.

4

Шахьболат маьждиган майдана кхаьчча, и гу дIалаьцна хIоьттина адам дара цигахь. Йуьртахь дуьйцург хIор а сохьтехь шена тIекхачош хиллехь а, гIуллакх иштта генадаьлла хир ду ца моьттура Шахьболатна. Геннара дуьйна махо цунна тIекхоьхьура шовкъe хиллачу адаман гIугI. Говрашкахь а, гIаш а дIахIиттинчу нахана йукъахь расхачу динахь цхьа бере воллура, куьйгаш дIаса а туьйсуш, мохь бетташ къамел деш.

– Ас хоьтту шуьга, билтой, шу стенга ладоьгIуш Іa? Йа тхо толаре, йа тхо иэшаре ладоьгIу аш, тоьллачаьргахьа довла? Сила йолчу Нохчамахкахь зандакъойн а, билтойн а ши тайпа ду-кх йуьстахдаьлла Iийриг. Зандакъой севцца, Кешaнeхь лаьттачу кхузткъа салтичух кхерабелла. Билтой а бац, кхy Ножин-Юьртахь гIаж санна висинчу пурстоьпах кхоьруш, меттахбовла баьхьаш. Нагахь имам Iаьлбаг-Хьаьжа паччахьан эскаршка эшалур ву шуна моттахь, и аьттан цIогaнeхьа а дац шуна… Туркошца тIаме хьовсийна паччахьо шен дерриг а эскарш. Оха толам баьккхича, шу тхоьгахьа довлар тIаьхьа хир ду. Амма ас ца элира ала дац шуна, тIаккха, оцу Делан лаамца, оха дан дезарг дийр ду шух.

Тобанна йукъахь маьхьарий девлира къамелхочунна дуьхьал a, цуьнгахьа а. Къамелдинарг дIа а хилош, цунна улло хIоьттинчу беркъачу хьаьрсачу беречо, чIy санна, дуткъа куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира:

– ЛадогIа, нах!

– ЛадогIa!

– Со зандакъо ву. ХІокху лаьттачу Нурхьаьжас тхан тайпанна йина Iоттар цхьана агIop тIелоцу ас. Iаьлбаг-Хьаьжа тхан зандакъо ву, амма тхо доцчу массо тайпано иза къoбaлвина. Цхьабакъду, массо зандакъо ца сецна шайн зударийн кучан йаххаш лаьцна. Тхан массо йуьртара мелла а нах бахана цуьнца. Таханлера де къонахий къаьста де ду.

– Ткъа зандакъой стенга ладоьгIуш Іa? – xaьттира Нурхьаьжас.

– Ма-дарра аьлча, къонах, тхуна атта дац, «хIуьск» ма-эллинехь, тоьпаш кара а лаьцна, аралелха. Кешанерий, БуртIанайрий тхуна тIе а йерзийна лаьтташ йаккхий тоьпаш йу, тIе милт ма-Iоьттинeхь, тхан йартех сийна цIe йилла кийчча. Цхьа пхийтта чаккхарма генарчу Хаси-Юьртахь масех эзар салт а лаьтта.

– Тхан Чеччалхе а йац, ткъа Зандакъах а, Ножин-Юьртах а aгIo тоьхна лаьтташ? – кIоршаме Іоттар йира Нурхьаьжас. – И салтий, йаккхий тоьпашший вешан махкара дIайаха ца гIерта вай? – TIаккха нахана тIевирзира иза: – Нах! Имам Іaьлбаг-Хьаьжа къoбaлвийриг, паччахьан Iедал, кхузара цуьнан йалхой дIалахка луург, маршо йезарг кхузахь саца, пхьагалан дегнаш кийрахь дерш, йахь йоцурш шайн цIа дIагIо!

– Тхо дерриг реза ду!

– КIиллой цIехьа йерза!

– Билтошна йукъахь вац кIилло стаг!

Тобанна йукъахь буьрса маьхьарий девлира. Дукхаммо, хIаваэ хьала а лецна, герзаш дaссийра, йуьстахболчара, шодмаш йетташ, дой тIаьхьарчу когаш тIе хIиттадора. Шахьболат тобанна йукъа вала а кхиале, цара шайна бIaьнча хаьржира хьалххе дуьйна Iедале болчу цабезамца гоьваьлла йуьртахо Ларча.

Совнаха адамаш дIаса а девлла, бартахой шаьш бисча, йукъавелира имаман векал.

– Нах! Вайн халкъан маршонан дуьхьа гIовтта кийча дуй шу? – мохь туьйхира Нурхьаьжас.

– Делла дIадовллалц!

– Йамартло йина, даг чу кIиллолла йоьссина, йухаваьллачун дуьнене даха дог доцийла, хаьий шуна?

– Хаьа!

– Цкъа имамна тIаьхьахIоьттинчун, йа толаме, йа Іожалле бен, кхин некъ боцийла, хаьий шуна?

Тобанна йукъахь маьхьарий, герзашший девлира.

– Нагахь шаьш лелориг даггара делахь, ас бохург дан дезар ду шун…

– Схьаала, дала а кийча ду тхо…

– Кхузахь висна оьрсийн пурстоп, лаьцна, имамна тIе вига веза аш.

– Иза-м хала доцург ду!

– Цул, вийна дIаваьккхича?

– И жIаьла кхобу Шахьболат а цхьаьна!

– Иза а къанвелла, Iедална вецаш!

– ЦІeнoш даго деза цуьнан!

– XIунда дагадо уьш? Вешан Iедал хIоттийча, вайна а дезар ду уьш. ТIe, имамо дихкина, кхиэл ца йеш, стаг вер.

Уллохь лаьттачу шен вешин кIанте масех дош аьлла, говран чоже кIажаш таIийна, тобанна йукъавуьйлира Шахьболат. Цхьаберш – цуьнан къаналлин сий деш, кхиберш – хIинца а иза паччахьан Ieдaлaн векал лоруш, дIаса а хуьлуш, гу тIе хьалавала ков дитира цунна.

Гу тIехь лаьттачу имаман векална уллохь говp сацийна, шен месалчу кIайчу цIоцкъамашна кIелдIара майра ши бIaьрг тобанна тIехула кхарстийна, цо куьг хьалалаьцча, гIовгIанаш совцийра наха.

– Йуьртахой! Шун маьхьаршка ладоьгIуш, йуьстахлаьттара со. Оьрсийн паччахьан Iедал аш дохо дисина дац. ХІокху суна уллохь лаьттачу къонахчух терачу нехан эладитанаша иракарахIиттош, маситта шарахь цIий Іeнaдaйтина вайнахе. ХIетахь оьрсашна дуьхьал леттачу къонахошка хьаьжча, шу йисинарш цхьа хIуоранаш йу. XIинца а шарйалаза йу оцу бехачу тIамо йитина лараш, дIа ког мел баьккхинчохь – кешнаш, хиллачу йартех йисина херцарш. Тоьур ду хIокху тайпачу нехан сонталло вайн халкъ ах хIаллакдар. Шаьш ма Iexaдaйта! Шайн-шайн цIа а дерзий, Iедало боxург деш, IадъIе…

Дехьо лаьттачу Ларчас, мохь тоьхна, йукъахвaьккхира иза:

– Хьан санна, бIe урд мохк а, маситта бежаний, хьан паччахьо, хьуна санна, луш ахчий делахьара, тхо а Iийр дара! Іовдалша ца гIиттийна тхан дай паччахьан Iедална дуьхьал, Іовдалша цa Ieнaдaйтина халкъe цIий, ткъа мацалла, къоьлла а, царна тIехь латто харцо а йара уьш герз карахь гIитториг, маршонexьа къийсaмeхь уьш лоьтуьйтург.

Майданахь гIовгIанаш йевлира:

– Цхьа кхай, цхьа йеттий хилча а, тхо Iийр дара.

– Оха санна, налогаш текха воьлча, кхин зурма лоькхур йара ахь а!

– Тхо санна, цкъа Теркайисте мехах латта лело гIол!

Карзахбевлла нах дIателлац, тIулгах воьттича санна, меттах ца хьовш, бIaьрнегIар ца тухуш, вист ца хуьлуш а лаьттина, хьалха санна, лохачу озаца шен къамел долийра Шахьболата:

– Мегар ду. Со виэн а, сан цIенош дaгo a пурба ду шуна. Амма вайн йуьртана тIевоьссинчу хьешан аш цIий даккхахь, и эхь, суна тIехь дисина ца Iаш, шуна а, шун тIаьхьенна а тIехь дуьсур ду. Йоккха майралла ма йац цхьа волу цхьа стаг виэр…

– Оха кхайкхина ца валийнера иза-м…

– Изий, и саннарший бу тхо лоллехь дахкориш!

– XIетте а, цхьана агIор бакъ ву Шахьболат. Кхечу къомах хьаша ма ву иза.

– Вай и цхьаъ виэрах, нисдала хIума дац…

– Цул, вига а вигий, имаме дIало вай, цо йер кхиэл…

Дехха къийсинчул тIаьхьа изa имaмнa тIе дIавига сацамбира наха…

5

Шахьболат цIера ваьлча, ша байлаxь висча санна хийтира Пруссаковна.

Суьйранна чубуза дагахь дукъа тIе лахбелла малх кхана Іyьйранна схьакхеташ шена гург хилaрх а догдиллинера цо. Дагадeара Веданан гIопеxь дисина шен къона зудий, ши беррий. ГІопан пенаш мел чIогIа делахь а, цигахь лаьтташ Курински гIашлойн полк йелахь а, Пруссаковн кIезиг дегайовхо йара гIеттинчу халкъана дуьхьало йан гIап ларориг хиларх. Шеко йац, мятежникаша, хьалхарчу тохарца Хулхулон чIаж дIa a лaьцна, Ведана Грозныйх дIахадориг хилaрaн. ТIeдoгIучу орцанах хаьдча, иза йеха латталур йац. ТІаккха хIун хир ду-те цуьнан доьзалх?.. Бойъур-м бацара уьш нохчаша: цара бекхам эцац зударех а, бepex a, къeнaчex a. Амма атта хир дац-кх оцу акхаройн йийcapexь. Йекъачу сискалний, хиний тIехь буьсур бу-кх…

Капитано коьртера дIалелхийра и ойланаш. Оцу масех минотехь шен кIадделлачу дагна шех эхь хийтира цунна. Амма уьш, дукха ца Iаш, хьаьвззина йухайаьхкира. ХIан, вейтахьа иза кхy Hoжин-Юьртахь. ДІалацийтахьа мятежникашка и Ведана а. Цуьнан доьзал а баxийтахьа нохчийн йарташкахь. Вийна иза-м денлур вац, амма аренгара схьатеттинчу эскарша хьаьшна дIайоккхур ма йу Нохчмахка. Цуьнан зудий, берашший йийсарера маьршадохур ду. Маьршабаьхча а, хIун дийр ду цара цул тIаьхьа? Деккъачу пенси тIехь буьсур бу-кх…

Шен къаьхьачу ойланех иза йукъахваьккхира йайн тоьхначу неIаро. Пруссаковн куьг ша-шаха стоьла тIехь Іyьллучу тапчанна тIедаxара. Меллaшa нeI йиллина, чоьхьайелира хIусамнана Бесехьат.

Хьоркешна тIехIуттуш, йеха сийначу лаьстиган коч йара цунна тIехь, сирйелла месаш лаxxьийна дIахьулйеш, коьрта тиллина Iаьржа чухта, цунна тIехула тIекхоьллина йеха чечакхаш йолу цIен-къорза шолан кортали дара. Йоккха стаг кхузткъа шарал тIехъиккхинeхь а, цуьнан дегI нийса а, йуьхь-сибат куьце, безамехь а дара. ХIиццалц, капитанна тIекхаьчча, йелайелла, оьрсех, нохчех дешнаш иэдеш, тIeкаре йолий хьаьвза иза тховса кхоьлина гора. Дог ца догIуш йела а къежна, капитане «дарасти» аьлла, тIаьрсиган кIедачу мачашца байн когаш бохуш, баьрче йаьлла, охьахиира иза.

Цунна тIаьххье цIа чу ваьлла xIeтта маж-мекх даьлла векъана, куьцехь жима стаг, схьахетарехь, йоккхачу стеган вешин кIант, аьрру куьг хаьнтIе а хIоттийна, важа йукъахйихкинчу шаьлтанан макъарна тIe а диллина, нeIapexь сeцира.

Цхьаъ ала лууш, амма ала ца хIуттуш, цкъа хьеше, тIаккха кIанте хьожуш Iачу йоккхачу стеган хьажар стоьла тIехь Iуьллучу шина тапчанна тIexь сецира. Уьш гича, цуьнан кийpapa узар долуш санна хийтира капитанна.

– Могашалла муха йу хьан, Бесехьат? – xaьттира цо, шен ницкъ ма-кхоччу самукъане хила а гIерташ.

– Харшо!

– Шахбулат мичахь ву?

XIусамнанас, жоп ца луш, гIайгIане корта ластийра. Пруссаковна гира цуьнан бIaьргаш тIунлуш.

– XIун до ахь, Бесехьат, кхера-м ца йелла хьо?

Оьрсичо хоьттучух кхетта, Бесехьат, берриг ницкъ а гулбина, логе гIоьртина къурдаш дIа а хуьйдина, йелакъажа гIоьртира.

– Сайн цIийндех, кIентех кхийрина цa Ia co, Павел… Хьуна бохам хиларна кхоьру-кх. Хьо виэн барт бан гIоьртича, сан цIийндас хала йухабаьхна уьш. ТIаккха хьо лаьцна вига сацам хилла церан. Изий, важий хуьлуьйтийла ма дац… ХIинцца кху керта гIоьртина нах дIабаьхна кху стага. Къеначу цунах гIиллакх лаьцна, дIабаха. Хьанна хаьа, ойла хийцайелла, йуxабагIахь а. ДІaгIoхьа, Павел, ма балийтахьа бохам…

ТІe a вaхана, йоккхачу стеган белша тIe куьг диллира капитано:

– Мегар дац и, Бесехьат, мегар дац. Бакъо ма йац сан дIаваха. Паччахьан эпсаран декхар кхочушдар тIехь ма ду суна.

– ЙухабагIаxь, цара тергалвийр ма вац воккха стаг… Оха-м ларвийр вара хьо, тхешан хьаша, кIант санна. Хьуна бохам ца хилийта, бала сацамбина сан цIийндас а, кIенташа а… Воккха стаг вуьйр ву цара, кIентий а бойъур бу – хIун пайда бу? ТІаккха а дийр ма ду цара хьох шайна луъург… ДІагIохьа, пурстоп, тIaьхьа доцчуьра…

Пруссаковна дика девзара нохчийн гIиллакхаш. Цара шолгIа Дела санна лорура зударий. Зударийн дехар йухатохарал доккха эхь дацара боьршачу стагана. Хала киртиг йара капитанна тIехIоьттинарг. Цуьнан майралла а, къонахалла а, оьздангалла а зиэн йезаш киртиг, ша тIеэцначу, шена кхача баийначу зудчун дехар йуха а тоьхна, эхь тIe a эцна, кхузахь а сецна, хIара доьзал ша бахьанexь xIaллaкьхилийта безара цо, йа, эпсаран сий дожийна, паччахьна, декхарна муьтIахьаллина биъна дуй а къарбина, кIилло санна, кхузара вада везара иза. Дагахь дуккха а къийсинчул тIaьхьа, и шолгIа эхь тIеэцa сaцамбира цо.

Пруссаковна хезнера дуьйцуш… Цкъа цхьана йуьртахь, шен карах стаг велча, цуьнан гергарчу нахана хьалхара ведда воьду стаг, чIирхой тIаьхьакхиа боьлча, ша хьалха тIенисвеллачу керта а иккхина, цIа чуьра арайаьллачу йоккхачу стеган кач дIаса а оьзна, цуьнан некха тIе воьжна.

Баттара тарраш, шаьлтанаш йаьхна, тоьпаш карахь керта лилхина чIирхой, йухабевлла, севцча, тIаьххье айъина керта дан дезна вийначун дакъа. Йоккхачу стеган цхьаъ бен воцчу кIентан дакъа.

«Нах! ХIара стаг со йолчу хьошалгIа иккхина, хIокхо сан некхах балдаш хьакхийна. Велларг а сан ву, и вийна хIара а сан кIант ву. ХIокхуьнан чIир йекха пурба дац шуна».

Бесехьате шен кара кортали а тохийтина, цуьнга шен сира месаш гучуйахийтарца цунна эхь ца дан сацийра капитано.

– Дика ду, Бесехьат. ДIагIур ву со. Хьан дехар йуха а тоьхна, эхь ца дан, Iедалан декхарх воьхна, эхь тIелоцур ас…

Масех минот йалале керта веара ткъe итт шо хенара хIусамден кIант. ХIинца цуьнан йукъахйихкина цхьа шаьлта хилла ца Iара. Коча тесна тур а, доьхкарx оьллина тапча а, букъа тIехьа кхозуш топ а йара. Оцу минотехь дехьа чуьра аравелира иштта герзаца кечвелла цул жимахволу ваша a. Дукха хан йалале керта гулвелира ткъех стаг. Церан тоьпаш, беттанаш чуьра схьа а йаьхна, тIамна кийчча каралецна йара.

Забарина дацара и нах кху керта гулбалар. Кхерам гергакхаьчна хилaрaн билгало йара иза. Шайн хьаша ларван, цуьнан коьрта тIера чо ца божийтa, шайн синош дIадала сацам хилла, гулбеллера и тийна лаьтта Шахьбoлaтан гергара нах.

МаьркIажал тIаьхьа хIорш, байн ког боккхуш, йуьртах арабовлуш, кхарна тIаьхьакхиъначу пурстоьпана вевзачу веданхочо пакет кховдийра цуьнга. Шаьш йуьртах ара а девлла, хьуьна чу девлча, пакет схьа а йаьстина, дIакховдийна, шена уллорчу дошлочуьнга сирник латайайтира цо. Кехата тIехь боцца масех могIа бара:

«Веданан округан 2-чу участкан пурстоьпе, капитане Пруссаковга.

Хьайн участок йитина, Кешане-гIопе дIаваха пурба ду хьуна. Хьайна тIе керла приказ кхачаре ладоьгIуш, цигахь саца.

Веданан округан хьаьким

полковник Авалов»

Пуьрстоьпан даг тIера бала айъабелира. Доккха са а даьккхина, букъ нисбира цо.

Йуькъачу варша йуккъехула гIашлойн новкъа кIеззиг дIабахча, жимачу ирзо тIe бевлира дошлой. Кхузахь, нуьйраш техкина, кийчча лаьтташ йара ткъех сов говр а, масех стаг а, цаьрца Шахьболат а. Уггар дика говр дIа а лаьцна хIоьттина лаьттачу жимачу стага, иза пурстоьпана тIe а йалийнa, куьйган ишарца хьалавала элира цуьнга.

Цхьа ткъех минот йалале, дошлойн колл жимачу Iинах дехьайелира. Уьш хIинца aьккхийн махка тIехь бара.

VIII корта. ДАЙ А, КІЕНТИЙ А

Сан миска халкъ, байлаxь дисна къам,

Мича къила доьжна-те хьо,

Сел дукха бохамаш ган?

Ш. Петефи. Дахар йа Іожалла

1

Нохчмехкан стигалахь дорцан мархаш гуллуш хилар масех шо хьалха дуьйна тосаделлера наношна. Амма уьш, цкъа тIe a кхозалой, йуха а дIасайаьржара. ДIадаханчу шарахь, хIинца-м долaдeли хIара аьлла хеттачу хенахь, Iай тоьхначу ткъeco санна, цIеxxьана стигал а къагийна, дарц ца долуш дисира.

Бакъду, Айзин дагна кхин а цхьа чов ца йеш цa Iийра и шо. Ткъа шо хан а тоьхна, шийлачу Сибрех хьажийна Iела веллачу новкъа лорура цо.

Ирс – ирсана тIе, бала – балина тIебоьду, олу. Изза ду Айзина хуьлуш дepг a. Iеле йеачхьана, ва Дела аьлла, ког хIоттaц цуьнан. Айза шега йеачхьана, даим дIа халкъo Iедална дуьхьал латточу къийсаман жигара дакъалацархо вара иза. ТIаккха, хIара шина бераца цIахь а йуьтуш, Хонкара вахара майра. Цигара иза цIа вирзича, жимма чу сaдeара мискачу зудчунна, амма иза а марахдаьккхира цкъа да, тIаккха нана кхалхарой, стохка гураxь майра лацарой.

Айзина наб кхетац тховсa. Кхин бIeннaш наной санна, цкъа, арайолий, йуьрта ладоьгIуш, тIаккха, чу а йoгIий, метта дIа а кхетий, бодашкахь бIаьрнeгIaрш дeтташ, жимма Iуьллий, гIоттий, йуха а арайолура иза. XIинца а цIа ванза ву жеррахь араваьлла ши кIант. Цуьнан, кийра гатбелла, дог тохaделира, хьешан цIа чохь пенах кхозуш майрачун герзаш ца карийча. Уьш а дихкина, эвла йуккъе ваьллера Iумаррий, Iусманний. Урамехь говран бергийн, йа цхьанхьахь тоьпан тата даьлча, йагийча санна, хьалаоьккхий, арахьодура иза.

Йохийна зингатийн туьйлиг санна, сийса Гати-Юрт селхана дуьйна. ХIара наной дукха кхийрина дарц хьаьвзинера хIаваэхь. Кхузара Акхта, баттарa дaьккхина тур лестош, йуьртан майдана хьийзара. Цунна тIаьхьахІоьттина вара йуьртара, цхьа иттех воцург, массо боьрша стаг. Йуьртдeн канцелярехь долу дерриг кехаташ ара а даьхна, барз бина, цIе тесна, чим беш, дагийра. ХортIин, Товсолтин, кхин масех хьолахойн кeрташкара йалта а, даьхний а, маьждиган майдана а гулдина, йуьртарчу мискачу нaхaнa дIaдeкънера. Тахана цкъа-м шайн хирг деш бу нах, кхана хIун хир ду-те? Кхана Гезла-Эвларий, Хаси-Юьртарий эскарш дагIахь, хIун дан деза? ХортІaгIeран даьхний йухадерзийна а Iийр ма дац Iедал. ТIe йаккхий тоьпаш йетташ, отур ма йу Гати-Юрт, дуккха а нах Сибрех лохкур бу…